СУМБУЛАТОВ ДЕНИ

PDFПечатьE-mail

СУМБУЛАТОВ Дени

raznoe-kancelyariya--knigi-knigi-foliant-932428

 

Цхьадолчу къаьмнийн меттанех…

 

1илманчаша ч1аг1дарехь, х1окху Лаьтта т1ехь эзарнашметтанашду: 2-наэзарна т1ера 20 эзарна т1е кхаччалцтерахьдубилгалдоккхуш. Ишттайоккхабашхалластенцайоьзна ю? Мотт, диалект, наречикъастийнаяц, 1илманан бух т1ехь талла а теллина. Цунделаолу 1илманчаша: «Лаьтта т1ехь 2 эзар, 5 эзар, 10 эзар, 20 эзармоттбу».

***

Уггар а дукхаметтанаш долу меттиг Новая Гвинея г1айре лору 1илманчаша. Оцу г1айре т1ехь 1 эзар мотт хиларан дуьххьара тидам бинарг оьрсийн 1илманча Миклухо-Маклай ву.

***

Меттанашца доьзна тамашена х1умнаш а хилла Лаьтта т1ехь. Масала: ХХ-чу б1ешарахь Краснояран махка т1ехь ши зуда карийнера, камасинин мотт а буьйцуш. Камасинин мотт дукхе дукха хьалха заманахь дуьйна бела лоруш бара.

ХIХ-чу б1ешарахь Таджикистанерчу Ягноб ч1ожахь (ущелье) мотт карийнера согдийн меттан т1аьхьенах болу. Александр Македонский волчу заманахь бийцина и мотт.

***

Израиль пачхьалкхехь юхаметтах1оттийна, 2 эзар шо даьллачул т1аьхьа, жуьгтийн мотт – иврит. Тахана Израиль пачхьалкхан мотт бу иврит.

***

ХVI-чу б1ешарахь Европерчу 1илманчаша санскрит мотт хилла хилар къастадо. 1илманан бух т1ехь и мотт гучубаьккхинарг ингалсхо Джонсон ву, ост-Индски компанера. Цул т1аьхьа Шлегеля, Франца Боппа а санскритан кхечу меттанашца йолу уьйр, гергарло а гучудаьккхина.

***

1илманчаша ч1аг1дарехь, муьлххачу а меттан, цуьнан шен йоза дацахь а, уггар а к1езиг 10 эзар дош ду. Дуьненахь долу меттанаш (диалекташ, наречеш) тидаме эцча, оцу меттанийн дешнийн хьесап дича, 1 миллиард дош ду.

***

Дуьненахь мел долчу меттанийн аьзнаш теллича, 1илманчашна гучудаьлларг х1ун ду? Дерриге а аьзнаш 90 матте д1анисло.

***

Убыхийн маттахь, абхазойн метан бзыбски диалектехь а 82 мукъаза аз ду.

***

Г1азг1умкийн маттахь 40 дожар ду, табасарийн маттахь – 48 дожар.

***

Кавказехь ширачех лоруш болчу нохчийн метан диалекташ ю: аьккхийн, ч1ебарлойн, шаройн, галайнч1ожан, шотойн, итумкхаьллан, кистийн; галайнч1ожан диалект екъалоговоршка: м1айстойн, маьлхийн, аьккхийн (лам-аьккхий), орстхой; иштта ю наречеш а: теркахойн, нохчмахкахойн, веданхойн. Нохчийн литературин меттан бакъонаш Соьлжа-г1алахь а, цунна гонаха а йолчу к1ошташкахь буьйцучу меттан бух т1ехь язйина ю.

***

1илманчо П.К.Услара нохчийн маттахь 16 дожар билгалдаьккхина. Профессоро Н.Ф.Яковлевс нохчийн маттахь коьрта 10 дожар лору, ткъа важа ялх дожар меттиганиг дожаран кепаш лору. Ишколийн грамматикашкахь 1амош 8 дожар ду.

***

ХIХ-г1а б1ешо чекхдолуш Нохчийчохь 1аьрбийн алфавитан бух т1ехь (бакхий хийцамаш беш) йоза кхуллу (31 элп). 1910-чу шарахь С.Гайсумовс, оццу элпех пайда а оьцуш, ша язйина жайна арадоккху Буйнакски (Темир-Хан-Шура). 1910-чу шарахь С.Гайсумовс Абат язйина, цуьнца 1920 шо кхаччалц берашна хьехна.

***

Латиница олучу йозанан проект (М.Сальмурзаев, Х.Ошаев) Нохчийчоьнан обл. ЦИК-ан Президиумо 1925-чу шарахь т1еч1аг1йина. Оццу шеран 18-чу мартехь нохчийн маттахь «Серло» («Свет») газет арадаьлла.

***

 1939-чу шарахь кириллица йоза юкъадалийна НГ1АССР-хь, профессор Н.Ф.Яковлев коьртехь а волуш (1938-чу шарахь) нохчийн а, г1алг1айн а 1илманчаша Д.Мальсаговс, Х-М.Магомаевс, С.Озиевс, Хь.Дукузовс, И.Оздоевс, М.Чентиевас а х1оттийначу алфавитан бух т1ехь.

 

Яндекс.Метрика