АБДУЛАЕВ ЛЕЧА

PDFПечатьE-mail

1679

 

ДегIаста

 

***

Лелашшехь, хIинц-хIинца йолийна бохуш,
Чухьаьжча, бух гуш ю оьмаран кхаба.
Хетарехь, кхабанан бух хилла болуш, –
Кхин бахьна дацар-кх, сел сиха кхачо.

Доладал ца хуьлу мел деха де а.
Ерзаял ца хуьлу мел еха буьйса.
Хетарехь, гIунан тIам дIахецабелла…
Хетарехь, схьалаца эрна сатуьйсу…

***
Вай атта дIадулу диканах,
Моьтту, вай хьакъ дина, догIу.
Ур-аттал, хаза гIан декхалахь,
И вешан хьаьрчинчу декхарна
Схьаелла ял яц-кха бохург
Кхин дIора дага ца догIу.

Со оццул тилла вац, диканиг.
Дуьненахь вай дац-кха туьканахь,
Мах белча, деззарг схьалучу.
Кхин ала шена кхин гучо.

Дог кийча ца хилча вуонна,
Диканах ца хуьлу кхаъ а.
Аьхка луо ца эшна суна.
Iай заза хир доций а хаьа.

ДегIаста

I
Геннара хьоьгара хьал хетта гIуо со?
Уллера… са малхадала ца доллу.
Хьайн ойла ма-лаьтта яха хьо гIоза.
Сайчуьнга хьаьжна хьо яха ца йоллу.

Мацца а хир аьлла, тийса са доцуш,
Тийсина, тийсина, са а чекхдаьлла.
БIаьрг а ца боьлху, кхин леша хи доцуш,
Дог а ца лозу кхин – чIагIделла даьлла.

Динара восса со, хьоьца гIаш лела?
ГIаш а ма мегара, букъ нийсса мегча.
Букъ кегбан дезар ю-кх йоккхачех гIело.
Хьуна-м и ца тоьа, гора ца эгча…

2
Хьайна дагадогIург ахь ца дуьйцу.
Сан хетарех хIара дуьне ца теша.
Цуьнга хаттахь, хьо ю когайоьдуш,
Ткъа сох доьлла эзар-эзар бIешо.

Эзар-эзар, эзар-эзар бIешо…
ХIун идийна, хIун лелийна вайша?
Я ахь соьга хьо ма-ярра йийца.
Я, сан шераш, шу мукъне IадIейша!

Сан гIенашна бIешерийн дой терса,
Уьншарера хилларг-лелларг хьегIа.
Иштта холчохь хир ю-кх кхерах йина
Кхеран иэс шен даза кхеран пхьегIа.

***
ХIан-хIа, керташ езаш вац со,
Амма хила деза ден цIа.
Дозанаш ца деза суна,
Амма хила беза Даймохк.
– Хьенех! – аьлла, йоккху шен цIе
Хьарам ю шен Даймохк боцчун.
Пачхьалкхаша хIуъа йийцарх,
Даймохк бац шен меттан боцург.

Кху дуьненан массо маттахь
Хьаьгна ву со илли ала,
Амма вац со реза такха
Ненан боцчу меттан гIуда…
Ненан боцу
Мотт ца хаа
Маршо йоцург
ГIийла буо ду.

***
«Хьекъийла!» – олуш а хуьлу.
«Ирс долуш хуьлда хьан!» – олу
Ламаст ду иштта вайн нехан
Вовшашца тIекаредовлуш.

Герзо чов йина стаг хилча:
«Чов декъалйойла хьан!» – олу.
Матто яхь, чов а ца хета,
Деган чов ца гуш, тIехбовлу.

ГIайгIа а, цамгар а ца хета.
«Маршалла дойла!» – ца олу.
Гора-яI, дилхан дог, вайша!..
Со-м хьо дIадаккхийта воллу…

***
Цу мехкан Хьерашца къийсар бу белам.
Цул боккха белам бу
Дон Кихот – хьархо,
Дин, гIагI а дицдина, ворданахь лела…
Хьаъа бахахь а, ахь и ма делахь.

Шера ду кху нехан силаман некъаш.
Чехка ю конканаш, коча бу безарш.
Амма вай ма дойла-кх кху хено декъал,
Ойланаш гIашъяьхна, хила вай дезахь.

Джахилшна юккъехь а лардо
шен хьекъал,
Ца дицдо, джахилшна ца оьшу, олий.
Осалчу нахана ца оьшу, олий,
Къонах а ца вуху шен кхожа-декъах.

***
Ма дIатийна урам-некъаш,
Хьевелла цIа вогIург воцуш;
Хилча санна массо декъал,
Кхин ца оьшуш вовшийн орца.

Ма дIадайъи наха стогарш,
Ма дIабийши, боцуш санна, –
Дуьра диънарг воцуш хьогах,
Делха бер а доцуш нанна.

ХIай, лулахо, йовхарш яй а,
Со цхьа-а воций, хаийтахьа.
Со хир хьуна, наб а яйна,
Хьо цхьа-а висна буьйса ягIахь.

Бахьна доцу гIайгIа еъча,
Яхло шенна юьсу буьйса.
Бахьна доцу гIайгIа еъча,
Кошахь санна, цхьалха вуьсу!..

Дехко еччул гIовгIа яй а, –
Жимма само ехьа хIинцца.
Хала дац ахь сан дог айъа:
Тоьа – лулахь хьо вуй хиъча.

***
Ца велха – хуьлу цхьа велар.
Лазам мел хили а чIогIа,
МоттаргIах тарлахь хьан велхар,
Веларна – йоккха ял йогIу.

Ца елха – йийлина хилла
Хьо, гуьйре, хIара де кхаччалц.
ХIинца хьайн ворхIе а стигал
Йилли ахь… БIаьрхиш-м дац кхачош.

Ирс-яI хьан, ницкъ тоьъна елха!
ХIай гуьйре, хьо-м паргIатъели.
Сан деза кхин а дIалело
Сайн бIаьрхих дуьззина велар.


***
Дог, хьо хьулдан гIертар эрна деца
И хьайн тийна, гIийла назманаш.
ХIара дуьне дукха мел а деза, –
Дукха бевза дегаэшамаш.

Декъал муха хила веза хиънарг
Цкъа а декъалхилла дIагIур вац.
Цунна делхахь, делхийтахьа илли,
Цунна хилахь, хилийтахьа вас.

Амма уггар гIийлачо ирс ларрал,
Ирс ду лаьттахь хIора стеган а –
И ду Даймохк олу сийлахь латта,
И ду Ден кхерч олу сийлахь цIа.

И ял еца, бицбан массо эшам,
Эккхо массо ойла, гIайгIане…
Со дуьнене эзар бIаьрга хьежна,
Цхьана дагах хьежна Даймахке.

1982 ш.

***
Аьрзун кхаж бу маршо,
Амма аьрзу дац и,
Тесна сийна Iаьршаш1,
Бохбан бен шен бацахь.

Хи тIехь нека хьекхарх,
Бакъ дац хIордан кема,
Шен дог, каралаьцна,
Дохдан берд шен бацахь.

Кху дуьнен тIе ваьлларг
Лорург-м хир ваьхна,
Амма вехаш хила, –
Тоьий дийна хилар?!

Кху дуьненан кийрахь
Стагна, вехаш хила,
Деган марахь къийла
Даймохк оьшу сийлахь.

Стагна Даймохк беза,
Цуьнан ши де лара:
Хилахь той я тезет,
Бала кхочург вала.

1984 ш.

Дечигпондар

Дай,
наний,
сой –
кхо мерз бу пондаран сан.
ЦIай,
урддий,
неккъий –
кхо мерз бу пондаран сан.
ВоIIий,
ваший,
хьаший –
кхо мерз бу пондаран сан.
Цу кхаа мерзаца аьллехь,
илли ду Даймахках сан.

1981 ш.

***
Херехь бен хуур дац дезачун хама.
Ас айса зийна и, къаста ду хала:
Дуьненна бIарзвелла, гIаггIъаьлла велххал,
Дезачух хаьдда, со догъэшна лелла.

Даймохк, хьо езар яц, хабарца хьеста.
Суна ца хиъна хьо, дош хоьржуш, хесто,
Амма со кхетта, сайн дог-ойла йоьшуш:
Хьан хама хаа, – хьох къаста ца оьшу.

1979 ш.

Шаьлтий, боттий

Хьалха ботт а йина,
ца йиний кхин шаьлта!
Шаьлта хьалха яьлла,
ткъа ботт шолгIа хилла…
Шаьлта йинарг билггал
хилла дохковаьлла.

1983 ш.

Нохчийчоь

Цкъа мацах мацалло бакъийча кийра,
Бепиган юьхкехь сайн ирсан васт1 гира.
Висира хьогалла церган хи лекъна, –
Хин къурд – и хиллера сан илли лекха.
СадоьIу хIуо эшна, дахарх догдуьллуш,
Кхийтира, хIаваъ – и дерриг а дуйла.

Иштта ду, Нохчийчоь, хьуна тIевар сан.
Вахара хьо йоцчохь ирс лохур аьлла.
Амма ца кхетара бепигах чам сан,
Хи а ца тоьара, хьогалла яйъа,
ХIаваъ а дацара, сан кийра Iабо.
Цхьа илли дара сан доллучух ала:
«Нохчийчоь ца тоьа суна!
Нохчийчоь, хьо оьшу суна!!
Нохчийчоь, хьо еза суна!!!»

Карийра и илли,
бIаьрхишна хиъча,
хьо дуйла
сан бепиг,
сан хIаваъ
хи а…

1980 ш.

И Р С
1
Ирс – акха кха,
вогIу-воьдург воцу;
цхьаннах а йоцу ойла;
йилбазбIаьравахар;
бIаьрг я ойла хьакхаялаза,
къа я мел а бовзаза –
къайленан бер…
И ду аьлла а,
дац аьлла а, –
цхьатерра тида
йиш ю.
Цундела ас туьду:
– Долуш ду ирс!

2
Ирс, хьо ду чам мерза чагIар ,
Ткъа сан дог – и вайна ваьлла
Маларча – хьоьгахьа ваьлла.

ДIамолуш чам мерза хета,
Ткъа хьан кеп яйяла йоьлча,
Сан дагна ша-шех эхьхета.

Делахь, и дайна ца даьлла-кх –
И сан дог – хастам бу Далла! –
Ирс осал хеттал и дисна.

3
Ирс дукха дуьйций те вайша?..
ЭхI, дукха дарий сатийсинарг-м!
Амма ца баьхна вай: «Лойша!»
РогIехь кхаж-дакъа ца къийсина.

Тарделча, езнера йовхо-м,
Тарделча, массаьрца – мерза цхьа!
Амма син сибат ца дохош,
Чекхваьлла, иштта дIаверза цкъа.
Тарделча…
Ткъа тарлуш дацахь
(Доьдучу хина и ма хаьа-кх!), –
Кхин сецар дош доцчу далахь,
Цхьа товш и болар хир –
ДIАВАХАР…

1985 ш.

***
Ларвехьа, дикниг, со цу нехан бIаьргех,
Ахь царна бахьна ма лохьа сох кхарда.
Седарчех схьакъеста беттан сурт санна,
Массарлахь хьо сина сирла схьагарна,
Миччахь а, мацца а, милла а волчохь
Сан бIаьргаш, хьо лохий, хьуна тIехь совцу,
Лерса а сихло ахь доьIу са лаца.
Осала лору стаг, собаре вацахь, –
Ахь тIаккха ларвехьа со нехан бIаьргех,
Ахь царна бахьна ма лохьа сох кхарда:
ТIаьххьара яла, со дIавоьдуш, ара,
ЦIа вогIуш, дуьхьал а тIаьххьара яла.


1978 ш.

***
Со тIаьхь-тIаьхьа велха тIера вац.
Велар а дац, хьалха санна, зевне.
Амма сан сих ма кхетийла харц.
Ма моьттийла, тийна деган эвнаш.

Ма моьттийла, дезна даьлла дог,
Кхин дика я вуо а тIе ца оьцуш.
ДуьххьалдIа ас бIаьрхиш кхоадо,
Уьш кхачийна, бIарзваларна кхоьруш.

1991 ш.

***

Садулаев Iабдуллина

Хьо безарх тера бу бераллах сан дагалецам:
Хьо беза цхьа иштта гIайгIане, цхьа иштта мерза.
Хьо ю-кха суна ас лелаен дикачу ден цIе,
Уггаре аьхна и куьйгаш ду – куьйгаш сан ненан.

Адаман цIе ю сан, со долу дела хьан дакъалг1 .
Сан когаш бухара хьан аьхна латта дIадалахь,

Есаллехь вуьсур ву, дуьненахь, эхартахь воцуш,
Некъ тилла мох хилла, – кху Лаьттахь цхьанхьара а боцу.

Хьо безар тера ду, гIелвелча, кхетачу набарх.
Хьо безар тера ду, къанвелча, йовхонах хьагарх.
Хьо суна дерриг ду – дуьненахь со сийлахь мел верг.
Ас ирсах къурд бинехь, хьан канашкара и мелла.

Хьо суна дерриг ду. Сан са ду хьан хих, хьан лаьттах.
«Даймохк» – цхьа цIердош ду, сан даг чохь дийна цIе латторг,
Шен метта хIоттадан сан цхьа а цIерметдош доцу…
Хьох ваьлла сан дахар – хьажар ду, йоIбIаьргаш доцу.

1983 ш.

1 Жима да́къа.

Орга №7. 2019. Эл. кеп.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика