МАХАЕВА ЖОВЖАН

PDFПечатьE-mail

МАХАЕВА Жовжан                 

                  Сан дех дош

mahaeva 111ТIом… иза вайна диканиг дохьуш ца богIу, вайна цаоьшушшехь богIу. Цо хIумма а цIин ца до, цо массо а хIума хIаллакдо, массо а хIусам чу богIий, массо а адамна а, массо а садолчу хIуманна а коьрте болий. Данне а дагахь а доцуш, фашистски йовсарш тIелетира I94I-чу шарахь Советски Союзана. Дийнахь дан деза шайн гIуллакхаш а дина, бан беза белхаш а бина, садаIа дIадийшинчу маьршачу адамашна цIеххьана, буьйсанна кхо сахьт долуш тIелетта, массо а тайпана герзаш тIетуьйхира фашисташа.


Уггар а хьалха герзаш тIетоьхнарш вайн дозанца йолу гIаланаш а, ярташ а, гIепаш а яра. Царах уггар а коьртаниг Брест-гIап а йолуш. Гитлер тешна вара, шен эскарш цIеххьана тIелетча, шен кхиамаш хир бу аьлла. Дан а дара юьхьанца иза иштта. Дукха гIаланаш, бахамаш, адамаш хIаллакдира фашисташа.
Дукха хIума дIадаьхьира Германе, Iаьржа латта а тIаьхьа. Цул сов, кегий нах, зударий зудабераш а Германе дIадуьгура. Дукха сиха вайн Даймохк схьалоцуш вара мостагI.


Гитлер тешна вара, масех баттахь СССР пачхьалкх эша а йина, ша когаш кIел ерзор ю бохучух. Башха дукха бах а ца белира Гитлеран кхиамаш.
ЦIеххьана тIедеанчух кхерадаларх, цецдовларх а меттадаьхкича, Советски Союзера дерриг а адамаш – жиманиг а, воккханиг а – шайн Даймохк мостагIчух паргIатбаккха дуьхьалдевлира мостагIчунна. ТIеман гIирсаш, техника еш йолу заводаш мостагIчуьнга хIаллак ца яйта, цуьнан кара ца яхийта, мостагI тIе ца кхоччучу, кхераме йоцучу меттигашка дIакхоьхьуш, кIелхьарайохура. КIеззиг хан яьлча, оцу заводашкахь, цхьа а кхерам а боцуш, эскарна оьшуш мел ерг ян таронаш яра.
Сан да, Махаев Даян, тIеман хьалхарчу деношкахь шен лаамехь тIаме ваха кечвелира, ша воккха патриот хиларна. Даянан накъостий а, цуьнан нийсархой а, цуьнца яхье а бевлла, шайн лаамехь цуьнца цхьаьна тIаме баха кечбелира. Уьш бара Хьалха-МартантIера, ГIойтIара а, Гихтара Гихчуьра, Роьшничуьра а кегий нах. Итт жима стаг вара уьш.


Кхара тIаме даха болу шайн лаам дIабовзийтича, хIорш къинхьегаман арме хьовсийра, нохчаша шех «турдарми» олуш хилла йолу. Цигахь кхара саьнгарш йохура, танканашна дуьхьалонаш а йора. Цхьа хан дIаелира, хIорш «трудовой армехь» болуш. Кхара дийриг оьшуш гIуллакх дара, делахь а хIорш резабацара кхочушдан шайна тIедиллинчунна. Цхьана дийнахь, шаьш цхьанакхетча, дийцаре дира кхара шаьш лелориг.
«ХIара саьнгарш яхар, танканашна, кхечу техникина а дуьхьалонаш яр а, вайга, цIахь Iийнехь а, далур дара. Нагахь вай, дала а ца леш, цIа гIахь, ваьш хIун хIун тIом беш дара эр ду вай? Вай дера деза вешан хьуьнар а, майралла а тIамехь гайта», – аьлла, сацам бира кхара.
Кхаьргара заявленеш дIа а эцна, хIорш тIаме бахийтира. Бакъду, кхарна хетарг ца хилира… Кхарна дагахь дара, уггар а халачу, кхерамечу меттигашкахь тIемаш а беш, нохчийн дика цIе яккхийта, Даймохк ларбеш, майралла, доьналла, хьуьнар а гайтина. ХIорш тIом бечу эскаршка дIабигнехь а, тайп-тайпанчу полкашка дIасабийкъира, шиъ цхьаьна ца вуьтуш. Кхин вовшашна ца гира кхарна цу бехачу тIамехь. Шаьш иштта стенна дIасакъастийна бохург хьалха-м башха дага а ца деанера Даянина, тIаьхьо нохчий Iедало хIаллакбан болийча, иза иштта политика хиллийла хиира-кх.


mahaeva 222ТIаме вахчхьана, Даянера цIа кехат а ца деанера. ЦIахь берш, цунах дог а диллина, иза тIепаза вайна бохуш, Iаш бара. ЦIеххьана, цхьанна а дагахь а доцуш, я беана цхьа а хаам а боцуш, Даян I943-чу шеран I7-чу декабрехь цIа веара. Иза кхуьнан доьзална а, гергарчарна а, гергара боцчарна а боккха кхаъ бара, массарна а тамашена хеташ хIума а дара. Даяница тIаме баханчу накъостех, вай махках даха цхьа-ши кIира дисинчу хенахь, Роьшничуьра цхьаъ, еза чевнаш а хилла, цIа веана бохуш хезира Даянина, амма хIара шиъ вовшашна га-м ца гира, нохчий махках бахар бахьана долуш. Кхин цхьа а цIа а ца веанера, я уьш мичхьа бу хууш а, я уьш дийна бу-бац хууш а дацара.
Даян, минин гериг кхетта, еза чевнаш а хилла, заьIапхо а вара, шина Iасанца халла лелаш. Чевнаш хиллачу масийтта баттахь тIеман госпиталашкахь Iиллина а хиллера иза.


Дукха гергарнаш а, бевза-безарш а оьхура Даян волчу. Шайн кIант, гергарниг тIамехь ца гина-техьа, я царах хIумма а ца хаьа-техьа, олий оьхура уьш. Кхунна-м шен накъостий а, цхьа а нохчий а гина а ца хиллера тIамехь.
ХIинца-м шадерриг а дика хетара кхунна: Даян шен цIахь, шен доьзалца а, шен гергарчаьрца а цхьаьна вара, заьIапхо велахь а.
ТIамера цIа веача, хазачу кхоо дог хьаьстинера Даянин: хIара тIаме воьдучу хенахь кхуьнан ши шо кхаьчна цхьа йоI яра, ткъа хIара цIа веача, кога а вахана, уьдуш лелаш кIант а вара кхуьнан. Даян тIаме ваханчул тIаьхьа вина вара иза. Лакхахь ма-аллара, шадерг а дика дара хIинца. Цхьабакъду, хIорш сел чIогIа баккхийбеш, кхеран сел чIогIа сакъералуш йолу хан дукха еха ца лаьттира. ХIинца а ца хаьара кхарна, мел ирча, хала, къиза а киртиг шайна а, массо а нохчашна а кестта тIехIуттар юйла…


Даян тIам тIера цIа веана ши бутт кхаьчнера, аьлча а, I943-чу шеран I7-чу декабрехь, иза цIа веанера, ткъа тахана I944гIа шеран февраль беттан 22-гIа де дара…
ГIаланийн, яртийн каппашкахь, базаршкахь, нохчий болчу массо а меттигашкахь, цхьана хенахь, дийнахь кхо сахьт даьлча, вовшашна генахь а доцуш, ловзарш хIиттийнера. Етташ вотанаш, лоькхуш пондарш, хелхадуьйлуш адамаш дара ловзаршкахь. Хьалха-МартантIехь а хIиттийнера-кх ловзарш, массанхьа а санна. Хелхабуьйлурш а, вотанаш еттарш а нохчий бара. И ловзарш Iедало хIиттадайтинера. Дезде ду а, боху, цул совнаха, массаьрга а бан безаш «Пачхьалкхан цхьа хаам» а бу, боху» – бохуш, дуьйцура наха. Ловзар хилча-м, массо а божарий цу ловзаргахь ма хуьлура гуттара а. «Со цу ловзарга ваха воллу», – элира Даяна шен нене Алуга. «Ма гIохьа, Даян, хьо могуш а ма вац, халла бен лелалуш а ма вац», – элира Алус. «Цхьа пачхьалкхан хаам бу», – боху, цигахь нахе бан безаш. Цара хIун олу а хьаьжна, хIинцца схьавогIу со», – элира Даяна. ТIамехь цIий а Iанийна, еза чевнаш а хилла цIа веана хилча, цхьана дикачу кхоэ сатуьйсура, ткъа вониг-м даго хьеха ца хьоьхура. Ткъа хIун дагахь дара хIетахь кхунна, шен доьзал пхеа шарахь гур бац аьлла.? Амма… НАНА..! НАНА-м ца гира цунна кхин цкъа а… Иза, махках даьхна ши шо даьлча, дIакхелхира. Дала гечдойла цунна.


Ловзар дикка дIахIоьттинчу хенахь, мичара богIу а ца хууш, схьахьаьлхина баьхкинчу, герзах боьттинчу салташа ловзарна кхо го а бина, итт-цхьайтта шарал лакхара хан йолуш болу массо а божарий киралелочу машинашна тIе а баьхна, дIабигира. Цаьрца дIавигира Даян а. Салташка Даяна аьлла хиллера: «Со хIинцца бен тIамера цIа веана а вац, цул сов, со оцу машен тIе а валалур вац, со чувахийтахьара аш». «Хьо нохчи ву, хьо чувахийта йиш яц тхан. Машенна тIе волуш оха гIо дийр ду хьуна», – аьллера салташа. 22-чу февралехь, кIирандийнахь, мел болу божарий шайн доьзалех къастийна, дIабигнера. И ловзарш а шайна аьттонна вовшахтоьхна хиллера Iедало. ЦIахь биснарш-м, шайн нах хIинций-хIинций чубогIу бохуш, цу буса сахиллалц, уьш ларбеш, наб а ца еш, сема Iийнера.
Ткъа кхана, 23-чу февралехь, массо а нохчий, гIалгIай а махках а баьхна, дIабигира. ТIамехь хилла хилар, тIеман заьIапхо, цомгуш хилар а тидаме оьцуш дацара. Ловзарга ца бахалуш, чохь, меттахь Iохкуш болу божарий а, ара а баьхна, тIехь тхов боцучу машинашна тIе а баьхна, шайн доьзалех а къестош, дIабигнера. ТIамехь болу нохчий а, гIалгIай а тIамна юккъера схьа а баьхна, Казахстане дIабигнера. Доьзалшна а, кхиболчу гергарчарна а и божарий стенга дIабигна а ца хаьара. Цу божаршна а ца хаьара, шайн доьзалш а, гергарнаш а мичхьа бу а я уьш стенга дIабигна а.


Дуккха а доьзалш шайн дайх, гергарчу нахах дIа ца кхийтира, дукха адамаш мацалло, хьогалло, шелоно а новкъахь а, хьалхарчу шерашкахь а хIаллакьхиларна.
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь 50 эзар нохчи, гIалгIа вара тIом беш. Брест-гIопехь тIом беш хилла ялх бIе нохчий, гIалгIай. Царах Советски Союзан Турпалхо цIе яла хьакъ ву аьлла билгалваьккхинарг I64 стаг вара. Амма царна Турпалхочун седарчий дала-м ца делира…
Казахстане дIадигна пхи шо даьлча, массо а меттигашка кехаташ а яздина, Даянна шен доьзал карийна, иза цунах дIакхийтира. Цул тIаьхьа мелла а юучунна а, чохь Iан меттиг хиларна а паргIато елира Даянан доьзална. Военкоматехь еллачу талонашца чорпа а, наггахь дама а схьаоьцура цара.
I956-чу шарахь артистийн, тIеман дакъалацархойн а доьзалашна Даймахка дIабаха бакъонаш елира. Цу шарахь цIа веара Даян а шен доьзалца.
I958-чу шарахь массо а нохчашна шайн Даймахка цIа бахка бакъо елира.


ЧIогIа хаза цIа баьхкира нохчий хIетахь. Массо а поездийн вагонаш чохь радиош яра. Радиош чохь хаза а, керла а хIуманаш дуьйцура.
Станцешкахь поезд сецча, хелхарш дора зударша а, божарша а.
Массо а станцешкахь кхехкийна довха хи а дара чайна кечдина, юург а яра эца.
Соьлжа-ГIалин вокзале схьакхаьчча, шайн-шайн ярташка адам дIадига яхкийтина машинаш яра. Царна хьалха тоьхна лозунг яра: «Да здравствует Чечено-Ингушская Республика!»


Тхайн цIа, МартантIе кхаьчча, чудаха меттиг ца хилира тхуна. Тхан цIенош дIалецна, цу чохь Iаш оьрсий бара. Тхо а, тхо санна чубаха меттиг йоцуш бисина болу кхин а иттех доьзал а, тхан дешичин рагIу кIелахь Iийра масийтта баттахь.
Кхин а дуккха а халонаш хIиттира тхуна дуьхьал. Делахь а, тхайн Даймахкахь хилчахьана, халонаш ловрйолуш дара тхо. Цхьа хан яьлча, и халонаш а эшийра оха.
Цул тIаьхьа, кIеззиг хан яьлча, Iедало лоруш а, сийдеш а вара Даян. Пхи шо мел долу машен а лора цунна. Толаман дийнахь а, ЦIечу эскаран дезде долуш а тIамах дийца МартантIерачу школашка а, кхечу меттигашка а вуьгура Даян.


Махаев Даян шен доьзалца Iачу урамехь (I-я Полевая, 9) вехаш кхин а масех тIеман дакъалацархо а вара:
Кху суьрта тIехь бу уьш:
1. Сагаев Хьамдул Нунгаевич ( аьрру агIор верг)
2. Махаев Даян Махаевич (юккъераниг)
3. Аздамиров Хамдулла Магомедович (аьтту агIор верг)
Дика-вонехь Даяница хуьлуш бара уьш. Толаман дийнахь мовладаш а йоьшуьйтура цара, тIамехь дIакхелхина шайн гергарнаш дагалоцуш. Вовшахкхетий, тIамах дуьйцуш Iара уьш. Бусалба дин чIогIа леладора цара. Жима волуш шен ненаца цхьаьна хьуьжарехь дешна вара Даян. Цо берашна КъурIан деша а Iамадора, бусалба динах дуккха а хIуманаш а дуьйцура. Сагаев Хьамдул Нунгаевичан ненан денда-Сатби-Илсхан-Юьртарчу Кишин Хьаьжица тоба дина а хилла.
Сатби волчу вогIуш хилла Хьаьжа (Дала къайле цIанйойла цуьнан). Цигахь цуьнан мурдаш а гуллуш, зиярт- меттиг а хилла.
Шен мурдаш гулбеллачохь, Сатбин цIе а яьккхина: «Ахь лелийча бакъахьа хета суна хIара», – аьлла, Хьаьжас (Дала къайле цIанйойла цуьнан) Сатбина елла Iаса яра тхан нанас, ша кхалххалц, тхан хIусамехь лерина лелош», –бохуш, дуьйцу Iабдул-Къедара.Шен цамгар а ца гуш, оцу Iасанна сагатдеш, Далла дуьхьалаяхара иза. «Баккхийнаш дIабевлла, кегийчех и лело хьакъ долуш стаг а вац», – олура цо.
Ткъа Iаса-м, Дала мукъалахь, цуьнан сий а, пусар а дендолчуьнга дIакхаьчна. Ас юьйцург Кадыров Рамзанна дIаелла, цо Iалашйо Iаса ю. Дала и цунна беркате йойла! Делан а, Устазан а ницкъаца и Iалаш а войла!
ХIара дерриге а, сайн вашас, Iадлана, язйинчу назманна тIе а доьгIна, дуьйцу ас. Ишттачу доьзалехь кхиъна хилла йолчу тхан нанас дукха дуьйцура тхуна динца доьзна долу хIуманаш. Цигара схьаэцна хир ду-кх сан вашас оцу назманан дешнаш а», – бохуш, дуьйцура Iабдул-Къедара.
ЧIогIа воккхавеш, цецвуьйлуш, дуьйцу Сагаев Хьамдуллин кIанта,
Сагаев Iабдул-Къедара, шен жимахволчу вешех Iадланах, 9-чу классехь бен воццушехь, цо язйинчу назманах тамаша а беш.
Тхо Казахстанехь долуш 9-чу классехь доьшуш вара Iадлан. I955-чу шеран 2-чу декабрехь дIакхелхина иза.
Ша кхалхале, кIира хьалха, Iадланан хиллачу доттагIчун кIанта схьаделла соьга Iадлана яздина кехат а, цо язйина назма а, – бохуш, дуьйцу Iабдул-Къедара.
Йолалуш иштта могIанаш ду цу назманан:
ГIайгIане дуьненчохь ма ловза вели хьо,
Кхана хьайх хиндериг ца хуъушехь,
Вайн Делан Iожалла къайлехь ю хьуна,
Тоба дай кечлолахь, хьайн Деле кхалха…
(журн.Исл.зIаьн. 20I2г.)
Тахана вайца бац вай шайх лаьцна дийцина болу сийлахь, оьзда, майра, хьуьнар долу кIентий. Дала гечдойла царна! Уьш вайца бацахь а, оцу къизачу, халачу тIамехь баьккхинчу Толаман дакъа церан а, дуккха а кхиболчу нохчийн а ду. Цаьргара масал эца хьакъ ду кхеран дуккха а йолчу, оьзда кхиинчу тIаьхьенийн.

Орга №2. 2019. Зорбанан кеп

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика