Проза

АЙДАМИРОВА Машар

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 04.05.2016 09:03

 

Безаман къайленаш

 

Тоххарехь маьркIажан-хан а хилла, дIа-схьа воьдург, вогIу-воьдучура ваьлла.

Гуьйренан цIемзалло сахьт-доза туху адаман лаамашна – мел лиъча а, арахь латта, хьошалгIа ваха догдоуьйту хан-зама яц тIехIоьттинарг. Мичара богIу а ца хууш, схьехацабеллачу махо Iуьйрана дуьйна тIуналлах дистина, Iаржъеллачу мархийн гай датIош, догIа охьахийцира. Кийра уьйзучу шийлачу хIавао цхьа тамашийна ша буьллура пехашна – дегIехь халла сийсачу йовхонах хьаьрчий, кхарзаеллачу йовхаршца юха арататталора.

 

ПЕТИРОВА ПетIмат

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 04.05.2016 09:01

 

Буьйсанан бере а, беттасин илланча а…

 

Юькъачу хьуьнхахула вогIучу цо дуьхьал нисделла генаш куьйга дIасатоттура… паргIат дIасахьожура… Массо а хIуманан тидам боккхура… Долахочун бIаьрг кхарстабора массо а метте… Сакхваьлла ладугIу… Цхьаъ хаало… ХIаъ… дехьа агIорхьа схьа ду и шах-шах… я мукъам бу-те и? ТIаьххьара дуьхьало – луьстачу диттийн гаьннаш – дIаса а теттина, гIулч тесча, хIара буьйсанан бере жимчу майдана волу… ХIаъ, хIинца схьакарий кхунна и… Беттасин илланча… Кхунна дукха  хезнера и юьйцу… даго дукха ийзийнера и йолчу… ХIинца карий-кха… Говрара лаха а воьссина, тIевало… БIаьргашна гучух ца теша… ХIокху буьйсанан паналлехь, кху хьуьнан кIоргехь и йоцург кхин хIумма а дац… Илланча а, цуьнан мукъам а… СадаIар а дицдина, ладоьгIу беречо цуьнга… Дешнаш а къаьста…

 
 

ЭЛЬДИЕВА Марет

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 04.05.2016 09:00

 

Цхьа  доIа

 

-Воккха  Дада, хьо цхьанхьа  ваха гIерта?

-ХIаъ.

-Воккха  Дада, мича  гIур ву хьо?

-Дала  пурба лахь,  Макка а, Мединате а, хьаж  кхочушда…

Жимачу  кIанта  леррина  тергалво  воккха стаг…

 
 

САРАЛИЕВА Табарак

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 04.05.2016 08:57

 

 КъинтIераяьлла-кх со…

 

Кешнаш. Вай, дийнадерш, кхуза наггахь, цхьа декхар дIадала догIуш санна, бен ца дагIахь а, дахаран а, валаран а дикка ойла яло меттиг ю хIара.                                            

Со-м, хIетте а, дукха зама яра сайн ненан барза тIе хIоттаза. Кхин ца яхнера со сайн ден барза тIе а. Суна уьш бицбалар а, я дагарабовлар а дацара иза. Иштта-м, Дала мукъалахь, хIора Iуьйра ламаз тIехь цхьацца гIуллакх дой, мела ло ас царна: «Сайн нанна Жовжанна, сайн дена Ахьмадна…», иштта, дукхе-дукха цхьа доккха тептар хуьлу оцу цIерийн. Сан шеко а яц, айса дешдерг сан беллачарна дIакхочур долуш а, суна ял хир йолуш а гIуллакх хиларх. Бакъду, кху тIаьххьарчу хенахь: «Са дIадаьллачул тIаьхьа стеган тептар дIакъовлу», – бохучунна тIаьхьадазочу хIумнаша дагна Iаткъам бахь а: «Дела ву-кх дерриг гуш а, хууш а», – олий, сайна Iеминарг до аса… .     

 
 

АХМАТОВА Зулихан

PDFПечатьE-mail

Обновлено 04.05.2016 08:57 Автор: Administrator 04.05.2016 08:54

 

Райсин  чамда

 

Маретан  хIусамаш сих-сиха хийцалора.  Кхуьнан куьцах Iехалой, юьгура хIара маре.  Амма дукха хан ялале шен цIа йогIура. Мехаза ца йоккхура кхо и хан. ЧIанайоккхура нехан хIусам, дуьне ма-дду бовдура цу хIусам чуьра доьзалш. ТIаьхьо, хIусамда кхо лелочух кхета воьлча, Марет, оьгIазъяхана кеп а хIоттайой, арайолура.

 
 

Страница 9 из 41

Яндекс.Метрика