БУРЧАЕВ ХЬАЛИМ

PDFПечатьE-mail

 

Хьакъ ву ваха

 

Байхаджиев Зайндин дуьххьарлера поэзин гулар зорбанера араелира I982-чу шарахь, «Хьакъ ду ваха» ю цуьнан цIе. 80-гIа шераш дIадуьйладалале хьалха нохчийн литературехь цхьамогIа керла цIераш гучуевлира. Поэтийн къоьлла-м цул хьалха а яцара вайн, ткъа хIинца оцу керла богIучара хIинццалц вайн литературехь ца хилла долу керланиг дохьуш хиларна, шайна тIе тидам бахийтира цара. Уьш бара шен къоман лазамийн мукъамаш, халкъан турпала дIадаханчух хьакъдолу дозалла, сирла хиндолчух дог ца диллар, стенна тIедоьгIна делахь а, дош майра алар. Царах, оцу поэтех, ву Зайнди а. Ас дуьххьара тидамбира Байхаджиевн поэзин, тхайн районан газет тIехь цуьнан стихаш ешча:
…Дуй буу,
Ца яздан сайна луъург бен,
Хьоькхучу цIоганах
МогIа ца шаршо…


Къоначу поэтан и могIанаш айса дуьххьара дешча, со кхийтира вайн поэзе кхин а цхьаъ бакъволу къонах веана хиларх. Ас хIокхул хьалха а сайн цхьана статья тIехь Байхаджиевн кхоллараллех масех дош олуш, къонахаллин поэзи аьлла, сайна хетачу агIор мах хадийра цуьнан. Дош майрра алар, мила-мила ву юьхьадуьххьал дIаала хIоттар ма ю къонахчун билгалонаш.


Кехаташ теIийна чета,
МуцIарш а ирйина кеда,
Хабарца, кехатца нийса
Тентагаш, шун са ца хьийза?

ХIара дуьне лийр дара милла,
Шух тешна де-буьйса лайча.
ВорхI валарх бен доцу кIиллой,
Бендацар гIойла шун шайн сих.

Шен цIока йовха а, юьзна а хилчахьана, дуьне эккхарх бендоцчу писашна буьззина мах дIало оцу дешнаша. МостагIчул а кхерамениг бенцахетарг ву. Ткъа ша поэт шегахь адамалла йолуш хилар гойту цуьнан «ТIома седарчий» цIе йолчу сборника тIерачу «ГIаргIулеш» стихотворенин могIанаша:
…Цундела хир ду сахьовзар,
Яхча уьш шийлачу ана.
Хир буй-те кхин некъахьовзам
Хийрачу стигланийн панахь?
Деэшначух доглазар, къинхетаме хилар, харц шайна къилба дина лелачаьрца шен ойла а, некъ а цхьаьнабогIуш цахилар гойту Байхаджиевс ша язйинчу цхьамогIа байташкахь: «Дарцашна кхосса вай…», «Даха вай…», «Суна ца моттара…», «Къонахий…», иштта кхиерш а.
ДоIа санна, цIеначу ойланийн дехарехь хеза «Лан ца ло соьга» стихотворенехь поэтан дог-ойла:
Ларве со, дахар, Iаьржачу дегнех,
Саьхьарчу бIаьргех, гомачу хьежарх,
Сонтачу нахах, борахчу нахах…


Шен дуьххьарлерчу стихотворенех цхьаъ йолчу «Дуй буу» байтехь, ша и дуй къера биъна цахиларна тоьшаллина санна, шен кхоалгIа «ЮьхькIам» цIе йолу сборник арахийцира Зайндис I990-чу шарахь. ХIинца вайна хьалхахIутту дахарехь а, поэзехь а шен зеделларг долу, нохчийн литературехь шен хатI а, шен дуьнене хьежар а долу хIинцалерчу вайн литературехь хьалхарчеран могIарехь волу поэт. Карарчу заманан чолхалла, адамийн тоьлла ойланаш а, гIиллакхаш а тIаьхь-тIаьхьа акхадовлар гуш, хала ду шен Даймехкан кIантана хIоранна а, шайн дезарийн гIуллакх хьалха а даьккхина, Нохчийчоьнан сий доьхкина леларш ган.
Даймохк, ас хIун гIо де хьуна,
Лечкъачохь мостагI хьан кийрахь?...
…Хьан кIант ву баьхначу суна
Лан ца ло хьан гIийла аьзнаш…


Иштта яздо Зайндис вайн массеран а цIарах. Шен къоман гIиллакхаш дIатийсина, оьздангаллах боьхна, адамазаллин амале бирзинчарна яздина поэта хIара могIанаш:
Ас пусар ца до шун:
зударех хийцинарш заддаш,
Да-нана дицдина атта…

…Ас пусар ца до шун:
божарийн – зударех лелачу,
Зударийн – божарех лелачу…

Иштта хIокху йоццачу стихотворенехь а:
Декъала хуьлда хьо, зуда,
Зуьдалла доцу!
Декъала хуьлда хьо, стаг,
Стогалла долу.


Байхаджиевн лирикин турпалхой даима а къийсамехь бу. ХIан-хIа, цара ца къуьйсу бIарлагIечу идейшкахьа, ца дуьйцу даккхий, даьсса, деза хабарш. Цара къуьйсу тахана вайна хьалхахIоьттинчу бакъдолчуьнца. И бакъдерг ду адамийн ийгIина гIиллакхаш, юкъаметтигаш, хIинц-хIинцца дIадаханчо вайна дитина зуламе хIуманаш: кхаьънаш эцар, шен карарчу Iедалан даржан гIоьнца хьарамлонаш лелор. ХIинца зама а, адамийн кхетам а самабаьллачу юкъахь бакъдолчо бен дикачу агIор хуьйцур дац вайн дахар, ерзор яц луьра чевнаш:
Сан мехкан кийрахь ду даI,
Ткъа «ахI» дан хIинцца магийна.
ВорхI дена хуьлда хьан, бакъ,
ТаIийча, таьIначохь Iийнехь.


Вайх хIора а, ша дIатаIIийначохь ца Iаш, харцонна дуьхьал бакъдерг даккха стогалла йолуш ца хилахь, нийсо яцар хIокху дуьненахь лаьттар даим а ду, боху автора шен биъмогIанехь. Шен даймахкана хIокхул хьалха бина а, хIинца беш болу а ницкъ Iеткъа къоначу поэтна:
ХIинца а бакъ тоьлла дац,
Кху лаьмнех хаьрчина дохк.
Къонахийн дозалла – лаьмнаш,
И маццалц еза-те лан аш?…


Ткъа муьлш бу уьш, и харцо толийнарш, шайн гай юьзчахьана, кхечара хьоьгу Iазап ца гуш? Шен махках, халкъах екхаш йолу и жуккарш Iорайохуш, Байхаджиевс цхьана а хIуманах ийза ца луш, гойту вайна церан яххьаш, дегнаш, ойланаш. Цо ма-аллара, «ломах трибуна а йина, эхь дайна», харцо еш болчарна юьхьа дуьхьал туху Зайндис шен стихашкахь.
Цхьа екхарш яьржина ломахь,
Аренца ма хуьлу – уьззаш,
Маттаца – ялхой ю къоман,
Амма ю сагIадоьхургаш…


Оцу нехан, «ойла-элийн, амал-лайн» йолчу, хIокху лаьттахь хIумма а дац ахчанал сийлахь, боху цо. Лекхачу ломахь кхиъначу вайн оьздачу дайн кура гIиллакхаш писаша хьешар ца лало цуьнга:
…Аш шайн къизачу тIемаш кIел а лоьцуш,
ХIоккхул лекха лаьмнаш лахдина.
«Бюрократийн гимн» стихотворенехь оцу нехан Дела а, дин а даржех пайда а оьцуш, «хIума якххар» хилар гойту вайна поэта. Цара:
…Шарбал тIе летийна йомеш,
Йомеш тIе летийн йомеш,
Схьаделларг: соьмаш я гомаш


Оьцура массо а «-комехь», – ткъа вай тап-аьлла Iара, райкомо, райисполкомо, обкомо, Ленинан цIе хьалха а тоьттуш, шайн гайн хьашташ кхочушдечу хенахь, цара шайн мидалш ен «цIеста дешех эцна ду», ткъа вай «хIокху хено акхадаьхна: вухург – воьхна, воьлхург – вилхина», доьхна даьржина. Вайна: …Хаац, тахна хIотта хьанна тIаьхьа,
Я, гIаддайча, кхайкха хьаьнга.
Ткъа вуьш-м шек дIа а бац:
Массо а маьIIехь, массо а чохь –
Даймехкан даьIнех тIум йогIучохь
Селханлера дог-Iаьржа къиг
КIайелла лела, дицдина «къикъ»


Вайн къоман гIиллакхехь уггаре сийдойуш дерг хилла сагIадехар. Байхаджиевс шен поэзехь цхьана гу тIе-локхалле хIоттаво сагIадоьхург а, къайлах кхаьънашъоьцург а:
Эппаз дехча – олу: сагIа доьху,
Ткъа кхаъ бехча – лору гIуллакхехь...
Ас-м хIора лерган Iуьрга боху
И шиъ хилар цхьана гу-лакхехь.
Тешаме доттагIалла нохчаша дерригенал а сийлахь лерина. Шен вешел а бехке лийрина доттагI. Ткъа хIинца доттагIаллин мах тешамца ца бусту цхьаболчара, цуьнан хьолаца, хьаькамаллин даржан тIегIанца хадабо. Къонахаллин, тешаман мах боьжначу хIокху заманахь Зайндис боху:
Со хьаькам гIур ву, доттагIий гулбан,
ДоттагIий кIезиг бисначу хенахь…


Амма тешамберг къаьста, хьо хьаькмаллин даржехь хилча а, я ца хилча а:
…Дарж дитна гIур ву, доттагIий гулбан,
Дахаран доттагI къасточу хенахь.
Вайн дахарехь хуьлуш бу «текхан доттагIий», «къаьркъанан доттагIий», хьан «хьал-бахаман доттагIий».
ДоттагIа аьлча а – «доттахьа»,
ГIаттийна муцIаран кад…
…ДоттагIа – хьал делахь шортта хьан…
ДоттагIа аьлча а – «моттаргIа…»
Къаьхьа къурд бо Байхаджиевн лирикин турпалхочо цу тайпанчу нехан амалш шена гучуевлча:
…Уьш-м ца хиллера цкъа а
Я сан а, я кхечуьнан а.
ДIаяьлла доттагIийн зама,
Къонахий лагIбелчахьана…


Делахь а, мацца хилла а, къонахийн зама хирг хиларх тешаво цо ша:
…Къаьркъано хьоьхучохь йир,
ГIиллакхаш девллачохь чомах
Къонахий цкъа хириг хир
ХIокху писбоьллачу ломахь.
Цхьа шатайпа довха дешнаш карадо Байхаджиев Зайндина йоIе безам буьйцучу байташкахь:
Гойла йоьхна, йолахь вайна херо,
Ас хьо иллин хьогаллица мер ю.
Гойла хилла, кхачахь со хьан цIерга,
Ас хьо бIаьргийн хьогаллица мер ю.
Гуттаренна къилба хилла буьсу Байхаджиевн лирикин турпалхочунна шен дуьххьарлера безам, цо шен даг чохь оьзда, хаза, догдика ойланаш дуьххьара самаяхарна:

Дуьненах вониг ца ала,
ас дагалоьцу хьо.
Зударех сайн дог ца даккха,
ас дагалоьцу хьо.
Бохамаш сайн юхатоха,
ас дагалоьцу хьо.
Кечвинехь дахаро тоха,
ас дагалоьцу хьо.
Адамийн суьртах ца вала,
ас дагалоьцу хьо.
ЙоI, нана, зуда… Сийлахь цIераш ю уьш. Вайн дайша лаккхара сийдина оьздачу зудчун, цуьнгахь коьртаниг лерина цуьнан деган цIеналла, тешам, ноналла. Амма болуш бу, шайн сий дайъина, къоман цIе бехйийраш а. Байхаджиевн лирикин турпалхочуьнга ца лало хийла шех лаьцна оьзда дош алийтина йолчу нохчийн йоIа, шен еза цIе яйъина, ша-шен сий дайар.


…Дастамчу писашна
йоькъучохь алу
ТIаьххьара йиснарг ахь
кхийдош ца лало.
Лан ца ло тахана,
ах-улах яьгна,
Хьо хьалхахIоьттича,
«хIаъ» ала кийча…
… «ЦIанъелла» хьийзарх,
Тхуна-м хьо яйн ю,
Изза ю-кх, изза –
пурхаллехь ма-ййу.


Шен синлазамаш, дагна Iеткъарш нене далхадо лирикин турпалхочо:
Пайденна ца хууш ваха
Сайна а, я нахана а,
Ахь тхов тIе даккхале ага,
Къанвелла-техьа со, нана?
Лаьттахь гуш пайда мел боцург,
Тоуьйтуш де даьлчахьана,
Ваьхна со цхьа резавоцуш
Сайна а, я нахана а.


«Къонахий» цIе йолуш ю Зайндин цхьа стихотворени. Уьш вайн хилла а, болуш а хилар, хIара дуьне царна тIетийжаш лаьтташ хилар дуьйцу поэта. Оцу къонахий болчу кIентийн могIарехь го вайна Зайндин цIе а:
Бевза суна къонахий –
нохчийн кура кIентий.
ХIокху лаьттахь цкъа а
сий ма дайла шун, кIентий.
Шу ца хилча хIоккхузехь,
ХIокху халачу новкъахь,
И вайн къоман локкхаргаш
Хала дара йовза…
Вай хIокху статья тIехь йийцаре йира Байхаджиев Зайндин поэзи, цунах лаьцна вешан кхоллаелла ойланаш а. Ешархоша даггара къобалъеш тIеэцна оцу шатайпанчу поэтан стихаш.
ХIокхул тIаьхьа а хьан кхоллараллехь ирс-аьтто хуьлда хьан, Зайнди! Нохчийн халкъан литературехь яха хьакъ ю хьан поэзи.

Орга №8. 2019. Эл. кеп.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика