ХАСХАНОВ САМРАДИ

PDFПечатьE-mail

ХАСХАНОВ Самради

hashanov2Хасханов Самради карарчу хенахь Дешар кхиоран институтехь болх беш ву. Белхан накъосташна массарна а иза билгалваьлла ву гIиллакхе, оьзда, иштта ненан матте, дайн махке даггара безам болу стаг санна а. Цунна масал санна ю цо хIокху номерехь ешархойн кхиэле юьллуш йолу «Ойланаш» эссе а. Самрадина нохчийн мотт кIорггера хууш хиларна тоьшалла а ду хIара эссе. Махкана, халкъана хьалха шен догдастар ду х1ара ойланаш. ХIокху дешнашкахь ца го цхьана а кепара шалхонаш, хьуламаш бар. Шен къоман дахаран а, лехамийн а лазамаш балхабо авторо.

Хасханов Самрадин амалехь кхин цхьаъ а ду билгадаккха догIуш – иза даима а лехамехь ву, ткъа цуьнан къинхьегам шен халкъана пайдехьдерг кхочушдарна тIеберзийна бу. Масала, цо нохчийн матте гочйина юккъерчу школашкахь физикин Iилма хьехаран Iамат. Говзанчаша билгалдаккхарехь, цу тIехь кхиаме а кхаьчна Самради. Хууш ма-хиллара, физика Iилманан шен терминологи, дуьненан Iаламан хиламех лаьцна шатайпа кхетамбаларан башхаллаш ю. Уьш кхеташ болчу нохчийн маттахь ешархошна хьалха охьаяхка ницкъ кхаьчна цуьнан. Карарчу хенахь а, тIейогIучу заманахь а шен маьIна сов дер долуш бина болх бу и.
Цу тIе а, Хасханов Самрадис говза гочйо гIарабевллачу философийн афоризмаш: Аристотелан, Сократан, Конфуцийн, Шопенгауэран, кхечеран а. Тхешан журналан агIонаш тIехь уьш йовзийта аьтто хилла тхан.
Везачу Дала ницкъ а, хьуьнар а лойла хьуна, Самради, ахь кхочушбеш болу беркате болх кхинд1а а д1акхехьа!

                      Ойланаш

Сан ойланца хьуна Дуьне довза лаахь, еша сан ойланаш, хьажа сан бIаьргашца, муха го хьуна сан Дуьне. Хьайна гучуьнца дуста суна гург. Пайденна хIума карадахь, схьаэца, сол, мел валий а, сов вала. Дуьне хаздеш, ирсана серлонан зIаьнарехь вага, хьайна гонаха болчарна зIаьнаран суй бала диц ца деш.
Даймохк! Лаьара, Малх къевкъича, мархин IиндагI хилла, четар санна, хьуна латта. Йокъа хIоьттича, догIанах хьуна тIе лиэша. Лаьара, латта якхделча, токхе тIуналла хилла, гIодехула хьала хьада, зIаьнаран йовхонехь, заза хилла, датIа. Лаьара, Малхана серло хилла, дегайовхо хьуна луш, массо хенахь а хьоьга хьоьжуш, ваха.


Ассалам-Iалайкум! Дай баьхна лаьмнаш. Шун басешкахь баьхна тхан дай, жима къам, маршонан хIаваах синна кхача бина, акхачу стоьмех шайна пхьор дина, Iаннийн басешца баьхна уьш, шийлачу шовданийн хиш а муьйлуш. Уьш баьхна, хьан букъ тIехьа, ненан гихь санна набарна а тийжаш. Уьш баьхна хьан акхачу арахь а, лаьмнийн баххьашкахь а, майра, маьршачу ненан Iаьнарехь шайн амалш а чIагIлуш.
Курчалой-Эвла! Вожа лаьа хьуна хьалха гуора, дай баьхна юрт. Ца лаьа хьох къаста. Лаьа, хьан марахь, безаман марзонца хьо езаш, хьо хестош, ваха. Суна безаме а, гергара а ду хьан урамаш, Таьллинг-чоь, Хуьнган-йист. Суна безаме а, гергара а ю маьждиган момсарш, Нодаган шовда, эвлан юкъ, дай баьхна керт. Сан даг чохь хьо еха, бIаьргаш чохь безаман серлонца лепаш. Хьо хасто, хьаста дош суна ца карадо. Дайша йиллина, тIаьхьенаша кхиийна, тхан хьомсара деган безам, Курчалойн-Эвла.
Нохчийн кIант! Машаран цIергахь кхиъна къоман чIагIо. Хьо-м ву, лам санна, собаре, Терк санна, сиха, лом санна, майра, доьналлах вуьзна. Лаьа ала дозаллица, дош ойбуш: «Яхь йолу нохчийн къонах – къоман сий».
Лаьара терзанахь Маьлхан серло оза. Лаьара, буьйсанан бода серлабоккхуш, Маьлхан зIаьнар карахь ловзо. Лаьара, хинан тулгIенехь лораза лела. Лаьара, маханан сихалла ойланца сецош, цунах суо дIаийна, дог ловзуш, дуьхьало йоцуш, самукъне вела. Лаьара, догIанан тIадамех керт юьйцина, мархин Iаьнарах четар дина, жималлин асанех гаьнгали бина, зезагийн тулгIенехь, ирсан марахь, сайн дахар хестош, техка.
Арахь цIена, кIайн, ло ду догIуш. Хета массеран а дегнаш цо цIандеш санна. Керла шо деана. Массо а сатийсамехь хьоьжу хьалхахьа. Беркате догIийла хьо массарна а, массеран а барт болуш, вайн наной а йижарий ца боьлхуш! Массарна чу диканиг дохьуш, дика лаамаш, сатийсамаш кхочушхуьлуш, массеран а ирсе юьхь хуьлийла хьо, чаккхе а йоцуш.


Нана! Хьо-м еха сан даг чохь, ойланах дIаийна. Хьан безаман маргIал ас кхиадо сайн бIаьрхица, деган йовхонехь, экам, безам цунна ца кхоош, сайн са а цунна чу диллина. Хьо м еха сан даг чохь, массо хенахь а жимлуш, хазлуш, дог хьоьстуш, дуьненахь ваха суна ницкъ луш.
Дахар – хи чохь тоьхна муьрг. Цо яржийна хинан тулгIенаш – сан дахаран лар. Уьш-м ю яьржина Дуьне ма-дду, тIаьхье а, хьалхе а йоцуш, сох юьсур йолуш, со дийна хиларан билгало. Дахар – тIаьхьало йоцу буркъаш. Цуьнан тулгIенаш яьржина чаккхе йоцучу есаллехь.
Генарчу махкахь барз байна, безачарна бицбелла, ярашлахь, уьш-м Iохкура хийрачу арахь, белча а, цIа сатуьйсуш, цхьалло садукъдина, дог доьлхуш. Ца хаьа, мила ву бехке. Бери ву, Iедал ду, я зама ю. Амма, шеко йоццуш, цхьаъ ду: цигахь Iохкурш бехке цахилар. Белар сан ницкъ, церан сатийсамех некъ а биллина, уьш цIаберзо, Даймехкан кийрахь уьш паргIатбаха, суо а царна улле, синпаргIато а карийна, цаьрца цхьаьна дIавижа массо а ханна.


Кхойкхуш нIаьнеш яц, Iоьхуш даьхни дац, хезаш жIаьлеш дац, декаш олхазарш дац, чохь са доцуш, лакхара чухьаьжча, цхьана тхевна кIел йолуш санна, хета юрт. Шаьш-шайх тоам а хилла, дуьйладелла лела адамаш, гIаларташ санна. Аьтто совбаьлла адамийн, адамалла къийелла. Юхахьажа кхетам лойла вайна массарна!
Ца кхиъна со хIинца а суо-сайна вовза, Дуьне хIинца а довза. Ца кхиъна хIинца а, самукъне а ирсе а волуш малхехь вохвала. Безамо йина чов ца кхиъна хIинца а ерза. Ца кхиъна хIинца а гонахара бода серлонца эшо. Ца гина хIинца а ирсан нур. Ца кхиъна хIинца а ирсан кад мала, дуьненан серло ша ма-ярра ган.
ТIаьххьарчу хенахь сан бахам: кехатан цуьрг, къолам, йозанца дIаязйина дахаран цхьа дакъа.
Сан дахар, бехке ву со хьуна хьалха, суна хьо цадовзарна, хьан хазалла цагарна, цуьнан терго ас цаярна. Сан дахар, бехке ву со хьуна хьалха, дог доцуш ойлане хиларна, дина дика цагарна, хьан ницкъ ган бIаьрзе со хиларна, Дуьне ца гуш, бахам ас лехарна. Тахана-м сан дахарехь массо хIума ду, мах а боцуш, деза. Новкъа яц тIейогIу хан, хала ду юхахьежа, кхоамаза дIаяханчу хене.
Гуобаьккхина дуьхьало. Хета суо хено а, дахаро а, ор чу кхоьссича санна. Хьалахьаьжча, стигал бен гуш хIумма а доцуш. Ойла дIагIерта пана, Iалашо а, йистйоцчу чаккхене. Цхьалла ю сан тешаме накъост а, синпаргIато а, суна ваха ницкъ ло гIортор. Цунах волу со дага, цуьнца ву со ирсе, цо вуьгу со шеца чаккхе йоцчу новкъа, кIадвала хан йоцуш, цунна тIаьхьа воьду со, хьалха дерг ца гуш, бIаьрзе. Ца лаьа хIумма а леха, еза яьсса аре, Маьлхан серло бен йоцу ойла. Ваха лаьа Iаламах дIаийна, синпаргIато карийна, сатийсамехь, хIумма а доцуш, догцIена, сайн дахар дицдина, суо а вицвина, дуьненан бахам бицбина, синан маршонах пхьор а дина, маьршачу ойланех дахаран бахам а бина. Лаьа ваха деган бахамца, иза кхиош, цуьнца цхьаьна ирсан марахь, цуьнан серлонах дIаийна, ирс карийна. Лаьа сайн Дуьне кхолла, адамаша кхоьллинчу къизачу дуьненах дIахада. Ца хьежало, ца лаьа оцу дуьненахь ваха. Стенах кхолла ас иза: сайн ойланах, серлонах, йовхонах, тулгIенах, ирсах, безамах, хIаваах, шовданах…. Мичхьа ду сан Дуьне а, дахар а, ас сайна сатийсамех кхоьллина? Лаьа, цхьана дийнахь ваьхна а, оцу дуьненахь ваха, иза ган, цуьнан чам бовза, кхоамечу ойланехь тоаме дог ган. Лаьа, безамо дог хьоьстуш, сайн лаамехь, цхьаннах воьзна а воцуш, мел оьшург а лаамах доьзна долуш, айса кхоьллинчу дахарехь, сайн дуьненахь ирсе, чаккхе а йоцуш, ваха.


Вайн дерриге а хьекъал коьртан туьтанахь ду, боху. Ткъа иза цхьа кийла бен дац.
Сан ойла, юьстахъяьлла хьоьжу соьга, йоьлуш. Со а ву цуьнга хьоьжуш, воьлуш. Дуьненан бала тхойшингахь бац. Лаьтто, хетта, суо дIахецча санна. Сан ойлано вуьгу со пана, адаман лар йоцчу, ара. Безаман хIу дийна, иза хьаладаьлла, серлонах кхолладелла ирсан гIад, ирсан арахь техкаш лепа, нуьре хилла, ирсаца кхелина. Со-м техка цуьнца, ирсан марахь, зIаьнарах дIаийна, суо а цуьнан серло хилла. Цуьнан серлонехь ловзу со, сайн ойланца, бераллехь санна. ЦIа кхача сихлой, со-м вогIу ирсан курс марахь, ирсан новкъа, сатесна, массарна а декъа нуьре совгIат. Юха а самаволий, дуьненан балано дог дузу. Лаьтто къовлу шен мара. Юха а воьду со, дуьненца гуотаса, хан ягаръеш, сайн чаккхене. Хала ду, ирсо хьаьстина дог-ойла йижо. Иза-м йоьду хьала, пана, сох йоьлуш, шех хьега, тIаьхьа хьаьжначохь со а вуьтий.
Дуьненахь уггар а хазаниг серло ю. Серлоно гойту суна Дуьне. ХIун хир ю цул хаза, хIун хир ду цул деза?! Ала лаьа, Маьлхан серло – сан дахар, дуьненан хазна, тIаьхье йоцу бахам, бIаьрса, деган йовхо, сан са.


Баркалла хьуна, сан дахар, суна доцург ду моттуьйтуш, со, Iехош, лелорна! Баркалла хьуна, сан дахар, хало дахарехь самукъне ахь ярна! Баркалла хьуна, сан дахар, кхерамна хьалха со юха ца валийтарна. Баркалла хьуна, сан дахар, эхь-бехках, юьхьIаьржонах со ларварна. Баркалла хьуна, сан дахар, Маьлхан серло, Дуьне а, Iалам ахь суна довзийтарна! Баркалла хьуна, сан дахар, де -ненан марзо суна йовзийтарна, массо тайпанчу безамах сан дог дузорна, суна суо ахь вовзийтарна, хьайца ахь со кхиорна! Баркалла хьуна, сан дахар.
Лаьара цхьа де дан, дахар санна, деха а долуш. Харцахьа мел дерг адамашна дицделла, цхьаболу нах бIаьрзе хьийзаш, мел ойла йича а, диканиг бен дага ца догIуш. Дуьненахь боьха мел йолу хIуманаш, дикачу ойланаша хьийзош. Лаьара и «ун» дуьненахь хьовза, де-дийне мел долу чIагIлуш, адамийн дегнашкахь иза даьржаш. Лаьара оцу уьнах белларш доггах дIабохка.
Кегий а, яккхий а, замано горгйина, малхана гонаха хьийза кескаш, чохь са доцу шелонан тIулгаш, газах дуьзна ахкаргаш. Йовхонан цIеран серлонехь уьш лепа, вайна шаьш доцурш ду моттуьйтуш. Уьш лепа, генара вайна серлонан зIаьнарех кхоьллина хаам боуьйтуш. Со-м хьоьжу цаьрга, ойланехь уьш хьоьстуш. Хаьа суна, царна тIехь, сатийсамехь соьга хьоьжуш сан вежарий а, йижарий буйла.


Ма хила ойлане, сингаттамехь дог делхош, хIара-м гIан дай серлонах кхолладелла. Ма хила ойлане, сингаттамехь дог делхош, хIара-м бIарлагIа яй ойлано кхоьллина. ХIара-м хи чохь горга тIулг бай, заманна тIаьхьа бедда, гонна хахкабелла есаллехь, цхьанне а сацо ницкъ боцуш, адамаша шен бIаьрсица кхоьллина, къагийна, хазбина, массеран юкъара массо а ханна, цхьанне а долахь боцуш.
Суна атта ду безам каро. Иза соьца бу массо ханна. Суна гонаха мел дерг ду сан безамах кхолладелла, со ву цуьнан серлонехь вехаш. Безаман серлонах кхолладелла ду сан ирс а, дахар а, Маьлхан серло а, цуьнан йовхо.
Цкъацкъа сайх ларамза ледарло яьлча, суна-м хуьлу иза лан хала. Сан дог, суна къинтIера ца долуш, догу юх-юха а…. Дохковаьлла къера хилча а, ца вуьту цо со. Хала ду суна иза лан, кIезиг долу хIума а гуш, лехьош. Хала ду, цунна ца гуш, цунна хьалха бехке воцуш, къайлаха ойланца хIума дан, айса динарг юха а нийса ду аьлла, сайх иза тешо.


Хьуна еза иза, ткъа цунна-м хета ша еза а, йоккха а. Хьуна хазахета иза. Иза-м хуьлу хьоьх ца ешаш, кура а, коча а. Ахь досту цунна хьалха дог, цIеначу ойланца, цо-м оцу тIехь шен когаш цIанбо. Хьо гIерта цуьнца дика хила. Хьан дикалла, хьан дог а дохош, хьуна дуьхьалйоккху цо. Хьо хуьлу цунна хьайн са а дIалур долуш. Иза-м хьоьжу цуьнга, бен а доцуш, иштта хила дезаш санна.
Сингаттам дIабахана, хIинца-м ю сан даг чохь есалла, соьга иза синпаргIатонах юза ца ло. Цунна цхьалла сингаттаме ю. Иза-м арайоду оцу чуьра, тийналло садукъдой, юха а сингаттамах сан дог дуза.
Цхьаннах а ма кхера, хьеста ма ло, къар а ма ло. Халонна хьалха юха ма вала, цхьа ма хета хьайл чIогIа а, лакхара а. Цхьа вац хIумма а, хьо воцург, муьлхха стаг а, адам бен, кхин хIумма а вац. Харцонна дуьхьалое. Массо хенахь хила хьайх бIобулуш, дог-ойла чIогIа йолуш. Массо хIуманехь а айхь-хьуо кхиош, чIагIло. Диц ма де, хьо ву чIогIа, хьол чIогIа адамех цхьа вац, цхьана а хIуманна тIехь. Дуьненан сема хьан буйнахь ю, иза ласто хьан ницкъ хилчахьана.


Хьуна моьтту хьайна массо хIума хаьа, хьо-м лела, хьуо цхьана а хIуманна тIехь гIалат воцуш санна. Хьуна хьуо иштта ву моттар ду хьан доккха гIалат.
Лайн чимех тегна, тIеюьйхина гIабали, Маьлхан серлонца юьйцина чIаба, шелоно беснеш цIийина, нур догуш, генахь, мархаш юккъехь, сайга хьоьжуш гира суна, карахь еха Iаса йолуш, Iаьржачу чухтина тIехула кIайн йовлакх тиллина, баьццара коч юьйхина, сайга хьоьжуш, тхайн ненах тера йоккха стаг.
Сан дахаран хан, саца! Къорачу тийналлехь, яккха сан сингаттаме ойла сама. Юхахьажийта со, суо ма варра ган. Хаьа суна, сайгахь хьекъал доцийла, делахь а, суна кхин цхьа хIума а хаьа: тIаьхье йоцчу дуьненахь хьалхе а йоцийла.
Массо а хенахь юьхь а кхолийна, цхьанне а резавоцуш иза гича, цунна уллехула волуш жирга дог-ойла кхоллора, сингаттамо дог къовлура, кхерамечу IиндагIна уллехула волуш санна. Хан яхлора, чаккхе а йоцуш. Ца безачу нахана юккъерачу херонех вича санна вара иза, массо а хенахь къийсамехь, халоно чIагIвича санна. Хетара, цуьнан дахаран некъахь хьацаран чорпица тIулг биллича санна.


Сайн къинойн тептар дIачIагIа воллу со. Цхьаьнцца а дац сан хIумма а. Сан кийра баьсса бу. Ас къинойх иза кхин бузур бац. Суна тоьъна сайн къинойн мохь. Ас сайн тептар дIачIаьгIна. Кхин дIа сан тептар хир ду цIена, тIе йоза а яздаза. Со ваха воллу сайн дахарца. Ца безачу нехан тептарш тIехь сайн цIарах язбина йозанан могIа. Лаьа тIаьххьара чаккхенан тIадам билла, йоза яздаза цIена агIо дIаелла, керла дахар доло….
Соьга цабезаме букъ беттачаьрга ала лаьа: шун букъ тIехьа суна-м карийна самукъане синпаргIато.
Дог тIегIерта безачарна, иза бIаьрзе ду гонаха дерг ма-дарра ган. Аса-м иза чудоьллина, иза арахьоьжу херонехула, цхьалло садукъдина, синпаргIато лоьхуш. КIезиг а дуьхьало дIаяьлча, иза-м хьоду, дистина хи санна. Цунна ца хаьа, Дуьне хьийзаш дуйла, массо хIума хийцалуш дуйла. Иза-м деха дIаяханчу хенаца, гонаха цхьа а хийцам боцуш санна. Цкъацкъа хала хуьлу иза сецо. Иза-м арахьоду, со а вуьтий. Юха а шена хетарг ца карадой, чу а дулий, дIахьаьрча. Хала ду иза хийцамечу дуьненах кхето.
Кхана соьга хьоьжуш хир яц жималла. Хьаьжа тIе куьг диллина, со ларвеш хир ю къаналла. Иза-м ю Жоьра-бабех тера: хебаршка яхана юьхь, йоккха гIаттийна бага, цхьа церг ара а кхевдина, со шех тарван гIерташ, дIакхалла кечъелла.


Массо хIума дина даьлча, синпаргIато карийна кийра басбелча, хала хуьлу и есалла лан. Хета, суо кхин дIаваха некъ боцуш, дахаран дозанан йисте кхаьчча санна. Юха а лоьху ас сингаттам, дуьненан баланах сайн дахар кхолла.
Сан ваша! Муха го хьуна хIара Дуьне? Суна-м цкъа сирла го, юха – бодане. Цкъацкъа хетта, хIара Дуьне сайн дуьхьа кхоьллича санна. Юха а ойла хийцало, хIун эшара хIокху дуьненчу со ваккха, дуьненан марзонан чам баккхийта, юха а къаьхьа къурд соьга байта.
Сан юьхь. Сан дахаран куц. Деза ду суна хьан аматаш. Хено тишйина, хебаршка яхана, дахаро кхиийна къаналлин бустам. Хала а, еза ю суна сайн дахаран чаккхенан юьхь сайн куьцехь ган. Хета, зарзъелла, тишъелла цхьанне ца оьшу бехчалг санна, суо дахаро юьстах кхоьссина. Хала ду, суо Дуьненара дIаваьлча, Дуьне цIанлуш санна, дIаваха. Лаьара, суо дIаваьлча, дуьненна эшам хаабала. Лаьара, суо дIаваьлча, есаллехь, цкъа а лийрйоцу лар йита. Лаьара, сайн борза тIехь къух а ца долуш, массо а хенахь махо техкош зезагаш лепа.


Ца лаьа хьо ган, хьоьца юкъаметтиг лело, ца лаьа хьо сан ойланехь хила. Сан деган моьнаш тIехь, массо меттехь а, суна-м хаало хьан цабезаман лар.
Сан дахар – халонах бина бухь лекха такхор. Сан ирс – некъахь лехьийначу чемхалгех дина жима литта.
Ненан юьхь – хазаллин куц. Къинхьегам – бух боцу хIорд. Хазахетар – бIаьрхинан тIадам. Сатийсам – йистйоцу есалла. Лаам – тIаьхьало йоцу сатийсам.

Со-м гIерта, адамийн юьхь тIерачу хершнийн лораца, дахар довза, нах бовза, суо вовза, хиндерг хаа, дIайоьду хан кхоаме яйа.

Самукъане хила, хьайна гонаха долчуьнга кхачаме хьежа. Цхьанне а ма къежа, дог-ойла маьрша кхиае, массо везаш, цхьаннах йоьзна йоцуш. Хьайн дерг ларде, доцчуьнга, иштта хила дезаш санна, хьежа. Массо хенахь юкъаметтехь латтабе деган ойланан цхьамза. Диц ма де, хьуна гондIа дерш адамаш ду, гIалаташ, къинош а долуш.

Орга №2. 2019. Зорбанан кеп

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика