АБДУЛКАДЫРОВ АДАМ

PDFПечатьE-mail

АБДУЛКАДЫРОВ Адам

ДОШАМАШКАХЬ БИЛГАЛДОЦУ НОХЧИЙН МЕТТАН ЦIЕРДЕШНАШ

                 

Аннотаци.
Статьяхь довзуьйту А.Г. Мациевн «Нохчийн-оьрсийн словарь» а, Д. Б. Байсултановн «А.Мациевн (1961ш.) «Нохчийн-оьрсийн дошам» юкъа ца яханчу лексемех хIоттийна йолу нохчийн меттан дескрептивни дошам (3 эзар дош)» юкъадаханза долу нохчийн меттан цIердешнаш. Гайтина церан дошкхолларан гIирсаш.
Коьрта дешнаш: цIердешнаш, дошамаш, текст, яздархой, суффиксаш.

Нохчийн мотт талларан Iилманехь, нохчийн маттахь литературехь къахьоьгучарна бен кхоччуш мах хадалур бац А.Г. Мациевн «Нохчийн-оьрсийн словарь» дошаман. ХIинцалерчу нохчийн меттан тайп-тайпанчу декъехула хIиттийначу дукхахйолчу дошамийн бухе йиллина ю А.Г. Мациевн «Нохчийн-оьрсийн словарь». Нохчийн меттан грамматикин хьокъехь, наггахь бен болх бац, А.Г. Мациевн дошамна тIе ца тевжаш, язбина. Нохчийн мотт толлучу Iилманчийн а, нохчийн литературехь болхбечу говзанчийн а, иштта йоза оьрсийн маттера нохчийн матте я юханехьадоккхучу гочдархойн а, газеташкаххьий, журналашкаххьий а, нохчийн меттан ТВ – программийн редакторийн а, корректорийн а, «дагаволу книга» а хилла лаьтта А.Г. Мациевн «Нохчийн-оьрсийн словарь» – куьг кхочучохь иза ца нисъелча, цкъацкъа болх а соцуш. НР-н IА-н пайдаэцаран семиотикин декъо доккха совгIат дина нохчийн мотт толлуш а, нохчийн маттахь яздечу а нахана – цо А.Г. Мациевс бинчу белхан бух тIехь кхоьллина «Дикдошам» [4], офлайн-программа а йина – GoldenDict. А.Г. Мациевн дошаман мехалчех ду нохчийн меттан грамматически а, лексически а омонимашна веб-программа шайна хIиттийна статьяш хилар, уьш йовза а, талла а аьтто беш, Дошаман чаккхенехь ю словарца цхьаьна ялийна географически цIерш а, нохчийн меттан грамматикин йоцца очерк а.


Делахь а уггар мехалчех дерг, тхуна хетарехь, нохчийн меттан ширделла дешнаш дошамна юкъадалор ду. Хьанна хаьа, А. Мациевс уьш дошамна юкъа далийна ца хиллехь, царах тахана халкъан иэсехь мел дисина хир дара, ала?!
1илманан болх хьакъ бу, А.Г. Мациевн «Нохчийн-оьрсийн словарь» дошаман, мехалла а, нохчийн меттан Iилманехь цо дIалоцу меттиг къасто а. Амма цу дошаман шен кхачамбацарш ду. Царах уггаре а ладамениг дуккха а дешнаш дошамехь цахилар. Дика хир дара, дошамехь долу дешнаш юкъадахийтина, зорбанехь юхаараяьккхича.


Иштта НР-н IА-н меттан а, литературин а декъан проект кхочушъеш, болх беш ву фил.I.к. Вагапов Iарби: А.Мациевс юкъадалоза долу нохчийн меттан дешнаш дошамна юкъа а далош, вайн маттахь ца лела оьрсийн маттера а, оьрсийн маттехула а тIеэцна терминаш юкъара йохуш, грамматически агIонхьара дуккха шоръеш, и.кх.дI а.
Нохчийн меттан кесталлин дошам хIотто Iалашонца цунна дошалг (словник) кечьеш, «Таллам», «Орга», «СтелаӀад» – журналийн; «Даймохк», «Исламан зӀаьнарш» – газетийн а агӀонаш тӀехь зорбане арадийлинчу йозанан цхьа миллион дашах вовшахтоьхначу текстана юкъара цIердешнийн выборка еш [1, с. 68], билгалдевлира дуккха а Мациевн «Нохчийн-оьрсийн словарь» дошамна юкъахь доцу нохчийн шира дешнаш а, иштта вайзаманахь кхолладелла керла дешнаш а, хIиттийна кальканаш а, кхечу маттера тIеэцна терминаш а. Царах цхьадерш Байсултанов Дауда шайн уьйрашца къастийна ша хIоттийнчу дошамехь [2]. Ткъа кху статьяхь вайн Iалашо ю: кесталлин дошамана выборка еш хаьржинчу дешан кепашна юкъара А. Мациевс а, Д. Байсултановс а шайн белхашкахь юкъадалоза дисина цIердешнаш билгалдаха, нохчийн авторша и дешнаш далийна литературин хьостанаш а йовзуьйтуш. Царах цхьадолу дешнаш нохчийн меттан ширачарах, диалектизмех ду, ткъа дукхахдерш керла кхоьллина ду. Хууш ма-хиллара, цIердешнийн кхолладаларан некъаш, шайн грамматически д1ах1оттаме хьаьжжина, тайп-тайпана хуьлу. ХIинцалерчу нохчийн маттахь цIердешнаш кхолладалар х1окху некъашца ду:
1. Морфологически некъ: суффиксийн гIоьнца керла дешнаш кхолладалар;


2. Морфолого-синтаксически некъаца (лардаш цхьаьнакхетарца) керла дешнаш кхолладалар;
3. Лексико-семантически некъ (маьIна хийцадаларца);
4. Фонетически некъ (тайп-тайпана фонетически хийцамаш хилар бахьана долуш, цIердешнийн кхолладалар) [7. с. 310]
Нохчийн меттан дошкхолладар толлуш, цуьнан башхалла йовзуьйту шайн монографешкахь К. Чокаевс [9.] а, А. Халидовс [8] а. Доккха дакъа ду керла дешнаш кхолладаларан некъаш къасторна лерина А. Тимаевс, А. Халидовс, М. Овхадовс язбинчу мехалчу 1илманан балхана юкъахь [3, С. 340-833].
Иштта хӀокху статьяхь вайн Iалашо ю: А. Мациевс а, Д. Байсултановс а къастоза дисина дешнаш масех тобане декъа, шайн кхолладаларан некъашка хьаьжжина, нохчийн шира дешнаш я диалектизмаш шаьш-шаьш къаьстош.
Нохчийн меттан керла цIердешнаш кхолладаларехь доккха дакъа дIалоцу суффиксаша. Царах уггар алссам лелориг дегIаза цIерш кхуллу суффикс – лла ю:
1. АЬЗНАЛЛА
Литературоведенехь аллитераци олу цуьнах (звукопись-аьзналла).
(АБУБАКАРОВА Пет1мат «Абу Исмаиловн кхоллараллах дош»);


2. БАЙТАМАЛЛА
Цунах байтамалла хилла, хьоьжуш лаьтташ долу тхо а дигира цIеххьана тIаьхьашха тIебаьхкинчу салташа чеха а деш.
(Ибаев Руслан «ЦIа кхечирий хьо?»);
3. БАХАМАЛЛА
Наха шайн цхьацца бахамаллин гIуллакхашна дезарш деш, бохийна дIабаьккхина, I978 шарахь дуьйна, аьлла ма-хиллара, и боцуш бу.
(Чокаев Кати «Вайн махкара гунаш а, баьрзнаш а, церан цIерш а»);
4. ГIАРПАЛЛА
Шен хазаллин гIарпаллица синошна сатийсам баларна, бозбуунчаллин бехк тIебуьллий, эрда тIехь чалтанчо корта боккхучу йоьIан санна боца кхоллам бу кхузахь гуьйренан... (Элдин Микаил «Орам хадийна синтар»);
5. ГIУЛЛАКХАЛЛА
Соьлжа-ГIалахь масех де хьалха дIаяьхьира предпринимательство кхиорна лерина россин-туркойн гIуллакхаллин форум.
(Р. Рамзанов «Даймохк» газета тIера);
6. ДАИМАЛЛА
Иштта даималлин бIаьсте яра-кх оцу бIаьргаш чохь.
(Хаджимурадов Вахит «Малижа»);
7. ДЕКХАРАЛЛА
Амма Махьмас жима волуш дуьйна десте дагна тIе ца юьтура, иза шеца дика хилар а, шен ларам бан а декхараллехь йолуш санна, цунах терра, кхиберш – массо а. (Абдулкадыров Адам «ГIелонан моьнаш»);


8. ДЕКЪАЛАЛЛА
Хьайн амалш а, хьайн лелар а нисдар-тодар хиллехь, вуониг хьоьхучу хьайн сина тIехь толам баккхар хиллехь, ма декъалалла ю-кх хьуна, тIаккха юха а ма декъалалла ю-кх хьуна!.. («Исламан зIаьнарш» газета тIера);
9. ЙИЙСАРАЛЛА
Эвлайисте ваьлчахьана а ишттачу ойланийн йийсараллех вала лууш, ша дан юьхьарлаьцначунна ойла тIеяхийта гIертара Шарип.
(Саралиева Табарак «Къахьштун синтар»);
10. КЕСТАЛЛА
Чолхе выборка нисло «са» «дика», латта» иштта дуккха кхидолчу дешнийн омонимийн кесталла къастош а. (Абдулкадыров Адам «Нохчийн меттан кесталлин дошам: хIотторан Iалашо а, некъаш а»);
11. КХЕРАМАЗАЛЛА
Цуьнан коьрта декхарш доьзна дара кема хIаваэ даккхарехь кхерамазалла латторца.(Р. Рамзанов «Даймохк» газета тIера);
12. КЪЕПАЛЛА
– Сан майрас аллера-кх, – такхош, гIийлачу озаца элира йоIа. – Майрас аллер… Майро аллер… Маро аллер… – цаяшаре, къепалла йохош, массо а кепара дагардира Хьаьнипата...
(Джунаидов Аюб «Амма… догIа ца деара…»);


13. КЪЕПАЗАЛЛА
Къепазалла хIоьттинчохь виъ стаг кхелхина, ткъа сов стаг лазийна.
(С. Муртазаев «Даймохк» газета тIера);
14. КЪИНХЕТАМАЛЛА
Амма цуьнан ницкъ кхаьчна, нохчийн халкъо сийлахь мел лерина долу гIиллакхаш, амалш – собар, майралла, доьналла, оьздангалла, къинхетамалла – оцу цхьана турпалхочуьнгахь дуьззина гайта.
(Х.Х. Бурчаев, Р.Х. Бурчаев «Айдамиров Абузаран кхоллараллин мехалла»);
15. КIЕДАЛЛА
Амма цо: « нана йолчу ваханера со…», – цхьа шатайпачу мукъамца, кIедаллица аларо гучудоккху, мел чIогIа сагатдо кIанта шен нанна.
(Ахмадов Мусан «Бурчаев Хьаьлиман дахаран а, кхоллараллин а некъ»);


16. ЛАКХАЛЛА
Цуьнан лакхалла хила тарло 4 гIулч беха болчу ургIале кхочуш.
(Т.М. Шавлаева «Нохчийн шира дустаран барам»);
17. МАХКАЛЛА
Мацалло, лазаро, махкалло хийла да хеназа вийра бохуш, дуьйцура цу шимма.
(Макалов Шамсудди «Маьлказан йиш»);
18. МАЬIНАЛЛА
Нохчийн меттан аьзнийн декар, чулацам, церан философски хьехамалла, семиотически хьаьркалла, лингвистически маьIналла толлуш жамI дича гучудолу вай буьйцучу нохчийн меттан (аьзнийн, маьIнийн) юкъара бух.
(Амаев Юсуп «Нохчийн меттан хенара «азхьаьрк» меттаIилманан коьрта категори ю»);
19. МУКЪАМАЛЛА
...ткъа цу юкъаIоьттина «Олаллин хьу, морцуш, яго, Октябран сирла малх къаго» боху ши могIа оцу стихотворенин исбаьхьалла тIеюзуш-м муххале а бацара, мелхо цуьнан мукъамалла йохош бу.
(Бурчаев Хьаьлим «Поэзи ламанан бохь лорург»);


20. САКХТАЛЛА
Къоналлин цхьа сакхталла ю – архаш хецна сихалла.
(Айдамирова Машар «Лаьмнийн хIайкал»);
21. ТАЗАЛЛА
Юха а боьхна хьийза нах, эшарийн а, мукъамийн а тазалло мерзаниг лоьхуш.
(Эльдерханова Зайнап «Даго лоькху зурма»);
22. ТИДАМАЛЛА
Хьожа йогIу бохуш, гIаланан мехкарша буур а бацара жагIар-м – юьртахь Iийначу, гIаланах дика йолазчу йоIа беш хир бу иза, - ша-шен тидамаллех воккхавеш, бохура Арсланбека. (Амаев Ваха-Хьаьжа «Къуй»);
23. ТОКХАЛЛА
Цхьадолчара цецвоккху шайн дахаран некъан цIеначу хIуоца, шорталлица, токхаллица, аьрхачу беран синтемза леларца, кхечара – еххачу заманчохь экаме ларйина и шен сийлахь-йоккхалла, цIеххьана йожайо, гут-таренна а набаран тар тосий, тийналлин IиндагIехь дIахорцу.
(Айдамирова Машар «Лаьмнийн хIайкал»);


24. ТIАЛАМАЗАЛЛА
Хи Дала вайна дела доккха ниIмат ду, амма, Къоръан тIехь аьлла ма-хиллара, шортта дара аьлла, и эрна Iенор тIаламазалла ю. (Чокаев Кати «Хи а, хийист а»);
25. ХЬАЬРКАЛЛА
Нохчийн меттан аьзнийн декар, чулацам, церан философски хьехамалла, семиотически хьаьркалла, лингвистически маьIналла толлуш жамI дича гучудолу вай буьйцучу нохчийн меттан (аьзнийн, маьIнийн) юкъара бух.
(Амаев Юсуп «Нохчийн меттан хенара «азхьаьрк» меттаIилманан коьрта категори ю»);
26. ХЬЕХАМАЛЛА
Нохчийн меттан аьзнийн декар, чулацам, церан философски хьехамалла, семиотически хьаьркалла, лингвистически маьIналла толлуш жамI дича гучудолу вай буьйцучу нохчийн меттан (аьзнийн, маьIнийн) юкъара бух.
(Амаев Юсуп «Нохчийн меттан хенара «азхьаьрк» меттаIилманан коьрта категори ю»);


27. ЧЕЛАКХАЛЛА
Амма кху динан челакхаллин ян чот яц. (Яхъяев Хьасамби «Iин тIехь дин»);
28. ЭЛЧАНАЛЛА
Веза-Сийлахьчу Дала боху: АллахI-Дела ву-кх, Ша элчаналла хьаьнга дала деза тIехдика хууш... («Исламан зIаьнарш» газета);
29. ЮКЪАМЕТТИГАЛЛА
Тахана дуьххьара дена дуьхьало еш, ден а, кIентан а юкъаметтигаллин доза талхош ша яьккхинчу гIулчо вахьийнера иза. (Айдамирова Машар «Буьйсаннехь цхьалха»);
Иштта доккха дакъа дIалоцу керла кхолладеллачу цIердешнашна юкъахь – хо суффиксийн гIоьнца кхолладеллачу адаман корматалла, говзалла а гойтучу керлачу дешнаша:
30. АЗАТХО
Сох сайна кхиэлахо а, азатхо а вой, сан дерриг вонаш а, диканаш а Iорадохий, со къинойх цIанво ахь.(Элдин Микаил «ГIенаш ца гун буьйса»);


31. БАРТАХО
Церан бартахой болчу половцаша тешнабехкбар бахьанехь оьшу цхьаьнатоьхна эскар
(Бурчаев Хьаьлим «Поэзи ламанан бохь лорур»);
32. ГЕЗДАРХО
И хаамаш – хабарш ширачу заманашкара историкаша, мехкаш гездархоша, Iилманчаша, иштта кхечара а дитина йозанаш ду.
(Бурчаев Хьаьлим «Лаьмнийн хIайкал»);
33. ГIАЛАХО
ГIалахой бацара гуш, мацах хилла оьзда гIалахой, шайн духарца, кIайчу беснашца, газеташца, сеткашца, скверикаш йол-йолчохь шахматашца я нардашца, хIусамашкара арабевлла.
(Бексултанов Муса «Чубузучу малхана тIаьхьа»);


34. ДЕКХАРХО
– ХIинца ду, сийсара декхархошкара схьалехьийна ас. Хьажал, хьоьга духадерзориг дала а ду. (Супьян Байсагуров «Дуьне дохар»);
35. ДЕЛАЗХО
Цундела къоман оьздангаллин хехой хIаллакбеш, советан Iедал чIагIлучу заманахь къелла ца хилла динна, нохчийн Iадаташна дуьхьал къийсам латточу нахана. нохчех болчара а кхоьллира «Делазхойн юкъараллаш» («Общества безбожников»).
(Ахмадов Муса «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла»);
36. ДОЛАДАРХО
Тахана оцу кафедрин доладархо а, нефтетехнологически факультетан декан а ю иза.
(Аболханов Хьаьким «БIаьрла лар»);
37. ЖIАРАХО
Салахьуддин Аюбис жIарахойн баьчча хилла волчу Ричардах цамгар кхетча, цунна стоьмашший, даа-малий эцна, цуьнга хьажа шен лор вахийтина хилла.
(«Исламан зIаьнарш» газета тIера);


38. ЗУЬКАРХО
Амма Iедалан ницкъ ца кхочура къадарийн тIарикъатхойн-зуькархойн болам шен орамашца дIабаккха...
(В.А. Акаев «Нохчийн къоман идеологи кхиар (XVIII бIе чаккхе – XX бI. 50-гIа шш.»);
39. ЗIЕХО
Хан яьллачу хенахь веанарг зIехо хиллера, полкан командиран керла буьйр дохьуш: хIорш болчуьра ткъех километр йолчу станце хьалхатаIа, аьлла. (Минкаилов Эльбрус «Огаран аре йогура…»);
40. ЙОВЗАРХО
...амма ялхойн тайпанан цIе харцахьаяьккхина цхьаболу «дIаяхначу заманан йовзархой» бахьанехь... (Х.Х. БУРЧАЕВ, Р.Х. БУРЧАЕВ «Ялхой-Мохкан юкъараллин топоними»);
41. ЛАТАРХО
Тхойшинна дуьхьалвеана хиллера вевзаш волчу паргIат кепара охьатохарх латархочун, Тунгаев Бекьханан, жимахволу кIант. (Бечуркаев Iарби «Перпиньянехь»);


42. МАЛАРХО
Уьш ма баккхий хьаькамаш хила беза – малархочунна там бархьама, Делах муха хедар ву. («Исламан» газета тIера);
43. МАСЛАIАТХО
Кунта-Хьаьжа бIаьхо вацара, цо тIеман хьуьнарш ца гайтинера. Иза маслаIатхо, веза стаг вара. («Даймохк» газетан рубрикера);
44. ХЬАШТАХО
Коммунальни хьаштех пайдаэцарна ахча даларехь гIоленаш оьшуш болу берриге а хьаштахой билгалбаха беза, – элира цо.
(А.Вахаева «Даймохк – газета»);
45. IАЛАШДАРХО
Региональни конкурсехь тайптайпанчу номинацешкахь толам баьккхинарг масех доьзал бара. Дашо доьзал, Юьртара доьзал, Доьзал ламасташ Iалашдархо, Къона доьзал, Дукха бераш долу доьзал аьллачу номинацешка екъна яра конкурс
(газетан «Даймохк» рубрикера);
46. IЕДАЛХО
«Несостоявшийся шахид» цхьаболчарий, «милици точка ру» вукхарий – тIаьхьашха шена олург а хууш, шина а агIор сингаттаме ладоьгIийлаш йолчарех вара Къосум. Амма шен са сакх латточеран хатI ца гира цунна хIокху Iедалхочуьнгахь.
(Ахматукаев Адам «Декхар»);


47. IИЛЛАРХО
СаьIидна вевзира цу кошан Iиллархо. (Абдулкадыров Адам «Бахьана»);

Дуккха а масалш ду зорбанехь –ча суффиксан гIоьнца кхолладеллачу керлачу дешнийн, А.Д. Мациевн, Д.Б. Байсултановн дошамашкахь доцуш:
48. ДОЛАНЧА
Вайнехан олуш ду-кх: «дика доланча хIума хилале воьлху».
(Я. Инеркаев «Нохчийн къоман лазамаш балхийнарг» (Айдамиров Абузар дагалоцуш));
49. ЗАБАРЧА
– Девнаш а дохуш, карзахйийла хьо йолахь, хьуна тIе зуда ялае аьлла-кх тхан дас, ворхI шо хьалха ша кхалхале! – забарча волчу кIанта аьлча...
(Цоккуев Iилмади «Аьлла даьлларш (ойланаш)»);
50. МАХЬАРЧА
Даймохк битина дIавоьду Делан цIена эвлаяъ санна, сан гIенийн хазалла хиллачу хьан бIаьргех сирла хин тIадам боккхун долу хIума дерриге а сайн белшаш тIе доьттина, сайн гIийла ойланаш суо везначунна тIаьхьа юьтуш, сайн ойлане хьажар сайга сатийсиначунна тIаьхьа дуьтуш, кхайкхича, дуьхьал вистхила аз доцуш, лехча, карон лар йоцуш, сайн дагалецамийн IиндагI хилла, хьан цIеначу бIаьрхин махьарча хилла, абаде ваха йиш елар-кх сан. (Элдин Микаил «Дагардийцар»);


51. МУКЪАМЧА
ТIаккха бевзар бу, безар бу царна вайн Даймехкан иллиалархой, мукъамчаш, халкъан мукъамаш. (Д. Сумбулатов «Нохчийн меттан Денна»);
52. ПОХIМАНЧА
Абус шен хаарш а, говзалла а дIаелира шен заманахь литературехь боккха кхиам хилла дIахIоьттинчу къоначу похIманчийн «Пхьармат» цхьаьнакхетараллина.
(Абубакарова Петимат «Абу Исмаиловн кхоллараллах дош»);
53. ХАСПАНЧА
Хьайн гΙурбанах я жижиг, я цΙока, хаспанчина ло, цо хьегначу къинна-механа ма ло. («Исламан зIаьнарш газета тIера);
54. ХОЛМАНЧА
Холманчана зурма екаро санна, бIаьстено шена тIехьахIиттийначу тхуна, хIинца дахаран кIоргенехь тамашена хетахь а, и зурма сихъян лаьара. (Хаджимурадов Вахит «Малижа»)
55. ШАЛХОНЧА
– Яра, хьаха, иза иштта-м. Хьуна дика ца евза-кх и шалхонча.
(Арсанукаев Муса «Лариса мила ю?»);


56. ЭКЪАНЧА
...гимн санна ду поэта хIинцачул бIешеран чийрик хьалха язйинчу «Экъанча» байто схьалаьцнарг... (Гайтукаев Асламбек « Дала делла похIма а, хаддаза болу къинхьегам а цхьаьнаийна»);
57. ЮКЪАРЧА
– ХIинца а дуьне лери, бах, ахь, – хаам бина юкъарчас. – Ши пхьарс ма-боьдду ирах а бахитий, хьайга ма тоххало охьатоха и лаьттах. (Яхъяев Хьасамби «Дакъа»);
58. IЕЛАМЧА
Цуьнан да воккха Iеламча а, дика стаг а ву бохура.
(«Исламан зIаьнарш» газета тIера);


59. IУНАЛЧА
Аьлча а, къам шен Iуналчех даьккхира, массанхьа бIаьрг а, куьг а кхочуш долчу Iедална къаьмнех цхьа халкъ дан новкъарлойо кхара аьлла, китарло а йина, хIетта кога тIехIотта яьлла светски интеллигенци царах дIа а тоьхна.
(Яхъяев Хьасамби «Меттан а, оьздангаллин а херцарийн лар»);

Иштта зорбанехь ду –м, -ийла, -лаг суффиксийн г1оьнца хандешнех кхолладелла керла цIердешнаш:
60. КЪЕСТАМ
Хьал къестамаш бойла доцуш дара, кхин некъ ца буьтуш лаг озар бен, ша и герз а, кIелонна веънарг а ца кхоош. (Яхъяев Хьасамби «Лара»);
61. ЦАЛАРАМ
Цо санна соьца цаларам цхьаммо а лелийна бац. (Магомадова Бана «Марнана»);
62. ЧIЕIАМ
ХIун хилла хьуна? ЧIеIамаш стенна бо ахь?
(Арсанукаев Муса « Сан са лаьмнашкахь ду»);
63. IИЙЖАМ
Юха а, юха а и Iийжам тхьосбора йовхо а, серло а йоцчу ловзарийн, сакъерарийн, «самукъадаккхарийн» Iесачу цIарлахь.
Абдулаев Мухьаммад «ГIургIезийн тамашийна хелхарш»);
64. Д1АЛОВЧКЪИЙЛА «Т1ом болалуш кертахь долчу божалан, буьнан, раг1ун, кертан, диттийн к1ажошкахь тхайна меттигаш лохий, д1аловчкъийлаш йора оха». (Яшуркаев Султан «ЧIегIардиг»);


65. ХЬАРЧОЛАГ
Iийсан дийцаро ойлане баьхначу мангалхойх жимхаволчу Лечас сирдиллинчу куршканаш чу хIоранна а чай доьттира, схьаяьстира бIелиган шекаран хьарчолаг.
(Яндарбиев Хьамзат «Йистйоцу дахар»);
66. ЧАЙХЬАРЧОЛАГ
Охьаховшал, хIинцца чай а схьадер ду аьлла, пеланаш а, гIалмакхойн а, хIиндийн а чайхьарчологаш дIа а хIиттийна, цхьана гIуллакхана Хазу чуяхара. (Яндарбиев Хьамзат «Йистйоцу дахар»);

Зорбанехь –ло суффиксаца кхолладелла ц1ердешнийн цхьа масал бен ца карийна тхуна:
67. СИЙСАЗЛО
Цу новкъа айъелла сийсазлонаш йоьлхура, бехк бу-бац ца хоьттуш, стаг аьшнашвар, талораш, къизалла. (Яхъяев Хьасамби «ДIа ма гIолахь, Даба!»);

К1езиг дац тIеэцначу дешнашна тIе тайп-тайпана суффиксаш кхетарца кхолладелла цIердешнаш:
68. ЖОЬЛКАЛЛА/ЖОЬЛГАЛЛА
Амма, цаьршинца къамеле валахь, цIерпоштна тIаьхьависа там бу-кх со, тIе, ас лелошдолу жоьлгалла цара муха дуьйцур ца хаьа-кх аьлла, со вуй ца хоуьйтуш, IадIийра со. (Сайдцелимов Мовла «Даймахке сатийсар»);
69. ТIАРИКЪАТХО
Нохчийн гIаттамхошна юкъахь бара накъашбандийн тIарикъатехь берш а, Дуин Iумица баьхкина къадарийн тIарикъатхой а.
(В.А. Акаев Нохчийн къоман идеологи кхиар (xvIII бI. чаккхе – xx бI. 50-гIа шш.)
70. КАНЦЕЛЯРХО !
Цуьнан бахьанаш тайп-тайпана ду: тIамехь сих-сиха эскархой тайп-тайпанчу дакъошна дехьа-сехьа бовлар, канцелярхойн, аренан почтин гIалаташ, кхидерг. (Д.Анадев «Даймохк» газета);


71. ЛИТЕРАТУРАХО !
Оцу шарахь кхоьллина яра нохчийн литературехь керла нуьцкъала тулгIе хилла йолу «Пхьармат» цIе йолу къоначу литературахойн цхьаьнакхетаралла.
(Цуруев Шарип «Бурчаев Хьаьлиман дахаран а, кхоллараллин а некъ»);

Амма уггар дукха керлачу цIердешнийн кхолладалар лардаш цхьаьнакхетарца а, вовшахъэрца а ду:
72. АВИАТОХАРШ
Денин а, цуьнан вежарийн а цIенош дохийнера цу муьрехь Соьлжа-ГIалахь жигара хиллачу авиатохарша.
Газиева Аза «Адамаллин серлонехь»);
73. ВАЙЗАМА
Нохчийн халкъан масех бIешераш хьалха дуьйна вайзамане кхаччалц мур бу оцу говзаршкахь буьйцург.
(БУРЧАЕВ Хьаьлим «Поэзи ламанан бохь лорург»);
74. ДЕГАЛЕХАМ
Сан хиллачу дегалехамех, лаамех дисинарш IиндагIаш бен ца хилча?..
(Элдин Микаил «Суна хьо оьшу»);


75. ДЕГАХЬЕХАМ
Дегахьехамца кхийтира уьш, шаьш хIинццалц дахчийна шайн догIмаш а, дегнаш а, хьекъал а оьшу киртиг тIехIоьттина хиларх
(АЙДАМИРОВА Машар «Лаьмнийн хIайкал»);
76. ДЕГIАКХАЧА
Мецачу заманахь, шайн дахар дегIакхачица кIелхьарадаккха бен, кхин синкхачин ойла ян йиш йоцуш кхиъна бераш, и мацалла дIаяьлча а, ойла меца лаьтташ, дахаран коьрта Iалашо дуьненан рицкъа Iалашдар йолуш... (Ахмадов Муса «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла»);
77. КИНОСЕДА
ЙоI хаза яра, модни журналан агIона тIера йоьссина киноседа санна. (Тагаев Сайд-Хьасан «Малх чубуза гIеллуш»);
78. КОЬРТАКОМАНДУЮЩИ
Цара дечух лаьцна Кавказерчу корпусан Коьртакомандующис иштта яздора хазахетарций, дозалла дарций. (Кусаев Iадиз «ГIалех лаьцна дош»);


79. КIАТОСУРГ
Дитташ тIехь кхозучу кIатосург чу а дуьйлуш, зIок еттачу олхазаршка корехула хьоьжуш Iийра Хазу, ойлане а яьлла.
(Яндарбиев Хьамзат «Йистйоцу дахар»)
80. ЛОР-ЙИША/ЛОРЙИША
Лор-йиша чуяре хьоьжуш Iаш хIара, кхана ша цIа йохуьйту аларе сатесна.
(Исраилова Луиза «Стиглахь седарчий мел дукха ду, Царна юкъара цхьа седа мел хаза бу»);
81. МЕДЙИША
Лоьрана гIодан масех медйиша а чуеара. (Расумов Ваха «Операци»);
82. ПОЛИТХААМ
1-чу шеран апрель баттахь, цу муьрехь Идрисов Абухьаьжас гIуллакх деш хиллачу стрелкови дивизера бинчу политхаамашца, (политдонесение) цо хIаллаквинера фашист. (Газиева Аза «Къоман сий»);


83. СИНСА
ХIинца цхьана шеконо дог огу-кх – бIаьрса юхадирзича, синса ма артлахьара…
(Айдамирова Машар «Йилбазмаьхьаро жоп делчахь»);
84. СИНБАХАМ
Литературни мотт къоман юкъараллин дахар кхиоран, цуьнан материальни а, синбахаман а прогрессан коьрта гIирс бу...
(Н.Н. Альбеков «Нохчийн литературни меттан лард кхоллаяларан этапаш»);
85. СИНГАТТЕ
Массо а хIуманна тидам беш а, Iаламан хазалех марзо эца а, и лардан хууш а, бусулба шаьш дуйла хууш а, эхартахь жоьпехь хирдуйла хууш долчу къоман кхетам – хьекъал инзаре кIорга а, адаман дахаран хьесап дан гIерташ вайна ца евзачу Делан къайленаша синагаттехь латтош хилар хаало цу кицанашкахь.
(П. Мовсаева «Нохчийн маттахь, нохчийн иэсехь бIешерийн зеделларг»);


86. СИНГАТТО
Ша-шеца висина стаг бIарзло, ша-шеца дисина халкъ сингаттоне, сингаттаме хьаьвза.
(Умхаев Хьамзат.«Нохчийн меттан Денна лерина»);
87. СИНСА
ХIинца цхьана шеконо дог огу-кх – бIаьрса юхадирзича, синса ма артлахьара…
(Айдамирова Машар « Йилбазмаьхьаро жоп делчахь»);
88. СИНСИБАТ
Семачу бIаьргашца цуьнан агIонашка хьаьвсичахь – цхьабосса дика го поэтан шен чухулара синсибат а, вайн даймехкан къонахаллех дуьзна долу васт а.
(А. Арсанукаев «Сулейманов Ахьмадан дахар а, поэзи а»);
89. СИНТОГIИ
ГIаш оьгу сан яхьийначу синтогIин бердаш тIе.
(Гайтукаева Бана «Дорцехь богу чиркх…»);


90. СИНТIЕДА
Инзаре а, Iаткъаме а дара кIантана оцу синтIеда ца гучу Iаьржачу чохь буьйса яккхар. (Окаров Iийса «Бекъна Iаж»);
91. СИНХЬАРМА
Яздархочо кхуллуш йолу исбаьхьаллин произведени еххачу заманахь цуьнан синхьармехь кхуьуш ю
(Джамбеков ШаIрани «Ахмадов Мусан «ТулгIе юхакхачале…» дийцарехь нохчийн къоман оьздангаллин мехаллаша дIалоцу меттиг»);
92. СИНХЬОВЗАМ
Шен синхьовзам кху тамашийначу буса дуьнене дIакхайккхол доьналла долчу цу олхазаро сайн гIорасизаллех эхь хоьтуьйту суна. (Элдин Микаил «ГIенаш ца гун буьйса»);
93. СИНЦАМГАР
Синцамгарша нехан дегнех тIулгаш дина.
(Исламан зIаьнарш» газета тIера);
94. СИНIИЙЖАМ
Нана еха, ша дуьненчохь яккха йоьгIначу заманчохь шен доьзалан сингаттамашца, церан синлазамашца, синIийжамашца.
(«Исламан зIаьнарш» газета тIера);


95. ТОКАПОШТ
Цул тIаьхьа тхойшинна хиира тхо латтаран бахьана: вехна бомж француз токапоштана кIела а вахна, валар хиллера.
(Бечуркаев Iарби «Перпиньянехь»);
96. ХАРЦКХЕТАМ
Дахарехь хуьлучу харцонашна а, харцкхетамашна а дуьхьало ян езарх а, нийсачу новкъа, адамаллех а ца вухуш, стаг чекхвала везаш хилар гойтуш. (Гайтукаев Асламбек «Дала делла похIма а, хаддаза болу къинхьегам а цхьаьнаийна»);
97. ХИНТIАДАМ
Ца гинера, ца кхеттера я юьйцуш а ца хезнера иштта экама, аьхна, ийна, хьасене, лайнчим санна, бIаьрхи санна, хинтIадам я механ Iаь, хIаваъ санна…
(Бексултанов Муса «Чубузучу малхана тIаьхьа»);
98. ЭЛЕКТРОСЕРЛО
ХIусамашкахь газ а, электросерло а ца хиларе хьаьжча, баккъал а боккха къинхетам бара иза. (В. Мацаев «Февралан къиза де»);

Чолхечу цIердешнашна т1е суффиксаша а –лла, -хо кхетарца кхолладелла керла ц1ердешнаш
99. АЗХЬАЬРКАЛЛА
Со кийча ву лингвисташца «нохчийн меттан азхьаьркаллин концепцех» дерг дийцаре дан а. (Амаев Юсуп «Нохчийн меттан хенара «азхьаьрк» меттаIилманан коьрта категори ю»);


100. БАРТАКХОЛЛАРАЛЛА
Цхьана къоман истори йовза лаахь, оцу къоман бартакхолларалла талла аьлла ду.
(«Исламан зIаьнарш» газета тIера);
101. БУОБЕРАЛЛА
Цунна дезаш хIума дацара-кх я оьшуш цхьа а хIума а, со хилчахьана шена уллохь, со хезачохь хилчахьана шена, шена гучохь, хаалучохь… атта йоьлхура, ела а лора атта, бералла а юьйцура шен, ойланехь кхаьбна буобералла, сатийсамехь, туьйранашца, иштта цхьа хаза, дика кIант а кхетта, дуьненан йистехь цуьнца, цхьа а воцчохь цуьнца дIалачкъа, цунна елха, ела я яла… (Бексултанов Муса «Чубузучу малхана тIаьхьа»);
102. ВОВШАХТОХАРАЛЛА
Тхо тешна ду Гранта арахецар дикачу вовшахтохараллица дIагIуриг хиларх а, уьш вайн республикерчу бахархошна езалург хиларх а, цара уьш дIаоьцург хиларх а.
(Д. Пашаев «Даймохк» газета тIера);
103. ДЕГАЙОВХАЛЛА
Цу механ хьу ю Ашмин дегIаха йоьлларг а. Хетарехь, автобус чохь шена гина Падаман бIаьргийн бос хилла ца Iа Ашмин цуьнгахьа дегайовхалла кхоллаялитийнарг, я цуьнан хазалла а.
(С. Мусаев «ХIинцалерчу нохчийн яздархойн дийцаршкахь тIеман тема»);


104. ДЕГАЦIЕНАЛЛА
Массо а юьртахь, гIалахь ду оьзда, шаьш дIадевлча, мехкан дегацIеналлина, бусалба динна эшам хуьлуш адамаш.
(ГАЙТУКАЕВ Асламбек «Дала делла похIма а, хаддаза болу къинхьегам а цхьаьнаийна»);
105. СИНКОМАЬРШАЛЛА
Синкомаьршалла яра актераца.
Газиева Аза «КIайчу маьлхан зIаьнаршлахь»);
106. СИНМОГАШАЛЛА
ЦIерадахаро дог таIийна, цIадирзича а харц Iедало садаккха ца дуьтучу вайн нохчийн къоман синмогашаллина Iаламат чIогIа оьшура и самукъадалар.
(Ахмадов Муса «Жимачу лаьттан доккха дахар»);
107. СИНХОВХАЛЛА
Кху деккъа цхьана шайн гIенех, синхаамех, синховхаллех йоьттина цхьа экама безаман гIала ларамза, кIоршаме ата.
(Абдулаев Мухьаммад «ГIургIезийн тамашийна хелхарш»);
108. СИНЪАЬХНАЛЛА
Зудчуьнгахь, кIен буьртигехь санна, дахаран юьхь, синхаамаш, синъаьхналла, безамаш, экамалла хила еза.
(Алиева Зарина «Къоман мотт бицбинчо – къам дийна»);


109. СИНЪОНДАЛЛА
Цуьнан нуьцкъала амал, синъондалла, бохамашка каг ца елла нохчичун яхь яра актер цу дикане кхачийнарг, хIора нохчичун дог хьаьстинарг. (Газиева Аза «КIайчу маьлхан зIаьнаршлахь»)
110. СИНЪОЬЗДАЛЛА
И бахьанехь кхузахь кхоллаелира ша-тайпа меттанийн а, гIиллакхийн а, хIокху лаьмнийн махкаца бен ца йогIу синъоьздалла.
(Айдамирова Машар «Лаьмнийн хIайкал»);
111. ЦIИЙННОНАЛЛА
Ша яьхначу шерашкахь товхана гонаха дукха латтарна, цIийнноналла къахьделла шена аьлла, дуьхьалаелира иза.
(Саралиева Табарак «Мамакаев Мохьмад – да, махкахо, яздархо»);
112. ЮКЪАМЕТТИГАЛЛА
Тахана дуьххьара дена дуьхьало еш, ден а, кIентан а юкъаметтигаллин доза талхош ша яьккхинчу гIулчо вахьийнера иза. (Айдамирова Машар «Буьйсаннехь цхьалха»);


113. БАКЪОНАШЛАРЪЯРХО
Цо дийцарехь, хIокху хьолехь шайн ондда дош ала декхарийлахь бу нохчийн бакъонашларъярхой… (Хамзатов «Даймохк» газета тIера);
114. БУХБИЛЛАРХО
Цуьнан бухбиллархо ларалуш вара Шахбулатов Iаднан.
(Эльдерханова Зайнап «Даго лоькху зурма»);
115. ГАЗЕТДЕШАРХО
Шен ойла яста, газетдешархо цунах кхето хьекъал, хаарш, говзалла, похIма ду журналистехь. (Газиева Аза « Адамаллин серлонехь»);
116. КНИГАШЪЕШАРХО
Амма иза книгашъешархошца къастар а хиллера, ворхI шаре дахдала доьгIна.
(А. Ахматукаев «Бакъонан Мурд (Сатуев Хьусайнан кхоллараллах)»);
117. МАЬХКАДАЬТТАДАККХАРХО
Сахалине бахийта маьхдаьттадаккхархой бу вовшахтухуш, аьлла долийнера и, амма, хьуна ма-хаъара, шаре делийра-кха…
(Минкаилов Эльбрус «Цхьа кхоллам»);


118. МОХКТАЛЛАРХО
Гуш ма-хиллара, цу шина терахьна юкъахь йоккха башхалла ю. И Сулеймановн бехк а бац, меттигера бахархоша а, мохкталлархоша а шена белла хаамаш бу цо дIаязбинарш.
(Х.Х. Бурчаев, Р.Х. Бурчаев «Ялхой-Мохкан юкъараллин топоними»);
119. ОХЬАТОХАРХЛАТАРХО
Вайна кхоэ дерг царах кхоъ нохчийн охьатохархлатархоша яьккхина хилар ду. (Хь. Абаев «Даймохк» газета тIера);
120. СУЬРТАШДАХАРХО
2014-чу шеран аьхка Нохчийн Республикин лаьмнийн районашкахь а хилира дуьненахь а вевзаш волу суьрташдахархо.
(Абаев Хь «Даймохк» газета тIера);


121. ТIУЛГБОТТАРХО
КIезиг бу оцу говзаллашна (тIулгботтархо, тракторист, и.дI.кх) Iама лууш берш а. (С.Муртазаев «Даймохк» газета тIера)
122. ЦIЕЯЙАРХО
ЦIеяйъархой каде хьовзар бахьанехь цIе сихха дIаяйъа аьтто белира.
(С. Муртазаев «Даймохк» газета тIера);
123. ЧIАРАЛАЦАРХО
Бекьхан говза чIаралацархо хиллера. (Бечуркаев Iарби «Перпиньянехь»);
124. ЭСКАРГIУЛЛАКХХО
Оцу гIуллакхана аравоккхур ву 976 эскаргIуллакххо.
(Д. Анадев «Даймохк» газета тIера);

Зорбане девллачу керлачу чолхечу цIердешнашна юкъахь а дуьхьалкхета шен цхьа компонент тIеэцначу дешнех лаьтта масалш а:
125. ГАЗЕТДЕШАРХО
Шен ойла яста, газетдешархо цунах кхето хьекъал, хаарш, говзалла, похIма ду журналистехь. (Газиева Аза « Адамаллин серлонехь»);
126. КНИГАШЪЕШАРХО
Амма иза книгашъешархошца къастар а хиллера, ворхI шаре дахдала доьгIна.
(А. Ахматукаев «Бакъонан Мурд (Сатуев Хьусайнан кхоллараллах)»);
127. ЛИТЕРАТУРАЕЗАРХО
Цхьатера дац цара нохчийн литература кхиорна юкъадиллина дакъа: гоьбевлла бевзаш болу яздархой бу, шайн цIерш литератураезархойн а, говзанчийн а готтачу гуонна бен цаевзарш бу.
(Аболханов Хьаьким «Поэтах дош»);


128. НАЛОГАШГУЛЪЯРХО
ДIадаханчу шарахь вайн мехкан консолидированни бюджете налогаш дIахьовсор процентана алсамдаьлла. Карарчу шарахь и гайтам кхин а лакхабаккха дагахь бу налогашгулъярхой. («Даймохк» газета тIера);

Сих-сиха зорбане довлу диалекташкара дешнаш а. Царах цхьадерш авторо шена лаарна юкъадалийна хила а мега, шен цхьана Iалашонца. Хила тарло, царах цхьадерш лит. маттана юкъара а долуш, А.Г. Мациевс шен дошам хIоттош, цунна хазаза я тидамза дисина:
129. БЕГНАШ
Ло диллинчул тIаьхьа, кIайчу шаршу тIе эгийначу Iаьржачу комарийн таммагIнийн кеппара, догIанна язъеллачу стигалан басахьчу коканийн, мазе дирзинчу мутто чкъор этIадой, иза арагIоьрттинчохь, деттачу цIийн кепехь кегий бегнаш къеста
(Саралиева Табарак «Дахаран хьоста»);


130. БУЛАМ
Литературан критикан кхетамехь дегахьехам коьрта, хьалхара бу, адаман син буламан (напряжение) лаккхара тIегIа санна. Литературин критика йозуш ю Iилманан а, культуран а дуккхачу дакъошца: филологи, философи, истори, эстетика, культурологи, психологи, социологи, книговедени, публицистика, журналистика, суртдилларан а, музыкан а, театран а, кинон а, телевиденин а критика.
( Х.Х. Бурчаев. «Критика а, исбаьхьаллин литература а»);
131. БУРКО
Малх чубузуш бара, шен бурконех дуьне паргIат а доккхуш.
(Абдулкадыров Адам «Бахьана»);
132. «ГАЛ-ГАЛ»
Веана, гал-гал а вуьйлуш, хIара схьахIоьттича, директора, ишколан неIаре дIа а хIоьттина, чоьхьа ца волуьйтуш сацийна.
(Чокаев Кати «Хьехархо»);
133. «ГОШ»
Хьан хьераяьллачу нанас дIасаетташ лелош ма ю иза ахь доккхуш гIо а доцуш, хьо къанъелла гIабакх! Охьа а тоьхна, ас тIе гош беттар ма бара хьуна... (Магомадова Бана «Марнана»);


134. ДАРАШ.
Аланаша хаъал дараш динера нуьцкъалчу монголийн эскарна.
(Айдамирова Машар «Лаьмнийн хIайкал»);
135. ЗАРЗАР
Доьлхуш-доьлуш дека долало зарзар сийначу аьрцнашкахь.
(ТIауз Исс «Зарзар»);
136. КАЛАЦIОЛА
Цунна масал ду эвенке «Йовлига яздина кехат». «Теркаца къамел деш…Иртышан йистешка» кхачар а, «Даймехкан хьомечу Органе» эвенкера маршалла дIадалар а дуьйцучохь поэта хьахийна кху дахарехь нислучу веччалгех – калацIоланех а.
(Т. Саралиева «Нохчийн воккха яздархо – Мамакаев Мохьмад вайн дахарехь»);
137. КЪОЬХКАШ
Кхунна и къаьхьа а ца хетара, цунна цIерга тахка къоьхкаш лахьо а воьдура.
(Яшуркаев Султан «Хорбазан чкъоьргаш»);
138. ЛАЬНГА
Ца лелош хIун дара... лаьнганах а ловзура...
(Петирова ПетIимат «Вай аьрхачу ирсечу бераллехь»);


139. МАЬIА
Ткъа чуьра гуттара тамашийна хаза яра машен: можачу маьIан «руль» олу чIург...
(Окаров Iийса «Бекъна Iаж»);
140. МЕХКАМ
Мулкъание олуш меттиг ю ЦIеча ахкахь. Мулкъан мехкам лаьттина меттиг ю и тхан кхетамехь. (Чокаев Кати «Вайн махкара гунаш а, баьрзнаш а, церан цIерш а»);
141. СУГIА
Беш-м юхаюгIур яра… – хечин когех летта сугIа схьаийзош воллу иза ша-шега лен ваьллачух тарвелира ГIайрбекана. (Ахматукаев Адам «Шиша»);
142. ТУДАРГАШ
МIаьргонна дицлор-кха суна: хьайн когара тударгаш дIа а яхий, кедаш юха – дика вадалур ву хьо...
(Амаев Ваха-Хьаьжа «Къуй»);
143. ТХЬУЬТТАРГ
ДIалекъна шовданаш, татолаш, къулланаш, якъаелла хьаьрмаш, мала хи доцуш, хьогаллина руьйтанашкахь Iоьху даьхний, дека, гIора кхачаделла, дIатийна олхазарш, тхьуьттаргаш санна, хьаьрчина, мажделла диттийн гIаш…
(Джунаидов Аюб «Амма… догIа ца деара…»);


144. ЧАДА
– ХIумма а ца оьшу, са ма гатдехьа, Хеда, – олуш, Абубакара, тIе а хилла, чада схьаийцира. – БисмиллахIи Рахьмани Рахьийм, – аьлла, меллаша чукховдош кхо-биъ чада, наг-наггахь кхоьн буьртиг чохь болу, чорпа мелира.
(Усманов Iарби «Къу-берзан буьйса»);
145. ЧИРАШ
КIотарахь йитинчу дукхахйолчу хIусамийн чираш бен ца йисинера, хьайбанийн ур-атталла цхьа маIа а, цхьа берг а ца карайора.
(Джунаидов Аюб «Жима хилаза цхьа а ма вац», Орга- №);
146. ЧХЬАЙНАШ
Тарлора хьо коьртах чхьайнаш девлла хила. (Ахмадов Муса «Нуц хьовзор»);


147. ЧIЕКЪА
– Хазу, ахь бе аьллачохь хуола а бина, Маьхьдица цхьаьна оха дIанисдийр ду докъар. Вайна кестта тIеян мегаш ю, чIегIагаш чIекъа евлла, йочуна тIейоьхуш...
(Яндарбиев Хьамзат «Йистйоцу дахар»);
148. ЧIИНЖАР
Цуьнан цхьаллех къахетча санна, къаночун когашна а, гомачу Iасанна а хьалха чIинжар охьхиира цуьнан жен-жIаьла а.
(Кагерманов Докка «Кхойттаннан тезет»);
149. ШЕПА
Йовхо хIоттаза яра ломахь: лакхахьа буц ялаза а йолуш, лаха чохь цхьаццанхьа бIаьстено шен хьалхара зIийдиг теснера; хьун йолчу меттехь шех шепа олу ламанан хьонка а бара.
(Яхъяев Хьасамби «Дийцар»);


150. ШОЛ
Сан духар: еха Iаьржа, «бубрик» олуш йолу пальто, Iаьржачу шолан кастом-хечий, когахь батингаш, коьртахь хурашка а. (Сайдцелимов Мовла «Даймахке сатийсар»);
151. IАПТАР
Пешан юх а лаьцна, дечигах, пIендарш а еш, йина Iаптар лаьттара, тIе хьалаоьхкина керла йоьхьаш а, жижиг а долуш.
(Тагаев Сайд-Хьасан «Токхум»);
152. ЦIАБАЛГАШ


Оха пазаташ кхоьхьура цига, зударийн тен пазаташ; пазат чохь ведар гергга цIабалгаш а гуллора.
(Бексултанов Муса «Сан вешин тIехьийза йоI»);
153. ТIЕПАНГА
Дикка ойлаеш а Iийна, Янарсас цуьнга дуьхьал аьллера: «Заманца ца хийцалуш дуьненахь цхьа а хIума а дац, и лаьмнаш а тIехь; церан хийцамаш ган цхьана стеган зама ца тоьа, амма и хийцамаш хуьлуш бу, вайн бIаьрсино цалацарх; уьш масийтта шарахь жим-жима хуьлуш, дIабоьлху, я цIеххьанна эзарнаш шерашкахь IаьIнарш цхьана дийнахь хуьлий, дIабоьрзу – лаьмнаш тIепангех лелха я уьш хиллачохь хIорд хIутту.»
(Ахмадов Муса «Ламчохь гIа дужучу дийнахь»);
154. ТАЬЖГЕ\НАШ
ХIан-хIа, текхораш, таьжгенаш ца езара цунна.
(Усманов Iарби «Рицкъанаш къасто Iин»);


155. КУРТАШ
Ас шайн говр цIа ялийча, дIорачу казахаша суна- м дечиган чами буьззина мала айран елира... киса дуьззина курташ а... (Яшуркаев Султан «Картолаш»);
156. КХАХКАНАШ
– ДIавалийша дIа, ший а, шуьшиъ-м, кхахканаш санна кIадвелла, вехна вара, – цу шимма дийцинарг хьаьшира дикка «яьккхина» волчу Таьхьтас
(Амаев Ваха-Хьаьжа «Со жима волуш»);
157. КЪАПАЛГАШ
Хьоло букъбинчу нехан цIен кибарчигах а, кIайн тIулгах а доьттинчу лекхачу цIа-гIаьпнех цхьа къапалгаш йисинера.
Айдамирова Машар «Совдаьлла сагIа»);
158. КЪЕГА
Телатан дехачу доьхкаран мотт детин къегах чекхбаьккхина, шаьлта аьрру агIор разнехьа сацош, беха охьакхозура.
(Кагерманов Докка «Кхойттаннан тезет»);


159. ЛОЛАМ
Пазатийн юцар а цхьа шатайпанчу бустамца ду – цкъа шуьйра лолам, тIаккха готта лолам бохуьйтуш.
(Саралиева Табарак «Йовха пазаташ я ненан йовхо»);

Лексикин хIоттам шорбо кхечу маттера тIеэцначу, алар, яздар нохчийн метан фонетикца д1анисдинчу дешнаша:
160. ПИРАЬНГА
Оцу ахчанах тхан юьрта йистехь йолчу туьканахь дуккха а кампеташ, пираьнгаш а эцалора, луларчу йоккхачу юьрта кино а доьлхура сарахь.
(Окаров Iийса «Нехан махкахь некъаш»);


161. ХЬАРП
Бисмаллин хIора дош а, хьарп а мазах тарлой, мезан боккха къурд а хуьлий , дегI а, хьекъал а качдеш, цIийнан хIора тIадамах хьаьрчаш, даг чу оьхура. (Абдулкадыров Адам «Бахьана»);

162. ЧIОНДАРГ/ЧОНДАР
… Изза хуьлура кхунна «Наташаловнас» чамди чуьра схьа а оьций, чIондарг лекхча а (Яшуркаев Султан «Хорбазан чкъоьргаш»);
Тийжачу чондаран мерзаш санна, сингаттамо озийначу сан синпхенаш тIехь Iад санна ловзу лазам лечкъабо ас хьуна гарна кхоьруш, хьо хиэраяларна кхоьруш.
(Элдин Микаил «Дагардийцар»);
Лакхахь вай билгалдина (къастийна) цIердешнех цхьадерш нохчийн меттан лексикина юкъадаха а тарло, амма зорбане даьлла дош тидаме эца а, талла а деза аьлла хета тхуна. Керла дешнаш кхоллар нохчийн метан хазна шоръяран, т1еюзаран а коьрта некъ бу. Оцу декъехь коьрта меттиг д1алаьцна беркате къахьоьгуш вайзаманан прозаикийн а, поэтийн а, журналистийн а ду.


ПАЙДАЭЦНА ЛИТЕРАТУРА

1. Абдулкадыров А.Т. Нохчийн меттан кесталлин дошам:
2. хIотторан Iалашо а, некъаш а // Таллам. Грозный, №2 (13) 2017. С. 67-69.
3. Байсултанов Д. Б. «А.Мациевн (1961ш.) «Нохчийн-оьрсийн дошам» юкъа ца яханчу лексемех хIоттийна йолу нохчийн меттан дескрептивни дошам (3 эзар дош)».
4. Грамматика чеченского языка. Том I. Грозный 2013. 848 с.
5. «Дикдошам». URLhttp://ps95.ru/dikdosham/ (пайдаэцаран терахь: 10.07.2018).
6. Сайт Минкультуры. URLhttp://mk-chr.ru/item/2694-v-minkultury-chr-obsudili-voprosy-sokhraneniya-i-razvitiya-chechenskogo-yazyka#prettyPhoto (пайдаэцаран терахь: 10.07.2018)
7. Халидов А.И. Чеченский язык: морфемика, словообразование. Грозный, 2010. 766 с.
8. Чокаев К.З. Морфология чеченского языка. Словообразование частей речи, Грозный, 2010. 384. с.

Орга №2. 2019. Зорбанан кеп. 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика