ЦИНЦАЕВ ХАВАЖ

PDFПечатьE-mail

ЦИНЦАЕВ Хаваж

2 

              Забаре дийцарш

                                 

                                     Кусин Дауд

Кусин Дауд эвлахь а цIеяххана забаре, самукъне а стаг вара. ХIора шарахь, бIаьсте тIе моссазза йогIу, юьртахошца Сибреха шабашке воьдура Дауд, «деха» сом даккха. Ехачу аьхка цигахь белхаш а бой, гуьйре тIе ма-кхеччинехь, хьалхий-тIаьхьий, цIа эха буьйлалора юьртара нах. Иштта, цигара цIа вогIуш, Соьлжа-ГIала а кхаьчна, колхоз-базархула «Южная» олучу автостанце схьагIерташ вара Дауд, шен жима чамда а карахь. ТIеюьйхина яйн пальто яра Даудна, коьрта тиллина Iаьржа шляпа а яра. ДIаса а хьоьжуш, базархула вогIучу кхунна дIо, цхьана кIажахь, цхьаъ юхкуш лаьтташ шен нана Куса яйра, гIопастана тIехьа лаьтташ.


Куса кхузткъе итт шаре гIоьртина йоккха стаг яра, дукха жима йолуш дуьйна йисина Iийна. Дауд цхьаъ бен воцу воI вара Кусин, цундела цул хьоме хIума а дацара цуьнан кху доккхачу дуьненахь. Жима волуш дуьйна, «хIун оьшу хьуна, хIун еза хьуна, хIун кхоллур яра ахь…», – бохуш, хала лелийна а вара.
«ХIун деш ю-те хIара кхузахь?», – аьлла, шен дагахь Куса йолчу агIор дIавирзира, базар юккъехула схьавогIу Дауд. Банканашна чохь хьаьмцаш бухкуш лаьтташ яра Куса.
«Дера еза ша иза хьовзо», – аьлла, ойла кхоллаелира кхуьнан. Шен пальтон кач ира а хIоттийна, коьртара шляпа, ма-хуьллу хьаж къайла а доккхуш, бIаьргашна тIе охьа а теттина, Кусина хьалха дIахIоьттира Дауд. Хийцинчу озаца хаттар дира оьрсийн маттахь:
– Почем шишки?!
– Дувацат капек банка…
– А ведро?


– Пят рубил…
– Много! Давай за три рубля!
– Нет, – аьлла, корта ластийра Кусас.
– Ну, что за бабка?! Ну, давай, – кхаа соьма кехат дIакховдийра Дауда.
– Нет! Моя далеко ходил есть, пулатьи порвал есть, кIохцал пошел издес, – мохь туххуш, элира йоккхачу стага, ша лазийначу метте пIелг а буьллуш.
– Не дашь? – бохуш, юха ца волура Дауд.
– Нет, – юха а корта ластийра къаръяла дагахь йоцчу Кусас а.


ТIаккха, шен пальтон кач охьа а биллина, шляпа хьаж тIера хьала а теттина, хьаьмцаш тIехь лаьтташ йолчу стоьла тIехула Кусина улле а гIоьртина, Дауда элира:
– Ва Куса, хьо евзаш хиларна, хIара пхи сом дели-кх ас хьуна! Схьалохьа и хьаьмцаш! Ахь оццул хала гулдина долу хIорш ма чIогIа деза суна…
Куса дукха цец а яьлла, юхахилира цкъа. ТIаккха, Дауд велавелча, и вовза а вевзина, цунна маракхийтира Куса:
– Вай, хьайн нана яла хьан, Дауд, хьайн нана… Шаберш баалахь, Дауд, шаберш, – аьлла.
Даудана тIе куьг хьоькхура Кусас, шен хебаршка яханчу юьхь тIехула бIаьрхиш а Iенош:
– Баалахь, Дауд, шаберш баалахь… шаберш… шаберш…
И дешнаш, кица а хилла, дIадахара цул тIаьхьа оцу эвлахь. Наноша, тахана а шайн доьзалхочунна хьалха кхалла хIума хIоттош, олуш хеза наггахь:
– Нана яла хьан, хьенех… Кусина а дайна, яалахь… шаерг а яалахь…

                                    Моттбастийтар

Соьлжа-ГIалахь Iаш йолчу Хьамзатан дейишин кIанта, Сайпуддис, зуда ялийнера. Иза юьртахь йоссийначуьра цIа а йигна гучуяккхар, дIадирзина цхьа кIира а даьллера. Нускале мотт бастийта дагахь, шен гергарчу нахе веара Хьамзат. Киснахь кхо сом ахча а дара кхуьнгахь. Ахча ахча долу зама яра иза. Масала, баьпкан булканан мах I6 кепек бен бацара цу хенахь. Кхиъна ваьлла, жима стаг вара Хьамзат, университетехь хьалхарчу курсехь доьшуш а волуш. Юьртахь хьалакхиъна хиларе терра, гIиллакх-гIуллакх а, лело дезарг а хууш, яхь дIа ца яла, тIох-аьлла оьккхур волуш, жима стаг вара иза.
Шегара ахча, моттбастийта кIезиг хеташ, вогуш вара Хьамзат. Амма стипенди схьадаллалц Iийча, гIуллакх генадолура. «Цхьа а хийра стаг ма хилахьара децаьргахь», – бохуш, ойла а еш схьавеанчу кхунна тешнабехк хиллера. Селхана-стомара Сибреха «шабашке» баханчуьра, дика сом-ком а йохьуш, цIа баьхкина болу Сайпуддин дехойх, шича-маьхчлара, кхо-виъ стаг карийра Хьамзатана бухахь Iаш. Шайн гергарчу стеган нускале мотт а бостуьйтуш, иза декъала а еш, аьлла, баьхкинера уьш. Хьамзатана хаьара, моттбостуьйтуш уггар кIезиг ахча делларг ша хир вуйла. Шегахь кхин а делхьара-м, чохь болчарал эша ца эша, тIаьххьара сом а дIалур долуш вара иза.


«Ма дош дацара хьо да-м! Кху балхана хIун дийр дара?», – хьераваьлча санна, карзахе ойла йора кIанта.
ТIаккха, цIеххьана цхьа хIума дага а деана, хьеший болчуьра ара а тасавелла, пхьарс лаьцна, шен дейиша юьстахъяьккхира Хьамзата.
– Деца, оцу вайн несо, моттбостуьтуш, шена делла ахча хьоьга дIалой? – хаьттира цо.
– И бохург хIу ду?! Ло дера-кх! – цIоцкъамаш ирхдахара дейишин.
– Делахь, соьга цхьа туьма лохьа, мотт бостуьтуш, несана дала. ХIете-вете а, хьан кара дIакхочур ма ду иза. Хьуна зиэн хир дац, ткъа суна юьхькIам хир бу. Суна юьхькIам хилча – хьуна а хир бу…
– ?!
– Цул сов, хьуна пайда хуьлучу агIор хIара кхо сом а ду хьуна, ас несана дала кечдина деана, – ахча дIакховдийра велакъежаш волчу кIанта шен дейишига.
Юьхьанца Хьамзата лелош дерг хIун ду ца хууш цецъяьлла хилла йолу дейиша, кхета а кхетта, елаелира:
– АстагIфируЛлахI… Цунна дага ца догIуш хIун ду, алахьа? ХIумма а ледара-м вац сан вешин кIант.
– Деца, хьан марзойл эша ма ца лаьа суна.
– Мегар а дацара эша. Сан-м хьаха ю цаьрца хаза нехан санна яхь, – тIетуьйхира Хьамзата аьлчунна дейишас, цIарула цIечу туьман кехат кхуьнга схьа а кховдош. – ХIан, хIара хьайн кхо сом а дIаэца! Ас хьайна делла ларахь иза.

Карахь варкъ диллина шун а долуш, цу тIе хIоттийна хих юьзна куршка а йолуш чоьхьаелира хьешаша моттбастийта чукхайкхина нус. Ишттачу меттехь еш йолу забарш а, бегаш а бинчул тIаьхьа, халла, хезаш а, ца хезаш а «мала» аьлла, дош делира нускалан багара. Хинах цхьа-ши къурд а бина, шен кисана кхевдира хьешашлахь воккхахверг.
– Хи мел дезачунна езийла хьо, Дала барт цхьаъ бойла кху хIусамехь, Дала тIаьхье беркате йойла! – аьлла, цIеначу пхеа соьман кехат шун тIе диллира цо.
Цуьнца болчу накъосташа а цо аьлларг а олуш, цо санна, пхеа соьмийн кехаташ шун тIе дехкира. РагI Хьамзате кхечира. Ала догIуш долу ши-кхо дош а аьлла, хьаьрчина долу туьма схьа а даржийна, меллаша шун тIе диллира Хьамзата. Цецбевлла, вовшашка хьоьвсира хIинцца моттбастийтинарш.
Нускал чудалош еанчу, шен дагахь кхин хIумма доцуш йолчу Сайпуддин воккхахволчу вешин зудчо шен марвежаршка дIа а хьаьжна, эккхийтира:
– Ватта, Сибреха поппарш кего доьлхачул а, хIара мамин вешин кIант санна, институте деша даха дезаш ма хиллера шу-м!

                                     Ши кало

Шен воккхахволу накъост Дога волчу веара цхьана суьйрана Хьамзат, луьйш-олуш, самукъа а доккхуш, кIеззиг хан яйа дагахь. УьйтIахь цхьацца дезарш деш дIасауьдуш лелаш Догин кхиъна яьлла йиша ТIаус яра. РагIу кIелахь лаьтташ болу паднар тIехь когаш тIе хIума а тесна, суьлхьа хьовзош хиъна Iаш кхеран нана Балука а яра. Хьамзата цуьнан хьал-де хоттушехь, цIийна учи тIе кхунна дуьхьалваьлла, Догас хIара ша Iаш волчу цIа чу вигира. Дикка Iийра хIара шиъ, хилларш-лелларш дуьйцуш. ТIаьххьара а, Дога меттахвелира, шаьшшинна ТIаусига чай даийта дагахь. Амма иза юха чу ван хье а велча, арахь цхьа гIовгIа а яьлча, хIун ду-теша аьлла, Хьамзат а аравелира.


Кхунна хьалха хIоьттина сурт иштта дара: рагIу кIелахь, Балукина резавоцуш, бартбетташ Дога вара. Лулара кхеран гергара цхьа йоI яра шен ненаца, бехкала а яхана, лаьтташ.
– Хьуна ца хууш ма ца яхана иза, – бохура Догас шен нене. – Стенга яхана иза? Хьаьнга яхана? Схьадийца! – бохуш дов дора цуо.
– ДIавалахьа, кIант! Ахь соьга хIун де боху?! Соьга хаьттина яхана иза кхин?! Цхьа хIума ца хаьа суна! Сан дог ма этIадехьа, – Догина дуьхьал яппарш йора Балукас.
Юьхьанца цара дуьйцучух ца кхеташ хилла волчу Хьамзатана тIаьххьара а хиира, ТIаус лечкъина араяьллий, ткъа вуьшта аьлча – маре яхний. 70-80 – шерашкахь а, цул хьалха а, дукха хьолахь, йоI, лечкъина, шен децIера ара а йолий, маре йоьдуш ламаст дара нохчийн. ТIаус а яхнера иштта, шайн гергарчу йоIе ша ара а яккхийтина. Ша кхаьрга ян хIотта а ца хIоьттина, шен нана а ялош еанера и йоI, ТIаус лулара юьртарчу нахе маре яханий хаийта.


Догина хаьара, шен йиша ша ара а яьлла яхана хилча, шен дан хIума доций а, хилларг хилла даьллий а. Балукига а кхин ала хIума а дацара. Дога дов деш волчуьра сецча, паднар тIе охьа а лахъелла, тийжар дIадолийра Балукас, ТIаусна сардамаш а доьхуш.
– Ма елха Балука, ма елха… Дуьненан хIумнаш ду хIорш… Йоьдуш а хуьлу, йогIуш а хуьлу. Тахана хьан цхьа йоI дIаяхарх, кхана хьан кхо-виъ кIант а ма ву, кхо-йиъ нехан йоI схьаяло дезаш. Ма елха, – бохуш, хIара меттаяло гIертара лулара зуда.
– Эссай! И маре яхнера аьлла-м дера ца йоьлхара со…
– Вай! ХIунда йоьлха хьо тIаккха? – цецъелира лулара зуда.
– Хьала ма сатта хIара, хIа ма сатта… ГIам ша ма дарра! Селхана ас ЧIишкара базарара, 15 сом а делла, эцна сан цIена ши кало а такхийна ма яхана елира х1ара, еха ма яхарг!

                                                         Шляпа

Нохчий Сибрехара цIа баьхкина дукха хан яцара. Адамаш когаирахIитта гIерташ, дахаран хьелаш тодан гIерташ бохкура шай ма-хуьлла. Кест-кестта дехьа-сехьа юьртахь белхий хуьлура, цIенош деш волчунна гIо деш. Иштта, тIедогIучу кIирандийнахь, Чечанахь цхьана гергарчу нахехь белхи хир болуш бу аьлла хезна, цига даха дагахь барт бинера Соьлжа-ГIалара кегийчу наха: Зайндиссий, цуьнан ненан йишин кIанта Догалсий. Нана-Чечана цIеяххана юрт яра, гIиллакх-гIуллакх долу хаза зудабераш хиларца. Ткъа белхехь кегийчеран самукъадоккхуш, церан дог-ойла ира-карахIиттош, жигаралла совйоккхуш, локхуш пондар а, тухаш вота а хуьлуш яра. Волург хелхавала а, зудаберех бIаьргтоха а, сакъера а йиш хуьлара.


Уьш цига баха вовшахбетталуш хилар тосаделира Зайндин, Догалан а кхечу ненан йишин кIантана Сайпуддина. Уьш нийсархой бу, ала мегар долуш, цхьана хеннара кегий нах бара, воккхахверг Зайнди а волуш. Царах хIора а доьзал кхолла безаш а вара. Зайндий, Догаллий, мацах цхьамма баьхчунна а дайна, едда а зуда йогIур йолуш, куц долуш, тайна жима ши стаг вара. Ткъа Сайпудди лохачу дегIехь, оза, некхан у тIедаьлла а волуш, букар-стаг вара. Дуьненан пекъар вара-кх, доцца аьлча. Делахь а, ша заьIап ву аьлла ца Iаш, дегала а волуш, кхечу кегийрхошна луъург лууш, царна деззарг дезаш а вара Сайпудди.
– Со а вигалаш шайца кIирандийнахь, шаьш Чечана белхе доьлхуш, – элира Сайпуддис шен шина шиче, хIорш вовшахкхетча, ши-кхо де хьалха.
– Хьо хIун дан вогIуш ву цига? – резавоцуш, кхуьнга дуьхьал вистхилира Зайнди.
– Аш дийриг дийр ду-кх ас а!


– Цигахь-м болх бан безий, накъост! – эккхийтира Зайндис, шен дагахь: «Хьажахьа цкъа кхуьнга – окхлол бен воццушехь ша, хIетта а цхьаъ дийца гIертачу».
– Бийр бу-кх болх а, бан безахь! – ца къарлора Сайпудди.
Кхеран къамеле ладоьгIуш Iачу Догалс, Зайндига къайлах бIаьрг а таIийна, элира:
– ГIур ду-кх цхьаьна, Дала мукъалахь. Дукха ма дийций вай хIара.
КIиранде тIе ма кхеччинехь, Зайндий, Догаллий шаьшшинца кхин цхьа накъост а волуш, Чечана ваха дагахь новкъавелира, Сайпуддига хIумма а ца олуш. Шича велахь а, ишттачу метте воьдуш, кхушинна ца везара иза шайна уллехь. Ма-дарра аьлча, Сайпуддин дегI а, куц а делахьара, везар вара. Ша а витина уьш дIабахний а хиъна, чIогIа вас хилира Сайпуддина. «Ас дийр ду хьуна шуна дан деззарг», – аьлла дага деара кхунна.
Дукха хьен а ца луш, Сайпудди «Минутка» автостанцера дIайоьдучу автобус тIе а хиъна, царна тIаьхьа вахара.
Жигарабаьлла дIабоьдучу поппаран белхе кхечира Сайпудди. Кхунна хьалха хIоьттина сурт иштта дара: хечийн когаш хьала а карчийна, тIетаьIIина болх беш бохкуш кегий нах, каде хьийзаш мехкарий, шаверг а, вовшашца бегаш беш, велавелла-векхавелла, самукъане, саца а ца беш, локхуш пондар, ахсахьт моссазза долу, гуо а бой, боккхуш хелхаран бал. Кест-кеста, гуона юккъе а волуш, Сайпуддин шина шичас а дора хелхар. Кхунах бIаьрг а кхетта, Сайпуддина тIе веара и шиъ:
– Хьо вогIур вац моьттуш схьадаьхкира хьуна тхо-м.
– Со шайна ца оьшу дела, даьхкнера шу-м.


– Ма ала иштта. Хьайн самукъадаккха. Цхьаьна цIа гIур ду вай, белхи чеккхбаьлча, – бохуш, хьесталора важа шиъ.
– Шуьца схьа а ца веана, шуьца дIа а гIур вац. Шайн гIайгIа бе аш, – аьлла, шен коьртара шляпа хьажо-пIелгаца хьажа тIера хьалатеттира Сайпуддис.
Де суьренгахьа лестира. Белхи а чекхбелира. ТIаьххьара Чечанара Соьлжа-ГIала йоьду автобус а дIаяхнера. Цундела, вай кегий нах новкъабевлира: кхетахь, машен кхетар ю вайна, ца кхетахь, гIаш гIур ду вай аьлла. Сайпудди сих-сиха шен пхьаьрсах дихкинчу сахьт тIе хьожура. Луьйш-олуш, юьрта йисте кхечира хIорш. Ша кхин дIа ца вогIу аьлла, сецира Сайпудди.
– Хьайна машен кхетахь, тхо схьаэцийтлахь, – аьлла, дIабахара кхуьнца берш.
Сайпуддин веха латта ца дийзира новкъахь. ГIалара хьала, хьалха-тIаьхьа а хIоьттина йогIуш йолу Волга ГАЗ-2I, ши такси, лаьтташ волчу кхунна тIе ма-кхеччинехь, саца а сецна, юхайирзира. ШолгIачу машенан тIехьарчу ангалина улле шляпа охьа а йиллина, хьалхарчу машена чу хиира Сайпудди ша, таксистана улле. И ши такси Соьлжа-ГIалахь, ша Чечана вогIуш, цхьа хан билгала а йина, барт а бина, ялийна яра цо мехах. Генадовлале Сайпуддин гергарчу нахана тIаьхьакхиира ши такси.


– Сацаелахь цхьана минотана! Чу стаг ца хааво хьуна вайшимма – элира Сайпуддис таксисте.
Машенаш шайна совцийна моьттуш, гIад а бахана тIебевддачу ЗайндигIаьрга, кор охьа а дахийтна корта а ластийна, вистхилира, дегIана дукха жима хиларна, машенахь цхьакIеззиг бен гуш воцу Сайпудди:
– ХIа-хIа… Вай цхьаьний даьхкина хиллехь, цхьаьний цIа а гIур дара. Ткъа хIинца, сан декъаза гергара нах, со хаьттинчуьнга Шинасуьйран юкъана тIехьа велира эр ду-кх аш.
Ши машен дIаиккхира, ченан кIур а боккхуш. Цхьана машенахь Сайпудди вара, Наполеон санна, корта а берзина, хьалхахь Iаш. Вукхунна тIехь, охьохуийлна тIехьа – куьзганна уллехь, арара схьахьаьжча ган а гуш, Сайпуддин коьртара шляпа яра. Багош а гIаттийна цу машено дIахьочу шляпега а хьоьжуш, латта бисира ЗайндигIар.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика