ХАБАЕВ ИСМАIИЛ

PDFПечатьE-mail

ХАБАЕВ ИсмаIил

habaev222 

                               Ирсан къайле

Сингаттаман эшарийн тулгIенаш дагах етталуш, гIайгIанан когаша дог хьаьшна, хьайга цхьа бала а кхаьчна, и бала базбелла Iаш хила мега хьо тховса. Хьайх Дела дIавирзина, хьуо Дала дIатесна, Далла хьуо ца веза аьлла моьттуш хила а мега хьуна. Вуочу ойланаша охьаоллийна болу хьайн корта хьалаайбе, бакъ дац хьуна моьттург! Ца вицвелла хьо Далла мIаьргонна а. Хьан лазам Далла хьуначул дика хууш бу.
Беана бала а хуьлу, бехна балийна – ша шена базбина – бала а хуьлу. Ахь базбинчул бен беза бац хьуна цхьа а бала. Хьо Шена хьаставалар, хьо Шега верзар, ахь Шега дехар дезаш, Дала совгIатна а ло бала. Хьоьгара дуьйлучу къиношна дуьненахь бекхам а бина, эхартан халонах хьо хьалхавита. Делан гергарчу наха шайна Деле боьхуш хилла, олуш ду, бала, цунна собаре хиларехь, сатохарехь йолу еза ял езаш.
Хьайн сингаттам, хьайн хьашто, хьайн гIайгIа, хьайн бала Деле бен бийца а ма бийца, Цуьнга бен балха а ма бе. И бен вац хьуна и хьоьгара дIаайбан. Цуьнга бен хьайн дагара а ма дийца. Дукхах болу нах хаза хетий, хьох дог кхардий бен бац. Ткъа дерриг хууш, гуш Волу Дела собаре болчаьрца ву.


Дала хьо къинойх цIанван лушболчу балина гонаха шайтIано сингаттаман бIарлагIаш, гIаларташ хIиттош, хьоьца гIайгIанаш карзах а йохуш, и хьуна Дала хьо ца везаш белла бу моттуьйту. Моттар бен дац и. КIеззиг дерг доккха гойтуш, доккха дерг кIеззиг гойтуш, хьо гIайгIане хилча, сакъералуш, адамийн билггал мостагIа долу шайтIа ду и хьоьца ловзуш. Цо дагатуьйсуш ю адамна къелла а. Хьан даге моттарш туьйсу цо, юха оцу моттарех хьан даг чохь цхьа а бух боцу кхерамаш кхоллало. Хьо кхера волало тIаккха, стенах кхоьру а цахууш, кхера цхьа а бахьана ца гуш.
Синан шен кхача бу, дегIан шен кхача бу. И хаа деза уггар хьалха. ДегIанна кхача хIиттийнера аьлла са дузур дац хьан. Садуьзча бен сица паргIат хир вац хьо. Сица паргIат ца хилча, хьоьгара гIайгIа а, сингаттам а дIа а бер бац цкъа а.


Синан кхача – Дела вовзарехь, Дела хьехорехь, Деле верзарехь, Далла хьаставаларехь, Деле гечдар дехарехь бу. Кхин бан а бац, цигахь бен.
Делан кхолламан а, хIара долу Iалам латтош волчу Делан ницкъ кхачаран а ойла а еш, шен деган маттаца а, коьртан маттаца а даим Дела хьехочунна, Шега дехначунна жоп луш, шена гергахь караво Дела. Ткъа Дела Шен къинхетамца гергахь волчу меттехь шайтIано дагатуьйсуш болу сингаттам, гIайгIа а хила йиш яц, хIунда аьлча цигахь шайтIа хуьлуш дац. Дела хьехош болчу нахана гонаха цIеран пардо ду шайтIанна, и герга гIоьртича, дага а деш. Адаман багара юьйлу Дела хьехоран Iаь – цIе ю шайтIанна. Нехан хьогIан бIаьрганна, бозбуанчаллина, саьхьараллина тIедан некъ ца хуьлу даим Дела хьехош волчу стагана. Цундела хьо Дела хьахо вицвалийтар ю шайтIанан ерриг Iалашо. Дела хьахо хьо вицвалар – шайтIанан толам бу. И шайтIа тоьллачу меттехь гучуболуш а бу кхерам, сингаттам. И ду и Делан гергарчу нахана тIехь кхерам хир бац, гIайгIане а хир бац уьш бохург. Уьш даим деган маттаца а, коьртан маттаца а Дела хьехош, ойла а, дог а Делах хоттаделла болу дела. Царна шайна гушдерг гучу хенахь и шайна гушдерг ца гуш, и гушдерг кхоьллина, кхуллуш волу Дела го, хуьлушдерг хуьлуьйтушверг, кхуллушверг И бен цахилар, Цунна гергахь массо а хIума делла, гIорасиз хилар, вуочух дIахьовзор, дикачунна тIеверзор Цуьнгахь бен цахилар, Цуьнан Лаамца, Цуьнан Ницкъаца бен хIумма а хуьлуш цахилар бIаьрганегIар тухучу юкъана а диц ца деш.
Мел долчу хIумангахь «Ла илахIа иллаллохI» – «кхин Дела ма вац АллохI воцург» го царна.
И бен ма вац хIокху доллучу Iаламехь хуьлуш мел долу хIума хуьлуьйтушверг, хуьлуш мел доцург ца хуьлаьйтушверг. Тийнадерг тийна ма дац, хьуьйшдерг хьуьйш ма дац, цхьа а дегI меттахдолуш ма дац Цуьнан пурбанца бен. Цхьа а хIума кхоллар, хилийтар Цуьнгахь бен ма дац. Шена Iибадат дан хьакъдолуш кхин Дела а ма вац, И воцург. Шега болх дIабала а, дегайовхонца Шега товжо а хьакъдолуш, хьан деган лаамаш, сатийсамаш кхочушбан, деха а, дехча дала а цхьа а ма вац, И воцург. Хьуна пайда бан а, зен дан а ма вац, И воцург. Цунна гергахь доллу хIума а гIорасиз ма ду. Цунна ца лаахь хир ма дац хьуна хила мел луушдерг.


ТIаккха оцу Дела цхьаъ хиларехь, оцу Дела цхьаъ варехь, нисдан ма-дезза шайн дахар, ойла а, тешар а нисдина, и хьал шайца латточу Делан гергарчу эвлаяашкахь а, церан некъашца, церан лорах боьлхучаьргахь а хIун кхерам хир бу, хIун сингаттам хир бу, Делан къинхетам, Делан орца, Делан гIо даим царна гергахь хилча? Хьайна а иштта, оцу хьолехь хила лаахь, даим Дела хьехош хила хьо, оцу белхан ойла а еш. Хьайна дуьненахь, эхартахь ирс долуш хила лаахь, ирс каро лууш хьо велахь, даим Дела хьехош хила хьо, цигахь бен карор дац хьуна и. Ахь леха-м лоьхур ду, хьуна кара-м дийр дац. Хьо мел дукха дуьненан даьхни долуш велахь а, синтем хьоьгахь бацахь, хьо дагца паргIат а вацахь, хьуна хьайгахь дерг ирс хетар дац. Цо чIагIдо ирс дуьненан хIуманехь цахилар. Дуьненан хIума тахана хуьлу, кхана ца хуьлу. Ткъа Дела хьехор, ахь хьайгахь латтийчахьана, даим хьоьгахь хуьлуш ду, хьоьца хуьлуш.
Ирс – сица маьрша, сица паргIат хиларехь ду. Сица маьрша хир вац синна шен кхача дIалуш ца хилча. Са а ду, дегI санна, шен кхача а луш, дузо дезаш. Цундела сица маьрша, сица паргIат болу нах, ирс долу нах – уьш даим Дела хьехошберш бу, шайна даим догIанах тIебоьлхуш болчу Делан къинхетамо уьш хьоьстуш болу дела. Царна цхьа а кхерам бац гушдоцчу шайтIанера а, шина кога тIехь лелаш долчу шайтIанера а. Уьш ларбеш бу долу хIума а Шен Урхаллехь, Шен Паччахьаллехь Долчо. Долуш мел долу хIума долуш ду хьуна Цуьнга хьашт долуш. Цунна ца хууш, Цуьнан лаам боцуш, ша-шаха хуьлуш цхьа а хIума а дац хьуна.

Дела цахьахор – сингаттам бу хьуна.
Дела хьахор – синшоралла ю хьуна.
Дела везаран, Дела хьехоран марзонца юста цхьа а марзо а яц хьуна хIокху Iаламехь.

Ирс

Ма дукха хIума ца оьшур-кх адамана ирсе хила. Ма дукха адамаш дIадоьлху-кх, ирс а долуш, шайгахь дерг ирс ца хеташ, оцу ирсе сатуьйсуш.
И ирс гушшехь цагар, карондолччехь и цалахар, ирс ирс цахетар ю-кх адамийн дакъазалла. Адамана шен доцург хета даим ирс. Юха, шегахь хила а хилла дIадаьлларг, шех дIа а къаьстина, дайнарг ирс хета долало адам, ирс и хиллийла а хууш.

Къениг – цхьа хIума хьаштъерг ву. Шен долчух тоамбийриг – къен вац, хIунда аьлча и хIумане хьаште йолуш вац. Цунна шен ду аьлла хета. Цуьнан дог токх ду. Цуьнан сица тем бу. И ву ирс долуш.

Долчух тоам а ца беш, кхин а дезашверг ву хьашт. Цунна шен дац аьлла хета. Цуьнан дог токх ца хуьлу. Цуьнан сица тем ца хуьлу. И ву къен. Цунна цкъа а карор дац ирс, я карийча хаа а лур дац.

ЦаIабарх, долчух тоам цабарх олу и сутаралла. Иштта шен сутараллица Iехаво-кх дуьнено, хьекъал кхола а дой, доцург ду а моттуьйтуш, дерг дац а моттуьйтуш.

Бакъ ду и, адамана хIума хьекъалца го. Цунна тоьшалла ду – бIаьрса дайнарг гIенаха сагуш хилар. Самонна чохь волчу бIаьрса дайнначул бIарзе ву самонна чохь воцу сагушверг. Дуьненал яккхий а ю адамийн дуьненах йолу ойланаш. Аьлча а, дуьнено, Iеха а веш, шех кхуллуш йолу ойланаш.

Кху харцдуьненахь шен юьхьсибат дита а ца лаьа шена, аьлла, кхин шен сурт ца доккхуьйтуш, бакъдуьненчу вирзина волчу Артхана билла
цхьа а бехк болуш дуьне хIара доций хууш ву со, ша Делах ца теша бохушверг, шега вуон деъча, Деле кхойкхуш сайна хезначу дийнахь дуьйна.

Цундела, айса къуьйсучарна къийса дитина долчу кху дуьненах суна кхачам хилла-кх
Дала, синош кхолла а кхоьллина,
со вац ткъа шун Дела? – аьлла, цаьрга хаттар а дина,
Бакъду-кх и, Хьо ву-кх тхан Дела, аьлла цара жоп а делла,
юха шаьш дуьненчу даьхча, Дала шайгара эцна йолчу оцу чIагIонах ца доьхначу синойх сайн са хилар.

Суна кхачаме хилла-кх
Дуьненан кийрахь Дала чу са мел кхоьллина долу хIума сайн куьйган зуламах маьрша хилар.

Суна кхачаме хилла-кх
дикане догдаха а, диканах дог ца дилла а йолу сан бакъо цхьангге а хьашалург цахилар.

Суна кхачаме хилла-кх
нехан маршо лоьруш йолу сайн маршо.

Суна кхачаме хилла-кх
нохчийн ломахь кхиъна болчу къеначу акхачу кхуран IиндагIехь карош йолу синпаргIато а,
нохчийн Iаламо ас шена тIедоьгIна хьажар шен исбаьхьаллин куьйгашца къевллина шен марахьарчор а.

Суна кхачаме хилла-кх
корта айббина бийца сайн мохк хилар а, цуьнан цIе Нохчийчоь хилар а.

– Машен яц хьан, хьенех?
– Яц сан машен. Амма кху дуьненчохь мел йолу машенах а, ас хуьйцур боцу ши ког-м бу сан. Цул дезаниг а ду – цунна Далла хастамбар.

Бакъдолуш, ма дукха хIума ца оьшу-кх
адамана ирсе хила: и ирс ган бIаьргашший, Далла хастам беш, оцу ирсах воккхавеван, кийрахь сема доггий хилчхьана. Ма дукха адамаш дIадоьлху-кх, ирсе а долуш, ирсе са а туьйсуш.

ШахIидан воI Дауд-хьаьжа кхалхарна

Делан дика лай а, Делан гергара а муха хила веза хьехарна хьайн сирла дахар а дитина,

тхан иэсехь даха Делах кхерарх долчу нуьрах догу хьайн юьхь-сибат а
дитина,

кху хьешан цIа долчу дуьненахь хьайн хьошаллах ца вухуш,
цхьаьнцца а баьрче къевсина, дог айделла, васхала ца вуьйлуш,

хьайн деган дикалла ца кхоош, даим хьайгара цхьа бехк божарна кхоьруш, ийзалуш, хьан меттан эшарх доьжначо цатам бина да а воцуш,

эзарзза хезнарг а, ахь дуьйцуш, даим керла а хуьлуш, гIамаро дIахуду хи санна, хьайн беркате Iаь нехан дегнаш чу а юьжуш, кху дахарх оьзда дIа чекх а ваьлла,

тхан дагадийларца тоьвжу меттиг еса а юьсуш,

хьо волуш даккхийдедина тхан дегнаш, хьан тхох къастарна, лаьттах кхетта ангалин пхьегIа санна, ата а луш, хьо вайча серладийлина тхан бIаьргаш, догIанан марха санна, кхола а кхулуш,

цIархазмана а, лерхазмана а доцу, шайгахь цхьа а шалхо а йоцу
нехан деза-доккха тоьшаллин дош хьайх даха а дуьтуш,

хьуо цавевзинарш а тIехь холчу а хIиттош,

айхьа цкъа а ца лехна долу хIара дуьне а дитина,

хьо хьайна тIехдукха везна волчу хьайн Делан дикане воьрзучу дийнахь,
Дауд-Хьаьжа,

тхуна Дала хаийтир-кх Ша дIавуьгушверг Шен гергара стаг вуйла.

Карара хан

ХIара мIаьргонаш, хIара денош, хIара шераш,
хIокху дахарехь мел нислуш болу лазамаш,
гIайгIанаш, Iовжамаш, цатемаш, халахетарш,
сингаттамаш шеца а эцна дIаяхана,
яйна, дIаяьллачу хене вуха а хьоьжуш,
цхьана сарахь, малх бузуш,
кетIарчу диттан IиндагIе а хиъна,
ловзучу берийн аьзнашка ла а доьгIуш, Iаш,
ма чIогIа хьаьгар ву-кх
хIинцца карахь йолчу хIокху хена чу вухаверза,
лан мел дезнарг юха лайна а...

ДIагIур ю хан, хIора шен мIаьргонца вай къан а деш, безарш-бевзарш вайх къеста а беш.

ДIадер ду дерриг, цхьа дагахьбалламаш бен буха хIума а ца дуьсуш. ДIадаьлча бен хаа а ца хаьа адамана хIуманан мах.

Шаьш беркъа лелла а вай кечдеш лелла болу,
шаьш меца Iийна а вай дузош лелла болу,
даим вай вуонах,
зенах-зуламах,
некъан хьовзамах,
юьхьIаьржонах лардар,
массо а хIуманна тIехь вайн аьтто а, кхиам а хилийтар,
вай могуш-маьрша лелор Деле а доьхуш, Далла хьесталуш баьхна болу вайн дика дай-наной дIабахана хир бу, Дала уггар сиха жоп луш долу шайн доIанаш эцна, хьан хIусамаш марзонех яьсса а йитина.

Я ахь хийла вас йина долу адам а хир дац дийна, тIевахана, къинтIерадаккха. Оцу дагахьбалламел доккха Iазап а хир дац-кх хьуна къонахчуьнга дан.

ТIаккха ойла сема йолчунна,
дог дийна долчунна,
хан хаалучунна,
йоьдучу хенан мах хуучунна
мел хаза ю
кхана шен марзонашца,
шен дагахьбалламашца карлаюьйлур йолу,
хIинцца карахь йолу хIара хан.
Кхана хьо шех хьегар волчу ирсан да ву-кх хьо тахана.

Мел еза ю,
вайга ойла еш хила аьлла волчу Дала шех дуй бууш йолу хан!

Къонахийн собар

Шена динарг декха бекхамна сихвалар, сихха и дIа ца декхча, шена тIе эхь догIу, ша къонах ца хуьлу моттар – къонахаллин кхетам цабовзар ду.
Къонахийн кхетам иштта бац, я цкъа а хилла а бац иштта. Къонахашкахь собар хилла даим, шаьш къонахий болу дела. Собар кхачийча а собар карош хир ву, баьхна, къонах.

Вай ца боху: зулам мел дечунна къинтIера а волуш, и, шен зуламаш дойтуш, Iаддавита веза, бекхам хила а ца беза. И – кхин агIо ю.

Мел дукха хьуьнарна тоьлла, доьналлин дай баьхна дуьненахь, динарг ца дуьтуш, бекхам оьцуш. Амма наха бIешерашкахь биц ца беш, къонахийн масалшкахь бахка а беш, шайн дийцарша хийла вайн бIаьргех хи а доккхуш, нехан иэсехь биснарш – шайгахь бекхамна доьналла доллушехь, къинтIерабийлинарш, чIираш йитинарш, вуонна дуьхьала дика динарш бу. Цундела аьлла къинтIеравалар – де долчу, доьналла долчу стеган амалех ду.

Лата санна ца лата а доьналла оьшуш меттиг йогIу. Мел хала ду шен оьгIазло саца а йина, шен оьгIазлонал хьекъал толо. И хала долу дела ма ву шен оьгIзло сацалушверг чIогIа а. Хала дерг дича бен чIогIа а ма ца хуьлу стаг. Аттадерг-м хьаьнгга а дало. Цундела, баттара шаьлта яьккхича, цIийн тIадам ца боккхуш, чуйилла мегар дац, олуш, схьадеана ду вайн къоман. И мичча-миччахь а атта ца яккхийта, герза тIе кховда къонах сих ца валийта, и тоха а ца оьшуш гIуллакх дерзахь, юха батта чу йилла езар долу дела.
Сихалла – къонахийн амал яц.

Куц буьрса хиларо,
меженаш ондда хиларо,
адамийн догIмаш тIехь толамаш бахаро,
латарна кайолуш хиларо къонах вина цхьа а къонах ца вевза вайна.
Вайна буьйцуш мел хезна болу къонахий догдика нах, адамаллех дуьзна адамаш хилла, сихалла хьекъалал хьалха ца эккхийтал кхетам болуш.

Оцу доллучунна къеггина тоьшалла вайна карадо шел воккха къонах хилла а, я хир а воцчу вайн Пайхамарехь, Делера салам-маршалла хуьйла цунна, цуьнца нислуш, цуьнан лорах схьабаьхкинчаьргахь. Хьехар дезаш веанчунна кхузза хьехар дина вайн Пайхамара, Делера салам-маршалла хуьйла цунна, «ОьгIаза ма эха», – аьлла, кхузза а олуш.

«ОьгIазлоно лаьцнарг шайтIано шена вехна», – олуш ду. ШайтIано ловзош хила йиш яц къонах. Къонах – шен мостагI къарлушверг ву. И мостагI – цуьнан дегI ду, цуьнан дегIан лаамаш, дегIан сакхташ. Шен дегIал воккха мостагI хир вац къонахчунна. Шен дегI цакъарлучуьнга цхьа а къарлур ву бохург бакъ дац.

Цундела аьлла вайн Пайхамара: «ЧIогIа вац нах къарбешверг. ЧIогIа ву – оьгIаз вахча, шен оьгIазло шегахь сацо ницкъ кхочушверг».

Цундела оьшуш бу массо а хIуманах нийса кхетам. Кхетам нийса ца хилча, ша дешдерг цхьа чIогIа сийлахь хIума ду а моьттуш, Iеха а лой, цхьа галдаьлларг, цхьа осала хIума до цхьаволчо. Юха цунах хьовзам болу.

Цхьа а дов дац маслаIатца бен доьрзуш. Я цхьа а тIом а бац, шина а агIор болчу наха вовшахкхетий, цхьа бартбой бен, боьрзуш.
ТIаккха, мацца дахна а маслаIата тIе и даха дезаш хилча, маслаIатечу къамело дерзор долуш делахь, гена а ца доккхуш, цунах цIийнан Iовраш ца еш, дола ма делла, дерзийта деза муьлхха а дов. Дов дика хIума яц. Доьвно толош хIума а дац. «Хьо тоьлла долчу доьвнал гIолехь ду хьуна хьо эшна долу маслаIат», – баьхна хьекъалан дайша. Дов дезна а, дов лехна а бац къонахий. Къонахий даим девнах идда.
«Нах боцчу нахаца долчу гергарлонал нах болчу нахаца долу дов тоьлу», – олуш ду. Нах болу нах кхетам болуш хуьлу, цундела цаьрца долу дов гена ца долу бохург ду и. Цундела оьшуш ду хьекъална сема хилар.
Къонахий – сема нах бу!

СИНМАРШО

Со Нохчийчохь вина нанас дена,
къуьйсучарна къийса,
лоьхучарна леха
ас дитинчу кху дуьненал къена.

Синмаршонал доккха
хьал доцийла хууш,
цуьнца нийса нисдан
дарж доцийла хууш,
кху сайн махке болу
маьрша безам хестош,
реза ву со лела,
деса куьйгаш лесто...

лаам бу сан иштта,
суо ма-варра виса,
чарташ дечу пхьеро
лаам къобалби сан.

Дог тIулгах къаьстачохь

Ас хастадо –
лам ломана горбахна аьлча,
я охьадоьду хи хьаладирзина аьлча
суо тешахь а,
лазам боцчохь безам карор бу бохучух сайн цатешар.

Ас хастайо –
дуьхьала хIара доллу дуьне схьаделча а, айса дIалурйоцу сайн синмаршо.

Ас хастадо –
шайна тIекхоьвдича, къовзош болчу нитташкахь долу доьналла а.

Ас хастадо –
Нохчийчоь езаш сайх мел кхеттачу цамгарна айса цкъа а лохур доцу дарба.

Ас хастабо –
ша мила ву ца хаахь а,
ша мила вац хаъал
оьздачу стеган кхетам.

Ас хастадо –
ахчанах дохкалуш,
амма ахчанца эцалуш доцу сий.

Ас хастайо –
шен кучан вета баьстина а паргIат ца волуш, къонахчо ларйина нохчийн оьздангаллин лаккхара кеп.

Ас хастабо –
лаьттан бIаьра а яхана,
диттан га а лаьцна
лаьттачу йоIа ечу ойланехь хила лааро кхуллуш болу сайн синхьагам.

Ас хастадо –
ас адамана кхоччуш адам доьвзур ду аьлча, со харцлуьйш ву бохучун бакълер.

Ас хастадо –
сан дегайовхо мел йолчу шеконех цIанъеш долу, карахь кхокхий дузочу стеган куьйгаш.

Ас хастадо –
«ДегI дац, кIант, бедарша дохдешдерг. ДегI хиллера – бедарш йохъешдерг», – аьлла, цхьана къаночо довзийтина долу дахарах шена зиэделларг.

Ас хастадо –
ловзаро кIаддина,
ша долччохь дIакхетта Iуьллучу берана набаро оьхьучу гIенашкахь сайн самавала лаар.

Ас хастадо –
йитаза а ца ваьлла, ша йитина Нохчийчоь гIенах гина, хийрачу махкахь набархаваьллачун бIаьргаш чохь къегина хиш.

Ас хастайо –
дадас туьйра дийцинчу,
бабас куьйра лийсинчу
сан бераллин Нохчийчохь йисина марзонаш.

Ас хастадо –
«Чуьрк елахь а, хьуо везаш тIегIертарг цкъа а дIа ма татталахь», – аьлла, цхьана воккхачу стага сайна дина хьехар.

Сайн дог тIулгах къаьсттачохь кхолладелла долу хIара сайн могIанаш а хестадо ас.

Сан доIа

Хьайн хьалхе а, чаккхе а йоцуш волу Дела!
Есалла, бода, серло, хан, меттиг, агIо, Iарш, стигланаш, латтанаш, хIара доллу Iалам кхоьллина волу Дела!

Оцу цхьана а хIумане хьашт воцуш,
оцу цхьана а хIуманах возуш воцуш, уьш Хьайга хьашт долуш латтош волу Дела!

Хьайн волуш хиларехь,
Хьайн сибаташкахь,
Хьайн белхашкахь цхьаъ волу Дела!

Айхьа мел кхоьллина долчу хIуманна шен-шен куц, башхалла, барам, доза, шен-шен билгало елла волу Дела!

Меттигах, агIонах, меженех, коьрте догIучу куьцех, дозанах, барамах цIена волу Дела!
Хьайх тера хIума а доцуш, Хьуо цхьана а хIуманах тера воцуш волу Дела!

Ахь хьалхе а елла,
оцу шайн хьалхе йолуш Ахь мел кхоьллина долчу хIуманех
Хьайн хьалхе йоцуш волу Хьо тар ца веш,
оцу Айхьа кхоьллинчу хIуманийн билгалонех Хьо цIанвеш,
тхуна Хьуо нийса вовзар,
Хьайх нийса тешар,
Хьуо нийса цхьаъвар делла волу Дела!

Хьайн Хазарх,
Хьайн Гарх,
Хьайн Хаарх хIумма а къайла гIур доцуш волу Дела.

Малх, бутт, седарчий шайн-шайн некъахь, хоршахь нисдина волу Дела!

Олхазарийн тIемашна хIаваъ муьтIахь а дина,
уьш стигланийн есаллехь, паргIатонехь гIовттош волу Дела.

Хьуьйш мел долчу хIуманехь
хьер кхуллуш волу Дела!
Тийна мел долчу хIуманехь
тер кхуллуш волу Дела!

Маьлхан зIаьнаршца ловза а ловзуш, охьаюьйшуш йолчу ченех цхьа буьртиг Ахь билгалбинчу некъаца бен охьа а ца богIуш,
и хIора буьртиг лаьттахь Айхьа билгалйинчу метте бижош волу Дела!

Мацвелларг вузош волу Дела,
хьагвелларг хих Iабош волу Дела!

Хьажочу бIаьргана гойтуш волу Дела!
ДоьгIначу лергана хазош волу Дела!
Карчочу маттах аз, эшар юьйлуьйтуш волу Дела!
Кховдийначу куьйге лоцуьйтуш волу Дела!
Баьккхина ког ловзуьйтуш волу Дела!

Хьайн хиларе хьашт долуш,
Хьо хиларна лаьтташ долу хIара Iалам,
бIаьрган негIар кхетале, цкъа а ца хилча санна, цахиларе дерзийна, дIадаккха ницкъ болуш волу Дела.

Ахь хIунда дахкадо аьлла Хьайга хатта а, Хьайга ца дахкадайта а да а воцуш,
Хьайна лиъча Тхо дерриш, цкъа а ца сецаш, даим лаьттар долчу цIеран Iазапехь дахко йиш йолуш волу Дела!
Хьайн къинхетамо массо а хIума чулоцуш волу Дела!

БIаьрго ца лоцуш йолчу кегийчу сагалматашна, садолчу хIуманашна шайн дегIан дIахIоттар делла,
царна бийца мотт белла,
царна меженаш елла,
церан хуттургашкахь,
тIамаршкахь долу хьал хууш,
церан деган ойланаш хууш волу Дела!

Iаьржачу буьйсанан боданехь Iаьржачу тIулга тIехула доьдучу Iаьржачу зингатан коган лар хууш волу Дела!

Хьо ца хьахийча,
мурйоьлла, цIергахь кIур туьйсучу дечиган хьесапе доьрзу тхан дегнаш, Хьуо хьахийча,
йокъа лаьттинчохь догIано маргIалш санна, дендеш волу Дела!

Хьуо хьехо мотт биталахь, Везан Дела, бохуш, Хьайна хьеставелла волчу Аюб пайхамаран дуьхьа,
Хьуо хьехоран марзонан чам бицбай, дахаран чам ма къахьбелахь тхуна!

***
Саьхьарчу адамийн дуьне ца девзачу
хьан ирсах хьагаро дуьзначу сан дагна
дуьхьала цхьаъ долуш,
тIаьхьашха кхин долчу нехан
хастамел, тамехь ду самаьрша хьан декар, аьлла,
ас муха кхетор ду дитта тIехь дека и олхазар...

ас муха кхетор ву,
ша кийрахь къуьйлучу дIаьвшах
дош дан бен, кхин говза воцу
сайн декъаза довхо,
хьагI – иза мел дукха еттаро схьай оьллур йоцу
синтеман неI къовлуш дIатоьхна догIа ду аьлла...

шех дуьне кхетале дуьненах кхеттачо
еш йолчу дуьненал яккхийчу ойланех
ас муха кхетор ву,
са хилча, веллал бен воцушверг,
зиэн хилча, велххал бен воцушверг,
сискална вацар бен,
сискалах вузар бен,
кхин цхьа а Iалашо йоцушверг...

со винчу шахьарахь
къовлалуш маьркIажан бода,
ког лаьттах ца кхеташ,
бIаьргана гена мел юьйлу,
гуьйренан дахкарлахь
йовшйолчу йоIана
тIаьхьа а хIоьттина,
дIайоьдуш йолу сайн ойла
ас муха тешор ю
сайх дуьне дуьсур ду бохучух...

***
Къонах хила – онда хила веза,
эвлаяъ хила – тIомаволуш хила веза,
хьекъале хила – дешна хила веза,
гIиллакхе хила – охьатеIаш хила веза,
ирсе хила – хьалдолуш хила веза,
стаг хила – шога хила веза,
Iовдал хила – маIаш йолуш хила веза, –
моьттуш болчу нахана юккъехь ваха
собар долуш хила-м веза…

***
Хьо Iадйитча,
хьох йолу ойланаш ца йиталуш,

хьох йолу ойланаш Iадйитча а,
хьох долу гIенаш ца диталуш,

хьо йист ца хуьлучу хенахь
хьан къамел стимал а къахьлуш волчу ас

сайна хьо карлайохуш йолчу хIокху гуьйренах
сайн дог цаIабаран цIарах
декъалйо хьо,

хьайн йист цахиларехь
ахь тIулгера баьккхинчу толамца!

Со вайча,
шен юьхь тIехь къаьста хазахетар лачкъо
шегахь доцчу хIилланца
со Iехийнарг,

ас, малх сарахь дIабузарна,
цкъа а малхаца цаюьстинарг,

ша яцахьара
соьгахь хинболу сингаттам
ша йолуш
сан воккхавеварал базбинарг

хьайна ган лаахь,
куьзгана хьажалахь.

Нохчийчоь

Орцанна жоп доцуш дисинчу маьхьарех эхь хетар дара суна,
Бекхамна ка йоьхна, вашас лайначу гIелонах эхь хетар дара суна,
Аганахь хинболу турпала къонахий техкийначу наноша
йиначу семачу набарах эхь хетар дара суна,
Кошаза вайначу кIанте ладоьгIучу ненан сатийсамах эхь хетар дара суна,
ВорхI вешин йишин тIамо дохийначу дозаллах эхь хетар дара суна,
Тхайна кху дуьненчохь корта айббина дIалела бакъо йоккхуш эгначу вежаршна доьгIначу хIолламех эхь хетар дара суна,
ТIулгийн маттахь бен
ясталурйоцчу хьан лазаман къайленах эхь хетар дара суна,
Нохчийчоь,

Хьан доь дайа гIиртинчу мостагIчунна къинтIера а ваьлла,
хьох кхидIа воккхавеван а,
хьан лаьтта тIехь коше догдаха а,
хьан ломахь карочу синтемах ирсъэца а,
суо хьан цIеначу хIух ву баха а...

Нохчийчохь вахарал деза ду суна –
Нохчийчоь сайна чохь яхар.

Орга №2. 2019. Зорбанан кеп

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика