БЕТМУРЗАЕВ ШИХМИРЗА

PDFПечатьE-mail

Бетмурзаев Шихмирза

           Безам-безам...

                                 

                                 Сийна бIаьргаш

 

Маржа-яI хьо, ирсе бералла, кIоршаме къоналла, дагахьбаллам буьту воккхалла! Дог цIеначу безамах хаьддарг морсачу шелонах къиза чекхдолуш хилла-кх, дIадаьлча а дIа ца долуш...
«Даг чу дахана кIохцал», – аьлла безамах цхьана хьекъалчо. Билгалдина: дог сецча, велла ца Iа стаг, дассаделча а волу дIа. Ца езий я ца везий – ваха а ца ваьхна. Хан яьккхина-кх. Цхьа а Iилма доцчарна а хаьа: безамо хуьйцу стаг. Озалушверг майравоккху, гIийлачунна ницкъ ло, карахцадолург котвоккху. Мер тIехь дохкушшехь куьзганаш лоьху хан тIекхаьчча а ца йицло цуьнан башхалла, дагара дIа ца долу шатайпа хьал, хIуо. ДIаяхана ца Iаш, тIе чан а йиллина Iуьллуш йолу жималла дуьхьалъэха а, карлайийла а йолало. ДIатийна Iийна безаман кIохцал юха а карзахдолу. Шовзткъе итт, кхузткъа шо даьлча а. Юх-юха а дагаоьху хилларг а, сино кхоьллина хилла ойланаш а. Къаьсттина сино кхоьллина ойланаш цахилларг.


ЙоI хаза яра. Кхуьнга хаьттича, массарел а хаза. Сийна ши бIаьрг, хьаьрса месаш… Нахе кхуо хIуммаъ ца хоьттура. Лулахой бара хIорш, цхьана ишколе а оьхуш. Хаза мехкарий кхечу классашкахь а бара, амма кIантана сийна бIаьргаш бен ца гора. КхоалгIачу классе ваьлча, доттагIчуьнга дийцира цо иза. Шен къайле а цунах тешайора. Ткъа йоI сийна вилспет хоьхкуш яра. Кху шинга а лора наггахь, ша реза ца хилча, «хьажахьа кхуьнга!» – олий, тIера охьа а воккхуш. Дегала волчу кхуьнга и лан ца лора, амма лан дезаш хуьлура. Кхечаьрца сиха волу кIант кхуьнца, доттагIчо ма-аллара, павидал санна, кIеда вара. Яппарш а, хIуъа а могуьйтура. ЦIаьххьана воккхахиллачу кхуьнан собар а дацара. Хийцаделлера.


ЙоIана хаьарий, горий иза? Массарна а гушдерг ца хаа йиш яцара цунна. КIант жима хетара-кх. Цул сов, еаннах ден хьомениг яра иза, доьзалехь къастийна. Итт класс чекхъяьккхича, цуьнан сийначу вилспетах кIайн бос лепа «Жигули» хилира. Бехк а барий цуьнан, шел лахарчу классехь хилла шиъ вицвелча? Ткъа «новц» йоьIан доьзална резавара. Къасттина дена. Нана а яра эсала, кIеда, дика амал йолуш, цуо хьовзош хуьлучу эзар буьртиган суьлхьанаша а гойтуш. «Сийна бIаьргаша» карзахвохура, дог этIадора. Шина кIантана цуьнгахь уггаре а цатовриг: даима тола лаар, хIокхо безам гучубаьккхича, ела гIертар. Амма «даг чуьра кIохцал» дIа ца долура. ЦIеххьана кIадделлачу цуо куьйгаш а гIелдинера.


Муьлххачу а кхечуьнца нисделча сихха къаьстадерг масех шаре делира. ЙоIана хаьара уллера хилийта а, дIа ца хеца а. Кхуьнан къайле къайлаха йоцу а яра дикка хан – ишколехь хьовха, юьртахь а. КIанта ойла йора: «Езарх ца тоьа, ша везийта а хаа деза. «ГIарчI-аьлла» хила веза». Муха? Институте деша ваха барт бира шина накъосто, аьттонна заводе балха а хIуттуш. Керла хьелаш, шортта кегийра а, баккхий а нах, шай-кай яккха аьтто. Дерриг дика дара, цхьана хене дирзинера, ши бутт а балале, халкъалахь ма-аллара, «тас ца Iаьннехьара». Ша воцург кхин цхьаъ вуйла хиира кIантана, кIайн «Жигули» чохь сийна ши бIаьрг ца гича ца мегаш. «ЙоI массеран ю, ткъа зуда – цхьаьннан», – олуш а хезнера, вайнехан гIиллакхех сочинени а язйинера, делахь а «конкурент» лан ца велира. Накъосте къайлаха муьшка яйтира цунна, дерриг талхадеш.
Дикка лийлира, мухха хиънехь, и хиъначу йоIана гучу ца волуш. Цхьана дийнахь дуьхьалкхийтира. Дохковаьккхина а ца Iаш, холчухIоттийра, оьгIазвахийтира йоIа.


«Суна хьо воккхахилла моьттура, дика кIант а хетара, ткъа ахь дегI даьккхина бен ца хилла. Цхьа а бакъо йоцуш, суна кхин дола ма хIотталахь...», – элира йоIа. ХIинца а цуьнан лерехь дека и дешнаш.
Харц яцара йоI. Амма хIара «воккхахиллера». «КъинтIераялахьара суна…», – аларан метта, яппарш а йина, дIавахара. МаслаIат дан гIоьртина доттагI а сацийра: «ХIара мила ю соьга и къамел дан?» – аьлла. Ас-сой самаделира-кх. ЙоI а яцара ястаяла дагахь. Ши бутт балале, масех шарахь лелийнарг хIаллакдеш, зуда ялийра. ТIаккха, ша бинчу гIуртах ведда, дуьне толлуш, кхерста вуьйлира. Буьйсана сама а волий, ойла йора:
«Хьераваьлла со я тилла? ХIара дан мукъане хIун ду?» – бохуш.


Жималла, жималла! Цхьа а жоп синтеме ца хуьлура. Дукха хан ялале хIуьттаренна ялийнарг а яхара дIа, зудчун метта нус хила а ца лиъна. Ша-шена бинчу тешнабехкаца цхьа-а висира жима стаг. Селхана сирла, дегайовхоне хилла дахар, Отеллана санна, макхделира. Бакъду, къарцалора иза. Дегала хиларо гучу ца вала гIо дора, хьоланна а, ойланна а догIа тоха.
«Соьгара хьал-сан ду», – элира къамеле ваьллачу доттагIчуьнга. Суна лиъча ду-кх. Ца лиъча-дац!
Амма даг чохь къахьалла, дIаьвше есалла лаьттара. Жималла дIаяьллера. Иза а дацара хала. Цу чуьра «кIохцал» ца долура дIа. Сийна бIаьргаш лаьттара дуьхьал, шатайпа йолу церан серло.
Москохара университете деша яхний хаьара кхунна йоI. Цига кхечира. Вол-волуш къамеле велира, цIе санна, коьртаниг а лардеш. ДIадийцина-схьадийцина, институтехь доьшуш вара хIара а, йоIе, шена ца оьшшушехь, Чеховн кхолларалах реферат язъяйтира. Деккъа «кIохцал» бен чохь ца дисна дог дуза доладелира.


ДоттагI а волура наггахь гучу. Воккхахиллера иза, амма хIуммаъ дицделла вацара. Сих-сиха йоI хьахайора, «уйт яI!» а оьккхуьйтуш. Цхьана дийнахь чIагIо йира:
– Ас кхетор-м ю хьуна иза шуна хиллачух!
Кхета а йира, иккхинчу церан юкъаметтиган куьзганах дамардарц хуьлуш. Аьхке яра иза – йоьIан каникулийн хан. Кечвелла араваьллачу кхунна, (лулахой бара уьш) доттагIчун безам кхийтира дуьхьал. Елаелира:
– Хьо мила Iехо воьду, малх санна лепа а лепаш?
ДоттагIчо шен дагахь даьллинарг охьаIанийра.


ТIаккха тIечIагIдира:
Хьан сурт пенах а тоьхна Iаш ма ву иза... Зуда ахь ма ялаяйтира цуьнга... Бекхам боцуш дуьсур доций хаалахь айхьа лелош дерг...
ХIара вохийра жоьпо:
– Вало делахь! Хуур ду-кх, цо хIун до... Сурт а гур ду!
Ши дош мукъане а аьлла хилла делара сийначу бIаьргаша, дуьне а сендина лелаш волчуьнга! Iадийча санна лаьттира иза, кху шингге а хьоьжуш.
– ХIинца хьайн цIахь ю-кх хьо! – доттагIчо аьлча а ца кхийтира, ца тийшира, ца хезира.
ТIаккха, сихха, дош ца олуш, дехьа чу велира – спортивни хорма бен яцара цунна тIехь. Цу чохь дIатийра, тхьосвелча санна, аьлла а, дийцина а доцуш нисделлачунна тIаьхьа ца кхуьууш. Иттех минот елира иштта. Ша хIун дийр ду ца хууш доттагI а виснера. ЙоIа яьккхира юха а йист:
– Валол тIаккха, вай кхин оьшуш ца хилча!


Ша лаьттахь ву а, стиглахь ву а ца хууш, висира хIара хIинца.
Иза хиллера бакъдолу Дала тохар! ДоттагI а цIеравелира, кхуьнга кхин дош а ца олуш. ЙоI а Москоха дIаяхара. Ша висира хIара. Кийрахь хьалхалера къахьалла яцара, беса бара иза. Цул тIаьхьа хилларг, гIан санна дара...
Шераш дIаихира. ЙоI, дешна а яьлла, маре яхара. ХIокхо а ялийра зуда. Цул тIаьхьа ши тIом хилира. Замано дайдина, дIанисдинера хилларг, аьлча а цахилларг. Нисдина моьттура-кх. Ца нисдиний хиира, гIазкхаша дIалаьцча. Камери чохь воллуш гIенах гира, сийначу вилспет тIехь чу а яьлла, кIайн «Жигулица» шен даг чуьра араяьлларг. Самаваьлла, шена мостагIаша бина ницкъ а бицбелла, сахиллалц ойла еш, дагалецамийн кара а вахана, Iийра. Далла хьаставелира, йоIана йинчу восана шена гечдар доьхуш, шена и йовзийтарна хастам а беш. Шина-кхаа дийнахь чохь а валлийна, аравалийтира фильтрационни лагерера.


Сиха дIаяхара хан. Пхийтта шо ду, луьра, къиза тIом сацийна а. Ирсе нана хилла Iаш ю кхунна езна а, езаш а йолу йоI. Кхузткъа шаре хьалагIоьртина хIара шиъ. Ткъа дог... Дог тоххарлераниг ду, цу чохь «кIохцалан» метта хIинца шатайпа йовхо елахь а. Дукха хан йоццуш Австрехь вехаш волу кхуьнан доттагI веанера хIара волчу. Вехха хIумма а ца олуш Iийна, цхьана дийнахь ветIира:
– Делан дуьхьа ала бакъдерг, и хIун дара ахь цу дийнахь динарг?! Адамо ма хьойла оха хьан чуьра баьхьна некъ!..
ХIинца кийча вара иза хаттарна жоп дала. Корта охьатаIийра:
– КъинтIеравалалахь суна, боккъал а! Безам бара хьуна иза, сан ваша, безам. Iадавеш а хиллера цуо. Ирсе-м ца янъелира соьга иза… Воккхаве-кха, цуьнан дахар талха мукъане а ас дина цахиларх. Сайниг-м а хир дара деса, и ца евзинахьара!
Велакъежира, ши куьг дIасадохуьйтуш:
– Сийна бIаьргаш, сийна вилспет, кIайн «Жигули...», маржа-яI!
Юха а боху ас: бакъ ву и хьекъалча! Ца езний я ца везний – ваха ца ваьхна-кх. Хан яьккхина-кх...

Орга №2. 2019

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика