Проза

Дерказан Джокъал

PDFПечатьE-mail

Обновлено 15.08.2018 06:19 Автор: Administrator 15.08.2018 06:16

Бексултанов

Дерказан Джокъал

Бексултанов Муса

Обарг воцуш, лам а ца хилла,

къу воцуш, буьйса а яц

ламаройн алар

 

Гурара яьлла гила борз хьо ю, ма бохура, ва Джокъал, махца къуьйсу сухара леча хьо ма дуьйцура кху ламанца, гуьржаша элийн кад хьуна тIера ма ийбора – шайн мостагIчунна тIера, – сел кайоцуш, хьан вий-кх хьо, сина дуьхьал са доцуш, хьан йоьхки-кх хьан Iожалла, мила тийши-кх чагIалкхах, дешан да хьан Iехий-кх… ву, бохуш, декна иллеш, хилла бохуш, ма доьлху хьох, и бохь лекха ламанаш тезетахь ма лаьтта тахана, хотерачу къорачу хьаннаша хьан Iожалла ма тийжайо, дош даьккхина теший-кх хьо, хьох дешан да веш, я дош делла, Iехий-кх хьо, хьайн дешан меха дош хетта…        Джокъал, хьо къу ма вара, къера къу ма вара хьо, къал1 доцург, кхин бахам а, хьал а доцуш, буьйсий Iаьржа, майраллий – хьайн сай – дегI вовшах дузуш, динан бергаша некъ гезбеш, ира бIаьрса цIарах догуш,и гуьржийн ламанаш дийнахь пхиъ баьккхича, буьйсанна кхоъ боккхуш, кера юккъехь дуьсург бен, зорханна рицкъ ца дууш, некъан шакарца ойла идош, динан йоргIанца хIонс хьоьгIуш, буьйсанах доттагI вича, Дзоьдорих ваша вина, кога акха лела цIокъ ма дара хьо, Дерказан ва Джокъал… «Пхьу – берзан, ваша – вешин», – кицанна юьйцу берзан буьйса, каш санна, таьIна ма хIуттура цу бохь ира лаьмнашца,  докх санна, юьжуш, лаьхьа санна, тебна. Буьйса накъост вара хьан, Джокъал, Iаьржа латта санна, тешаме ваша, деган доттагI Дзоьдори а волуш.

 

Тайниг

PDFПечатьE-mail

Обновлено 09.08.2018 18:39 Автор: Administrator 09.08.2018 18:38

Beks2

Тайниг

Бексултанов Муса

 

Ненан йоI цхьаъ бен яц. Нанна шен йоI дукхаеза.

ЙоIана шена а еза ша дукха.

ЙоIана ша чIогIа дукхаеза, уггар а чIогIа, массарначул а дукха а езаш, ша цхьаъ бен йоцу дела.

ЙоI цхьаъ бен ян а яц, хIара санна йоI – хIара цхьаъ бен.

ЙоI ВУЗ-ехь доьшуш ю, хьалхарчу курсехь, хIинц-хIинца ишколера дешна а яьлла.

ЙоI жима ю, ши чIаба а лестош, хьаж тIехула Iаьржа мас а хьаьдда, жима хаза мара а болуш, боккха-боккха – стигал басахь, – боккха сийна ши бIаьрг а болуш.

ЙоI доьшуш ю, йоккха а хилла, йоIана ша-ма жима хета, хIинца а жима, жима бер санна, ловза лууш, гуттар а ела, полла гича а, ела хьодуш, малх хьаьжча а, догIа тоьхча а, ло деъча, а хаза хеташ.

 

 
 

Кхаа дашах дийцар

PDFПечатьE-mail

Обновлено 09.08.2018 18:38 Автор: Administrator 09.08.2018 18:35

Хасан Седиев - Очаг

Кхаа дашах дийцар

Ахмадов Муса

 

XIX бIешарахь, ткъе пхеа шарахь лаьттина Кавказан тIом дIабирзича, ламанан къаьмнийн дуккха а нах Хонкара Туркойн махка, дIабахара, паччахьан Iедална кIел совца ца лууш. Царна юккъехь бара нохчех пхи эзар доьзал а. Туркойн дозанал дехьабевлча, ламанхой цхьана ханна эрначу арахь совца дезаш хилира, шайна цигарчу Iедало гуттаренна а даха меттиг билгалъяккхалц. Цкъа кавказхой севцначу цхьана туьшахула схьавогIучу цхьана туркойн Iедалан стеган тидам хилира, уллехь воккхачех цхьа а воцуш, волавелла лелачу ши-кхо шо кхаьчначу кIентан. Юххерчу нахе цу кIантах дерг хаьттича, гучуделира иза да-нана дIа а кхелхина, масех де хьалха байлахь висина хилар, шена  уллехь доладан цхьа а гергарниг а воцуш. Оцу хьаькамо и кIант шена дIавигира, шен бераш санна, хьоме а хеташ, хьала а кхиийра. Дикка воккха хилча, оцу кIанта хаьттира ша кхобучу туркочуьнга, шен бакъдолчу дех-ненах лаьцна. Къеначу туркочо дийцира, шена и мичахь карийна а, муха карийна а. Цо иштта элира:

 

 
 

ХIун бехк бара сан?

PDFПечатьE-mail

Обновлено 30.07.2018 03:49 Автор: Administrator 30.07.2018 03:45

         3

САРАЛИЕВА ТАБАРИК

                                                          

Шераш дIа мел оьху а бераллехь хилларг дика дагадогIура йоккхачу стагана Хьапина. Цхьаъ вукхунна тIаьххье суьлхьанийн гуо а боккхуш, бIаьрнегIарш тIекъевлина Iачу кхуо, юх-юха а луьттура шен дахар. Дуьххьара дагадогIург: диллинчу корехула  чуйожар. Ша лазийна цахилар а, амма шен нана чIогIа лазийна хилар а дика дагадогIура. «Нана яла хьан, да чохь хилча, цо бIаьраIуналла дийр ду аьлла ма хIоттийнера аса хьо кора йисте, паднара тIе», – бохуш, елхаран къурдаш а деш, йоьIан цхьа а меже лазийний хьоьжучу ненан аьхна куьйгаш хIинца а шен дегIа тIехула хьоькхуш санна, хаалора кхунна. «Шек а вуй ду-кха, йоI стенга яхана хаьттича, айхьа дIахIоттийначуьра хьалаэца ахь, боху-кх», – дена йина яппарш а ненан озаца кхочура Хьапин лере.

 
 

Безаман Къайленаш

PDFПечатьE-mail

Обновлено 18.07.2018 18:45 Автор: Administrator 18.07.2018 18:38

tmb 123064 6615

АЙДАМИРОВА МАШАР

 

 Тоххарехь маьркIаж-хан а хилла, дIасавоьдург вогIу-воьдучура ваьлла.

Гуьйренан цIемзалло сахьт-доза туху адаман лаамашна – мел лиъча а, арахь латта, хьошалгIа ваха догдог1у хан-зама яц тIехIоьттинарг. Мичара богIу а ца хууш схьахецабеллачу махо Iуьйранна дуьйна тIуналлах дистина мархийн гай дат1ош, догIа охьахийцира. Кийра уьйзучу шийлачу хIавао цхьа тамашийна ша буьллура пехашна – дегIехь халла сийсачу йовхонах хьаьрчий, кхарзаеллачу йовхаршца юха арататталора.

БIаьста-аьхкенан ховхачу махо-малхо хьистина, дехха самукъане той дIакхехьна дитташ хIинца можа-мокхачу басе дирзина. Шаьш горахIитто гIертачу дерачу мехашна ма-хуьллу дуьхьало ян гIерташ, наггахь гIийла узарш а хеза церан. Амма, мел кадеттарх а, тIаьххьара шайх къаьста гIа а ца сацало. ХIокхеран луьстачу гIашлахь зевне декначу олхазарийн долу ирс а ца хили – шелонна тIам ластийна, кхидIа а шайн той дIакхехьа бовхачу махка, дIадаха.

 

 
 

Страница 4 из 45

Яндекс.Метрика