МАГОМАЕВА МАРЬЯМ

PDFПечатьE-mail

magomaevam

                                        Телефон

Де суьйренга лестинера. Шен сирла зIаьнарш хебош, чуийзош, кхерабелча санна, чубуза сихбелира малх. Шийла яра. Iаьнан суьйре цIевзина еанера. Хасавюьртарчу автостанцин кертахь лаьттара тхан сабIарзделла тоба. ДIасахьаьжча, гуш цхьа а машен яцара. Тхо схьаяре хьоьжуш йолу «Газель», хетарехь, схьакхача дагахь а яцара.


Когаш шелбелла, цхьана меттехь латта ца луш, сих-сиха тхайн йийбаре бIаьрг а тухуш, кертахула хьалха-тIаьхьа дуьйлалора тхо. Мацца а цкъа, тхан догIмаш шелделла а ца Iаш, дегнех ша хила боьллачу хенахь, схьакхечира оха шега чIогIа сатийсина, можачу басахь йолу «Газель». Тхоьгарчу хьолаца бала боцчу, йовхонах а Iаьбна, цу тIе сегIаз Iуьйшуш волчу шопаро, ша а хьаьхна, куьзга санна шерачу некъа тIехь лар а юьтуш, тхуна хьалха, куро хьовзош, сацийра машен. Ша-ша хьалхавала гIерташ, цунна тIедевдда, вовшашна резадоцуш, ма-хуьллу уллераниг дIаса а тоьттуш, неIарна тIедийшира тхо. Ткъа шофер сиха вацара. Массо хIуманан тидам а беш, машенна чухьоьжучу тхуна гира, цо багара сегIаз схьа а даьккхина, пIелгашца ловза а дина, юха а бага кхуссуш. ТIаккха, куьзгана а хьаьжна, ши мекх тодина, схьайиллира неI. Дукха неIаре гIоьртина, жIуга а хилла, тхайн даккхийчу тIоьрмагаша кхин тIе а новкъарло а еш, неIарх чоьхьа ца довлалуш дисира тхо. Цкъа а дIатуьйрйоцуш санна, гIовгIа елира. Дерриге а хийцаделира, тхуна юккъехула а яьлла, цхьа жима зуда хьалхахьа иккхича. Ламин лахарчу терхи тIе а хIоьттина, куьйгашца хьалаволу меттиг дIа а къовлуш юхайирзина, сецира иза.


– ХIей! Ахь хIун до? – аьлла, хезира цхьана резавоцчун аз.
Шена резавоцчо аьлларг шена ца хезаш санна, йистехьо лаьттачу цхьана лекхачу дегIахь волучу жимачу стаге, тхуна тIеххула дIа, мохь туьйхира цо:
– Схьаволий вала! Хьо хIун деш лаьтта?! – аьлла.
Оха гIовгIанца тхайн резадацар хаийтира, делахь а шен доккха куьг дIа а кховдийна, кетаран пхьош а лаьцна, хьалатакхийра цо шен накъост. Бехкаладахана цициг санна, корта белшашна юккъе чуозийна, лаьтта хьоьжучуьра бIаргаш хьала ца ойуш, хьакхавелла, хьалавелира жима стаг. Геххьачул аьтто баьлла тхо а, сихонца хьаладевлла, меттигаш дIалаьцна, охьахевшира.
Хьалха санна, хIуманна а сиха воцуш, куро охьавоьссина шофер, ши минот ялале сихонца, цхьаъ шена тIаьхьаведда вогIуш санна, юхакхечира. Мало ца еш, шен метте охьа а хиъна, куьйгаш вовшаххьекхо волавелира и, тхоьга сих-сиха бIаьрг а тухуш.
Суний, соьца йолчу сан накъостаний пурхалла йолу меттигаш кхаьчнера. Уггар а дика, кора йистера меттиг, шен накъостана дIа а елла, тхан оьгIазаллах иза ларвеш санна, ша йисте хиъна Iара и каде жима зуда. Ткъа со цу шинна дуьххьал нисъеллера. Шелъелла меженаш жим-жима йохъяла йоьлча, хилла цатам бийца баьккхира тхуна юккъехь. Массеран а бIаьргаш къоначу зудчунний, цуьнан накъостанний тIехь соьцура. Меллаша деш долу шабарш чIагIделира.
– Жима елахь а, эхь доцуш-м ю...
– ДIа муха хIоьттинера, гирий хьуна...
– Ишттанаш дуккха а бу...
– Ва! Мел дукха бу хаьий хьуна, ма тера ю сан несах...
– Эхь доцу хIума...
– ДIадовлийша! Охьахаа меттиг хилчхьана, хIумма а дац...
– Ларам хила ца беза...


– Ткъа важа! ХIумма а йоцург ю...
– Хьалакхоьссича – охьавогIур вац...
– Эхь доцу хIума...
Оха еш йолу кхиэл а хезна, «Чечня» аьлла тIеяздина болчу шен Iаьржачу спортивни куйна чохь боллу жима корта шуьйрачу, ирачу, кетарна тIехула а хаалуш йолчу белшашна юккъехула, хьалха санна, чуозийра жимачу стага. Бакъду, хIинца цициг дацара иза. Гулвелла, хьаьрчина, шена хетарехь, тхуна къайлавала дагахь, шен болатан кхаркхарни чу лечкъачу уьнтIапхьидах тарвелла, гуттар а лахвелла, гIанташна юккъехула чухилла, дIатийра иза. Со кхийтира: и шиъ – зудий, цIийнадай хиларх а, церан къоначу доьзалехь коьрта меттиг дIалоцург зуда хиларх а. ГIийла корах арахьоьжуш Iара хIусамда. Ца Iара, шелоно тIамарш юьйцинчу корехула хIума а гуш-м, тхан агIор схьа ца верза, Iара-кх..
Шен деха ши куьг когашна юккъехула, лаьтта кхаччалц бохург санна, охьадахийтинера цо. Иштта, беха ши ког а, бахьа меттиг йоцуш, саттийна, голаш юьхь тIе кхаччалц хьала а озийна, хьалхарчу гIантах дIагIортийнера. ХIоьттинчу хьолана резайоцчу зудчо юха а ша юйла хаийтира тхуна.
– Ахь хIун до? Хьо ма дIатийна? Мотт сецна хьан? – цхьаннах оза а ца луш, дира цо хаттарш. – Ва! Эхь доссахьара хьоьга, цхьа а хан йоцуш! ДIавалахьа! Даима а эхь хетта вер вуй хьо.
Зудчух сихха бIаьрг а тоьхна, дIавирзира хIусамда. Жимма Iийна, аз а лахдеш, элира.
– Цкъацкъа юьхьIаьржа ма хIоттаво ахь со?!..


Цуьнан дешнаш ца тайна зуда, улле а тIе а таьIна, йистхилира.
– Ас хIоттаво боху ахь?.
Стага жоп ца делира. Корах ара а хьоьжуш Iара иза, хьалха санна.
– Хаза-м дера ду! Ас хIун дина, юьхьIаьржахIиттаво хьо? Со ца хиллехьара, дера хир вара хьо, хIинца а цу арахь лаьтташ, мерах ша а оллабелла. Вита везаш ма хиллера ас хьо цигахь...
– Ма е гIовгIа! Вайшиъ массарна а хезаш ду!.


Зуда хьаланисъелира. Белшаш тойина, елакъежира.
– Хьежийтахьа, шайна ма-тов. ХIун ду церан вайшинна ала? Дан хIума доцуш, мукъа бу-кх уьш. Шийлачу арара сайн цIийнада йовхачу метте охьахаийра-кх ас. Дика ца дира ас иза? – елакъежира зуда. – Вохвеллий хьо, хьомениг? Схьакховдаде хьайн ши куьг! Ас дохде хьан уьш.
Стеган куьйгех сиха катуьйхира цо.
– ДIаяла, ца оьшу! – юха а, ийзалуш, элира стага. – Массо а схьахьоьжуш ву.
Зуда тхоьга массаьрга а лерина хьаьжира.
– ДIавалахьа! Мила ву хьоьга хьоьжуш? Iаьржа ю кху чохь, гуш хIумма а дац.
ГIеххьа Iаьржа ян а яра тхан «Газель» чохь. Делахь а, ас хьалха ма-аллара, цу шинна дуьхьал нисъяларна, сан чIогIа аьтто баьллера церан тидам бан. Сайн ма-хуьллу дIа ца хьажа гIоьртича а, церан къамел ца хезаш диса йиш яцара.
ГIанташна буха а теттина, когашна юккъехь лаьтта тIоьрмагаш кего йолаелира зуда. Ханна йоккха яцара иза. Ткъа шерал жимма совъяьллехь а, кхин хан хир яцара. Делахь а, дегIана зоьртала яра: лекха дегI а, шуьйра юьхь-сибат а, даккхий куьйгаш а долуш. Цул дукха воккха хир вацара цуьнан цIийнда а. Иза лекхачу дегIахь велахь а, юткъа ворта а, жима, бехо корта а болуш вара. Амалшца а къаьсташ хеталора и шиъ. Стаг тийна вара, эхь хеташ, тхох а къехкаш, ткъа зуда – гIовгIане, каде, эхь ца хеташ, шена йогIург а, цайогIург а йоккхур йолуш.
ТIоьрмигаш кегош дикка хан яьлча, шаьш эцна цхьацца хIуманаш схьаяха йолаелира. Чохь Iаьржа хиларна, бIаьрго хIумма а схьа ца лоцура, делахь а цу шиннан къамелехь хезира: «Нанна, вешина, хьомечунна, суна, доттагIчунна… марнанна», – олуш. И цIе йоккхушехь, зудчун карара цхьацца хIума охьаюьйжира. ОхьатаьIна, куьйгаш д1асахьаькхира цо, амма хIума кара ца еара. Юх-юха а, Iаьржа йоллушехь, гIанташна буха хьоьжура иза. Сайн когех а хьакхалуш охьайоьжна лекха бертигаш йолу йоккха ши кало, ас охьакхевдина схьаэцна, сайн лулахочуьнга дIакховдийра. Иштта гучуделира суна марнанна эцна долу совгIат.
– ГIоза ма хуьйла шу! – аьлла, соьгара, катоьхна, ши кало схьа а эцна, тIормиг чу таIийра цо.


Кхин а цхьа хан яьхьира зудчо, шен хIуманаш нисъеш, цаьрга хьоьжуш, цIийндена гойтуш. Эххар а, ша яьлча, тIоьрмигаш шена новкъара дIа а даьхна, тхан когаш юккъе дIанисдина, паргIатъяьлла, шен цIийндегахьа а йоьрзуш, елакъежира иза.
– Вохвеллий хьо? – аьлла, юха а цуьнан куьг схьалецира.
– Вохвелла. ДIаялахьа! – аьлла, куьйгаш сихха шен голаш юккъе лачкъийра вукхо..
– ХIинца ас хьо кхин а чIогIа вохвийр ву, собарде ахь! – олуш, сан лулахочо шен тIоьрмигех цхьаъ юха а шена тIеозийра.
Оззийна кисанара жима гата схьа а даьккхина, голаш тIе охьа а диллина, тIоьрмиг чуьра хIуманаш кего йолаелира и. Мацделла Iачу тхуна дукха сиха схьакхийтира чоме хьожа.
– Мацвеллий хьо? – хаттар дира зудчо.
– ХIан-хIа! – сихха вистхилира важа.


– ХIаъ, ца велла дера! Мац муха ца ло?! ХIинцца ас хьо вуза-м, хьаха, вийр ву, – чIегIардиг хилла, екара зуда. – Ас вайшинна самса ма эцна. Йиъ. Шиъ – хьуна, шиъ – сайна. ХIара-м хIинца а шел ца елла.
– Ца еза суна, – корах арахьоьжучуьра схьа а ца воьрзуш, доцца элира стага.
– Муха ца еза? – цецйолуш, оьгIазъяхара зуда – И хIун къамел ду?! Ас яор ю хьуна. ДIакхаллал.
– ДIаяла, ца еза суна.
– ДIакхаллал, хьайга аьлча.
– ДIаяла, массо а вайга хьоьжуш ву кху тIехь! – меллаша ала гIерташ, элира цIийнадас.
– Мила ву-техьа хьоьга хьоьжуш? Кху тIехь Iаьржа ма ю, бIаьрга Iоьттина пIелг а гур боцуш. Сан бала-м бац цаьрца. ДIакхаллал.
Мацвелла хиллехь а, я нахалавала ца лиънехь а, стага шега бохург а дина, самса дIакхаьллира. Цкъа, шозза, кхузза. ТIаккха, жимма ийзавалар дIа а даьлла, шен зудчун карара «пхьор» даа волавелира. Тхуна юккъехь юха а гIовгIа елира. Резабоцурш дукха бара. Церан кортош юха а зуда йолчу агIор дирзира. Цу гIовгIано там бира зудчунна. Ела а къежна, ша голаш тIе диллина хилла жима гата схьа а эцна, стеган бетах хьаькхира цо. ГIовгIа марсаелира.


– Ва-а! Ма эхь ду и...
– Эхь доцу хIума...
– Ишттанаш бу-кх вайна юккъехь...
– Дика-м ду, сан чохь хьийзаш йоцуш...
– Вай! Бертахь хилча, дика дац?..
– Ларам хила ца беза.
– Ткъа важа! ХIумма а йоцург ю...
– Хьалакхоьссича – охьавогIур вац...
– Эхь доцу хIуманаш...


ГIовгIанаша цIийнаден юучух гIеххьачул чамбаьккхира. Шишанна чуьра хи а мелла, юхаваьлла, дIатийра иза..
– Вуьзний хьо? – чIогIо хаьттира цуьнга зудчо.
Хетарехь, корта таIийнера цо. Вистхуьлуш, делла жоп тхуна ца хезира.
Йиъна а, мелла а даьлла, шайна тIаьхьара дIа а яьккхина, паргIатдаьлла, вовшашна тIеттIа а хилла, охьахиира и шиъ. Машен чохь Iаьржа елахь а, коьртара куй схьа а баьккхина, йоцца хьалаевлла месаш куьйгаца кегош, дIасатухуш, цIийнада хьосту кеп хIоттош гира суна. Къамеле а ваьлла, ша хIинццалц хабийна латторна, кIадъелла еха ши ност дIахеца дага а деара цунна. Цунна хьалхарчу меттехь Iаш йолу зуда, ца кхеташ, гIеххьа кхера а елира, шен гIантан бухахула, мичара болу ца хууш, боьршачу стеган беха когаш гучубевлча. Цу гIуллакхна тIаьхьакхиъначу вукхо, сихха юхаозийна, хьалха санна, голаш юьхь тIе кхаччалц хьалабахийтира уьш. Ца хеддаш къамелаш дора къоначу шимма шайн безамах, жималлах, ойланех, дахарх. Зудчун зевне, юкъ-кара ирсе елар декара. Меца делахь а, дохделла, бодделла, гIийла наб тIе а гIоьртина дIатийначу тхуна новкъарло ца йора церан къамелаша. Дукха хан ялале, вовшашна тIеттIа а хилла, дIатийра и шиъ а.


ЦIеххьана, чIогIа екачу телефоно тхо самадехира. Хиллачух ца кхеташ, дIасахьажира со а, сан накъост а. Екнарг шен телефон юйла а хиъна, меттаххьайра къона цIийнада. Оцу минотехь, наб а яйна, сакхъяьллера зуда. Муьлхачу кисанахь ю ца хууш, цкъа кетаран, тIаккха хечин кисанашкахь лехира стага екачуьра ца соцу телефон. Ца карош, юха а кетаран кисанаш кегийра, тIаьххара а чухуларчу кисанахь карийна, хьалаяьккхира. Къегина, серлаяьллачу экрана тIехь йогура лоьмар. Цунах шен бIаьрг ма кхийтти, стага сихха дIа а яйина, чухуларчу кисанахь къайлаяьккхира иза. Амма гIовгIа, тхо Iадо гIерташ санна, юха а елира. Стаг, телефон схьа ца оьцуш, коре дIа а вирзина, вогIура.
– ХIей, ахь хIун до?! – ца кхийтира зуда. – Телефон ма ю хьан екаш.
– Хеза суна, – цергашна юккъехула даьккхира стага, схьа а ца воьрзуш.
– Хазахь, схьаэца.
Юха а телефона тIе пIелг таIийна, дIа а яйина, кисана таIийра цо. Цуьнан леларх цецъяьлла, тIаккха, шекьяьлла, дIатийра зуда. Амма гIовгIа саца дагахь а яцара.
– Мила ву иза? – хаьттира цо..
Стаг вист ца хилира.
– Ас хьоьга ца хоьтту, мила вара иза.


– Ца хаьа, – доцца хадийра стага.
Эццахь юха а йийкира телефон . Мича яхана ца хууш, едда, яйра тхуна тIегIоьртина наб. Мел гинарг а, мел хилларг а дицделла, тап-аьлла Iара массо а. Хетарехь, гIеххьа воьхна, хьацар тоьхна волчух тера дара иза..
– Ахь и телефон схьаоьцу я ца оьцу? – цхьана а кепара харжам ца буьтуш, хаьттира зудчо.
Цунна тIе йирзинчуьра дIа ца йолура иза, бIаьрга тIера бIаьрг ца боккхуш. Кхин дан хIумма а доцуш висинчу стага телефон схьаоьцу, вистхуьлу.
– Алло!..
ТIаккха, жимма собар а дой, тIетуху.
– ХIумма а. Дика ду. Ас юха дIатухур ю хьуна...
Цо шен жима корта юха а озачу белшашна юккъе чуузуш хетаделира суна. Шех бIо ца булуш, юхьIаьржахIоьттинчу меттехь цо и деш хиларх хIинца тийшира со. Цунна хетарехь, иштта къайлаволуш а, дIалечкъаш а вара иза. ГIийла дегочу куьйгашца куй коьрта а тиллина, иза бIаьргашна тIе кхаччалц цо охьатеттича, сан цу хьокъехь мел йолу шеко а дIаелира. Амма цуьнан зуда кIеззиг а холчу ца хIоьттинера. Аз хийцаделлера, куьйгаш а гIийла дего дуьйладеллера.
– Мила вара иза? – хаьттира цо.
– Цхьа накъост вара-кх...


Кхин сов иза вистхила кхиале, юха а йийкира телефон..
– Схьалол цкъа соьга и телефон! – кхиэл кхайкхош санна, хаддош, чIоггIа элира зудчо.
Стаг меттах ца волура. Къора адам санна дIатийна, стигларчу седарчех терра Гуьмсе гIала серлаяьккхина йогучу панарашка хьоьжура иза..
– Схьало соьга телефон.
– Ца ло! – элира стага, шен боллу ницкъ а, майралла а гулйина.
Цу шиннан даьхна а ца Iаш, тхан массеран а синош, екачуьра ца соцуш, карзахдаьхнера телефоно.
– Мила ю иза? .
– Мила? – ца кхета кеп йира стага.


– Мила ю хьоьга телефон еттарг, алалой хьоьга? – гIеххьа мохь белира зудчуьнга.
– Ас хьоьга аьлла-кх, сан накъост ву.
– Со Iовдал ю моьтту хьуна? Моьттий? Ян а ю со Iовдал! Ахь бох-боххург деш, хьо хьеста а хьоьстуш, Iаш йолу... – аз дегийра цуьнан. – Хьайх теша а тешна, сайн цIерачара аьлларг ца дина, еана йолу дела, иштта нийса-м дера ву хьо соьца..
– ХIун дина ас? ХIун боху ахь? – мохь хьакха а дагахь вистхилира стаг. – ДIасаца.
Телефон еттара.
– Ахь схьаоьций и жIаьлеша яарг? – мохь белира зудчун.
– Ца оьцу! – дуьхьал мохь хьаькхира вукхо. – Хьо дIасоций? Нах бу вайга ладоьгIуш.
ХIинца-м, хетарехь, цхьа а хIума бен ца хетара дог даьттIачу зудчунна. Хилла вас а ца лаелла, бIаьрхиш девдира юхь тIехула охьа.
– ЛадогIийтахьа! Хазийтахьа! Суна бен дIа-м ца хета, я эхь ца хета. Хьо ма ву даима а эхь хеташ верг. Вистхила эхь хета, ваха а эхь хета, ван а эхь хета, хьайн гIуллакхе ваха а эхь хета, болх бан а, со кхаба а эхь хета, хьуна массарах а эхь хета. Со хьалха яккха эхь ца хета хьуна. Вижина Iилла а, ас дечиг доккхушехь, эхь дац. ХIинца, кху чохь вайга ладоьгIча, эхь ду? ХIунда? ХIунда ду эхь? Я кхоьру хьо?
Схьаэца и гIоза ма хиларг! Ахь ца эцахь, ас схьаоьцу хьуна и.


Тоха кхин са доцуш, мохь тоьхнна йилхира иза. Меттах а ца довлуш Iара тхо а.
– Пекъар... – элира цхьамма.
– ХIети, хIети... – элира кхин а цхьамма..
– Карара хIума яош, лело а веза хьуна хIара...
– ВаллахIи, БиллахIи яор яцар-кха....
– Миска яI-кх, хьо!..
– ХIей! Собар дейша! ХIинца а и еттарг мила ву а ма ца хаьа...
– Деллахь, хаьа суна м...
– Ткъа важа! ХIумма а йоцург ю...


– Хьалакхоьссича – охьавогIур вац...
– Эхь доцу хIума...
– Ахь схьаоьцу и я ца оьцу? – чIоггIа хаьттира цо.
– Ца оьцу! – болатал а чIагIвелира стаг а.
– Дика ду! ТIакха, ас оьцур ю иза м.
Оцу дешнашца сихха шен куьг стеган кетаран кисана дахийтира цо. Шен ма-хуьллу дуьхьало еш, иза юхаяккха вуьйлира важа. Вовшашка дош аьлла дист ца хуьлуш, тасаделира и шиъ. ХIун хила доллу ца хууш, доьIуш долу са а сацийна, Iара тхо. Шоферна юххера меттигаш дIалаьцна Iаш волу ши стаг а вирзира юха. Шоферна а кестта хиира хIоьттина хьал. Некъ ца гуш, шена хьалха кхозучу куьзгана чухула, тIехьа хуьлучун тидам бан гIерташ, къахьоьгуш вогIура иза. Тийналла хIоьттинера. Машено еш йолу гIовгIа а новкъайолуш, лерса а, бIаьрса а ирдина, Iара тхо. ХIора а, шен-шен меттера айавелла, хьоьжура зудчун а, стеган а юкъаметтиган чаккхе муха хуьлу. Хьалха Iачарах цхьамма машен чуьра чиркх латор а хьахийра.
Эццахь телефон зудчун каракхечира. Цуьнан цIийнда, доккха са а даьккхина, шен гIуллакх Делан кара дIа а делла, гулвелла, шен амалехь корта белшашна юккъе а озийна, кор долчу агIор вирзира. Тхуна юккъерчу зударийн гIеххьа самукъаделира, и гIуллакх зудчун толамца чекхдаьлча. Ткъа божарий, резабоцуш, шабаршка бевлира.


– Алло! – аз ойуш, чIоггIа йистхилира зуда. – Хьо мила ю? Ахь хIун оьшуш еттара телефон.
Жимма ла а доьгIна, юха а оьгIазе аз дегош, элира.
– Со бохий ахь? Со цуьнан зуда ю-кх! Хьо мила ю алал?..
КхидIа тоха са а ца хилла, тIекхетта, оззийна цуьнгара схьаяьккхина телефон, дIа а яйина, шен кисана йиллира цIийнадас.
Некъан бохалла и шиъ дист ца хуьлура, я вовшашка хьажа а ца хьожура. Цхьаъ шен юьхь юьззина оьху бIаьрхиш сеца а деш, шен даккхийчу, мало а ца еш, къахьоьгучу куьйгашка хьоьжура, ткъа важа, хьалха санна, ара бIаьргаш боьгIна, серло къегачу юьртарчу цIенойн корашка а хьоьжуш, вогIура. Цхьа а вист ца хуьлура. Дистхила дог а дацара. Тайп-тайпана ойланаш-м хьийзара коьрте, делахь а дешнаш кхачийнера..
Доккха Iин хIоьттира цу шинна юккъе..


Некъахь тахана сайна гиначун ойла йора ас. Суна къахийтира оцу зудчух. Иза зуда яра. Г1ийла, г1о доцуш, экама..
Соьлжа-ГIала кхачале охьадоьссира и шиъ. Шен мел долу даккхий а, кегий а тIоьрмигаш гулдина, уьш шина а куьйга схьаэцна, оха гIо а деш, дукха хала, хьалха охьайоьссира зуда.
Лекха дегI шалха а диллина, охьатаьIна, шен деха куьйгаш кетаран кисанашка а доьхкина, охьаиккхира жима стаг а. ДIасаоьхучу машенийн серлонаша йоьлхучу зудчун юьхь къагийра. ГIийла лаьттара иза, когаш бухара латта а «лесташ», балано кийра а буьзна, шена хиллачух а ца кхеташ, тхан машенна тIаьхьа а хьоьжуш. Со цунна гуш йолуш санна, жимма хьалаайина, куьг ластийра ас цуьнга, ела а къежира, амма Iаьржачу буьйсанах дIаийра цуьнан аматаш.

Орга №7. 2019. Эл. кеп

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика