РАСУМОВ ВАХА

PDFПечатьE-mail

rasumov

«Харцсапан лай»

Чубузчу малхе а хьоьжуш, ойланашка а ваьлла, лаьттара Аслан. Ша-тайпа хаза, исбаьхьа яра тахана суьйре. Малх а бара, эхь хеттачу стеган юьхь санна, цIийбелла, богуш. Тахана санна, Iаламан терго йина вацара иза хIокху тIаьххьарчу масийтта шарахь. Ватсап юкъаяьлчахьана, ерриге а хан цунна дIаелла, Iаш вара иза. Нанас кIантах «харцсапан лай», – олура. Аслан нанас аьллачунна кхин башха оьгIаз ца воьдура. Цуьнан, оьгIазвахана, Iен а хан яцара, иштта а, ватсап чохь массарна а жоьпаш дала кхууьш вацара иза. Шайна жоп ца делча, ватсап чуьра нах реза ца хуьлура кхунна, цара бехк боккхура: «Хьо тхоьца гергарло дезаш вац?» – олий.


Олхазарийн эшарша мукъаваьккхира Аслан ойланийн йийсарера.


Тахана цкъа а ца хиллачу кепара сахьийзаш, даьхни дайна бежIу санна, дIасауьдуш лелара иза. Интернетан зIе дIаяларх боккха сингаттам хиллера цунна.
Аслан дас-нанас, бераллехь дуьйна цхьа а хIума ца оьшуьйтуш, кхиийна вара. Тилпо юкъаяьлча, уггар хьалха иза а ийцира цара цунна. Тилпо эцча дуьйна, нисса бIостанехьа хийцаделира цуьнан дахар. Де а, буьйса а ца лоруш тилпо тIе пIелг хьоькхуш хуьлура кIант. Тилпо бен цунна гуш хIума дацара. Хан йоццучу хенахь арахь кхерсташ ца лелчхьана, дас-нанас хIума ца олура кIанте.
Аслан хIинцалерачу дахаран стаг вара.


Буьйса юккъе яхча, схьаеара интернетан зIе. Цунах чIогIа самукъадаьллера цуьнан, хIунда аьлча, цо сахиллалц бан безаш «болх» бара. Ватсап чохь шега мел даийтинчу хаттарна жоп дала дезара цуьнан. Кхуьнан накъостий дукха бара, хIара санна, керлачу заманан нах.
Ватсап чохь орца даьккхинера Асланан накъосташа, кхунна хIун хилла ца хууш, шайн сагатдаларна. «Жоп хIунда ца ло ахь? Тхоьгара хIун даьлла?..» – бохуш, хоьттура цара массара а.
– Суна хIумма а ца хилла, са ма гатде, – бохуш, цхьа а ца къастош, жоьпаш делира Аслана шен накъосташна. Кхуьнан жоп шайга дIакхаьчний хоуьйтуш, хIорамма а, хазахетар гойтуш йолу «смайликаш» яхкийтира. Уьш орцахбовлар Асланна тайнера. «Со-м оьшуш хилла, со-м оьшуш хилла!» – бохуш, ша ца хезаш цхьаъ висарна кхоьруш санна, мохь беттара цо… набаро ша лаццалц.
Аслана цкъацкъа нанна ватсапан дика агIонаш юьйцура: хьаьнцца а къамел дан йиш ю, суьрташ д1адахьийта йиш ю… Нана шега ладугIуш йоций хиъча, гIеххьа оьгIаз а воьдий, юха а шен «болх» бан волалора иза.


КIентан тилпоца долчу гергарлонна ша резайоций хоуьйтуш, ЗабиIата олура: «ЗIе дIаяьлла виса хьо!». Цул тIаьхьа ша а елалора, керла сардам Iамийна ас, – олий. Нанас дуьйцург Аслана, коьртан хье ойла ян болабалале, дицдора. Шен бехкенна, коьртан хьега къахьоьгуьйтур долуш вацара иза.
ЗабиIат, дахаро озабезам бина яцахь а, халонаша кIел ца йитира. Хаъал хилчахьана, къахьега Iамийна яра иза. Жимчохь дуьйна кIантана дахаран халонаш ца йовзийтарна, ша бехке хетара цунна. Цхьаъ бен ца хиларна, белхан чам ца бовзуьйтуш, кхиийнера цо иза. Амма тахана тIаьхьа дара кIентан амал хийца…
ЧIогIа бертахь доьзал бара кхеран. Амма, цхьаьнан бIаьрг хилча санна, цIеххьана гучуяьллачу цамгаро бакъдуьненчу дIавигира ЗабиIатан хIусамда. Алхаст кхелхичхьана, цамгаро лаьцна яра иза. Амма, чохь а, арахь а дан дезачунна бIо-м ца къажабора цо, могашалла хьалха санна яцахь а.
Iуьйранна шаьшшинна юуург а кечйина, кIант самаваларе хьоьжуш, кхачанах ца кхеташ, Iаш яра ЗабиIат. Сахиллалц наб ян йиш ца хилла Аслан, делкъехь бен набаран йийсарера ца велира. Кхачанах кхета волалучу кIанта элира:
– Нана, дадин маьхчин зуда дIаяьлла.


– Хьуна мичара хаьа иза? – хаьттира ЗабиIата, кIанта аьллачух цецъяьлла... Иштта забарш ян жима а ву хьо! – аьлла, аз хийцира цо. Шек а воцуш, ненан дешнаш ца хезаш санна, чай молуш Iаш вара Аслан. Юха а хаьттира ЗабиIата:
– Хьо набарха валанза ву, ва кIант, айхьа дуьйцучуьнан ойла йой ахьа?
Чай чохь долу куршка кхин дIа ца хоьцуш, нанна резавоцуш, Аслана жоп делира:
– Вайн гергарчеран ватсап чохь тоба ю тхан, массо а кадам беш вара, со а дIа вистхилла.
КIентан дешнаша дегIера гIора дIа а даьккхина, Iадийча санна, лаьттара ЗабиIат. Жимма ша меттаеача:
– Дала гечдойла цунна, ма дика адам дара иза! – элира, бIаьргех даьлла хи дIа а доккхуш, ЗабиIата.
Цул тIаьхьа:
– Тезета муха гIур яра-техьа, могашалла а яц гена некъ бан, хIун дийр дара-техьа? – бохуш, ша-шега хаттарш дан елира иза…
– Нана, – элира, тилпо кегош волчу кIанта.
– Ас санна, ватсап чохь кадам бан ца мега ахь?


– Хьо дIа а гуш, къамел дан йиш ю хьуна ватсап чохь.
– Хаза а хир яра со, тилпо чохь кадам беш! – элира ЗабиIата, бIаьргех Iена хиш дIа а дохуш.
– ЭхI, маржа яI! Ма хийцаелла зама, ма яйна тIаьхье ю-кха хIинца ерг, – аьлла, елхаран къурдаш дира цо.
ЗабиIат ехха Iийра, ша-шега хаттарш деш, кIанта аьллачунна жоп ца луш. Эххар а, кхин шен дан хIума ца хилча, резахилира иза. Кадам а бина, шена тIера бехк дIабаларна йоккхаечу ЗабиIата элира:
– «Харцсап-м» дика хIума хилла.
– Ас дуьйцучунга ахь ла-м ца дугIура, – бохуш, тилпо чохь цхьаъ язъеш воллура Аслан.
Тилпо чохь кадам дуьххьара бинера ЗабиIата, цунна хала дара тезетан Iадат хийца. Кегийчеран хIун бехк бу, со а иштта хилча?! – аьлла, басана хийцаелира иза. Нахана дIахезча а эхь ма ду хIара-м. Машенахь йигийта ца мегара ас со? Ас динарг!.. И хаттарш, хIора элп къастош, юх-юха дора цо ша-шега. Ша динчо, деана вуон а дицдинера цунна.
«Иштта, бехказлонаш а лоьхуш, дайдо-кх вай деана вуон, хийрадоккху гергарло. Тилпоний буй-те бехк? Я адам Iесадаьлла-те?» – бохуш, ойланаша хьийзош, ехха Iийра иза луларчу Маржана шен маьхьарца ойланаш къахкаяллалц.

Орга №7. 2019. Эл.кеп

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика