БЕЧУРКАЕВ IАЬРБИ

PDFПечатьE-mail

Бексултанов Мусан

прозин башхалла

 

Муса суна вевза дикка хан ю. Дуьххьара суна и гира ХХ-чу бIешеран 70-чу шерашкахь «Пхьармат» цIе йолчу къоначу яздархойн цхьаьнакхетаран кхеташонехь. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан юкъараIойлехь (Минуткехь хилла йолчу) рогIерчу кхеташонехь Муса ша яздина дийцар доьшуш вара. Чохь тийна дара. Массо а леррина ладугIуш вара. Дийцар дешна велира Муса. Дукхахболчара лаккхара мах хадийра дийцаран, хастаме дешнаш а олуш. Кхечара а дийшира шайн дийцарш а, байташ а. Мусан дийцар доца делахь а, дагах кхеташ, ойла йойтуш, геннарчу ширалле вуьгуш дара. Ас сайн дагахь цIе тиллира цунна, «Нохчийн Чехов» аьлла.

Цу тIехь со галваьлла а ца хиллера. Мусас яздина дийцарш: «Дика ду-кх хьо волуш», «Тишъелла кетар», «Хьалхара парта», «Бохь боцу бIаьвнаш», «ТоргIа», «Басмин коч», «Таксист а, чаккхе а», «Кхоллам», уьш санна йолу говзарш а, цхьана а яздархочух тарвала ца гIерташ, язйина. Цуьнан шен йозанан хатI, шен философи, заманан хьелашка хьежар шен башхалла йолуш ду. Еша атта а ю уьш. Аламаш дукха бакхий а бац, шайн хатI ду цхьаннах а тера доцу. Вайн цIеяхханчу яздархойх цхьаболчара, Л.Н. Толстойс санна, аламаш бакхий хIиттабо шайн произведенешкахь, цундела уьш еша а, царах кхета а хала хуьлу.


Масална балор вай «ГIала еса хIунда яц тахана?» дийцарера масех алам:
« Кхуо цкъа а къамел ца динера цуьнца. Кхунна иза дукха хенахь дуьйна евзара. Иза сих-сиха гора кхунна. Цул тIаьхьа кхуо зуда ялийра. Иза-м кхунна тIаккха а гора».
Дийцаршкахь нислучу ширделлачу дешнийн маьIна довза хало ду. Дика хир дара, церан маьIна авторо я редакторо довзийтича. Масал далор вай.
«Лулахой, ненадай, гIовх букъ а тухий, IиндагIехь Iа, шийлачу тIулгаш тIехь.
Кхуьнан топ кхетта говррий, гIонжакъах бихкина маший, тIаьхьадаьллачу орцанна кара а боьдуш, кхунна шен да дагавогIу, уьш караяхча,– шаьш йохьучу хIонцаца кIелхьарабовлу хIорш юха а.


Цуьнан когахь, бокказ санна, кIедачу хIуманан бертигаш йолу Iаьржа мачаш яра, лекха кIажа а болуш».
Мусас чIогIа говза гойту нохчийн Iер-дахаран сурт, аламашкахь дустар а далош.
Бабас наштаран боги чохь ахьар а хьакхадой, боги юккъе, жима бIов еш, ирахIоттабора бод. ТIаккха, куьйгаца дакъош а дохуш (наггахь куьг хила а Iуттуш) галнаш йора. Уьш нийсса ирахIиттайора богин горгачу бистаца, гуобаьккхина ши-кхо могIа беш.
Йогучу аьчкан пешан гIовгIа а хезара цхьаьнаэшшара. Мехкдаьттан лампа а йогура корахь. Кор жима дара, чIепалг санна горга, цхьа бIаьрга боцуш.
Боршам хьаькхначу цIенкъа юккъехь ножан бIогIам лаьттара, тхевна юккъехула схьадогIу дукъо чу а саттийна. Тхов лоха бара. Пешана лакхуо дуьмеш кхозура, дакъалуш. Уьш ношделлачу хьечийн басе дирзинера. Царах сих-сиха цхьацца тIадам бужура пеша тIе. ТIаккха, «чIаж-ж» деш, даьттан цинцаш кхиссалора цIийеллачу экъан тIехь».
Мусан мотт Iаламат хьал долуш, говза а бу.


Цуьнан маттана беркате тIеIаткъам баккхийчеран къамелаша бина хилар хаало. Цу декъехь дукха хIума схьаэцна цо шен дегара. Доьзалехь шен ден хиллачу юкъаметтигах а, цо вайнехан гIиллакхаш довзуьйтуш дийцинчу ширачу дийцарех а дика дуьйцу Мусас. Ден хьекъалечу къамелаша Iамавора вовшашка лерам бан, вовшийн терго ян, вовшех марзо эца. Вайн дайша шайца эвхьазабохуш ца хилла шайн доьзалш. Кхиънаваьлла кIант дена хьалха охьахууш ца хилла, цуьнца охьахиъна хIума юуш а. Ишттачу хьолехь хьалакхиъна доьзал нохчалла, бусалбалла, гIиллакх-гIуллакх долуш, оьзда хьалакхуьуш хилла.
Царах цхьаъ ву вай вуьйцу автор а. Ас итт шарахь куьйгалладинчу естественно-математически гимназехь дешна Мусан бераша. ГIиллакхе, ийманехь бераш а, оьзда хIусамнана а ю цуьнан.


Ша похIма долу яздархо хилла ца Iаш, яздархойн говзаршна говза критика а, анализ а ян хууш ву Муса. «Сатийсаман доIа» цIе йолчу статьяхь цо маьIна деш, толлу Мохьмад-Салахь Гадаевн масех байт: «Даймахке сатийсар», «Дарта», «ЦIен берд». Оцу байтийн философски маьIна, мехала агIонаш, яздаран шатайпа хатI хилар билгалдоккху Мусас.
I970-чу шерашкахь Мохьмад-Салахьан зорбатоьхна цхьа а произведени яцара, амма халкъалахь цуьнан цIе а йоккхура, цуьнан байташ: «ЦIен берд», «Дарта», «Маршалла», «Даймахке сатийсар», кар-кара а луш, йоьшура наха. Оцу байтех иштта яздо Мусас: «Уьш, боккъал а, дуьненан поэзин меха стихаш а яра. (Мохьмад-Салахьах гений олучара цу бухе йохкурш уьш а йолуш) цхьаццаяьккхича а, цхьаьна хилча а бен-башха а доцуш. Суна гIолехь я поэзин лаккхарчу тIегIанехь хьалхара шиъ хетара: «Даймахке сатийсар», «ЦIен берд». Цу шиннах лакхене «ЦIен берд» ю а мотталуш. «ЦIен бердаца» дайна ирс дара, дегаIийжамаш, барам боцу гIайгIа, бераллин марзонаш, байттамал, дахаран Iодикаяр, авторан тIаьххьара дIабузучу маьлхан цхьа сирла зIаьнар а. И ши стих тоьар яра, Гадаевна езачех еза Поэт боху сийлахь цIе тилла. Тахана вай баккхий поэташ лоруш болу (зорбане йийлина иттанаш сборникаш а йолуш) стихаш язъеш болу нах Гадаевн «ЦIен бердан» цхьана могIане а ца кхочура.


Iожалло Iехаво, оьций дIахьой,
Ял йоцуш вирзинарг, лар йоцуш вов.
Уьйрашна вицвелчахь, Далла а вицлой,
Базло, бах, лахьти чохь упханан тхов…
Байракх а йина, лелош йолу цхьаболчу авторийн «еза» стихаш а яра еккъа цIена лозунгаш, поэзин цхьа зирх а боцуш шайца, Мохьмад-Салахьан уггар гIийлачу стихан меха а йоцуш.
Поэзин маьIна а деш, штта дош олу Мусас: «… Поэзи – хьашт делахь – хьаргIан тIам санна, ира, мас санна яйн, мукъам санна даг чу юьжуш, ойла Iадош, яржош, ойла кхарстош, ойланах кескаш йохуш хила еза. Поэзин дустарш а хила деза иштта, деган карзахалло стигал, оззийна, лаьттан берте а ялош…
Дешархочун ойла гIаттош йоцу произведени ала хIума доцчу яздархочо язйина ю. Гадаев царех вац. Цуьнан ойланаша Iадаво:

… Малх, бегош, хьулбели
РегIахь.
Меллаша маьркIаже
ТIеязъели.
КIоргаллехь,
Бух боцчу сийначу текхахь,
Дуьххьара седа а
Белабели…


Дагах кхеташ, чулацаме дешнаш олу Мусас шен «Къонахчун Iожалла» статьяхь нохчийн гIараваьллачу поэтах Мамакаев Мохьмадах: «Цхьа а хало а, бала а ланза, атта дууш я молуш, паргIат вехачу хьан цIеххьана цхьа баланаш лайна, халонашка къар ца луш, «дог диълар детташ», ваьхна къонаха хьайн бIаьрга гича я дуьйцуш хезча цунах, – пхенашкара цIий соцу-кх, деган – хIума гIора а еш…
ТIаккха дешнаш, назманаш, цу къаьхьачу къематах цара дитина оьзда гIиллакхаш а…
Шуьга ду маршалла, хьомсара накъостий.
Дехийла, ирс хуьлда, IадIелаш шу, ховший.
Шун оьзда гIиллакхаш – Даймехкан безам бу.
Барт болуш гулдалар – сан дагна хаза ду.


«Мамкин Мохьмад шен дахарехь шина шовкъаца ваьхна хиллера: Даймахкаций, Безамций», – бохуш яздо Мусас кхин дIа а. Цуьнан ерриге а кхорлларалла цу шиннах лаьцна а ю.
Даймохк дукха беза буьйцура, мохь бетташ, кхойкхуш, цу мехкан къонахий а, хиш а, тогIенаш а.
Хьан бах хьо, сан Даймохк, яханчу хенахь,
Йоза а хьайн доцуш, бIарзбелла баьхна?
Къийсамо аьгначу хьан тIулган белшах,
Гуш ду-кха яздина сан дайшка кхаьчнарг…
Безамца дерг хала къедадора, деган къайле ларъеш кхиъначу йоIа шен сий санна, къонахчо – дош а.
Ас хьуна готуьйсу,
И гаре сатуьйсуш,
Алахьа ахьа соьга,
Ца яйра и хьуна?


Мохьмадан поэзи ма-ярра евзина а, я теллина а яц.
Мусас яздо: «Вайна дитинчех кхул хьекъале, кхул нийса, кхул деза весет вайн ворхIе дайша а, цхьана а Iеламстага я цхьана а хьехамчас а ца дитина, вайна пайдаэца хиъча:
Шен ненан мотт халкъо,
Сий ойбуш, Iалашбахь,
Цу халкъан паргIато
Цхьаммо а хьошур яц!
Мохьмадах йолу статья чулацамечу дешнашца чекхйоккху Мусас:
Къонахчун Iожалла даим ю-кх хеназа.
Сий хуьлда-кх къонахийн!
Къонах вовза цхьа къонах вакхавойла-кх цхьана нанас, и хьенех къонаха вара», – кхечух ала дош дерг: Тоьар вар-кх цхьаъ хилча-м, Мохьмад санна волу цхьаъ!»
ЧIогIа мехала статья ю Мусан «Тоьллачех цхьаъ» цIе йолуш, Iарби Мамакаевн поэзи толлуш, язйина. Цу статьяхь цхьа меттиг ю, къаьсттина шена тидам тIебахийта хьакъ долуш. Iарбин кхин цхьа ирс а хилла дуьненахь, кхечеран ца хилла долу: весет санна, «КIанте», аьлла, цо язйина стих цIенна кхочушхилла цуьнан, кIант дика а кхиъна.

Варий, кIант! Нахаца
Тешам берг товш ву.
Хьоме мохк безалахь,
Нанна бер санна.
Стаг волчо вон-дика
Цхьабосса ловш ду,
Оьзда гIилкх ларделахь,
Вайн дайша санна!
Вайн нехан хьал-де ахь
Хийра гIулкх ларалахь,
Хьо къонах воцийла
Хаалда хьуна.
Вуьззина нохчийн кIант
Сайн воI ву алахь,
Ирсан да суо хеташ,
Там хир бу суна!


Эдуарда шен ден весет дуьззина кхочушдина. Масех стихийн гуларш араевлла цуьнан, тIекхуьуш долу къона чкъор кхетош-кхиоран Iалашонна тIеерзийна байташ а йолуш. Шен дена Iарбина лерина йоккха музей схьайиллина винчу юьртахь. Эдуард чIогIа оьзда стаг ву, нохчийн гIиллакх-оьздангалла шеца долуш.
Дика кIентий бехийла-кха, мохк а, къам а бен а доцуш, дикаверг дика хилчахьана, я поэт а, илланча а, я муьлхха а кху лаьттахь.
Вайна юккъехь нисло кхиазхо-зудабер Iехадой, тиладой, ледой, маре дIа а лой, дукха хан ялале цIа йоуьйтуш. Ишттачу хиламах цхьа дийцар ду Мусан «Цхьа декхар а, бекхам а боцу…» цIе йолуш.
«Ма эхь дар-кх – къонахчунна ма эхь дар-кх, – зуда юьгу аьлла, бер дIа а дигна (бераллера далазадолу, кхиазадолу жима бер), къена пхьу кIезанца санна, сел маьттаза цуьнца «ловзуш» и бер-тIорз Iеха а дина, иштта ирча, кхин дин доцуш, иштта юьхьIаьржахIиттош и бер сел гIелдар ма эхь дар-кх къонахчунна, ша къонаха-м хилла хиллехь…»


Иштта яздо Мусас и кхиазайолу йоI дакъазаяьккхинчух и санна болчарах а лаьцна: «Мичахь бу-кх къонахий а ткъа! – хIу хада-кх шу лай-нехан, ма IаьIна-кх, дебна-кх шу, ма дукха а ю-кх шу ян-м, цхьа а декхар а, бекхам а боцу, мехкан а йоцу, юьртан а…»
Иштта ледара «къонахий» гучубевлира Нохчийчохь ши тIом болчу муьрехь. Халахеташ делахь а, гучубевлира сом бахьанехь шен къомана ямарт берш, кIиллой, къизалла, ямартло шайца ерш. Цхьа хIума тIехIоьттича гучуволу, вевза стаг. Со цец а вуьйлуш, кIезиг хиллера эхь-бехк доцу адамаш вайлахь а.
Бексултанов Муса цхьа а шеко йоцуш, похIма долуш яздархо ву. Шен къомах дог а лозуш, вуьззина патриот ву иза. Эрна ца елла цунна сийлахь цIе «халкъан яздархо».
Мусан произведенеш юккъерачу школашкахь а, вузашкахь а хьоьхуш, Iамош ю. Дешархошка, студенташка рефераташ язъяйта еза цуьнан кхоларалла толлуьйтуш.
Муса Гадаев Мохьмад-Салахьан, Мамакаев Мохьмадан, Айдамиров Абузаран, Мамакаев Iарбин, Сулейманов Ахьмадан а могIарехь ву. Цуьнан говзарш Iамо ма-еззара Iамаяхь, вайн къона тIаьхье гIиллакхехь, оьзда, ийман-ислам долуш кхуьур хиларан цхьа а шеко яц.

Орга №7. 2019. Эл. кеп.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика