Проза

БЕЧУРКАЕВ Iаьрби

PDFПечатьE-mail

Обновлено 27.07.2012 08:27 Автор: Administrator 27.07.2012 08:25

 

                                                Хьан ца бина тIом?

Советски Союз йолчу хенахь, бIаьсте яьлча, кегийрхой а, иштта гIеметта хIоьттинарш а «деха сом» даккха оьхура российски регионашка белхаш бан. Совхозашкахула, колхозашкахула, иштта гIишлошъяран организацешкахула а лелара, белхаш лоьхуш. Болх карийча, нагахь санна балханий, лун долчу ахчанний шаьш резахилча, куьйгалхочуьнца барт хIоттабора.
Iалсолтин шен бригада яра 5-6 стагах лаьтташ. Иштта тIееара рогIера гена балха воьду бIаьсте. Гурахь цIа богIура уьш, дуккха а ахча а, дакъийна жижиг а, моз а дохьуш. Со хIетахь школехь доьшуш вара. Ша цIа мосазза вогIу, тхуна массарна а тIеюху хIуманаш йохьура цо (тхо 7 доьзалхо вара цуьнан, со воккханиг а волуш), цундела тхо массо а чIогIа сатуьйсуш хуьлура иза цIаваре. Суна дагадогIуш, иза, дукхахьолахь, бригадица хуьлура Саратовн, Пензин, Ростовн областашкахь.

 

БОРХАДЖИЕВ Хожбаудди

PDFПечатьE-mail

Обновлено 27.07.2012 08:24 Автор: Administrator 27.07.2012 08:09

                                            Пен


Карагандара хьеший цIевзинчу шелонца тIеийцира Акмолинск-гIалано. ХьасангIар доьзалшна леринчу юкъараIойле дIатарбира Серика.
Сих-сиха Гуля а йогIура кхаьрга хьошалгIа, ша мел йогIу юургаш чохь йолу боккха тIоьрмиг а бохьуш. ДIайоьдуш, кIез-мезиг сом-ком дитаза а ца йоьдура.
Цу тIехь дIа ца доьрзура Серика кхеран ден дола: Хьасанна балха тасавала а гIо дира цо. Контора гIалина йисттехь яра. Ваха-ван аьтто бацаре ца хьоьжуш, денна 5-6 чаккхарма некъ дIаса а беш, балха лелара Хьасан.

 
 

ИБАЕВ Руслан. Ирсе кхевдина тача

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 27.07.2012 08:00


                                                                                              Безаман а, дахаран а ирс 
                                                                                              Iаьвшинчу шина адамна лерина

ХIаваакеманан трап тIе хьалаволучу юкъана стиглан тидамбан ларийра Салман.
Стигал цIена-сийначу басаршкахь яра. Бамба санна юькъа-кIайн мархаш лаьттара цхьана меттехь, сийса а сийсаш. Цхьаерш яжа-кажа кхийдаш санна хетара, ткъа кхиерш, йийшина Iохкуш, IиндагIехь нох а дохуш. ГIаргIулех тера ерг а гира, юха, жимма хIокху кеманах а тарлуш, дIасаяржарца.

 

 
 

КУСАЕВ Iадиз. Къинхетам

PDFПечатьE-mail

Обновлено 27.07.2012 07:58 Автор: Administrator 27.07.2012 07:52

                                              I
Дагца лелла, лергашна хезна, ойланехь хилла, бIаьргшна гина, куьйгашца дина доцчу зен-зуламна бехке бина, цIийнах-цIарах баьккхина, схьабалийна, кху гIиргIазойн махкахь Дардаилан доьзал бехаш болу шолгIа шо долуш, бIаьстенан, цхьана Iуьйренан сатасарца, чIогIа тата даьккхина, тоьпийн баххаш диттина неI кагъеш, церан чу лилхира комендант коьртахь волу салтий а, милцой а. ХIинца а дикка самабовлаза, хуьлуш дерг хIун ду ца хууш, Iадийна болу доьзал – Дардаил, цуьнан кхо кIант, хIусамнана – цхьана сона а гулбина, ха дан ши салти хIоттийна, милцошка омра дира коменданта:
–ДIадоладел цIийнах хьовсар! – аьлла.

 

 
 

БЕКСУЛТАНОВ Муса. Хьанна, муьлха я мичахь

PDFПечатьE-mail

Обновлено 27.07.2012 08:00 Автор: Administrator 27.07.2012 07:47



Юрт хуьлу, урам а, нана а хьан, лоха цIа а.
ТIаккха дуккха а кегий бераш, кIайн ишкол, хьехархо а.
Юха кхано, цхьа цIеххьана (шо а, шераш а, зама а тилча) набарха самаиккхича санна, хьо дIахьаьжча, – хьан лулара кIайн, лекха йоI, горга даккхийчу Iаьржа бIаьргашца, месаш а Iаьржа, дуткъа горга лаг а, меттабуьххьехь дуу дешнаш, йист кагъелла хьалхара церг а, юткъа озаелла, яхъелча санна, ирзехь цхьалха сериг
санна.......................................................

 

 
 

Страница 39 из 41

Яндекс.Метрика