АЛИЕВ МОХЬМАД

PDFПечатьE-mail

 alievm

ТIаьхьадисна кехат

«Во Азман! Чохь юй хьо?» – бохуш, мохь беттара поштан белхалочо. Азман чуьра ара ца яьлча, ша-шега: «Кха тIехь хила а тарло. Суьйрана цIа еъча, карор ду цунна. Салманан хьаькамашкара долчух тера ду хIара», – аьлла, кхидIа а шен кехаташ, газеташ дIасадекъа яхара Селита, тIехь доккха мухIар долу тIамера деана кехат АзманагIеран кертал дехьа а кхоьссина.
Селитас керта кхоьссина кехат, гина стаг а воцуш, лораза дайра. Я кхин цул тIаьхьа Салманах хабар, я кехат дохьуш цхьа а ца веара. Бакъду, и вайна, карош а вац, аьлла, кехат-м деара. Иза юхадахара, цуьнан да ца карийна. Къам махках даьккхинера.


Сибрехара шаьш цIа даьхкича, ХIарон СалманагIеран керта кхелхира. ХIаронал юххера стаг вацара оцу кертан доладан. Ден вешех йисна Азман а йоцуш яра. Салманах хилларг а хууш дацара. ДIа а оьзна, кхин цIенош дира цо шена цу кертахь. Церан цIенош, дIа ца дохуш, дитира ХIарона, Салман цIа вагIахь а, аьлла. Ишттаниг а нислора.
Сарралц трактор тIехь колхозан аренаш аьхна цIа веана ХIарон, уьйтIахь шен кIентан кIант а гина, и хьаста вуьйлира:
ХIарона кIеда-мерза хаьттира кIанте: «Дадин кIант хIун деш ву? Хьажийтал, воккха хиллий?!» – бохуш. КIант хьоьстучу ХIарона, цуьнан карахь хено маждина кехат а гина, цецваьлла:
«Хьажийтахьа, хIара хIун кехат ду хьоьгахь дерг?» – аьлла, хаьттира. Ден дас шегара кехат схьаэцча, пурхенна буха пIелг а хьажийна, халла мотт буьйцучу кIанта шена и цу бухахь карийний хаийтира.
Лаьттах айделла цIенойн дохалла пурхе дара. И кехат цу буха муха, маца кхаьчна ца хаьара кхунна. Салманан хьаькамаша I942-чу шеран 2I сентабрехь яздина хиллера и кехат, дика кIант кхиорна дена-нанна баркалла олуш.


ШолгIачу дийнахь, и кехат а эцна комиссариате воьдуш ХIарон а волуш, кетIахь хиъна Iара Селита. Цуьнга хьал-де а хаьттина тIехволуш, цхьаъ дагадеана, сецира иза.
– Селита, тахана АзманагIеран пурхе кIелахь хIара кехат карийна тхуна. Ахь деанерий-те хIара? – аьлла, хаьттира ХIарона. Ша цкъа мацах деана кехат а девзина, Селитас дийцира: «Со Азман йолчу и кехат дIадала яханера. И цIахь а ца хилла, со и уьйтIа а кхоьссина, дIаяхара. Со дIаяхана дукха хан ялале чIогIа мох белира. Цу махо пурхе кIел даьхьна хилла хир ду хьуна хIара. Бакъду, и кехат деана Азмане элира ас. Цо и лехнера. Цунна ца карийча, охашимма а лийхира. Ца карийра тхойшинна. Хьажахьа, ткъе кхаа шарахь цу пурхе кIелахь Iиллина-кх хIара! Салмане санна, кху кехате сатуьйсуш дIаяхар-кха Азман. Вай Казахстанехь долуш хийлазза соьга олура цо: «Маржа Селита-яI, хIун хилла-те цу ахь деанчу кехат тIехь, мича дахара-те и, хIун дохьуш деана хилла-те и?» – олий. ЦIаерза доьгIна ца хилла-кх Азманна. ХIарон, ма дукха хан яьлла цул тIаьхьа. ТIом чекхбаьлла, вай дохийначуьра цIа а даьхкина, тахана карий-кха хIара кехат!»
– Дера, Селита, ишта-м ду иза, – аьлла, гIайгIане дIавахара ХIарон.
ХIарона деанчу кехатна комиссариато таллам бира. Лар а йоцуш байначарна юкъахь волу Салман дIавоьллина меттиг а карийра: Орловская область, Андреевка юрт. Цуьнца тIом бинчу накъостийн тешалло гIо дира бакъдерг меттахIотто. Цуьнан мидалш, орденаш Iедало схьаелира, бух кара а бина. Юьртан юккъерчу урамна Салманан цIе а тиллира, и кехат ишколера музей чу дIа а диллира.


Салманах дерг ма-дарра хаъалц ХIарон ца сецира. Комиссариато гIо а деш, цуьнан коша тIе а вахара иза. Винчу юьртара латта а даьхьна, цуьнан кошан борза тIе и латта а доьхкира ХIарона.
Андреевка юьртарчу наха гонаха керт йина, Iалашдеш дара Салманан, цуьнан накъостийн а кешнаш. Буьххьехь седа а, тIехь язйина цIерш а йолуш лекха чурт лаьттара. Цу тIехь яздина дара: хIорш белла I944-чу шеран 22-чу февралехь. И йоза дешча, ХIаронан ойла кхоллаелира: «ХIорш, тIамехь хIумма а ца хууш, леш хилла, ткъа цIахь, мехкан мостагIий бу бохуш, къаьмнаш махках а дохуш, хьийзош, хIаллакдеш хилла». ТIаккха, юха цо ша-шега элира: «Хьо веллачу шолгIачу дийнахь махках даьккхина хьан къам тахана юхадендала гIерташ ду хьуна, Салман» И шен кхоллаелла дог-ойла цхьангге хьахо-м ца хIоьттира и. Лакха коьрттехь яздина дара: «Гварди капитан Дакашев Салман Саламович».
Луьра, мостагIчо кхайкхоза болийна тIом бара дIабоьдуш. Воккха а, жима а вара цу тIаме ваха лаам болуш. Салман масийттазза а веара эскаран комиссариате шен лаамехь тIаме ваха.
Ненан цхьаъ бена вацара хIара. ХIоразза а кхунна тIаьхьайолура Азман: «Салман, сан хьо цхьаъ бен а вац. ТIехь да а воцуш, ас хала кхиийнера-кх хьо. Хьуо тIекхайккхалц, са ма даахьа церан», – бохуш. Амма кIант, шениг а дитина, ца Iара. Цо олура: «Нана, сан накъостий тIаме дIаоьхуш бу, хьан цхьаъ бен вацара аьлла, кIилло санна, Iен веза-те со?»
Тахана а, Iуьйрре схьавеана, комиссариатан неI ларъеш вара Салман. Делкъана чукхайкхира. Чу ма веллинехь эпсарна вевзира Салман.


– Хьо юха а схьакхечи? – элира цо, вела а луш.
– Схьакхечи со-м. Юха а вогIур ма ву, ахь со дIахьажаваллалц! – элира, Салмана, и санна вела а луш.
– Дан мукъане а маса шо ду хьан?
– БерхIитта кхача кхо бутт бу-кха, – аьлла, жоп делира Салмана.
– Цу кхаа баттахь са ца тохало хьоьга?
–Ткъа хьуна хIун хуьлу, и кхо бутт хьеха а ца беш, со дIахьажийча? – аьлла, велакъежира Салман, и воккха хиларна ша йийриг забар юй хаийта. ГIад а вахна, вовшах куьйгаш а тухуш, велавелира эпсар.
– Хьайн лаам бовзуьйтуш, кехат язде!
– ХIун аьлла язде ас?
– Вай, тIаме ваха лууш вац хьо?!
– Ву… аьлла, кехат язда кечвелира кIант. ТIаккха, эпсаро хьеха а хьоьхуш, Салмана шен лаам бовзуьйтуш кехат яздира.
Цу дагалацемашца, вела а къежаш, ша вижинчу боьрахь, ижуна тебна экха санна, мостагIчунна тебна Iаш волу Салман, дIатийра.


Шийла яра, гоьллелц ло диллира хьалхарчу буса. Лаьцна йийсар вало Салман шен накъосташца кхуза веана шолгIа буьйса яра. ХIара дика лорура накъосташа, хьаькамаша а. Кхуьнца цхьаьна цхьа нохчо, ши гIалгIай вара. Салман разведдекъан командир вара. Жима велахь а, хьекъале, каде, меттиган дика эс дан хууш ву аьлла, хIоттийнера хIара командир.
Ша волу меттиг ца къастийта, шена тIе ло а хьаькхна, некъ а ларбеш, Даймахках а, ненан юьхь-сибатах а ойлаеш Iачу Салманна машенийн гIовгIа хезира. «Юххе кхаччалц ма тохалаш!» – аьлла, шен тобанна омра а дина, ладогIа хIоьттира кIант. Шиъ матцикал, царна тIаьхьа йогIуш жима машен, пхи тIеман машен яра йогIуш. Кхарна оьшург дара иза.
«ТIетоха!», – аьлла, омра дира Салмана. Гранаташ кхиссина, тIаккха герзаш тIуьйхира кхара. Пхи-ялх минотехь чекхбелира и луьра тIом. МостагIий хуьлучух кхета а ца кхиира. Белла Iохкура немцой. Дийна хIума дан а дуй-те кху хьуьнчохь аьлла, тийналла хIоьттира цхьана минотана. ТIаккха, тIехьаьлхинчу кхарах цхьаболчара машенна гобира, ткъа вуьйш хIорш ларбан хIиттира. Салман, машенан неI а йиллина, чухьаьжча, кхеравелла вега а веш, немцойн воккха эпсар вара цхьана сона дIа а тебна, куьйгах дIатесна кехаташ чохь долу тIоьрмиг а болуш. Халла буьйцучу оьрсийн маттахь, ша ма вехьара бохуш, дехарш дора цо. Оззийна и эпсар машенна чуьра ара а ваьккхина, кхин некъахьовзам ца хуьлуш, шаьш туп тоьхначу схьакхечира хIорш.
Шаьш валийна эпсар дIа а велла, динарг дерриг хьаькамна дIа а довзийтина, садаIа вахара Салман. ШолгIачу Iуьйранна, набархавала гIертачу кхунна:
– Дакашев, Дакашев! – бохуш, шега цхьаъ кхойкхуш хезира.


– ХIун боху ахь? – аьлла, жоп делира кхуо.
–Хьоьга сихха командиро схьавола боху! – аьлла, веанарг дIавахара.
Сихха шен барзакъ тIе а дуьйхина, командир волчу вахара Салман. Чохь шиъ инарла а, кхин эпсарш а бара. Чуван пурба а дехна, ша чоьхьа ма веллинехь, воьхна-а, дIасахьежа велира Салман. Оццул баккхийн хьаькамаш цунна цкъа а гина бацара. ХIоьттина тийналла а йохош, инарло хаьттира:
– ХIара ву вайн турпалхо?
Хьажийтал хьайга со дикка, – аьлла, тIе а веана, Салманан белш тIе куьг а диллина, цо элира:
– Сан кIант, ахь валийна и немцойн полковник, цуьнгара кехаташ чIогIа мехала ду. Баркалла хьуна! Салмана, дегI а нисдеш, дIахIоьттина: «Ас гIуллакхдо СССР-на!»
– Ас тахана омрана буха куьг яздина, хьуна лейтенант дарж а. ЦIечу седанан орден яла а. Хьан накъостий а биц ца бина хьуна ас. Цул тIаьхьа, паргIат хила Салманна пурба делира цо.
Шаьш валийна и немцойн полковник мел мехала хилла шен накъосташна а хаийтина, маьнги тIе дIа а тевжина, ойланашка вахара и нохчийн майра кIант.
Даима а цхьаьна хуьлура Салман нохчийн кIантаца Iийсаца, гIалгIашца Мусаца, Адамца а. ЦIе йоккхуш, майра тIемалой бара хIорш. Кхалхар а хилира церан цхьана буса, цхьана меттехь немцошца хиллачу луьрачу тIамахь. Кхеран тIеман накъосташа цхьана коша дIа а боьхкира хIорш.
Цул тIаьхьа ткъе кхо шо даьлча, гучуелира цу майрачу нохчийн кIентан лар.
ХIарона, дIа ца дохош, тодина, цуьнан безамна дитира цIенош. Салманан доккха сурт цIийнан баьрччехь дIаоьллира цо.
Ткъа цIенош-м латта дисира, ненан сатийсаман йовхо дIа ца йолуш, цкъа а вогIурвоцчу кIанте хьежа.

Орга №7. 2019. Эл. кеп

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика