ГАЗИЕВА АЗА

PDFПечатьE-mail

ГАЗИЕВА Аза

Вайн бехк я Советийн Iедалан тешнабехк?

 

Цкъа хьаьжна ца Iийна со «Цыган» цIе йолчу исбаьхьаллин фильме. Суна дукхаеза иза, мел хьежарх а кIорда ца йо. ЦIеначу даггара ирсе хила лаьа Россин халкъан артисткас Лучко Кларас а, Молдаверчу киноактера Волонтир Михайс а говза васташ кхоьллина турпалхой. Адамалла, къинхетам, чолхечу дахарехь шогаллаш дуккха а ю режиссера Бланк Александра яьккхинчу фильмехь. Цуьнан чулацам дахарерчу бакъдолчунна герга хилар хета фильм дукхаезаран бахьана. Ас-м, «Цыган» фильм дукха хазахетарна, цуьнан бухе йиллина изза цIе йолу Калинин Анатолийс язйина роман а ешна. Дахаран массо а агIо евзаш стаг хилла яздархо.

Цуьнан, «Цыган» йоцург а, дукха говзарш ю: романаш, поэмаш, пьесаш, публицистика. Дукха хьолахь, бакъдолчунна герга йолуш, мискачу адамийн дахар кIорггера девзаш язйина ю уьш. Иза, къаьсттина вайна, нохчашна, мехала ду. Къоман историн уггаре а халачу муьрехь, вайнахах хьакхаелла похIмечу яздархочун комаьршачу деган серло. Шен бIаьргашна гиначух бакъдерг яздина Калинин Анатолийс Нохч-ГIалгIайн Республикехь лаьттачу хьолах «Искры над Грозным» цIе йолчу очеркехь. «Комсомольская правда» газетехь генарчу 1942-чу шеран гурахь цо иза яздинехь а, бакъдолчунна тIера схьаэцна довха дош, тахана вайн дегнаш хьоьстуш ду. Цунах хир ду вайн таханлера къамел.


I9I6-чу шеран хьаьттан (август) беттан 9-чу дийнахь дуьнен чу ваьллачу Калинин Анатолийс журналистикехь дIаболийна шен къинхьегаман некъ. I94I–I945-чуй шерашкахь дIабоьдуш Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болуш, «Комсомольская правда» газетехь лерринчу корреспондентан болх бина ву иза, фронтан зил чекхболучу массо а маьIIе кхочуш. Иштта Нохч-ГIалгIайчохь а хилла иза. I942-чу шеран аьхкенан чаккхенехь Теркайисте схьакхаьчначу мостагIчунна хьалха Геббельса Iалашо хIоттийна хилла – хьаьттан (август) беттан 24-чу дийнахь Соьлжа-ГIала чукхача. Амма ЦIечу Эскаран бIаьхоша ца кхачийтина немцой оцу Iалашоне. Кхаа-беа баттахь луьра тIемаш лаьттина Теркаца. Шаьш Соьлжа-ГIали чу ца кхачалой хиъча, дог а диллина, авиатохарш дина фашисташа 1942-чу шеран эсаран (октябрь) беттан I0-чу дийнахь. Немцойн «Юнкерс-88» цIе йолу 200 кема хилла оцу къизачу тIелатарехь дакъалоцуш. Ягийна заводаш, фабрикаш, мехкадаьттанах дуьзна лаьтта даккхий яйнаш, хIаллакбина бахархойн бахамаш, дайина маьрша адамаш. БIаьрга Iоьттича пIелг гур боцуш, Iаьржа бода хIоттийна махкахь. Амма дерриге а халкъ, цхьаъ санна, арадаьлла дIаяйина немцойн зулам бахьанехь хьалалетта цIе. Оцу бохамах а, нохчийн, гIалгIайн болатчу амалх а, синъондаллех а яздо Калинин Анатолийс «Искры над Грозным» очеркехь.

Къеггина масалш далош дуьйцу журналиста вайн махкахойн хьуьнарех. Цо, цецвуьйлуш, дозаллица яздо вайн махкахойн хIайттараллех, царна Даймохк безаш хиларх, мостагIчух озабелла вайнах юхабевриг цахиларх лаьцна. Цо очеркехь хьахадо Хьалха-Мартан кIоштан Таьнги-чу юьртарчу жимачу стага Докашевс, ша цхьамма, карахь герз а доцуш, немцойн лазутчик лаьцна хилар. Деца цхьаьна хьаьжкIашна асара ваханчу кIантана тосавелла хилла ракеташца шайчаьрга цхьацца хаамаш беш воллу фашист. ТIехьашхула тIевахана, схьалаьцна, кхидIа ца хоьцуш, тIаьхьуо юьртахой а орцахбовлуш, Хьалха-МартантIерчу Iедале дIавелла хилла мостагI дас а, кIанта а. Иштта цо яздо Ильясов Исалис тIеман комиссариате яздинчу дехарх лаьцна а: «Сан 67 шо ду. Делахь а, со могаш ву. Суна буса наб ца кхета, вайн Даймехкан латта мостагIчо хьоьшуш долуш. ЦIечу Эскаран могIаршка дIахIотта боккха лаам бу сан. Доьху, Нохч-ГIалгIайн дошлойн дивизе со дIаязвар». Кхин цхьа бакъдерг билгалдоккху Калинин Анатолийс. Оцу муьрехь Соьлжа-ГIалахь вовшахтухуш Нохч-ГIалгIайн II4-гIа дошлойн дивизи хиллехь а, яздархочо тIечIагIдарехь, дивизи вовшахтохаре ца хьоьжуш, хIора дийнахь тIаме дIаоьхуш хилла нохчийн, гIалгIайн кегийрхой. Вайна юьхькIам боллуш тоьшалла ду цо динарг. Масех шо ду оьрсийн яздархо Калинин Анатолий воцу. 2008-чу шеран асаран (июнь) беттан I2-чу дийнахь дIакхелхина иза. Амма 75 шо хьалха цо вайх аьлла довха дош даха дисина. Нохчийн халкъ цкъа а ца хилла цхьаьнгга а чIир хьееш, амма ша лайна халонаш, шена йина ямартлонаш йиц ца йина цо. Къаьсттина дукха эладитанаш даржадо хьагI йолчу адамаша. Царах цхьадерш ХХ-чу бIешарна юккъехь СССР-о немцойн фашизмаца латтийначу луьрачу къийсамах ду. ХIинца а цхьаболчу питанчийн самукъадолу, нохчаша, гIалгIаша оцу тIамехь дакъа ца лаьцна бохучу хабаршна тIечIагIдарш лоьхуш. Вайнахана юкъара алссам дезертираш бевлла бохуш, даржош эладитанаш ду, НКВД-н белхахоша халкъана тIехь латтийна къизалла ца хьахош.


Карладоккхур вай дуьххьара Соьлжа-ГIалахь Нохч-ГалгIайн дошлойн II4-гIа дивизи вовшахтоха йолор. I94I-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан I3-чу дийнахь СССР-н оборонин комитетан Буьйраца нийса а догIуш, хенал хьалха, I94I-чу шеран гIуран (декабрь) беттан I-чу дийнахь, вовшахкхетта яьллачу дивизин командир хIоттаво ЦIечу Эскаран тIаьхьалонан эпсар Моллаев Супьян. Дивизин комиссар хIоттаво Нохч-ГIалгIайн Республикин дешаран (серлонан) нарком Гайрбеков Муслим. Вовшахтоьхначу дивизина юкъахь 3 96I стаг хилла. Дивизехь хила везарг 3 347 стаг вара. Хила везачул сов 6I4 стаг а волуш (царна Iаламат чIогIа тIаме дIакхача лаарна) гIуран (декабрь) бутт тIекхачале вовшахкхетта хилла дошлойн дивизи. Шайн лаамехь дIаязбеллачарна юкъахь 3 543 нохчи, 44I – гIалгIа а вара. Ткъа иштта Соьлжа-ГIалин бахархойх 33 хIири, 298 – оьрси, кхечу халкъийн векалех 237 стаг вара. Даймехкан сий лардан гIевттина яхь йолу кIентий тешна бара I942-гIа шо дIадолалуш шаьш тIеман арахь хирг хиларх. Амма I942-чу шеран кхолламан (январь) баттахь а, ур-атталла чиллин (февраль) баттахь уьш казармашкара ара а ца бевлла. Уьш Iамош, тIамна кечбеш, цаьрца бала болуш стаг а ца хилла. СССР-н Правительствос I94I-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь № 894CC йолуш тIеэцначу сацамца, Нохч-ГIалгIайн Республикин куьйгалхой декхарийлахь хилла герзаца, барзакъца, говрашца, говрийн нуьйрашца, говрашна бао безачу хIоаца, кхечу кегамерсачу хIуманашца кхачоян езаш. Амма и кхачо цхьаммо а еш ца хилла. Дивизехь 4 767 говр яра хила езаш, ткъа уьш I 760 бен ца хилла. Царах дукхахъерш а, бIаьхоша цIахь хохкуш лелийна, шайн говраш хилла. Барзакъан ойла еш стаг а ца хилла. Герзаца долу хьал кхин а ледара хилла. I94I-чу шеран гIуран (декабрь) беттан хьалхарчу дийнахь командир хIоттийна Моллаев Супьян оццу беттан 30-чу дийнахь дIаваьккхина, цуьнан метта полковник Чаленко Иван хIоттийна. I942-чу шеран кхолламан (январь) беттан I6-чу дийнахь иза а дIаваьккхина, цуьнан метта подполковник Артемьев хIоттийна.


КIиранах а ца Iийна Артемьев оцу даржехь, кхолламан (январь) беттан 22-чу дийнахь дивизин командир Баев Идрис хIоттийна. Кхо де далале Идрис а дIаваьккхина, цуьнан метта 1942-чу шеран кхолламан (январь) беттан 25-чу дийнахь Мамсуров Хьаьжа-Iумар хIоттийна. Хетарехь, Мамсуров хилла Берия Лаврентийна оьшург. ХIири Мамсуров Хьаьжа-Iумар пхийттаравалале тIеман аренаш идийна «борз» хилла. ТIеман аренашкахь доьналла, майралла гайтарна Лакхарчу Iедало дина совгIаташ хилла цуьнан. Краснодарехь дошлойн школа чекхъяьккхина, I929-чу шарахь дуьйна Къилбаседа Кавказан ЧК-хь болх бина, Къилбаседа Кавказан республикашкахь къинхетамза таIзаран экспедицешкахь дакъалаьцна, мискачу адамашкахь Iазап латтийна, бехк боцучу дуккха а адамийн цIий Iенийна вара Хь.Мамсуров. Ша II4-чу дивизин куьйгалле хIоьттичахьана, дийнахь шозза яздеш, Москва аьрзнаш яздан велира иза, шега кховдийна дивизи тIеман аренашка яккха кийча цахиларан хьокъехь, юкъа-кара Нохч-ГIалгIайн бIаьхой низамна тIера цахилар билгалдоккхуш, вовшашций бен уьш гIиллакхе цахиларний, эпсарийн чинехь волчуьнца церан ларам цахиларний тидам тIебохуьйтуш. Цунна нийсса цхьа бутт хан тоьира дивизин бIаьхойх тешам байа. 1942-чу шеран бекарг (март) беттан 3-чу дийнахь кехат кхечира Москвара, Берия Лаврентийс тIе куьг а яздина.


Кехато чIагIдарехь, Нохч-ГIалгIайн дошлойн II4-чу дивизин бIаьхой мукъабуьтуш бара Даймехкан декхарех, дивизи дIасайоккхуш яра. Кхехкаш тIом болуш, иэшамаш ловш, мостагIчун ницкъаца цаларорна гIийла узарш деш ЦIен Эскар долуш, тIеман ара дIахIотта кечъелла дивизи дIаяккхар Даймехкан мостагIаший бен дийр долуш хIума дацара. Ткъа Нохч-ГIалгIайчуьра тIаме дIаваха кечвелла пхи эзар гергга стаг, дуьйцуш бахьана доцуш, юхаверзийна хилла. I94I-чу шеран аьхкенан чаккхенехь, фашисташа Харьков гIала дIаяьккхинчу хенахь, Москвара омра деана, вайн махкара 8 эзар стаг къинхьегаман эскаре (трудовая армия) ваийтар тIедуьллуш. Нохч-ГIалгIайн Республикин тIеман комиссариаташкахь оцу муьрехь вайнахах цхьа а военком ца хилла. Тайп-тайпанчу гIаланашкара схьабаьхкина кхечу халкъийн векалш хилла кхузахь военкомаш. Харьков гIалина уллехула чекхболучу фронтан зилана саьнгарш яха къинхьегаман ницкъ иэшар шайна хиъча, хан йоццучу хенахь нехан чулелхаш, зуда, бер, къано ца къастош, массо а кIоштарчу военкомо тIебиллина хилла билгалбинчу барамал сов адам вовшахтоьхна, Харькове дIахьажор.

Нохч-ГIалгIайн Республикера къинхьегаман эскаре воьхуш хилларг 8 эзар стаг хиллехь, военкомаша нуьцкъала шалонашна тIе ховшийна, I94I-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь дIавахийтинарг 13 эзар стаг хилла. ТIехь, когахь доцуш, борз санна, тIедогIуш Iа долуш, кхетош-кхиоран къамелдар а доцуш, хийрачу метте дIахьовсийна хилла вайн махкахой. Шелонна, гIелонна лазарш кхетта, бала хьегна цара новкъахь. Царна лоьралла деш стаг а ца хилла. ГIелвелларг, цIерпошт сецначохь тIера чукхуссуш хилла. Фронтана гергакхача боьлча, цIерпошт тIера охьабаьхна, 80 чаккхарма гIаш лаьхкина бигна уьш. Церан докъазалла, уьш совца безачу Акимовка юьрта дIакхочуш, немцойн кеманаш тIехула хьаьвзина, царах ах сов байина. Эххар а, царах бала пайда бац аьлла, юхалаьхкина, цхьана а кепара некъан бакъо а я ахчанах кепек кара а ца луш. ТIехула хаддаза хьийзаш, бомбанаш етташ немцойн кеманаш долуш, бомбанан гериг кхетта я мацалла велларг лаьттах дIатаIош, цхьана кIиранах сов гIаш некъ беш, Дона-тIерачу-Ростове кхаьчна вайн махкахой. Цигахь а даа-мала ца делла, дезертираш ду шу бохуш, чехийна. Эххар а, шайна новкъара дIабаха, Соьлжа-ГIала хаам бина. Гайрбеков Муслим, кхин а масех стаг а Ростове царна тIаьхьавахана, цIаверзийнарг I 200 стаг хилла. Ойла ейша: шийлачу новкъаваьккхина дIахьажийначу I3 эзар стагах цIаверзийнарг I 200 стаг вара… КIезиг белахь а, шайгахь яхь, доьналла, майралла йолуш, халкъах, махках дог лозуш, нохчийн къомах схьабевлла кIентий хилла оцу муьрехь а Нохч-ГIалгIайн Республикин куьйгаллехь. Шайгахь йолчу таронца дижа ца дуьтуш, гIарадаккха гIиртина уьш военкомаша дина зулам. Амма эпсарш къар ца белла. Церан цхьабарт а хилла, Москвахь онда гIортор а хилла. Цундела цхьана а кепара уьш жоьпе озо рагI ца кхочуш, кхидолу гIуллакхаш хьалхадевлла, дижийта дезна вайнехан и зулам, къахьа къурд бина.


I942-чу шеран кхолламан (январь) баттахь Къилбаседа Кавказан тIеман округо шен Iуналле дIаэца езаш хилла цхьа бутт хьалха вовшахтоьхна Нохч-ГIалгIайн дошлойн II4-гIа дивизи. Амма, иза вовшахтохар шайна гуш доцуш санна, эскаран хьаькамаша тергал а ца дина. Цул сов, цара дерриге а дина, цIийнах, бевза-безачарех бевлла, ярташкара охьабаьхкина Соьлжа-ГIаларчу казармашкахь шина-кхаа баттахь Iаш болу вайнехан кIентий тIеман ара дIа ца кхачийта. Цунах кхета Iаламат хала ду. ХIинца а цуьнан бахьана къасто гIорта мегар дара, доцу бахьанаш ца лехьош, Даймахкана, халкъана, Iедална муьтIахь кIентий Нохч-ГIалгIайн Республикехь алссам хилла хиларна тоьшаллаш кIеззиг ца хилча. Шайн лаамехь вайнехан кегийрхой тIеман ара дIахIиттина хилар а, Даймахкана нохчий а, гIалгIай а тешаме кIентий хилар а тIечIагIдеш язйина ю оьрсийн яздархочун Калинин Анатолийн «Искры над Грозным» очерк. Цул сов, иштта тоьшаллаш до Берия Лаврентийн кIанта Сергос а ша язйинчу «Мой отец Лаврентий Берия» цIе йолчу, I994-чу шарахь Москварчу «Современник» издательствехь араяьллачу шен книги тIехь. Берия Серго I942-чу шарахь Кавказ фашистех дIацIанъеш жигара дакъалаьцна а, масийттазза Нохч-ГIалгIайчохь хилла а ву, амма цуьнан цхьа масал дац вайнехан ямартлонах лаьцна далийна. Цул сов, кхузза-доьазза хьахадо цо вайнехан бехк цахилар.
I942-чу шеран бIаьсте ялале Нохч-ГIалгIайн дошлойн II4-чу дивизин буха тIехь Соьлжа-ГIалахь вовшахтоьхна хилла дошлойн 255-гIа полк. Теркаца лаьтташ къиза мостагI волуш, цу юккъехула туьраца, тоьпаца хьалхахьа дIагIерта дезна вайн турпалчу махкахойн. Ростовн областерчу Сальск гIалин йистошца кIиранах сов кхехкачу тIамехь латта дезна церан. Дуьне цецдоккхуш, майралла, доьналла, бIаьхаллин хьуьнарш гайтина цара. I942-чу шеран асаран (июнь) баттахь Сталинградана гергахьа дIайигна Нохч-ГIалгIайн дошлойн 255-гIа полк. Дукха хьолахь, аьтто боьхна, тIеман кацайолуш ЦIечу Эскаран дийнна дакъош, цкъачунна, юхадовлу мур хилла иза. Ткъа дошлойн 255-гIа полк ЦIечу Эскаран дакъош юхадовлучу некъан зилаш шен семачу тергонехь латто декхарийлахь хилла, советийн салташна мостагI тIе ца кхочуьйтуш. Хала, Iаламат жоьпаллин декхар хилла вайн махкахошна тIедиллинарг. МостагI нуьцкъала, къинхетам боцуш хилла. Юхадолучу ЦIечу Эскаран дакъошна тIе мостагI цакхачийтарал сов, луьрачу тIемашкахь дера леташ, цара фашисташкара схьаяьккхира Сталинградана тIебоьдучу цIерпошнекъаца йолу Котельниково, Садовое, Цаца, иштта дуккха а кхийолу станцеш.


1942-чу шеран хьаьттан (август) беттан 3–4-чуй деношкахь Чилеково станцехь тIаьххьара тIом бина Нохч-ГIалгIайн дошлойн 255-чу полко. Стигал кхолийна, хаддаза болх беш немцойн авиаци йолуш, вермахтан №78 йолу танкийн корпус хилла говрашкахь болчу вайн махкахошна тIетеснарг. Шина дийнахь-бусий хаддаза кхихкина буьрса тIом. Ницкъаш аьттехьа цхьатерра ца хилла, амма вайн махкахой юха-м ца бевлла. Оцу тIамехь воьжна «Даймохк» газетан (цу мурехь «Ленинан некъ») редактор хилла Имадаев Мохьмад. Чевнаш хилла полкан командир Висаитов Мовлди лазартне вигна. Оцу дийнахь турпалаллица воьжнарг верриге а 342 стаг ву. Царах 84 гIалгIа хилла, биснарш берриге а нохчий. 255-чу полкан штабан хьаькам хиллачу капитана Емельяненкос язйинчу рапортехь билгалдаьккхина ду вайн турпалчу махкахоша, яхь дIа ца луш, шайн дахар дIаделла хиларх. Шина дийнахь бархIазза кар-кара оьцуш, луьрачу тIамехь къийсина Чилеково, амма тIаьххьара а, иза вайн махкахоша немцошкара схьайоккхуш, дIабирзина тIом. КхидIа полк латто вайнехан къомах болу бIаьхой тоьаш цахиларна, дийна бисина вайн махкахой ЦIечу Эскаран кхечу дакъошка дIасабекъна.


Вай ца дезачара оцу луьрачу муьрехь а хьовзийна бахьана ду иза. БIаьхой тоьар бара, тIеман комиссариаташ болх беш хиллехь, вайнехан кегийрхой тIаме дIа ца кхочуьйтуш, ЦIечу Эскаран хьаькамаша ямартлонаш ца лелийнехь. Масала, 1942-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь кхин цкъа а вовшахтоьхна хилла полк, къона бIаьхой Iамо буьгу аьлла, Краснодаран крайрчу Усть-Лаба гIала дIабигна, кхаа баттахь казармашкахь латтийна, полк фронте дIа ца кхочуьйтуш, вайнехан кIентий цIа хьовсийна. Цхьанна, иза милла хиллехь а, чIогIа лууш хиллачух тера ду-кх нохчийн къам сийсаздан. Вайнехан кIентий ледара болуш-м ца хилла иза. Нохчийчоь сийсош зуламхойн ардангаш хилла бохург а бакъ ца до оцу муьрехь вайн республикерчу НКВД-хь белхаш беш хиллачу Курылев Ивана «Боевой путь милиции Чечено-Ингушетии» цIе йолчу книги тIехь. Иштта нохчий, гIалгIай Даймахкана ямарт цахиларна къеггина тоьшаллаш даладо, дуккха а шерашкахь Нохчийчохь лаккхарчу даржашкахь белхаш биначу Филькин Василийс «Патриотизм трудящихся Чечено-Ингушской АССР в период Великой Отечественной войны» книги тIехь. Цундела Iаламат хала ду, вай ваьш боцу бехк тIелаца сихлуш хиларх кхета. Масала, инарла Власов Андрей немцошкахьа волуш, цо шеца фронтан зилал дехь ваьккхина I20 000 бIаьхо.


I94I– I945-чуй шерашкахь хиллачу тIамехь немцошкахьа ваьлла 800 000. I94I-чу шеран асаран (июнь) баттахь Нохч-ГIалгIайн махкара салт ваьккхинчу I2 733 стагах ЦIечу Эскаран дакъошка дIа ца кхочуш къайлаваьлларг 38 стаг бен ма ца хилла. Уьш берриге а нохчий, гIалгIай хилла аьлла, цхьанхьа а билгалдаьккхина дац. И терахь I94I-гIа шо чекхдолуш гIуран (декабрь) беттан чаккхенехь хиллачу Нохч-ГIалгIайн КПСС-н обкоман бюрохь билгалдаьккхинарг ду. Кхечанхьа санна хилла хир ю Нохч-ГIалгIайчохь а зуламхойн ардангаш. ТIом болабеллачохь уьш даима а хуьлуш ю. Курывлев Ивана шен «Боевой путь милиции Чечено-Ингушской АССР» книги тIехь билгалдоккху, оцу муьрехь вайн республикерчу хьаннашкахь хьулъелла зуламхойн 10-15 тоба хилар, хIоранна юкъавогIуш 5-7 стаг а волуш. Уьш, дукха хьолахь, тайп-тайпанчу халкъийн векалш хилла: нохчий, гIалгIай, оьрсий, украинцаш, гIумкий, жIайхой, ногIий, иштта дIа кхин а. КIошташкара милицин дакъош цаьрца луьра къийсам латтош хилла, каравеънарг хIаллаквеш хилла, тIеман хенаца догIуш ма-хиллара. Бакъ ца до Курывлевс I942-чу шарахь Шерипов Майрбека тIеман гIаттам бина бохург а. Нохч-ГIалгIайн милицин ветерана дийцарехь, уьш дукха тIех дестийна дуьйцуш хабарш ду. КIезиг хан яьккхинчух тера ду Шерипов Майрбека, Шаройн а, Шуьйтан хьаннашкахь хьулвелла. Шен тобанца МахкатIехь иза хаавеллачу Веданан кIоштан милцоша Шерипов Майрбек вийна I942-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 7-чу дийнахь, цуьнан накъостий а иштта хIаллакбина, ведда ваьлларг воцург.


Кхин цхьаъ ву нохчий халкъ ца дезачара вуьйцуш. Иза Исраилов Хьасан ву. ТIерлойн Хьасан олуш хилла цунах. Цуьнан тобанна юкъавогIуш I5 стаг а ца хилла. Иза а чIагIдо Курывлев Ивана шен книги тIехь. I944-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 25-чу дийнахь хIаллакво тIерлойн Хьасан а. Халкъ дай баьхначу лаьтта тIера цхьана дийнахь дохо ницкъ кхочуш, Iедалан векалш кхуза гулбелла хилча, декъаза халкъ бале ца лоцуш, «зуламхойн» тобанаш хIаллак хIунда ца йина цара? Оцу шийлачу ойланаша хаддаза садуу сан. Къаьсттина карзахйовлу и ойланаш хIора шеран чиллин (февраль) бутт гергакхочуш. Декъазчу нохчийн халкъо бехк-гуьнахь доцуш текхна къа-бала ду со шийлачу ойланашка йохург. I3 шарахь дай баьхначу лаьттах хьегийна дерриге а халкъ. Нохчийчохь кошан барз хиллачех хьоьгуш, къаьхьачу гIайгIанехь хене бийлина вайн дай хийрачу махкахь. Со тешна ю, иштта къинхетамза дерриге а халкъ махках даккхал халкъан бехк ца хилла бохучух. Тахана вайгахь йолчу маршонан а, паргIатонан а хама-пусар дан Iама деза вай. Цул сов, и къаьхьа, ирча денош юха ца дахкийта дIадаьлларг довза деза, ларамза дийлинчу гIалатийн кIорггерчу хьекъалца хьесап дан деза. Дала тешнабехках, къизаллах Iалашдойла нохчийн халкъ!

Орга №2. 2019. Зорбанан кеп

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика