АЛИЕВА ЗАРИНА

PDFПечатьE-mail

 

 

БЕКСУЛТАНОВ МУСАН – 65 ШО

bex2222

 

          Бексултанов Мусан дахаран хин  бердаш

 

Бексултанов (Адамов) Мозин Муса вина 1954-чу шеран август беттан тIаьххьарчу кIирнах, Кустанай олучу казахийн махкахь, нохчийн къам цIерадаьккхина итт шо даьлча. Церан доьзал, массо а бохург санна, 1957-чу шарахь бирзина Нохчийчу цIа, баха ховшар Олхазар-кIотарахь а долуш: ламарой шайн хиллачу ярташка – лам чу хьала ца бохуьйту, уьш Iедалан харцонна – обаргаш а хилла – дуьхьалбовларна кхоьруш. Олхазар-кIотарара юккъера ишкол 1972-чу шарахь чекхйоккху Мусас, оццу шарахь Нохч-ГIалгIайн Пачхьалкхан университете филологин факультетан къоман отделени деша а воьду.


Университет чекхъяккхар 1977-чу шарахь хуьлу. Яздан ойла жимчохь дуьйна кхоллало, пхийтта-ялхитта шераш долуш. Прозехь язйинчу еа киншкин автор ву: «Мархийн кIайн гIаргIулеш», (1985) шо; «Юха кхана а, селхана санна», (1988) шо; «Наггахь, сайн сагатделча», (2004) шо; «Я хьан тухур буьйсанна хьан неI», (2004) шо. «Сан вешин тIехьийза йоI» (2011) шо. Немцойн маттахь шиъ киншка араяьлла Швейцарехь. Россин яздархойн союзан декъашхо а, Нохчийн халкъан яздархо а ву Муса, иштта Россин журналистийн Союзан а, Дуьненаюкъарчу яздархойн ассоциацин – Оьрсийн Пен-центран декъашхо а волуш.
Iер-вахар Соьлжа-гIалахь а, Олхазар-кIотарахь а ду. Зудий, виъ доьзалхо а ву цуьнан: цхьа йоI, кхо кIант. Яздар нохчийн маттахь ду. ХIун яздар коьрта а ца лору, муха яздар бен.
Болх бина 1987-чу шарахь дуьйна «СтелаIад» цIе йолчу берийн журналехь.
Балхал чIогIа ца дезаш – сискална хан яйар – дуьненчохь хIума а дац, хьаьнгара елахь а –харцо йоцург.
Шен цIарах мостагI а вац, къоман юкъара воцург: моттбетта нах. Дозанал арахь хилла, Швейцарехь, набахте а ца кхаьчна, кхечу къоман мотт а ца хаьа, гIазкхийн маттах кхетар бен. Ша яздархо а ца лору – шех хила лиъна яздархо: Бунин а, Пруст а, Фолкнер а санна.
Сатийсам…


– Сатийсам цхьаъ бу-кх: нохчех цкъа къам а хилла, вайх хIора а цу къоман хьакъволу векал хилар, – шеца хиллачу къамелехь дерзош цо аьлла дешнаш.
Яздархочун-художникан дахаран некъ дуьненчохь цо яьккхинчу хенашца буьстина бац, вайна ган Iеминчу вахаран, валаран шина терахьо чулоцучу. Художникан дахар ойланашца ду, хан а, доза а, юьхь а, чаккхе йоцчу ойланашца. Кхолларалла – иза ду художникан бакъдолу дахар, шерашца юсталур йоцу ойланийн оьмар. Кхолларалла – художникан синан сибат ду, цуьнан синлехамийн, синхаамийн маршо.
Яздархочух а, яздархочун кхоллараллах а дийца ницкъ берг яздархочун дош ду, ткъа вайна, дешархошна, ладегIар ду, ойла сема латтор.
Шен кхоллараллехь «Дахар» цIе йолу цхьа дийцар яздан сатийсам болчу яздархочун Бексултанов Мусан и сатийсам кхочушхиларан тоьшалла ду цуьнан повесташ, дийцарш, хьаьркаш, эссеш а. Бексултанов Мусан ерриг кхолларалла цхьа дийцар ду: «шена чохь со а, шу а, хIара дуьне а – бIешеран цхьа мIаьрго, мIаьргона чохь бIешо а» долуш.


Нохчийн прозехь дийцаран керла кеп юкъаялорца, жанрийн башхаллашца, шен хатIца къаьсташ ю Мусан проза. Цо язъешйолу жанр проза аьлла билгалъяккхахь а, амма иза ша «прозаични» бохучунна чIогIа генара ву шен дахаре болчу хьежамашца а. Цунна тIетоьвжина, искусствехь уггар лакхара тIегIа музыка а, поэзи а ша лоруш хиларна, Мусас шен проза исбаьхьаллица, яздаран шатайпаналлица, поэтикица, дешан мукъам ларбарца гергаялийна поэзина. Цуьнан муьлхха а дийцар, доккха, жима бен а доцуш, я повесть мукъам болуш ю. Исбаьхьаллин произведени ца йийцича а, публицистикехь цо язъеш йолу статьяшкахь а, интервьюшкахь а, дешан хазалла хаало. Амма и хазалла – хазалла лоьхуш, хаза ала гIертарца, хаза дешнаш лоьхуш кхоллалуш яц цуьнан. ХIора дош шен-шен меттахь долуш, хIора дош сюжет йолуш хиларна ша-шаха кхоллалуш йолу хазалла ю – дешан чIагIаллица, цу дашо дохьучу бакъдолчуьнца. Кхузахь аргентинийн яздархочо Борхеса Кортасаран дийцарех аьлларг дало лаьа: «Кортасаран дийцарийн сюжет юхайийца йишйоцуш ю, хIунда аьлча цуьнан хIора дош шен-шен меттахь, коьрта ду, цхьа дош дицделла юкъарадалахь а, хьо кхета, уггар коьртаниг хьан алаза диснийла». Иштта Мусан произведенешкахь а коьрта хIора а дош ду, цу дешнаша кхуллуш болу тIеIаткъаме ницкъ а. Нохчийн исбаьхьаллин дашна хIоллам бу Мусан проза.
«Дикачу яздархочун произведенехь са а, къинхетам а, абаде а цхьаьна хуьлу, оцу цхьана произведенехь гайтина, цу кхаа хIуманца нийсса гойтуш синхIоттам а болуш».
Муса гуттар лехамехь ву, карийнчух тоам ца хуьлуш, керла, керла йозанан некъаш лоьхуш, меттан таронаш шоръеш, дош дашца луьттуш, лаца йиш йоцу исбаьхьаллин мIаьрго шен йозанашкахь сацаеш. Мусан произведенеш тайп-тайпанчу хотIехь язйина ю – психологин, фантасмагорин, лирикин а.


Бексултанов Муса кхоллараллин лакхе – иза хазалла ю, цуьнан Iалашо хазаллин къайле ястар, дешархо хазаллина герга вигар, юха гергакхаьчча, даима «хазалло кхуллучу гIайгIанехь» йийсарехь висар. Мукъаме дирзинчу исбаьхьаллин дашо кхуллуш йолу хазалла хаало цуьнан кхоллараллехь, дош маьIне, кIорге йолуш хиларна. Стаг ша-шега верзо, шен сине ладогIа, ша мила ву, хIунда веана кху дуьненчу, ша-шех кхета Iамаво Мусан произведенеша. ХIан-хIа, Iама ца во, хьехарш ца до, Мусас, амма даима хьоьца даха дуьсу-кх цуьнан хIора дош, хьо адам дуйла, са а, дог а долуш, хьуна хьуо виц ца волуьйтуш.
Бексултанов Мусан кхоллараллин хьоста – иза Нохчийчоь ю, цуьнан баланаш, лазамаш, эшамаш, толамаш а. Мусана Нохчийчоь, цуьнан истори йовзар ширчу тептаршкара дац. Бексултанов Мусана Нохчийчоь – ша схьаваьлла доьзал бу, цуьнан да, денда, ворхIе да, муьлххачу доьналлин нохчочун санна, церан нисбелла декъаза кхолламаш а. Мусан «Дахаран хин генара бердаш» повесть, хIора нохчочунна дахаран Iамат хила йогIу, нохчалла бохург хIун ду, дуьненчохь сий долуш чекх муха вала веза, дуьненчохь муьлхачу декхаршца ваха веза, хIун Iалашонаш хIитто еза шена хьалха: « И Хьенех дика къонаха ву шуна, – олура цо тхоьга кхано, – иза ларалаш, цу юьртахула шаьш нисделча, чу хIотталаш иза волчу: дика къонаххий, дика динний баьлла меттиг лийрина шуна вайн дайша, – олий. – Ден цIе яьккхина ца Iаш, мехкан цIе а йолу шуна дика къонаха кхиъча: Зусойн Дуйн Iума, Эвтархойн Ахьмад, Харачойн Зеламха, Мартанхойн Исмайлин Дуда, Шелахойн ТIелхаг… И меттигаш лара а еза шуна, и къонахий дийна болуш санна. Нехан сий дар – шен сий дар ду шуна, нехан цIе ларар –гIиллакхан хьукма а долуш. И нах дийна а болуш, ша царна гуш санна ваха веза шуна къонаха, дерриг а хIума цаьрца дуьстина, церан когийн лар а гуш. Яхь цигара схьа хила еза, цара дитинчу гIиллакхашца. Шен махкахь бен къонаха а ца кхуьу шуна». («Дахаран хин генара бердаш» повесть)


Бераллехь дуьйна ден масалш тIехь, цуьнан хьехарш тIехь кхиина волчу Бексултанов Мусан кхоллараллин турпалхой бу шатайпа, доьналлин амалшца къаьсташ болу нах. Церан Iалашо дуьненчохь шен цIе йита езар ду, стаг ша велча а, дийна юьсур йолу цIе: «Нехан-м дашо раьгIнаш хилахьара, къонах боху дош дуьсийла-кх сох даха». Шайн белшаш тIехь дуьне латтийна болу къонахий биц ца болуьйту Мусас шен произведенешкахь. Церан турпаллаллин васташ кхуллуш, церан доьналлин некъаш карладохуш, даима вайн иэсехь баха буьсу уьш: ТоргIа, БIахо, Iаьзим, Овтархан Юсуп, Элдарха, Керим, кхин дуккха а.
«Къолам буьххье къам а, мохк а тарбина» воллучу Бексултанов Мусана дика го шен къоман синкхетамехь хийцалушйолу мехаллаш. Цуьнан кхоллараллехь коьрта тема хилла лаьтташ ю, халкъ шен бух тIера даьлла, эзар шерашкахь кхиийначу амалшна тIера хердалар. Шен произведенешкахь церан бахьанаш дуьйцу цо. Генна историн хиламашка дуьгий, тIаккха таханлерачу заманан васташца, вайн къоман юккъехь муьлххачу заманахь хилларг, лар йоцуш довш доций гойту Мусас. Уггар коьрта бахьана къам шен бух тIера далар – иза дешан мах лахбаларна, дешан бакъо хьаьнг-хьаьнга а ерзарна, дош ловзадаккхарна тIера долалуш хилар дуьйцу Мусас.
«Маржа яI, маржа, халкъан доцу гIиллакхаш хилла те цу наха схьакхехьнарш, я халкъан йоцу амал латтийна-те болатах яхчош, собарца юттуш, хIара дуьне кхоьлличхьана кху махкахь шаьш дехаш, коьртан сий бен кхин Iалашо ца лоруш, мехкан маршо бен кхин декхар ца хеташ, тIерачу Далла бен суждане ца боьлхуш, дуьненчохь шаьш яьккхинчу кIеззигчу ханна дуьне мел лаьтта шайх дийца дош дуьтуш дIаихначу къонахаша хьанна бохуш дитина те шайн сийх, йохьах доьттина долу и кортош кура ламанаш, мила лелийта дехкина те шайн гIиллакхашца дуьне дузуш, шордина хилла маьрша некъаш, мила кхион дитина те: «Цхьана къонахчун меха дуьне а ца кхочу», – боху, шайн мах шаьш хадийна долу хала весет!…»


Муьлххачу заманахь а, мел къизачу юкъараллин системехь, оцу юкъараллин гураш, дозанаш дохош бIеннах цхьаъ волу, къаьсташ ззарнах шен «юьхь», ойла, хьежам хиларца, дахарна кIел ца вуьсуш, шен амалх ца вухуш, дахаран ерриг трагизм ша-шеца ловш чекхволу иза. ГIело шен амалх ца юлуьйту цо, шена тIехь цуьнга толам ца боккхуьйту, мелхо а, гIелоно ницкъ ло къийса, толам гуш бацахь а, бекхам бан. Толам коьрта ца лору оцу турпалхочо я толаме са а ца туьйсу; коьрта ша мила ву хаар, шен са хаадалар, ша-шех тешар, гондахьа дIаса а ца хьоьжуш, орцане ла а ца доьгIуш, цхьана амалца чекхвалар, иза бен кхин толам ца хеташ. Бексултанов Мусан дешнашца аьлча, шен «эхьан эла хилла висар» бу цу турпалхочун толам.
Вайн къоман ментальни, культурогенни амал гучуйоккху автора шен турпалхойн васташкахь. Яздархочун Iалашонех коьртачех хета заманан а, цу заман адамийн а сурт дитар, дуьненчохь адамаш мел деха, гуттар а диллина лаьттар ду хаттар: «Со мила ву?» Цу хаттарна жоп луш ю Мусан произведенеш.


Ширачу заманахь дуьйна, тIебогIучу ницкъана дуьхьало еш, гуттар къийсамехь даха дезаш хилла вайн къам, шен ницкъана, доьналлина тIетийжаш, гондхьара гIо а ца лоьхуш. Доьналла зуьйш, доьналлица хьалхе яккхар сийлахь долуш, доьналлин шатайпа культ кхоьллина хилла къаьсттина кавказхойн къаьмнаша, цунна масал ду халкъан фольклор, иллийн эпос. «Лечу сохьтахь цхьа узар бан а бакъо ца лучу гIиллакхо», – боху амал а цигара ю, доьналло кхиинчу гIиллакхера. Цхьа леткъам боцуш, узар, карзахалла. ТIебеанчу баланаша, вонаша амал зуьйш хилла, къийсам латто чахчош. Цхьана заманчохь къоман дин хилла лаьттинчу оцу гIиллакхаша кхоьллина и шатайпа доьналлин амалш. Бексултанов Мусана и амалш герга хилар гучудолу цуьнан ерриг кхоллараллехь. Шен турпалхойх лаьцна иштта яздо Мусас: «И турпалхой сан ойлано кхоьллина бац, уьш шайн тайпа а долуш, хилла болу нах бу. ТоргIа а, Овтархан Юсуп а сан дас вийцина суна. Керимах дерг Моьсаган Бисанас нахе дийцинчуьра хезна ду. Шайн эхьан хаттарна – кханенаш а ца йоьхкуш, – хаттар хIоьттинчу мIаьргона жоп луш хилла болу нах бу ас буьйцурш. Уьш дукха а ца хуьлу. Цара йоккхуьйту къоман цIе, уьш бахьанехь девзаш а хуьлу къам гонахарчу мехкашкахь. Церан дахаран масалш бIешерашца деха, Адин Сурхон а, Мадин Жаьммирзин а, Таймин Бийболтан а, Харачойн Зелимхин, Ахьматхан Ичин а, ЗIокин Хазин а, ТIуьшан Воварган а, Дерказан Джокъалан а санна. Iожаллин букъа тIе ког лийзина нах бу уьш, шайн эхь шайх ца кхардийта».


Тахана вайна масалш оьшу, тхо а хилла ала кIезиг ду, тхо а ду ала бух беза вайна. И бух вайн хилар тоьшалла ду Мусан произведенеш.
ХIора заманахь ваьлла цхьаъ, вер ву, цу цхьаннах дусту вайн дийнна къам а, халкъан иэсехь вуьсучух къоман цIе а йолуш. Цу цхьаннах, къомах къам дечух ю Бексултанов Мусан ерриг аьлча санна кхолларалла.
Йоккхачу повесть тIера масех могIанех лаьтташ йолчу хьаьркашна тIе кхаччалц дерриг ду яздархочун кхоллараллехь: дуьне а, абаде а; гушдерг а, гушдоцург а; зама а, къам а; къоман бакъйолу амалш а, къонахийн васташ а, – и дерриге а цхьаьна ца хилча хила йиш йоцу мохк а.

Орга №7. 2019. Эл. кеп

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика