Проза

Даймохк «даго лоькху зурма» яра поэтан

PDFПечатьE-mail

Обновлено 20.05.2017 18:28 Автор: Administrator 23.12.2016 12:23

 

Дикаев Мохьмадан – 75 шо

 

Дикаев Мохьмад 1941-чу шеран I-чу сентябрехь Соьлжа-гIалахь вина. БердкIелара цIеяххана вевза пондарча Джунайд ву цуьнан да. Бераллехь дуьйна нохчийн мукъамаша лерса хьистинчу Мохьмада шен «Бекалахь, сан мерз-пондар» стихотворенехь хIара дешнаш алар цундела ларамза дацара:

 

Ас хьоьга къайленаш юьйцу:

Тешаме хьан мерзаш,

Генарчу бераллехь дуьйна

Ойланаш ю хьоьца ийна;

Бекалахь, сан мерз-пондар,

Вайшиннан безаман сийнна.

 

БЕКСУЛТАНОВ Муса

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 29.08.2016 10:53


Юрт, урам, бералла


… уьш бераш дара, кегий бераш, Iахарий санна, цхьаьна кхуьуш, кIант, йоI бохург, дан а доцуш, диъ-пхиъ шеран, цхьана хеннара, цхьаьна уьдуш, ловзуш, хьийзаш, цхьаьна лиэташ, доьлхуш, нанойн дов долуш, цу берийн нанойн, шайн-шайн бер хастош, чохь сецош, къестош…
… сахуьлура, доккха са, малх гIоттуш, Iуьйре, бераш юха а арахьовдуш, юха а дуьйлуш, ловзуш, лиэташ, нанойн дов дуьйлуш, яппарш еш, вовшийн луьйш, шайн бераш чехош, цуьнца-вукхуьнца ма ловза, бохуш, бер хьостуш, тедеш, кампет луш, Iаж, пирянг, ков къуьйлуш, бер лардеш, берана тIера бIаьрг ца боккхуш, садовш, юха буьйса юлуш, малх гIоттуш, де долуш, бераш юха а арахьовдуш, иштта ловзуш, лиэташ, дов долуш, доьлхуш, юха дуьйлуш, йистбIаьрг лелхаш, шаьш техкина цIераш йохуш, шаьш вовшийн техкина цIераш: хьо кхаба – бат йоккхачуьн, муцIара хьач – корта буткъачуьн, виран лергаш – лерг доккхачуьн, пхьагал-ког – астагIчуьн…
 
 

УСМАНОВ Iарби

PDFПечатьE-mail

Обновлено 20.05.2017 18:29 Автор: Administrator 29.08.2016 10:51

 
 

 Рицкъанаш къасто Iин

 
  Бекара пондар. Боьлхура кехат-пондар. Зевне-сингаттамечу цуьнан озо, цкъа бертаза дIавуьгура гена пана махка, тIаккха, айвой, хьалавоккхура лаьмнийн баххьашка, карзахдаьлла са, йийсаре лоций, даржадой, дIахьора шерачу аренашкахула. Цуьнга ладугIуш, тап-аьлла, дIатийнера БелгIатой - эвларчу Эламирзин хIусамехь болчу синкъерамехь мел верг, жима а, воккха а. Ла ца дугIийла а дацара, пондар локхуш ерг говза пондарча Марем хилча, иза хьена-мила ю массарна а хууш хилча, муххале а. Детица кхелина исбаьхьа кехат-пондар, шен озах боккхабеш санна, ловзуш, бекара Мареман хазачу куьйгашкахь. ДIатийнера нах, хелхаран бал сацийна, тхьамдано: «ЛадугIу йиш лакхахьа вайна, Марем»,– аьлла, цуьнан цIе яьккхичхьанна. Амма, цхьа а ца кхетара оцу эшарх, Гада санна. Цхьаьнна а дагах ца кхетара иза, кхунна санна. Оцу эшаран мукъамехь шера схьахезара кхунна шен кийра сийна алу йиллина дешнаш.  «Алаза делара уьш, хазаза велара со, байттамал, - ойла йора хIокхуо хIинца а, – цхьа догдохийла-ха ярий хIетталц!»
     «... Доккха Iин ду вайшинна юккъехь,
    Цкъа а вайшиъ вовшашна
 
 

МИНКАИЛОВ Эльбрус

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 29.08.2016 10:51

Цу шарахь, августехь…


Хьалхара тIом чекхбаьлла лоруш бара…
Нохчийчохь машаре дахар дIахIоьттина бохура, амма и иштта цахилар гуш дара, ши бIаьрг болчунна. Ельцин кхуза варо а ца хийцира бахархойн ойла: Теркайистерчу масех юьртахь а, Соьлжа-гIаларчу аэропортехь а цхьацца къамелаш а дина, сихха, оцу дийннахь,  цуьнан дIавахаро а дора цунна тоьшалла… 
Амма иза юха а Россин президент хаьржинера, «машар» лоьхуш ву, аьлла. ХIинца хIуъа дан йиш яра цуьнан а, цуьнан «доьзалан» а…
 
 

САРАЛИЕВА Табарак

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 29.08.2016 10:50

                                                                                     

Лайса


Декабрь беттан хьалхарчу деношкахь ло деана, гонахара хIаваъ цIанделла, садаIарна цхьа атта долуш, гIеххьа айъаелча, тIома а ялалур ма яра аьлла  хетачу Iуьйрана, балха схьакхечира Лайса. 
Иштта де наггахь бен ца догIура гIалин йоккхачу больницехь медбелхахо йолчу кхунна. Дала ма-лоьхху, операци йинчул тIаьхьа чIагIвелларг а вацара, я са ца тохалуш лазарш долу дархо а вацара. Иштта деанчу дийно хIун дохьу ца хуъушехь, деган айъамца, шен цомгашчийн Iуьйре дика еш, цара буьйса муха яьккхина хьожуш, палаташ чухула чекхъяьлла, шен белхан кабинета чоьхьа а яьлла, дуьхьала долчу куьзгана а хьаьжна, ша-шена реза а хилла, охьахаа дагахь хиллачу кхуьнга, коьртачу лоьро Iуьйренан кхеташоне кхойкху аьлла, хаам хилира. 
 
 

Страница 5 из 41

Яндекс.Метрика