АХМАДОВ МУСА

PDFПечатьE-mail

 ahmadov musa

 

Нохчийн маттахь,

нохчийн махкахь

 

Дакъалоцурш:

Ахьмад Сулейманов
Михаил Шоипович –
обкоман белхало
Асламбек Шерипов
Обарг Геха
Боккало
Боккалон зуда
I-ра воккха стаг
2-гIа воккха стаг
I-ра салти
2-гIа салти
Салахь
Салахьан зуда
Антон Иванович
Эрих Ибсен
ШаIрани
Гайтукаева Бана
Зулай
Режиссер
Зулейхан
Жебар
I-ра Студент
2-гIа Студент
Нажмудди
I-гIа гIалагIазкхи
2-гIа гIалагIазкхи
Делегаташ
I – гIа нохчи
2-гIа нохчи

I сурт

Обкоман белхалочун Михаил Шоиповичан кабинет.
М и х а и л Ш. Лараме Ахьмад, тхан дедас чIогIа дукха вуьйцура хьо. Ахь вайн къам цIерадаккхале Итон-кхаьллахь комсомолан секретарь волуш лелийнарш, цул тIаьхьа, вайн къам цIерадаьккхича, ахь цигахь латтийна къийсам а… тоьур дац, Ахьмад? Хьо хIинца воккха а хилла…
А х ь м а д. ХIунда боху ахь иштта, Шоипан кIант Микаил?
М и х а и л. Микаил? Хьуна мичара хаьа сан цIахь йоккхуш йолу цIе? Со балхахь Михаил Шоипович ву.
А х ь м а д. Хьан дедас ШахIида дийцина дела хаьа-кх. Хьуна цо и цIе тиллина а дагадогIу суна-м. Хьайн дедена со дика вевзара боху ахь?
М и х а и л. Вевзара. Цунначул дика хьо хьанна вевза хаьий хьуна?
А х ь м а д. Алахьа хьанна вевза?
М и х а и л. КГБ-эн


А х ь м а д. Боккъаллий? Оццул ницкъ болчу организацин соьца хIун бала бу? Бакъ хир дац иза.
М и х а и л. Дукха чIогIа бакъ ду. Царна-м сан дедена цахуург хаьа хьох лаьцна. Ахь зуламхойн тоба вовшахтоьхна, Казахстанехь Китайн дозане кхаччалц дIа а оьхуш, колхозийн, совхозийн даьхний лихкинийла а хаьа.
А х ь м а д. Лихкина, мацалла леш болу нохчийн миска нах кIелхьарабаха.
М и х а и л. Ахь нохчийн нехан бакъонаш юьйцуш, партин лакхарчу хьаькамашка кехаташ яздар а хаьа. И кехаташ яздар хIинца а ца дити-кх ахь. Царех хуьлуш цхьа а пайда ма бац, стенна яздо ахь уьш?
А х ь м а д. ЦIеначу нийятаца деш долу хIума цхьа пайда боцуш ца дуьсу. ХIетахь цхьана юьртахь хиллачу коменданто, бехк боцуш чувоьллина шен ваша схьахецахьара аьлла, шена тIееанчу нохчийн зудчунна шед тоьхна, маьттаза бага а лееш, сийсазйина аьлла, ас Казахстанан компартин ЦК яздина арз эрна ца дайра. И комендант дIаваьккхира, цуьнан метта ваийтинарг иштта сонта а вацара.
М и х а и л. Наггахь нисло ахь ма-баххара. Амма, дукха хьолахь, хьан кехаташ эрна дов. Iедалан нах иэгIабо ахь хьайца. Хьо и кехаташ ца яздеш, ца оьшу къамелаш ца деш, IаддаIахьара, гIалахь тоххарехь квартира елла хир яра хьуна.


А х ь м а д. Со сайн гIуллакхаш дуьйцуш вац. Со вайн дерриге а халкъах хьакхлуш долу гIуллакхаш дуьйцуш ву.
М и х а и л. Халкъана-м бала бацара ахь А.Шериповна хIоттабайта бохучу хIолламца. Халкъ болх беш ду дийнахь а буса а.
А х ь м а д. Микаил, хьуна ма ца хаьа, Асламбек муха кIант хилла. Вайн халкъан маршо а, латта а бахьанехь шен са дIа ма делла цо. Цул сов, иза воккха Iилманча а, фольклорист, публицист, яздархо а, догмайра къонах а хилла. Мила ву оцу хенахь баьхначу нахах цуьнца вуста кху Къилбседа-Кавказехь? Цхьа а вац. Наха цочулла итталгIа дакъа цадинчарна а хIолламаш хIиттабо, гIалин цIерш тохку. Хьуна гиний Сафроновс цунна бан леринчу хIолламан бустам-кеп? Хьажахьа цуьнга. (макет дIагойту) Ма говза йина цуо хIара. Асламбекан боккъал йолу амал гойтуш. Ма товш хир яра иза вайн вокзалан хьалхарчу майданахь.
М и х а и л. Лераме Ахьмад Сулейманович, Шериповн хIоллам Гикалоца а, Ахриевца а цхьаьна хIоттор ю аьлла, сацам бу. «Къаьмнийн барт» хир ю цуьнан цIе.
А х ь м а д. Со цунна реза вац. Асламбекана шенна хьакъ бу хIоллам.
М и х а и л. Лераме Ахьмад Сулейманович, хьоьгий, соьгий хоьттуш хIумма а дац, и сацам партин обкоман бюрохь тIеэцна, хьалхарчу секретара накъост Власовс юкъадилларца. Оцу хьокъехь кхин кехаташ ма язде.


А х ь м а д. Аш хIуъу дахь а, Асламбекана хьакъболу хIоллам тIаьхьено хIоттор бу. Ткъа со кегийрхошна и мила хилла дуьйцуш, волалур ву махкахула.
М и х а и л. Диц ма делахь, лераме Ахьмад Сулейманович, хьайн дукха лерина тидам беш хиларна.
А х ь м а д. И аш мича дицдолуьйту. Шун болх ма бу иза. Цкъа ладогIахьа, Микаил, леррина тидам беш, хьо Асламбекан дахаре хьаьжча, хьан ойла хийца ца яла йиш яц хьуна.

2 сурт

Ш е р и п о в. Россин цхьаболчу Iилманчаша а, тIеман баьччанаша а цхьаццанхьа яздина хаало: нохчийн къоман литература а ца хилла, и бахьанехь церан синкультура лахарчу тIегIан тIехь ю, бохуш. Бакъду, Европейцин кхетамехь исбаьххьаллин литература ца хилла нохчийн. Гуттар шайн маршо ларъеш, тIемаш бан дезначу нохчийн йиш ца хилла романаш язъян. Амма, синкультура лахара хилла бохург харц ду. Нохчийн къоман синкультура лекха хилар го цуьнан барта кхоллараллехь, къаьсттина нохчийн халкъан иллешкахь. Ткъа нохчийн къоман лирикин эшарех лаьцна Лев Толстойс аьлла: уьш поэзин инзаре башха хазнаш ю, аьлла. Сан ойла сецна, нохчийн халкъан турпаллаллин иллех масех оьрсийн матте а даьккхина, мелла а шуьйрачу дешархошна церан исбаьхьалла йовзийта. Царех цхьаъ ду Обарг Гехех долу илли.

3 сурт

Ш е р и п о в. Майра къонах вара обарг Геха. Дукха хьуьнарш гайтина догмайрачу Гехас. Дийнахь тем боцуш, буьйсанна наб йоцуш, мацалла, хьогалла ловш, цуо дIакхоьхьура обарган кхераме некъ. Амма Гехин майра дог экама безаммий, адаман комаршой а, доттагIаллий лоьхуш дара. ГIайгIано лаьцначу Гехас кхойкхура, воьхура шена нийса накъост, доттагI, шен коьртера карзахе ойланаш цунна йийца, кийрара гIийла гIайгIа цуьнга ялхо. Амма вацара цунна улле хIотта цуьнца нийса накъост. Ткъа хьоьца нийса воцчуьнца доттагIалла а ца хуьлу. Кхойкхура, воьхура цуо шен улле шен дагах кхетар волу тешаме доттагI. Амма иза карош вацара. ТIаккха Iожаллех ца кхийрина догмайра Геха, шен цхьаллех кхеравелира чIогIа. ТIаккха гIайгIано гатвина догмайра Геха, барзах ва угIуш, ша кхайкха ма велира цу гила барзе.
Хеза берзан угIар.


Инзаре оьгIазе турпал аз хезна, еана схьакхечира и гила борз. Гила борз кхийтира цу Гехин дагах, ойланех, шен кийрахь детталуш Гехиниг санна майра дог долу дела.
Шена орцахъяьллачу барзе дагардийцина, дог паргIатдаьккхира майрачу Гехас. ТIаккха мацалло бIарзвина, хьогалло кIелвитна, адам дехачу юьрта юххе гIоьртира догмайра Геха. Цу юьрта йистехь вехачу Боккалас тIеийцира и ца вевза хьаша.
Г е х а. Ассаламу Iалайкум оьздачу хIусаман да, хьаша тIеоьций ахь?
Боккало. Ва Iалайкум салам! Дера оьцу. Хьо марша вогIийла. Хьаша Делера ву, чувала, охьахаа, кхета тхан рицкъанах, хих.
Ш е р и п о в. Рицкъанах кхетта, хьогалла яйина, хьешана диначу цу дуьхьала отин чохь набарна тевжира тов и догмайра Геха.
Боккалан хьаша вевзина, цхьа ямарт айкх вахара паччахьан инарла волчу, тешнабехке хаам эцна. КхоалгIа го бира паччахьан эскаро Боккалан мискачу хIусамна. ОьгIазе инзаре гIовгIанаш евлира.


Ша сатуьйсу кхераме къийсаме киртиг тIехIоьттинийла хиъна, иччархоша эккхийна гила борз санна, шен герзех кадетташ, ша хьалаиккхира тов, догмайра ва Геха.
Э п с а р. Каравола ва Геха, цIий а ца Iанадойтуш. Чекхдели хьан маьрша лелар.
Г е х а. Даккхий ма де сов хьалхе. Шу-м лечарчий даций къийганна го бина. Шу-м къийгийн арданг я-й, курачу лечина кхоалгIа гуобиллина. Со, кура леча, къийгийн арданган хьалха гора дахна аьлла ца хазийта, къийсамехь летта, воьжначу кIантана тIехь нана елхийтар гIолехь хета шена. ТIом бан волало.
Ш е р и п о в. Барзал майрачу Гехин дешнаша мостагIийн стешхачу дегнашкахь кхерам боссийра. Догмайра Геха тIаме хIоьттинийла хиъна, юьртара баккхий нах, зударий дехаре баьхкира.
I-ра в о к к х а с т а г. Адамийн цIий ма Iанадайтахьара ахь, догмайра Геха. Зударийн, берийн къа хир ду хьуна.
2-гIа воккха стаг. Ахь къинхетамбе тхан мискачу юьртахойх, карагIо Iаьржачу къийгашна.
Г е х а. ХIай, сийлахь баккхий нах, аш тохийша суна герз. ХIай, оьзда хIусаман да, Боккало, ахь озахь оцу тоьпанан лаг. Ас сайн цIий хьанал до шуна. Амма соьга карагIо ма ала. И дан сан таро яц.


Боккалон. Догмайра Геха, веза хьаша хилла воьссира хьо тхо дехачу хIусаме. Сан кхачанах кхетта хьо, ас кховдийна хин чами мелла яйъина ахь хьогалла, сан тхов кIелахь вижна, наб йина ахь. Геха, хьо – берзан доттагI, догмайра леча, майралло яьккхина хьайн цIе ца йожош, тахана Iожаллин де хьайна тIехIоьттинчу дийнахь, яхь ца луш, ца вухуш, къийсаме дIахIотта ницкъ лахалахь, ва Геха.
Г е х а. Сийдолу бакхий нах, шун даше ладоьгIна, шун лерам бина, со дIагIур ву хIара хIусам, юрт йитина, сайх зулам ца далийта, Iаьржачу къийгийн гуо хадийна, церан арданг сайна тIаьхьа хьехна. Орган тогIи чохь, есачу меттехь хIуттур ву со тIаме Iаьржачу къийгашца.
Ш е р и п о в. ЧагIалкхийн гуо, гила-барзо санна, Iаьржачу къийгийн гуо хадийна, Орган тогIи чу воьссира догмайра Геха. Цигахь ламазна хIоьттина, Гехас Везачу Деле доIанца дийхира шен къиношна гечдар. Цул тIаьхьа кечвелира Iожаллин ловзаргахь доггах бохь богIа. Болабелира буьрса тIом. Деттачу дошан бIаьрг белла ца вуьтуш, молханан кIуьро садаIа ца вуьтуш, ша леташ вара, тов, догмайра Геха, ша луьйчуш вара тов цу цIеран, дошан тулгIешлахь. Обарг-лечина тIехула ма хьоьвзира Iаьржачу къийгийн ва арданг, цуьнан дегIах кескаш йохуш, довха цIий Iенош.
Бехха бахбелира тIом, эххар Iожалло лецира догмайра Геха. Амма иза мостагIел эшна вацара, мелхо а тоьлла вара. Маршонан къийсамехь шен дахар ца кхоош дIаделларг ву тоьлларг.

4 сурт

(Владикавказехь съездехь А. Шериповс къамел до)
Ш е р и п о в. ДIадахнарг Iаламат мехала ду хIора къоман. Къаьсттина и мехала ду Кавказан къаьмнашна. Историс вайна дуьйцу вайн дай а, дедай а динан, даймехкан маршонан дуьхьа шайн дахарш дIадала кийчча бIаьхой хилла хилар. ХIинца вайна юхаъ тIехIоьттина Iаламат кхераме киртиг. Вайна тIехь ду Кавказан маршонан ирсан дуьхьа къахьега, къийса, эшахь а, дахарш дIадала. Тахана вайна хьалха хIоьттина мацах имам Шемалан кхочушхилаза бисна сатийсам – Кавказан массо а къаьмнаш цхьа барт хилла къийсамна вовшахкхетар. Нагахь вайна Кавказ езахь, цуьнан цхьа дакъа дезна а ца Iаш, дийнна Кавказ езахь, таханлерчу дийнан кхайкхам иштта хила беза: « Кавказан массо а къаьмнаш цхьанакхета!»
I д е л е г а т. ТIекхаьчна вайн барт хила беза хан.
2 д е л е г а т. Тахана а ца хилахь, маца хир бу вайн барт?


3 д е л е г а т. Вайн барт ца хилахь, вайх хIора а къам ша-ша хьаьшна дIадоккхур ду мостагIаша.
4 д е л е г а т. Нийса боху!
Асламбекан къамел чекхдаларца хеза тIараш деттар, маьхьарий.
Ш е р и п о в. Тхуна, нохчашна коьрта хаттар ду – лаьттаца долу хаттар. Керла хIоьттинчу Советан Iедало 70 шо хьалха паччахьан инарлаший, гIумкийн элаший гIалагIазкхашца цхьаьна тхоьгара дIадаьккхина латта схьадала деза.
Схьало тхан латта, тIаккха шуна гур ду шайна улле хIиттийна белшах белш тоьхна, арахьара тIелеттачу мостагIех майра леташ нохчий.
Нагахь, аш тхан лаьттаца долу хьашт кхочуш ца дахь, тхан къехоша бохамаш барна кхоьру тхо, цхьана эхь доцчу зуламхойн питанех Iеха а белла. Цундела лаьттаца долу гIуллакх сиха къасто деза, цхьа зулам эккхале.


I гIалагIазкхи. Эрна хабар. Тхо цу хабарех Iехалур дац!
2 гIалагIазкхи. И вайна ультиматум хIоттош ву!
Ш е р и п о в. Ультиматум яц. Ас кхин цкъа а дIахьедо, кхидIа лаьттаца йолу харцо ловш, лай санна Iийр дац тхо.
I гI а л а гI а з к х и. Иза-м хьаха ю еккъа цIена ультиматум.
2 гI а л а гI а з к х и. Юхаъ вай кхеро гIерташ ву.
Ш е р и п о в. Ультиматум яц, дIахьедар ду. Амма ультиматум хIотто еза киртиг тIехIоттахь, и дан тхоьгахь доьналла тоьур ду, цунах шек ма хилалаш.
I-ра н о х ч и. Нийса боху!
2-гIа н о х ч и. КIордийна и харцо лан, тхан собар кхачош ду.
(тIараш детта)

5 сурт

Альбика ю хийистехь. ВогIий, схьакхочу Асламбек.
Ш е р и п о в. Суьйре дика хуьлда хьан, Аьльбика.
А ь л ь б и к а. Далла везийла хьо, Асламбек. Ма тамашийна хIума ду хьо кхуза кхачар? Суна-м ахь кхуза богIу некъ бицбина моьттура.
Ш е р и п о в. Ахь хIун дуьйцу, ас муха бицбо кхуза богIу некъ?! ДуьххьалдIа вайн мехкан, халкъан гIуллакхаш хьалхадаха а дезна, кхин некъаш дан дийзи-кх. Селхана веана со Буру-гIалара цIа.


А ь л ь б и к а. Асламбек, хьо воцург кхин вац-техь халкъан а, мехкан а гIуллакхаш кхочуш дан? Кху Шуьйтара гIуллакхаш а тоьур ма дара ахь кхочушдан.
Ш е р и п о в. Ахь хIун дуьйцу, Аьльбика? Вайн дайша бIешерашкахь сатийсина хан ма ю тIехIоьттинарг. ХIинца вай сема а хилла, хьекъале а хилла къийсамна гIовттахь, вайн аьтто хир бу вайн къоман маршо а, латта а юхадерзо.
А ь л ь б и к а. Дукха кхераме некъ бу боху наха ахь юьхьарлаьцнарг.
Ш е р и п о в. Кхераме некъ бу. Амма ца бича, ца болуш некъ бу. Вайн къоман кхоллам къаьстачу муьрехь, со юьстах а ваьлла муха Iийр ву? Амма оцу къийсаман новкъахь суна уллехь оьшура сайн дагах кхеташ цхьа деган доттагI. Иза хьох хир ю аьлла, дог тешна а вара со. ТIаккха сол ирсе стаг хир вацара, Аьльбика.
А ь л ь б и к а. Асламбек, хьуна хIунда ца мега, нахана санна, хьайн цIахь вахар: бIаьста ялта дIа а дуьйш, аьхка мангал а хьокхуш? ТIаккха резахир бара сан гергара нах хьуна а, хьоьца гергарло таса а.


Ш е р и п о в. Ахь хIун дуьйцу?! ХIокху жоьпаллин муьрехь со муха Iийр ву цIахь ахархо а хилла? Ас тоххарехь къастийна сайн некъ – халкъан ирсехьа дIахьочу къийсаман некъ.
А ь л ь б и к а. ХIун дийр ду, юьртахочун ирс ахь дIатоьтту. Ткъа со кийча яц къийсамхочун накъост хила. Суна лиъча а, сан дас, нанас и бакъо суна лур яц. Ден-ненан дош суна деза ду.
Асламбек ойла еш лаьтта.
Ш е р и п о в. ХIун дийр ду ткъа? Ас ца боху хьоьга ден, ненан лаам бохабе, цу шинна дуьхьалъяла. Дала ирсе дахар лойла хьуна!
Асламбек дIавоьду. Аьльбика йоьлхуш лаьтта.
А ь л ь б и к а. Дала ларвойла хьо, Асламбек, вочух, бохамах!

6 сурт

Асламбек ша ву хIусамехь кехат яздеш.
Ш е р и п о в. Сан хьомсара адам, со текъамаш беш вац, сагатдеш вац. Сан дахар хьуна хIетахь хеттачул кIорге а, боккъал а ду. ХIунда аьлча, со кхеттал хилчахьана, сан дог вайн мискачу халкъе болчу бовхачу безамах догуш ду. И безам бахьанехь деш ду ас мел дийриг. Суна даггара лаьа, сан гергарчарна со Асламбек хиларна а ца везаш, вайн халкъе сан боккха безам хиларна, вайн халкъан гIуллакхашна даим со юкъ йихкина хиларна везийла. Суна лаьа, со дукхавезаш волчо соьга олийла: «халкъана маршо, нийсо лоьхуш, къийсам латтабе, муьлхха хало а ловш, юха а ца волуш». Суна лаьа, сайна хьоме волчу стагана суо халкъан дуьхьа дахар дIадала кийча хиларна везийла. И тайпа стаг ца нисвели суна. Цундела, сайна уллехь суо везаш йоьIан дог хила лаар бахьана долуш, со теша герга вара, сайх кхета хьо хьуьнар долуш хир ю аьлла. Амма и ца хили. Iодикайойла. Ларамца, Асламбек.


Цхьана юкъана тийналла лаьтта. ЦIеххьана олхазаран декар хеза.
Ш е р и п о в. Сайн ойланаш еш со Iашшехь, сатасаран олхазар а дийки. Марша догIийла хьо, Iуьйренан хьаша. Хьоь ладоьгIуш Iийр вара-кх даима а, амма йиш яц. Чахкар-гIаличохь долчу эскаро зуламаш до нохчийн ярташна. Уьш совцо деза. Тахана Чахкар-гIалин тIелата кечбелла тIемалой. Со цаьрца хила веза. Со царна хьалхавала веза.

7 сурт

А х ь м а д. Михаил Шоипович кабинет чохь.
А х ь м а д. Оцу Iуьйранна Чахкарахь, ша куьйгалла дечу нохчийн цIечу эскарна хьалха а ваьлла, тIом беш, дIакхелхина къона Асламбек. Иштта къонах хилла-кх иза, Микаил. И тайпа вайн халкъан юкъара гIуллакхаш кхочушдеш, шайн синош ца кхоош, къийсина кIентий бицбахь, вайн хIун мах бу? Ши кепек бац.
М и к а и л. Бакъ ду, Ахьмад Сулейманович, хьан дийцаро суна чIогIа Iаткъам би. Шериповн «Статьяш, къамелаш» боху киншка хааелла суна библиотекехь, леррина иза йоьшур ю ас. Амма цунна хIоллам хIотторна тIехь гIо дан сан аьтто бац. Со Iедалан йоккхачу чорха тIехь цхьа жима винтик бен яц.
А х ь м а д. Хаьа суна, Микаил, дукха дика хаьа. Амма и винтик тIех муьтIахь а ца хуьлуш, оцу чорхана жимма юханехьа хьовзахь, дуккха а хIума хийцадала тарло хьуна. Пхийттех шо хьалха кегийчу къаьмнийн меттанаш ишколашкахь хьеха оьшуш дац аьлла, конференци кечйинера Москвахь.
М и к а и л. Цу хьокъехь дуьйцуш хезна суна. Ахь цигахь къамел дина, шаьш дан леринарг юкъахдисна бохуш, хIинца а хьуна цергаш хьекхош ю Обком.


А х ь м а д. Гой хьуна, цара хIуъу цергаш хьекхаяхь а, и цхьа къамел бахьанехь цара къаьмнашна бан лерина тешнабехк юкъах ма бисира. Цундела, сан карахь хIумма а дац, бохуш, Iен мегар дац. Ала деззачохь дош ала.
…тоьллачо гIийланиг харцонца хьийзош,
Бехказа ца вуьтуш, ницкъаца къийзош…
Ма дохковаьлла со, ма дохковаьлла,
ДIаала деззачохь цхьа дош ца аьлла.
Ала деззачохь, дош ала, Микаил. Ца алахь, дохковаларо хорам бийр бу хьуна, вала вахлахь. Хьан деда оьзда стаг вара, хьо а иштта хила гIорта.
М и к а и л. Дика ду, Ахьмад Сулейманович, ойла йийр ю ас.

8 сурт

Ахьмад ву Зумсахь. Иза цхьана нехан кеберте хIутту.
А х ь м а д. ХIей нах, цIахь дуй шу?
С а л а х ь. ЦIахь ду, Дала мукъалахь.
А х ь м а д. Ассаламу Iалайкум.
С а л а х ь. Ва Iалайкум салам, хьо марша вогIийла! Мичахь ю хьан говр?
А х ь м а д. Говр яц соьца, гIаш лелаш ву со.
С а л а х ь. ГIаш лела ма хала ду-кх хIара лаьмнийн некъаш.
А х ь м а д. Даймехкан некъаш дан хала дац. Даймехкан лаьтто ницкъ ло. АлхьамдулиллахI, Далла бу хастам, вай кхузахула лела йиш йолуш. Кху лаьттах къастийна I3 шо даьллачул тIаьхьа вай юхадерзинчу Далла бу хастам! Жима къонах, хезний хьуна «Буьйса, буьйса, Iаьржа буьйса, дарцо левси кхийсайо», – бохуш илли?
С а л а х ь. Хезна дера, Дагаев Валида олуш ду и илли.


А х ь м а д. Цу тIехь дуьйцург: дорцан буьйса а, со ЧIаьнтара кхуза Зумса вар а, бевзашбоцучу наха (хIусамде цIе дагахь йисна суна, Мохьдан яра), со везаш тIеэцна а, ткъе пхийтта шо хьалха хиллера. Цул тIаьхьа вай цIера а дехира, цIа а дирзира. ТIаккха и буьйса а, цара суна дина хьошалла а дагалуьйцуш кхолладелира сан и дешнаш.
С а л а х ь. Ахьмад, хьо ву иза? Марша вогIийла хьо. Далла хастам бу-кх, хьан некъ тховса кху хIусаме хьовзийначу Далла бу-кх хастам! И ахь вуьйцу Мохьдан сан деда ма ву. Дала гечдойла цунна!
А х ь м а д. Дала гечдойла цунна! Хьайн цIе йийцахьа.
С а л а х ь. Сан цIе Салахь ю.
А х ь м а д. Делахь, со нийса кхаьчна-кх. Мохьдан кIентан кIант Салахь ледар хила йиш яц.
С а л а х ь. Ахьмад, бехк ма билалахь, цхьана минотана уьйтIа волу со.
Араволий, чувогIу Салахь.


А х ь м а д. Салахь, суна хьошалладан гIерташ, ца оьшу къа ма хьегалахь. Хьан дедас хIетахь дина хьошалла а тоьур ду суна.
С а л а х ь. Са ма гаттаде, Ахьмад, вайн дайн гIиллакхех тIехдаьккхина хIумма а хир дац.
А х ь м а д. Салахь, сайн гIуллакх дIадийца ас?
С а л а х ь. Дийцахьа, Ахьмад.
А х ь м а д. Со вайн мехкан паспорт хIотто араваьлла. Мехкан паспорт кху лаьттан лаьмнийн, тогIийн, хийн, шовданийн , Iаннийн, Iаьмнийн цIерш ю. И цIерш хууш болу баккхий нах вайна юккъера дIабевлча, уьш йоьвр ю. Цундела уьш дIа а язъеш, Iалашъян еза.
С а л а х ь. Иза стенна оьшу вайна, Ахьмад?
А х ь м а д. Изий? Юхаъ цхьана къа ца хетачаьрга, Делан мостагIашка вай цIера ца дахийта. Цхьа Iилманчаш бу бохуш, нах бевлла, нохчий кху махкара бац, уьш тIебаьхкина бу, бохуш, статьяш язъеш. Церан хабарш эрна хир ду, вайн мехкан паспорт хIотта а дина , охьадиллича. Со берриге а махкахула чекхваьлла и болх беш, йиснарг хIара масех юрт ю. ХIинца ахь суна Зумсахь йолу цIерш йийца еза.
С а л а х ь. Дика ду, Ахьмад, сайна хуург дуьйцур ду-кх ас. Амма цкъа хьалха, ахь пурба лахь, цхьа байт йоьшур яра ас.


…Буьйса, буьйса, Iаьржа буьйса,
Дарцо левси кхийсайо,
Дино лергаш дуьхьалтуьйсуш,
Халчу новкъа вогIу со.
Сан бора дин ма кIайбелла,
Дарцо тIе хIур биллина.
Ломахь тхойшиъ некъах тилла,
ХIусмах дог ас диллина.
Цецах санна гIиттош верта,
Сох чекхбуьйлу шийла мох,
Тхойшиннах шен пхьор дан гIерташ,
Барзо бIаьргаш къегабо.
Сан дин, сой – шиъ, дарцо гIорош,
Шело даге кхийдайо,
Хьеший кхойкхуш цхьанна-м корехь
ГIийла серло еттало.
Барзах, къуьнах хьаша къасто
Iамийна вайнехан пхьу,
Генна дуьхьал догIий, хьоьстуш,
Тхойшинна некъ хьоьхуш ду.
– ХIей, нах! – олий, ас мохь туху,
Корехь серла болу чиркх,
Вевзаш вацарх ломахь, наха
Даим оьцу хьаша чу.
– Беркат шортта хуьлда хьоьца,
Воссал динар хьаша, хьо, –
Олуш, ондда луьйта лоций,
ХIусамдас со воссаво.
– Дела ван хьо могуш-маьрша,
Ма гIелвелла хир ву хьо,
Кху тхан тишчу хIусмах вашахь,
Даккха тхоьца дийнна шо,–
Олий, йоьлуш, дуьхьалйолу
Нохчийн сийлахь цIенана,
Шарахь цаьрца Iан дог догIу,
Ваха деззашехь сайн кхана.
Сох ца къаьсташ, баьрчче болий,
Чохь дIахIутту дорцан кIур.
Хьаша веъна вайга олий,
Набарх гIотту берийн сур.
Божлахь сан дин паргIат баьлла,
ХIинца паргIат вер ву со.
Кхача кечбеш, марсаяьлла
Пешахь кхерсташ хир ю цIе.


Цу кхерчарчу цIарочул а,
Хьаша вохвеш, йовхо луш,
Ю вайнехан комаьршалла,
Ду вайнехан оьзда дош.
А х ь м а д. Салахь, хьуна-м дагахь хууш ма хилла и илли?
С а л а х ь. Дукха хан ю ас уьш дагахь Iамийна. Цхьа дагна гергара хетара суна и дешнаш гуттар а. Мича дагахь дара, уьш кху меттигца а, сан дедеца а доьзна ду бохург.
Оцу хенахь, шун дохьуш, чуйогIу хIусамнана.
ХIусамнана. Марша вогIийла, тхан веза хьаша!
А х ь м а д. Делан маршалла хуьлда! Ва Салахь, ахьа-м уьстагI бийна ма хилла? Хьо маца кхиъна и бен?
С а л а х ь. И-м хала хIума дацара, Ахьмад. Вай цкъа хIума кхоллур ю, тIаккха ахь бохург дийр ду-кх, тхан сийлахь хьаша.

9-гIа сурт

(Ахьмад ша ву ламчохь сатоссучу хенахь. Цхьана лекхачу гу тIе а ваьлла, гонаха бIаьрг бетташ).
А х ь м а д. ХIей, ЧIаьнтийн лам, лаьтташ буй хьо? Дала иштта латтабойла хьо! Дала, хьан юькъа цанаш хьакха мангалхо а воцуш, ма буьтийла хьо! ХIей, Хилдехьаройн лам, лаьтташ буй хьо? Дала иштта латтабойла хьо! Дала, хьайн чоме шовданаш мийла стаг воцуш, ма буьтийла хьо! ХIей, ТIерлойн лам, лаьтташ буй хьо?! Дала латтабойла хьо иштта! Цкъа а хьайн кIотаршкахь хезаш нохчийн аьзнаш доцуш, ма буьсийла хьо!
(Ахьмадан къамеле ладоьгIуш, цхьана дитта тIехьа лаьтта Микаил а, цуьнца цхьа ши стаг а. Ахьмадна тосало уьш).
М и к а и л. (схьагучу а волуш). Iуьйре дика йойла хьан, Ахьмад!


А х ь м а д. Далла везийла, Микаил, хьо ву иза! Со ву Ахьмад! Москохара хIара хьеший баьхкина, хьох кхета лууш, хьан лулахоша хьо лам чу, ЧIаьнта вахана аьлла, хьаладаьхкинера тхо. ХIорш сиха бу, суьйрана Москва кема ду кхеран.
А х ь м а д. Делахь, хьаха, ду вай, массо гIуллакх кIелдитна а, хьешийн гIуллакхе хьовсур.
М и к а и л. Кхарна уггар хьалха хаа луург ду, сел Iуьйре ламчу а веана, хьо хьаьнга мохь бетташ ву, хьо хьаьнца къамел деш ву?
А х ь м а д. Со, хьомсара хьеший, лаьмнашца къамел деш ву. ХIора бIаьста иштта ламчу а вогIий, лаьмнаш дагардо ас, шаьш хиллачохь лаьтташ дуй-техьа уьш, олий.
М и к а и л. Лаьмнаша ца лаьттина хIун дийр ду?!
А х ь м а д. Кхузара дIа а девлла, дIа а дахана, кхечахьа дIахIуьттур ду-кх, нагахь кхузахь дехаш долу адамаш ледара хилахь, церан ойланаш лаьмнашка кхочуш, лекха ца хилахь.


Антон Иванович. Хьо Iилманча хилла ца Iаш, поэт хилла.
Э р и х. ХIара поэт хилар «Топонимия Чечено-Ингушетии» книга ешча а гуш ду, дукха ю цу тIехь исбаьхьа тексташ.
А х ь м а д. Микаил, шу массо а цхьана «конторера» хир ма дац. ХIун даьлла-те соьгара сел дукха шу орцахдовллал?
М и к а и л. Цу «конторера» дац, Ахьмад. ХIорш Iилманчаш бу. Бакъду, хьо иштта лаьмнашца къамел деш, лаьмнаш дагардеш вуй хаахь, КГБ-ес шен Iуналлера дIа а ваьккхина, БоргIанерачу больницин учете дIа-м хIоттавойтур ву хьо.
А х ь м а д. И дан-м церан ницкъ буйла-м хаьара суна.
М и к а и л. Ткъа хIорш меттаIилманчаш бу. ХIара Москвара Анатолий Иванович ву, ткъа хIара генара веза хьаша Швецин паччахьан академин Iилманан белхало ву Эрих Меслунд.
А х ь м а д. Оццул генара хьеший со волчохь хилла а бац. Схьадуьйла, охьаховша вай. Микаил, ахь селхана мукъана а хаам бина хиллехьара, шаьш догIур ду аьлла, ас хьеший тIеэца хьакъболлу кечам бойтур ма бара.
М и к а и л. Цхьа а кечам оьшуш бац, оха дина кхарна хьошалла. Ахь хьайга дечу хаттаршна жоьпаш делчахьана…
А х ь м а д. Дика ду, хьомсара хьеший, со кийча ву-кх шуьга ладогIа.
(Анатолий Ивановича Эрихе корта таIабо)
Э р и х. Хьомсара Ахьмад, тхан Швецин махкахь дийнна Iилманан институт ю, тхан мехкан топоними схьагулъеш, толлуш. Оцу проектехь болх беш иттех сов стаг ву. Болх кхочушбеш шун тобанехь маса стаг вара?


А х ь м а д. Лараме Эрих, тхан тобанехь со цхьаъ бен вацара.
Э р и х.(цецволуш). Айххьа бина ахь оццул боккха болх?
А х ь м а д. Цхьамма ца бича, ца болура и болх. И бан кхин стаг валаре хьаьжча, хIун хуьлу а ца хаьара. Сиха бан безаш болх бара иза. И цIерш нахана йицъялале.
Э р и х. Ой, и дийнна институтан болх ма бу итт шарна лерина.
А х ь м а д. Делахь, ас иза ялх шарахь чекхбаьккхина хьуна.
Э р и х. И ма доккха хIума ду. Хьо тайпа хьуьнар долу Iилман нах тахана Европехь бан а бац. Ткъа цхьана хенахь хилла Ренессанс йолуш.
А н а т о л и й И в а н о в и ч. Аш дозалла дан деза хIара тайпа стаг шайн махкахь хиларна.
М и к а и л. Оха дозалла до, Ахьмад Сулейманович тхан къоман хазна ю.
Э р и х. ХIара Iаламат боккха мехала Iилманан болх кхочушбеш, Iедало гIодина хир ду хьуна ахчанца а, транспортаца а.
А х ь м а д. Ахчанал чIогIа оьшуш дерг делла суна Iедало.
Э р и х. И хIун ду?


А х ь м а д. И хьаха ду, лераме хьаша, цара со болхбан маьрша витар. Ткъа машен лелалур а яцара лаьмнашкахула. Со гIаш чекхваьлла кху махкахула, кху лаьттан йовхо сайн когашна а хаайолуьйтуш.
Э р и х. Уникальный человек! Нагахь оха кхайкхича, Швеци вогIур варий хьо, тхан Iилманчашна хьалха лекци еша, айхьа бина болх бовзуьйтуш.
А х ь м а д. ВогIур ву Дала мукъалахь, аш кхайкхахь.
А н а т о л и й И в а н о в и ч. Ахьмад Сулейманович, цхьанхьа а балхахь ларалуш вуй хьо, Iилманан институтехь а, университетехь а?
А х ь м а д. Цхьанхьа а вац.
А н а т о л и й И в а н о в и ч. Ас Москвахь, тхайн Iилманан институте дIаоьцуьйтур вара хьо, Iилманан сотрудникан алапа а хIоттадойтуш. Нагахь ахь хьайн белхаш тхан институтан цIарах арахецийтахь.
А х ь м а д. Баркалла, Анатолий Иванович! Сайн къоман, мехкан дуьхьа бина болх декъашхо а воцуш, сайн цIарах арахеца лаьа суна.
А н а т о л и й И в а н о в и ч. ХIун дийр ду ткъа, хьан бакъо ю-кх иза. Эрих, хьан хаттарш кхачийний?
Э р и х. Сан хаттарш кхаа дийнахь а кхачалур дацара. Амма йиш яц, кема ду сан суьйрана. Со чIогIа воккхаве, сайна Ахьмад вовзарна. Со тешна ву, вай кхин а гур ду, вайн гергарло чIагIлур ду.


А х ь м а д. Дала мукъалахь.
Э р и х. Ахьмад, ахь бакъо елча, хьоьца сурт доккхур дара ас. (Шегара суртдоккхург Микаиле дIало) Схьавола Анатолий Иванович, дIахIотта хьо а. (Суртдоккху).
М и к а и л. Ахьмад, тхоьца гIала дIавогIий хьо, кIорда ца дина хьуна хIара лаьмнаш.
А х ь м а д. ХIинца шуьца дIаван йиш яц. ХIинца а хIара лаьмнаш дагардина а, кхаьрга вистхилла а ца ваьлла.
М и к а и л. Делахь, Iодикайойла!
А х ь м а д. Марша гIойла, некъ дика хуьлда!
(Хьеший дIабоьлху)

I0 сурт

Ламчохь, Доьрахь, студенташ бу фольклор гулъеш. ШаIрани ву суьйранна царна карийначунна мах хадош.
Ш а I р а н и. Тахана муха хили шун таллам? Мел «ижу» еана аш? Бана, боцца хаам бехьа таханлерчу белхан жамI деш.
Б а н а. Дика «ижу» караеа тхуна. Гонахара кIотарш телли. Доркъуча, Хьаьльда, Хазакхелла, кхиерш. Акхаройх лаьцна байташ карий, берийн фольклор, мехкарийн йиш, къинхьегаман эшарш.
Ш а I р а н и. Бана, хьо дIайолаеллачуьра, тахана хьайна карийна халкъан говзар йовзийтахьа.
Б а н а. Дика ду. Бакъдерг дийцича, ас дIаязйина йиш муьлхачу жанран юкъяхийта еза-м ца хаьа суна. Доьрахь вехаш волчу, дезткъе исс шо долчу воккхачу стага, Асхьаба, дийцина суна и дешнаш.
Ш а I р а н и. Цуьнан жанр-м тIаьхьа билгалйоккхур яра вай, цкъа дIаешахьа айхьа дIаязйинарг.


Б а н а.
… долахьа, цхьогал, долахьа, цхьогал
Луларчу регIа бецийн меънаш
Леца гIур дара вайша.
– ДогIур-м дара ша, догIур-м дара ша,
КIайн куй болчу
Нохчийн кIанта
Хьесийн тIергаш
Туьйсур яцахь.
Мажар тоьпаца
Лоьцур дацахь,
Базаран туьканахь кхозур дацахь.


Ш а I р а н и. (ГIадвахана воьлуш) Иза боккъал а шатайпана йиш ю, шена хьаьнгара хезна бохура воккхачу стага?
Б а н а. Шена ша дукха жима волуш, нанас локхур бохура цо иза. Суьйранна шаьш, бераш, набарна дийша чугулделча, тIаккха туьйранаш дуьйцура бохура.
Ш а I р а н и. Оцу эшаран мукъам дагабогIурий воккхачу стагана?
Б а н а. ХIан-хIа, дуьххьалдIа дагардира цуо и дешнаш.
Ш а I р а н и. Оцу дешнийн шатайпа исбаьхьалла билгалъяккхахьа, Бана.
Б а н а. Шатайпаналла кхузахь уггар хьалха хIара йиш диалогах, дуьхь-дуьхьал дечу къамелах лаьтташ хилар ду. Хьалхарчу декъехь цхьамма ( и боккъал хIун ю хууш дац, кхин цхьогал ду и, я жIаьла ду и) шеца бецан меънаш леца дола боху цхьогале. Амма тIе ца тов цунна цхьогал, цигахь шена тIекхача тарло кхерамаш хьехадеш. Кхузахь дуккха а ду вайн маттахь таханлерчу дийнахь кIезиг лелаш долу дешнаш: рагI, меъ, хьесий, мажар топ, кхидерш.
Ш а I р а н и. Баркалла, Бана. КхидIа, и текст толлуш, айхьа бина болх хьайн отчетаца схьалур бу ахь. Зулейхан, ахь хIун дIаяздина?
З у л е й х а н. Ас, йоккхачу стага – Сириева ГунегIаза юьйцуш, дIаязйина мехкарийн йиш.
Ш а I р а н и. Оцу эшаран мукъам хиирий хьуна?
З у л е й х а н. Хаа-м хиира, суна дика дага-м ца богIу иза.
Ш а I р а н и. Муха дага ца богIу? Цхьа де а далале бицбелла хьуна иза?
Б а н а. Ца бицбелла хьуна, ШаIрани, язлуш ю-кх. Кач а ца луш хIинца, дIалакхахьа иза, Зулейхан.


З у л е й х а н. (йиш локху)
…сарахь хитIа ца йохуьйту,
Буса белхе ца йохуьйту,
Дагна дукхавезна волчу
Сайн везаре ца йохуьйту.
Аьтту агIор деши доьлхуш,
Аьрру агIор дети доьлхуш,
Деши, дети делхахьара
ЙоI езачу кIентан керта.
Аьтту агIор къора етташ,
Аьрру агIор тIулгаш детташ,
Къорий, тIулгаш делхахьара
Со ца езачу кIентан кертахь.


Ш а I р а н и. ЧIогIа хаза йиш ю иза. Халахеташ делахь а, шух цхьанна а, я суна а, ноташ ца хаьа, мукъам дIаязбан, цхьа композитор орцах кхайкхина, дIаязбийр бу вай. Жебар, ахь хIун язйина?
Жебар. Ас болх беш олуш долу дешнаш дIаяздина.
Ш а I р а н и. ДIадешал уьш.
Жебар. Куьйра, куьйра, ласталахь,
Лесташ, сиха ерзалахь,
Куьйранал боккха налха балийта,
Яьссил дукха шар далийта.
Ш а I р а н и. И дешнаш кхузахь дIаяздина ахь?
Жебар. ХIан-хIа, цIахь, тхан денанас олуш, дагахь дисинера суна уьш.
Ш а I р а н и. Со шек-м хьаха велира, Орган йистехь Iачу наха Яьсси хIунда хьехадо, аьлла. Кхин яздиний ахь?
Жебар. Яздина мангал хьокхуш, олу дешнаш:
… хаздеш, тодеш ца дина куц,
Мангал хьакха йожош буц.
Деха даккха бецан кес,
ДогIа дале, тухуш ткъес.


Ш а I р а н и. И дешнаш ахь айхьа яздина ду, хьуна уьш цхьамма а дийцина а дац.
Жебар. Бакъду-кх иза, ШаIрани. Муха хиира хьуна?
Ш а I р а н и. Атта хиир-кх, и тайпа рифманаш фольклорехь ца нисло. Ахь хIун де хьуна, Жебар, аьлча а, сатассалц синкъерамехь хелхавуьйлуш, делкъал тIаьхье яллалц кху Доркъучехь интернатехь вижна Iилларх, фольклор гулъяр хир дац. Кхана Iуьйрре ара а ваьлла, кхо-йиъ кIотарх чекхвер ву хьо, баккхийчаьрца къамеле вуьйлуш.
Жебар. Дика ду, ШаIрани. Кхана сатоссуш аравер ву со.
Ш а I р а н и. ХIаъ, сатоссуш аравала. Iуьйрре гIаьттинчуьнан кайолу балха тIехь. Цхьа дош, цхьа хьаьрк а ма йиталаш тидамза. Шайна дош девзаш дацахь а, ца кхеттехь а, кхетадойтуш, шайга схьа ма-аллара дIаязделаш. Паспортизаци ю шуна коьртаниг. Цхьа а хIума доьза дан йиш йолуш дац шуна. Вайна тешалла деза, билггал вайн ю ала, дIагайта тешалла. Кхано вайн истори а, фольклор а дIасаийзо бевлча, «хIан, хьовсал, кхуьнан шайн дай бу», – ала, дIагайта.
Хьайн байташ язъян а еза, амма вайн болх ма бицбе.
Б а н а. ШаIрани, байташ хьахийнначуьра, ахь бакъо елча, айса язйина керла стихотворени йоьшур яра ас «ХIинцалера нохчийн мотт».
Ш а I р а н и. Ешахьа, Бана.


Б а н а.
Суьйре ю цхьа тийна, дерриг дицделла,
ЙоI тийна, кIант ларвеш, паркерчу гIантахь,
Эххар а схьахеза: «Приветик, Лена.
Дукха хан юй ахь ждать до? Прости, хьайн тарлахь.»
– Какой ты жестокий, со хьоьга хьоьжу
Примерно цхьа ши сахьт сов время ю.
А ты, как хийра стаг, соьга ждать дойтуш,
Это не в первый раз, хьо-м иштта ву!
– Ну что ты, Леночка, цхьаъ Iоттаделла,
Со тIаьхьависарна со къера ву,
Елалой хилахьа, хьо грустный хилча,
Вай даха, я прямо с ума схожу.
– Ну ладно, чтоб это тIаьххьара хуьлда,
И кстати, сегодня вайн праздник ду.
Ой, чуть не забыла, хьо декъал хуьлда,
Тахана вайн девзина шо дузуш ду.
– Баркалла, я тоже, хьо а декъал хуьлда.
ХIара вечер ша-тайпа прекрасный ю,
Ты знаешь, сан дагчохь цхьа радость ловзу,
Понятно, хьомениг, хьо соьца ю.
– Мне тоже порою кажется иштта,
Ты рядом, а значит, со ирсе ю.
ХIора ночью седанах со дагаюьйлу,
Цуо суна схьаоьхьург твой образ ду.
– Эх был б я поэтом сегодня, Лена,
Есенин хьагош, стих писать тебе,
Талант яц соьгахь, хIун дер ткъа тахана,
Цундела в кафе я тебя поведу.
Студенташ буьйлу, тIараш а детташ.


Ш а I р а н и. (Воьлуш) Бана, ма нийса гина хьуна тахана нохчийн мотт бийцарехь йолу чолхенаш. Тахана вайн меттан цамгар – эбийна мотт бийцар ю.
З у л е й х а н. ШаIрани, Банас юкъабаьккхина цхьа къовсам бу оха дIахьош. Вай ламчьура цIадерззалц оьрсийн маттахь дош ца олуш, нохчийн маттахь дуьйцуш, чекх мила волу хьовсуш.


Ш а I р а н и. И дика къовсам бу. Со а ву шуна цу конкурсехь дакъалоцуш.
Жебар. Хьо веги, ШаIрани, ахь оьрсийн дош эли.
Ш а I р а н и. Муьлха дара иза, Жебар?
Жебар. Конкурс! Вайн дош ма дац.
Ш а I р а н и. Дац дера. Со дукха сиха веги, хIинца юхадIаболор бу вай и къовсам, цкъа хелхар бал а баьккхина.
Мехкарша йиш локху, ШаIрани хелхарца юкъаволу.

11 сурт

Сулейманов Ахьмад, Нажмуддий ву студенташ болчу веана.
Ш а I р а н и. Марша вогIийла, Ахьмад, Нажмудди!
Студенташ: Марша вогIийла, марша вогIийла.
А х ь м а д. Делера маршалла хуьлда шуна а! Охьаховша.
Нажмудди. ШаIрани, ахь суна тIедиллинарг ас кхочушдина хьуна. ХIара ву шуна, аша сатийсина хьаша.
Ш а I р а н и. Баркалла, Нажмудди, хьо ледар хир воцийла хаьара суна.
Хьоьца цхьанакхетар дан лууш хIара студенташ болу дуккха хан яра, Ахьмад. Тхо кхузахь тIеэцна, даггара тхан гIуллакхе хьожуш ву хIара Нажмудди. Селхана кхуо ша гIала воьду, аьлча, хьоьга дIатоха аьлла, кост динера оха.


Нажмудди оьзда кIант ву, бакъволу лаьмнийн кIант. Кхуо соьга и кост схьаделча, университетан студенташ, церан хьехархо ШаIрани сан дай баьхначу ЧIаьнтийн махка баьхкина хилча, царна тIе ца воьдуш, со муха Iийр ву, аьлла, схьавеа-кха со. ТIаккха, ШаIрани, гIуллакх хуьлий? Карадой шуна шаьш лоьхург?
Ш а I р а н и. Дика хIума карайогIу тхуна, Ахьмад.
А х ь м а д. Кегийрхошца цхьанакхета лууш со-суо а ву даима а. Тахана кегий хиларх а, кхана тхан метта дIахIитта безарш а хIорш бу. Дукхадахарш, шуна уггар хьалха хаа деза, уггар хьалха шаьш лардан дезарг кхо хIума хилар: къаммий, моттий, мохккий. И кхоъ гуттар а цхьаьна хила дезаш а ду. Кху махках къастийна кхойтта шо даьккхина вайн къомо. И тайпаниг кхин ца хилийта, сема хила деза вай. Къам лардар хIун ду? Къоман сийлахь гIиллакхаш, цуьнан бакъболу къонахий биццабар, церан сийлахь даккхий гIуллакхаш диццадар. Асламбек Шериповн ткъе ши шо бен ца хилла дIакхелхаш. Шен къомера дIаяьккхина маршо а, латта а юхадерзо болийначу къовсамна дIаделла цо шен дахар. Вайн яздархой: Мамакаев Мохьмад, Ошаев Халид. Вайн къомах хьакхлушдолу муьлхха а хIума жоп доцуш ца дуьтуш, къахьийгира цу шимма. Бакъо юй вайн уьш бицбан? Яц! Вайн къомо цхьа а дика стаг: турпалхо, яздархо, Iилманча виццавар, церан некъаш дIацатасар – и ду-кх къам лардар.
ХIун ду мотт ларбар? Вайн меттан цхьа а дош дIацатасар, и мотт бийцар а, цу маттахь деша а, яздан а хаар.


Воккхаве со хьуна хучу
Кхечу къаьмнийн меттанех,
Хьайниг бицбеш, Iамо деза
Уьш хьуна ца моьттинехь.
ХIун ду мохк ларбар? Оцу махкахь дахар ду, хьаналчу къинхьегамца и хазбеш, и цIинбеш. Оцу махкаца доьзна долу цхьа а хIума, меттигийн, хийн цIерш, цу мехкан адамех долу дийцарш диццадар. Дала оцу кхаа хIуманца: къомаца, маттаца, махкаца доьзна долу шайна тIехь лаьтта даккхий декхарш кхочушдан аьтто бойла шун! Ас сайн къамел сацадо. ХIинца шуьга ладугIур ду-кх ас.
Б а н а. Ахьмад, вайн меттигийн цIерш дIаязъеш дукха къахьегна ахь. Оцу белхан жамI ду ахь арахецна «Нохчийчоьнан топонимин» 4 том. Хьайн кхолларалла йитина, Iилманна тIеверзар муха нисделира хьан?
А х ь м а д. ЙоI, цIе муха ю хьан?
Ш а I р а н и. Гайтукаева Бана ю хIара, тхан тоьлла студент.


А х ь м а д. Бана, вайн къомана хьалха дан дезарг хьалхадаккха деза. Иллеш яздеш берш, асчул дика яздеш берш хир бу вайн. Амма мехкан цIерш тахана йицъяхь, гуттаренна а йовр ю. Ткъа меттигийн цIерш вай кху лаьттаца дузуш долу орамаш ду. Вайн орамаш хедийта йиш ма яц, аьлла, аравелира со.
Жебар. Ахьмад, муха хуьлу стихаш кхоллаялар? Дахарехь Iитталучу гIуллакхаша ло хьуна байтин маьIнаш, я уьш дуьххьалдIа хьан ойланийн стоьмаш ду?
А х ь м а д. Сан дукхахйолу стихаш суна гинчу, я ас айсса дакъалаьцначу хиламийн бух болуш ю. ДуьххьалдIа язъярхьама язйина стихаш кIезиг ю сан, ян а яц ала мегар ду. Масала, «Маржа яI, боцу ницкъ» боху стихотворени, вай цIерадаьхначу хенахь сан неIаре еара орца доьхуш цхьа нохчийн зуда, ваша а, да а воцуш, цхьалха йисна, цу юьртан коменданто къиза чехийна хиллера иза. ГIургIезан вастехь ас гойтуш дерг оцу зудчун васт ду.
I-ра С т у д е н т. Суна чIогIа хазахеташ ю и стихотворени, Ахьмад Сулейманович, ас дагахь Iамийна иза.


А х ь м а д. Ешахьа, жима къонах.
I-ра С т у д е н т …
Буьйсанна олхазар
Дийкира арахь –
Хетарехь, дара и
Шен некъах тилла.
Декъазчун IиндагIа
Леста сан корехь:
Дагахь ду со волчу
Хьошалла дилла.

Ма Iаьржа ю буьйса!
Гуш бац цхьа седа.
Гуьйренан догIа ду
ТIедоьлхуш шийла.
Мила ву сел къиза
Шу некъах хедош,
Шух пхьор дан гIиртинарг?
И хIаллак хуьлда!

ГIелъелла, даржийра
Шен шуьйра тIемаш
Сан кора хьалха
Цу хазчу гIургIезо.
Накха шен цIийх буьзна,
ЗIакарх цIий Iенош,
Соь орца дийхира
Исбаьхьчу озо.
– Хьешана даима тешаме волчу
Нохчочун хIусаме
Кхаьчна хьо хIинца,
Чуйола со волчу,
Ма хIотта холчу.
Хьайн деган дера чов
Ахь паргIат йийца! –

Олуш, ас диллира
Хьешана кораш,
Дог лозуш, дера чов
Сайн куьйга ерзо.
Ницкъ боцчу тIемаш тIехь
Сецира кхоьруш,
Делахь а туьйлира
Дахаре марзо.

Хиллера дуьненах
Тешам дIабаза, –
Йоьссира тхан цIенкъа,
Дайна шен гIора…
Массарна цхьабосса
Кхоьллина-кх деза
ХIара дуьне. ГIо доьхуш,
Цо узарш дуора.

Дархочо соьгара
Доьхура орца,
Ца тешаш куьйранах
Яларх кIелхьара.
Маржа-яI, куьйра, хьо
Тоьпаца марца!
Ца кхийдорг цхьанна а
ТIе буьрса мIараш!

Маржа яI, боцу ницкъ,
Ца кхоош яккха
Экханан кIомсар,
И куьйранан мIара!
Машар, барт хир дар-кха
Лаьтта тIехь тIаккха,
Дуьненчохь хIумма а
Ца долуш гара

З у л е й х а н. «Цигонан йоIе» стихотворени язъярх лаций алахьа, Ахьмад Сулейманович.
А х ь м а д. «Цигонан йоIе» цIе йолу стихотворени кхоллаялар бахьана, боккъал а вайн автостанцехь соьца хилларг ду-кх. Ирсах лаьцна суна говза туьйра а дийцина, соьгахь дисина тIаьххьара сом дIа-м ийцира оцу йоIа.
З у л е й х а н. Ахь пурба лахь, ас йоьшур яра и стихотворени.


А х ь м а д. Ешал, дукхаяхарг.
З у л е й х а н.
... Беран хенахь
Олура соь нанас:
«ВорхӀ ломал а тӀехьа
Дисна ирс,
Воккхахилча,
Вахна и схьадеъна,
Массарна а ДӀадекъалахь и!»

Юттура цо суна
Ирсан гӀала,
ЖовхӀареххий,
Детих юттура.
Воккха хилча-м,
Кхийтира со: гӀалат
Хилла беран хенахь
Моьттинарг...

BopxI лам, стигал,
Акха ареш толлуш,
Ас лийхира
Нанас хьехна ирс.
Совдаьлларг
ГӀулчашкахь дӀадуьллуш,
Массарна а
Кхачо лиъна и.

Дерриг дуьне
Теллина а ваьлла
ЦӀехьа вогӀуш,
Кхечи гӀала со.
Кхечи автобусан
Станце халла.
Киснахь дисна ду
Цхьалхха цхьа сом!

Нана-дуьне
Гатделлачу дийнахь
Шена тоха
ТӀаьхьа битна хӀоъ
Ма хуьлур-кха
Дуьхьалтуьйсуш гӀенах.
Декъазчунна
Самах а и го.

Гулбеллачийн
Кху тобанна юккъехь
Пал тосчунна
Вевзи техь со?
Хии хьуна, лоьхий
Ирсан дакъа,
Декъазчунна
«Ирс луш йолу» йоI!

Муха хии киснахь
Сом диснийла,
Цхьаъ бен доцу?..
ХӀинца ас хӀун де?
«Дашо сом» ас чӀогӀа
Буйна къуьйлу,
ХӀетте а сом
Кхечи цу йоӀе.

Шен куьйгашца
Кехаташ а кегош,
Пал тосучо
Суна баьккхи гуо.
Цергаш юккъехь
Дато сом а къегош,
БӀаьрг а теӀош,
Соьга эли цуо:

– ХӀай комаьрша,
Хьо исбаьхьа къонах,
Схьагайтал хьайн,
И хьайн дашо куьг.
Хьан ирс ма дац
Ахь дог диллал генахь –
Ирсах дуьзна,
Ӏанадахна дог...

Хьан дог ма ду
Комаьршонах дуьзна,
Эсал, оьзда,
By къинхетаме.
КарайогӀу хьуна
Йоккха хазна, –
И бакъ хилахь,
Суна дакъа де!

By хьан чӀогӀа хьуна
Ямарт доттагӀ,
Кхераме ву,
Луьрчу мостагӀчул!
МостагӀ ву кӀелхуьйшуш
Хьуна гуттар,
Амма эххар
Хьо тоьлур ву цул! –

… Дагахь даллац
И сом цхьаъ бен доцу.
Дагахь даллац
ЦӀехьа гӀаш некъ бар.
Цигонан йоI
Ирсах туьйра дуьйцуш,
Соьца хир ю,
Даг чохь юьтуш лар.

Ирс ду, боху,
BopxI ломал а дехьа,
Я цхьаннахьа а
Доцуш ду-техь и?!
Цигонан йоI,
Кхин цкъа Ӏехавехьа, Ӏехавехьа
Цкъа тӀаьххьара со!
2-гIа с т у д е н т. Ахьмад Сулейманович, карарчу хенахь муьлхачу произведени тIехь болх беш ву хьо?


А х ь м а д. Масех де хьалха чекхъяьккхина ас «Дахаран генаш» цIе йолу поэма. Цу юккъера ду хIара дешнаш:
Мичахь ду хьан ницкъ, кураллий –
Ас Аьрзуне хаьттира.
Шен ницкъ болу ши тIам тоьхна,
Аьрзу хьалагIаьттира.
Бертахь доьзал, маьрша Даймохк
Беца къонахчуьн ши тIам.
Бертахь доьзал, Даймохк бацахь,
Адамех ца олу къам.
Къонахчун дарж оза терза
ХIинца а ца дина, бах.
Дуьне цуьнца дуста гIортахь,
Беза бу къонахчуьн мах.
Нажмудди. Ами, илли ма дика хир дара цу дешнаш тIехь.
А х ь м а д. Нажмудди, хьо а ма ву мукъамаш дохуш, ахь даккхахь кху дешнаш тIехь илли. Хьуна дагах кхеттачух тера ду уьш, ахь доггах доккхур дара.
Ахьмада кехат дIало Нажмуддига
Нажмудди. Дела реза хуьлда, Ами! Дала мукъалахь, со хIокху дешнех илли дан хьожур ву.
А х ь м а д. Дала аьтто бойла хьан. Со а, сан хеннара берш дIачекхбевлла. Дера, дукха хала ма хилла тхан некъ.


Дукха лайна, дайна бIаьрга:
Бохораш а, бохамаш.
Баркаллаш а баха дийзи,
Цкъа вай Сибрех дигарна.
Берташ дохуш, кортош даха
Айдиначу дагарна,
Халчу новкъахь боьхна когаш,
Дог а сан ца дирзина.
Стиглан ткъоьвнах, догIанах хьоьгуш,
Корта лелий берзина,
Кхерчахь алу саго гIерташ,
Суйнаш дехи сайн дагах.
Чартех, бIоьвнех дехи барташ,
ЦIий дIадетташ сайн багах,
Дайх бисна кхерч бохбан гIерташ,
Сан дог дилхи бIаьрхийн цIийх.
Куьйгаш доххалц, хьисти тархаш
Сайн хьацарций, бIаьрхиций.


Иштта хала хилла тхан некъ, хIинца дерриг шуна тIехь ду. Шух вуй цхьа а байташ язъеш?
Ш а I р а н и. Байташ язъян гIерташ дуккха а бу, амма ахь цхьаьнга ладогIийла луур дара суна, Ахьмад.
А х ь м а д. ЛадугIур ду дера, муха ца дугIу? Шуьга ладогIа веана ма ву со.
Ш а I р а н и. Бана, ешахьа хьайн цхьа стихотворени.
Б а н а.


Дуьненна латтаян серло цу малхана,
Алийша мичара даьлла-те нур?
Нана, хьо кхоьлина схьагича селхана,
Мархаша хьулдича дIо маьлхан нур,
Кхийтира со хиларх цу маьлхан серлонца
Хьомечу хьан бIаьргийн нур.
Хьомечу хьан бIаьргийн нур.
БIаьрхиш а мичара девлла-те мархашна?
Стигалан узарша уьш чехайо.
Сан нана, хьо йоьлхуш схьагича селхана,
Доьзалан гIалато дог лазадо,
Кхийтира со хиларх цу мархийн бIаьрхишца,
Тийшира со хиларх цу мархийн бIаьрхишца,
Нана, хьан гIайгIане хиш.
Нана, хьан гIайгIане хиш.
Ахьмада, тIараш тухуш.


А х ь м а д. Дика! ТIехдика! Говза! ТIехговза! Бана, саца ма сацалахь, дуккха а язъелахь. Дала корматалла елла йоI ю хьо! Вайн халкъан дуьхьа къахьега Дала аьтто бойла хьан!
Б а н а. Дела реза хуьлда!
ШаIарани. Дела реза хуьлда, Ахьмад, доккха самукъадаьккхи ахь, кхуза а веана. Дала дуккха а вахавойла хьо тхуна! Ткъа хIинца, Ахьмад, хьо кIад ца веллехь, ахь гуттар вай вовшахкхетча дагардеш цхьа илли дара-кх «Ненан бIаьрхиш». Иза ахь вайн студенташна хазийта лаьара суна.
А х ь м а д. КIад ца велла. Схьаба пондар!
Сулейманов Ахьмад «Ненан бIаьрхиш» цIе йолу илли ала дIаволало.

I2 сурт

Радион цIа чохь. Бана ю шен тексташка хьоьжуш. ЧуйогIу Зулай.
З у л а й. Iуьйре дика йойла, Бана!
Б а н а. Марша йогIийла, Зулай!
З у л а й. Мел Iуьйрре гIаьттина ярах, хьол хьалхе балха ца кхочу-кх со, Бана.
Б а н а. Ас-м сийсара набйина а яц. ЧIогIа герзаш дара гIали юкъахь кхуьссуш, хезаш. ХIумма а-м ца хилла-теша? Цхьа вон синхьехам бу-кх сан.
З у л а й. Хилла, Бана, хилла, доккха хIума хилла. ГIалин Советан гIишло чохь адамаш дайина, нохчаша нохчий байина.
Б а н а. ЭхI, ма доккха хIума ду иза! ХIинццалц схьа хилла ма дацара иза вайн къомана юкъахь. Я АллахI, Хьо орцахвалахь!
З у л а й. Сийсара хилла хIета.
Б а н а. И ма доккха хIума ду, иза муха нисделла?
З у л а й. Iедал къевсинчара вовшах латийтина и бераш.
Б а н а. Дала гечдойла царна!
З у л а й. Амин! Дала гечдойла! Дала дIадоккхийла вайна юкъахь доладелла и зулам.
Б а н а. Тахана дан лерина хIун дара вайшиннан?
З у л а й. Забаре дийцарш дIаяздийр ду бохуш яра-кх хьо вайшимма. Вайшимма дIаязйина «Машенашъярхочун де» цIе йолу диалог чIогIа тайнера нахана.
Б а н а. Хьуна ма-гарра долу вайн гIуллакх забарш ечохь дац.
З у л а й. Дац дера. Цундела хIара байташ дIаязйийр ю вайшимма.
З у л а й. Дика ду. Ас хIинцца кечам бойту.
(Банина хьалха микрофон хIоттайо. Бана стихаш йоьшуш)


Б а н а.
БӀаьргашна бӀаьрзе хилий,
Яха боху соьга.
Лергашна къора хилий,
Лела боху соьга,
Маттана догӀа тоха
Ӏама боху соьга,
Ас шун бакъдерг доьху дела,
Со галъяьлла боху соьга.
Елхаран метта соьга,
Тахана ела боху,
Еларан метта соьга,
Тахана елха боху,
Лайн амалш йолчу нахах
Элий лара боху,
Дела воцу мунепикъаш
Соь къобалбе боху.
БӀешерийн мур бу боху
Иштта чолхе хӀуттуш,
Керла пачхьалкх кхуллу боху,
Маьрша синош дойуш,
КӀант шен дена дуьхьал хӀоттар
ГӀиллакхе ду боху,
Вашас ваша цӀийла керчор,
ГӀазот хуьлу боху.
БӀаьргашна бӀаьрзе хилла
Лела ца ло, лела!
Лергашна къора хилла,
Яха ца ло, яха!
Когах хьерча къинойн маша,
Цо галдоху болар,
Сан Нохчийчоь, мичхьа ду-те
Хьан лазамийн доза?
Со хьан Ӏуьйре леха йоллу,
Дитна пелхьойн ловзар,
Со хьан суьйре лаха йоллу,
Бицбеш хилла хьовзам,
Со дӀайоьду лаха, делахь,
Хьан лазамийн доза,
ЦӀийлахь Ӏуьллу сан кортали
Соьга хьоьжу доьхна.


З у л а й. Бана, цIийца язйина ахь и стихотворени. Вонаш дукха хьайн тIе ма ийзадехьа, хьайн могашаллин ойлаехьа.
(Чуэккха режиссер)
Р е ж и с с е р. Шуьша хIун дIаязъеш ю? Планаца аш дIаязъян дезаш забаре дийцарш ма ду.
З у л а й. Забарш ечохь дуй вайн гIуллакх? Сийсара цIе ма яьлла вайх. Вайн нохчаша вовшийн цIий ма Iанийна.
Б а н а. Вай массара а Деле доIанаш дан деза.
Р е ж и с с е р. Вайна хIуъа хиллехь а, хьаькамо бакъо ца лахь, и стихаш эфире яла йиш яц хьуна.
Б а н а. Яцахь, эфире ма лохьа, Iами, дIа а йиллий Iалашъехьа и запись. И далур дуй хьоьга?
Р е ж и с с е р. И-м далур ду соьга.
Б а н а. И дехьа тIаккха. Со теша, и стихаш халкъана оьшуш цхьа хан йогIур ю хьуна.
Р е ж и с с е р. Дика ду, Бана, и соьга далур ду.
I3 сурт

ДIахьошъерг. Гайтукаева Банас хала ловра вайн къоман барт эгIар, вайна юкъахь зуламаш доладалар. Дукха хан ялале, Банин бохамах болу синхьехамаш бакъ хилира. Къиза тIом беара Нохчийчу. Амма иза Банина ган доьгIна ца хилира. Иза чIогIачу цамгарх дIакхелхира I994-чу шарахь I4-чу мартехь.


… Хьан юьхь а, хьан са а, хьан цIе а хуьйцуш,
Нохчийчоь, хьан лаьтта йоьссича буьйса,
Тезетах дIадузуш вайн нохчийн рагIош,
Денна а тIегатбеш накъостийн агIо;
Къахетта къа доцу, эхьхетта эхь доцу гIера,
Хьан синах кадетташ, хьаьвзича шахьаршкахь дера,
Сийлахьниг сийсаздеш, боьханиг даьккхина баьрчче,
Харцонан ловзар а дахделла шерашка даьлча,
КIоргачу гIу чуьра серлонга гIурту хьо, вогуш,
Халачу хаттаршна гIиттавеш бIаьстенан Iуьйкъехь:
Хьо йиси вала да, я елха нана а йоцуш,
Нохчийчоь, мичахь ю ахь тхо хьайх тешийна Iуьйре?

Хьан юьхь а, хьан са а, хьан цIе а хуьйцуш,
Хьан лаьтта йоьссича бодане буьйса,
Тезетах дузуш вайн даймехкан рагIош,
Кхин а тIе гатбеш вайн накъостийн агIо,
Серлонан цIов эцна Азаллин Ана,
ДIаяха илланча, дIаяха Бана.
Нохчийчоь, хьайга мел вуо кхаьчна хьуна
Хаьий-те, я хьо а дIайоьлла вуонех?
Хийламмо дицдина декхарийн маххьаш,
Белшаш тIе дехкина, сийлалле дахьаш,
Декъалдан гIерташ и декъаза синош,
Йозалла ца лай ахь хьайн доцчу къинойн?
Ца лай ахь кегдина кху баьллийн генаш,
Урамехь мотт бина вайнехан бераш?
Ца лай ахь мехкан сий доьхкина кIентий,
Я ойла цIарматчу мехкарша кегйи?

Хьан юьхь а, хьан са а, хьан цIе а хуьйцуш,
Нохчийчоь, хьан лаьтта йоьссийна буьйса.
Цкъа мацца а чекхъяьлла, хилахь хьайн кхоллам,
Хьан дуьхьа лечарна ца оьшу хIоллам,
ХIумма а ца оьшу, Нохчийчоь, царна,
Ца оьшу баккъал а, ца оьшу цIарна а,
Хьо хууш хилчахьана чIагIъяларх буьйса,
Хьан юьхькIам бинарш а хьайн кийрахь буйла.

Чаккхе.

Орга №8. 2019. Эл. кеп.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика