Проза

ПЕТИРОВА ПетIмат

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 04.05.2016 09:01

 

Буьйсанан бере а, беттасин илланча а…

 

Юькъачу хьуьнхахула вогIучу цо дуьхьал нисделла генаш куьйга дIасатоттура… паргIат дIасахьожура… Массо а хIуманан тидам боккхура… Долахочун бIаьрг кхарстабора массо а метте… Сакхваьлла ладугIу… Цхьаъ хаало… ХIаъ… дехьа агIорхьа схьа ду и шах-шах… я мукъам бу-те и? ТIаьххьара дуьхьало – луьстачу диттийн гаьннаш – дIаса а теттина, гIулч тесча, хIара буьйсанан бере жимчу майдана волу… ХIаъ, хIинца схьакарий кхунна и… Беттасин илланча… Кхунна дукха  хезнера и юьйцу… даго дукха ийзийнера и йолчу… ХIинца карий-кха… Говрара лаха а воьссина, тIевало… БIаьргашна гучух ца теша… ХIокху буьйсанан паналлехь, кху хьуьнан кIоргехь и йоцург кхин хIумма а дац… Илланча а, цуьнан мукъам а… СадаIар а дицдина, ладоьгIу беречо цуьнга… Дешнаш а къаьста…

 

ЭЛЬДИЕВА Марет

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 04.05.2016 09:00

 

Цхьа  доIа

 

-Воккха  Дада, хьо цхьанхьа  ваха гIерта?

-ХIаъ.

-Воккха  Дада, мича  гIур ву хьо?

-Дала  пурба лахь,  Макка а, Мединате а, хьаж  кхочушда…

Жимачу  кIанта  леррина  тергалво  воккха стаг…

 
 

САРАЛИЕВА Табарак

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 04.05.2016 08:57

 

 КъинтIераяьлла-кх со…

 

Кешнаш. Вай, дийнадерш, кхуза наггахь, цхьа декхар дIадала догIуш санна, бен ца дагIахь а, дахаран а, валаран а дикка ойла яло меттиг ю хIара.                                            

Со-м, хIетте а, дукха зама яра сайн ненан барза тIе хIоттаза. Кхин ца яхнера со сайн ден барза тIе а. Суна уьш бицбалар а, я дагарабовлар а дацара иза. Иштта-м, Дала мукъалахь, хIора Iуьйра ламаз тIехь цхьацца гIуллакх дой, мела ло ас царна: «Сайн нанна Жовжанна, сайн дена Ахьмадна…», иштта, дукхе-дукха цхьа доккха тептар хуьлу оцу цIерийн. Сан шеко а яц, айса дешдерг сан беллачарна дIакхочур долуш а, суна ял хир йолуш а гIуллакх хиларх. Бакъду, кху тIаьххьарчу хенахь: «Са дIадаьллачул тIаьхьа стеган тептар дIакъовлу», – бохучунна тIаьхьадазочу хIумнаша дагна Iаткъам бахь а: «Дела ву-кх дерриг гуш а, хууш а», – олий, сайна Iеминарг до аса… .     

 
 

АХМАТОВА Зулихан

PDFПечатьE-mail

Обновлено 04.05.2016 08:57 Автор: Administrator 04.05.2016 08:54

 

Райсин  чамда

 

Маретан  хIусамаш сих-сиха хийцалора.  Кхуьнан куьцах Iехалой, юьгура хIара маре.  Амма дукха хан ялале шен цIа йогIура. Мехаза ца йоккхура кхо и хан. ЧIанайоккхура нехан хIусам, дуьне ма-дду бовдура цу хIусам чуьра доьзалш. ТIаьхьо, хIусамда кхо лелочух кхета воьлча, Марет, оьгIазъяхана кеп а хIоттайой, арайолура.

 
 

Машаран денца доьзна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

PDFПечатьE-mail

Обновлено 27.04.2016 11:35 Автор: Administrator 27.04.2016 11:34

Хьомсара махкахой!

 

    Декъалдо шу Машаран денца! 2009-чу шеран 16-чу апрелехь Россин Федерацин Президентан тIедилларца Нохчийн Республикера контртеррористически операцин раж дIаяьккхира. И де вайна массарна а баккъал а дерриге а халкъан а, сирла а деза де хилла дIахIоьттира.

   Контртеррористически операцин раж дIаяккхаран де нохчийн халкъан исторехь республикехь маьрша хийцамаш дIаболабаран де хилла дIахIоьттира. Оцу сацамо гIо дира пачхьалкхан Iедалан а, урхаллин а ерриге а институташ меттахIотторна, шуьйра таронаш схьайиллира республикин экономика а, социальни дакъа а кхиорна.

   

   Оцу дийнан мехаллин а, шайн дахарш ца кхоош иза гергадало гIиртинчеран хьуьнаран а мах хадийна вер а вац. Нохчийн Республикехь машар а, синтем а, токхе а хилийтаран дуьхьа шайн синош ца кхоийра Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, цуьнан тешамечу эзарнаш бIанакъосташа а. Церан цкъа а лийр йоцу турпалалла бахьанехь тахана Россин уггаре а сиха кхуьуш йолчу, маьршачу, синтемечу цхьана регионехь Iаш ду вай. Вайн декхар ду оцу маршонан, кхиамийн хама бар, и маршо а, кхиамаш а ларбар, чIагIбар, дебор.

   Билггал Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бахьана долуш республикин пачхьено – Соьлжа-ГIалано лардина шен исторически дозанаш. Лардина иза кхечанхьа дехьа яккха еза бохуш дуьйцуш хабарш хиллехь а. Тахана Соьлжа-ГIала Россин уггаре а хазачу а, маьршачу а гIаланех цхьаъ ю. Кхузахь дIахьо дуьненаюкъара къийсадаларш, конференцеш, гайтамаш, фестивалаш. Дуьненан массо а маьIIера туристаш богIу вай долчу, инвесторша шайн харжаш вайн экономикина юкъайохку, гIала бIаьргашна а гуш кхуьуш, хазлуш ю. Нийсса шо хьалха мехкан Президента Путин Владимира Владимировича исторически нийсо меттахIоттийра, Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» цIе а тиллина.

   Контртеррористически операцин раж дIаяьккхинчул тIаьхьа дIадевлла шераш билгал дара бIаьрла толамаш бахарца а, баккхий хиламаш хиларца а, регионан дахаран дерриге а дакъош – промышленностана тIера дешарна а, могашалла Iалашъярна а тIекхаччалц сиха кхиарца. Амма вайн уггаре а коьрта кхиам бу адамийн дахар тоделла хилар. Церан яккхий таронаш ю шайн бакъенаш, лаамаш, сатийсамаш, ойланаш кхочушъян, шайн таронех пайдаэца.

   Хьомсара махкахой! ХIокху дезачу дийнахь суна лаьа шун доьзалшкахь ийман, беркат лаьттийла, дахарехь аьтто хуьлийла, стигал даима а маьрша хуьлийла. Шайн дикачу дерриге а гIуллакхашкахь кхиамаш хуьлда шун!

 
 

Страница 7 из 39

Яндекс.Метрика