Проза

АЙДАМИРОВА Машар

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 28.06.2016 10:35

 

Буьйсаннехь цхьалха

 

Нохчийн зударшна лерина

 

Буьйса…Iаьржа, таьIна тийна буьйса.

Цхьалла…ГIорасиз, синтем байна цхьалла.

Ма цхьаьнайогIу шуьшиъ! Вовшехкъаста ца луш, бIешерийн дохалла ши йиша хилла схьайогIу. Сатассалц вовшийн маракъуьйлуш, ойланийн къайленаш юьйцуш. Амма яц шуьшиннан вовшашца я марзо я безам. Цаваьллачу денна дIакхоьхьу дахаран мур бу. Буьйса яьлла дIаяхча а ца юьту цхьалло – бIаьргаш хьаббой, юхаерзайо.

ГIайгIа! Буьйсанан а, цхьаллин а къаьхьачу ойланийн стом. Дийнахь серлоно цхьажимма йожуьйтуш, яржайо хьо, амма буьйсана цхьалло, лаг Iовдий, тIегулйо.

 

ДОМБАЕВ Хьуьсейн

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 28.06.2016 10:27

Iуьйре

 

I964-чу шеран аьхкенан тIаьххьара бутт бара. Сатоссуш гIаьттина, Iуьйр-ламаз а дина, цIийнананас доьттинчу чайнаца кIеззиг тIоберамца бепиг а кхаьллина, – «Йо-АллахI!» – узаран озехь а олуш, текха-а-ш, хьалагIаьттира Вахьад. Цуьнан лерина терго еш хьоьжучу Амната хаьттира:

– ХIара кIант ма вара хьоьга ша балха тIе вига бохуш. Самаваккхий аса иза?

– ХIан-хIа, вита ахьа и. Беран Iуьйренан наб мерза хуьлу, аз лах а деш, кIедо дуьхьалойира цIийнадас.

– Бер дац иза-м, бархI шо а кхаьчна, къанвелла стаг ву-кх, – элира вукхо, шаьшшиннан а къаьсттина хьомечу жимахволчу Хьуьсейнах дозалла деш санна. – Бажа юьртах баьллачул тIаьхьа, гIаттавай, тIаьхьаваийта  ахь иза, – олуш, къайлаха вела а къежаш, шега кховдийна гIаж схьаоьцуш, ларамаза санна, дайн куьг диллира майрачо шен зудчуьн  пIелгаш тIе.

– ОстофирлахI! Ламаз карарадаьккхи-кха ахь сан, – аьлла, оьгIазъяхаран суртхIоттийра цо диначунна тIаьхьакхиъначу Амната.

 
 

АТСАЛАМОВ Идрис

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 28.06.2016 10:24

 

Яхь

 

Вайн лаьмнийн юьртара Къашин ВахIаб вахана хилла  Мержа берам олучу метте, шайн доьзалшна туьха дан. Хетарехь,  хIинцачул цхьа  бIе шо  сов  хьалха хилла иза.

 

ВахIаба ша деш  хезна  шена и къамел олий,  дуьйцура  тхан  дас  Iатсаламан Iумара.

Мержа берам тIехь  туьха  доккхуш хилла хIетахь. ВахIаб дIакхаьчча, схьадала  туьха ца хилла. Шена  оьшшучул туьха вовшахкхетталц  хан яккха  езаш хилла кIант. Къашин  ВахIаб жима  стаг хилла, ткъа шо сов  хан  елахь, кхин воккха  а  воцуш.

Делахь  а, эхь хеташ, нахана  юьстахо Iаш, шен  хенахь ламаз деш, Дела хьехош, шега  далун гIо туьха  доккхучарна  а деш, денош-буьйсанаш  йохуш  хилла ВахIаб. Ткъа Берама  тIехь  йолах белхаш  беш хилла наха – дечиг доккхуш  цхьаберш,  гулдеш кхиберш, говраш йолчара дечиг  тIекхоьхьуш, хаддаза  цIе  ягош, хи кхоьхьуш  кхихкина  хи  кхачийча, шелбалийта, яй  юьстахбоккхуш, цу  чуьра туьха схьаоьций,  цхьана метте гулдеш. Доцца аьлча, къахьоьгуш дуккха а нах хилла  Берама  тIехь. Туьха эца  баьхкинчийн  а хиллачух тера  ду  рагI. Оцу  белхаш тIехь  болчу  нахах наггахь хиллехь а,  ламаз  деш хиллачух тера дац.

 
 

Шен могIа…

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 28.06.2016 10:19

 

Шен могIа…

 

Ас, мукъамца

Ломан белшах туьйсуш,

Маьрша аьрзу

Кхузахь хелхадаьхна…

 
 

БЕКСУЛТАНОВ Муса

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 04.05.2016 09:28

 

Хьалхара Iожалла

                                                             

Ошаев Халидана

 

Сарахь, балхара чудаьхкича, моттэладита хезира, комисси йогIу, бохуш.

ХIун комисси ю ца хаьара я хьанна йогIуш ю а.

Шуна иза бен а дацара.

Шуна дуза лаьара, дохдала, де-буьйсанашца набъян, гIенаша Iеха а деш.

ГIенах бепиг гуора, даим довха, кIеда бепиг.

 
 

Страница 8 из 41

Яндекс.Метрика