Проза

БЕКСУЛТАНОВ Муса

PDFПечатьE-mail

Обновлено 30.12.2015 10:04 Автор: Administrator 30.12.2015 10:03

 

Парпесарна ца хаьара

 

Гуьйре яра, дитташна тIера можа гIаш а оьгуш.

Де а дара декхна.

Нах дIасалелачу гIашлойн некъана юьстахуо лаьттачу дечиган гIантахь воккха стаг Iара, кIунзал баьллачу коьрта тIера мохо ши-кхо чо а ловзош, уллохь Iуьллуш папка а йолуш, цу тIе кIайн шиляп а йиллина, куьйггал стомма дуй-те аьлла хетачу куьзганашна тIехьара са ца гучу бIаьргашца цхьаъ-м ган гIерташ санна, бат озийна, наггахь бен ца йисинчу цергех ши-кхо церг гуча а яьлла.

 

БЕКСУЛТАНОВ Муса

PDFПечатьE-mail

Обновлено 30.12.2015 10:31 Автор: Administrator 30.12.2015 10:00

 

 

И оьзда нах

 

Жимма самукъадаккха вай цкъа, «бамба баьттIачу» кху дахарехь, гондIа дIаса бIаьрг а тухуш, кху адамашка, сел оьздачу, кхеран амалшка, леларе, кхара бохучуьнга, лелочуьнга, кхара оьхьучу туьтмIаьжгашка, кхеран хIиллане, хIуьмалгашка...

Уьш дукха бац, дуккха а бу, хIора юьртахь, кIошташкахь, Соьлжа-гIалахь а, кхечахьа а, белхан меттигаш йоллу-йоллучохь, лаккхара яьхна ВУЗ-аш а хуьлуш, Iилма долуш а, доцуш а цхьаццанхьа дIатарбелла, цара дийцарехь, къам кхиош, мохк дебош,  къахьоьгуш, цкъа а лакхарчу даржехь а боцуш, шоллагIчохь, кхозлагIча, я хьаькаман гIоьнчех цхьаъ, я хьехамча, кхин а лахара, кIез-кIезиг катухучохь, жимма йоккхучохь, хьулъечохь, соьмана тIе сом диллал, туьмана тIе туьма а.

 
 

АЛИЕВ Мохьмад

PDFПечатьE-mail

Обновлено 30.12.2015 10:32 Автор: Administrator 30.12.2015 09:57

 

 

 

СовгIат     

    

  Цахуучунна, ма хаза кху Iаламах чам оьцуш ву-кха и къонах эра а долуш, генна, шена цхьаъ гуш санна, корех ара а хьоьжуш Iачу жимачу стага, ша араваккхахьа, аьлла, кхайкхира нене. Иза лазийчахьана цкъа а дIадоккхуш доцчу тхов кIеларчу гIанта тIе охьахаийра Алпатус шен кIант. Куьг хьаькхна,  цуьнан месаш а нисйина, бIаьргех шен хьаьвдда хиш, йовлакхан га хьаькхна, дIа а даьхна, чуяхара нана. ГIуллакхаш дан йолаелира иза, амма ма-луъу куьг дIа ца доьдура. Схьаэцца хIума  карара охьаюжура. Цунна дагахь верг шен кIант вара. Ша жима цахилар, шел тIаьхьа цо хIун лелор ду-те бохуш, дог Iийжара цуьнан.

 
 

АРСАНУКАЕВ Муса

PDFПечатьE-mail

Обновлено 30.12.2015 10:35 Автор: Administrator 30.12.2015 09:55

 

 

 

Сан са лаьмнашкахь ду

 

ХIора Iуьйрана хьалххе уьстагIашка хьажа араволуш Iедал дара воккхачу стеган. Кхуьнан жIаьлина хаьара, хIара хьала маца гӀотту. Цундела,  неIаре а догIий, иза дIаелларе хьоьжуш, Iара иза, чуьра схьахезачу хIора татане ла а доьгIуш. Эххар а воккха стаг гучуволура, жIаьлина таса хIума а йохьуш:

  – Барза, хьо-м кхузахь ма ду… тIаккха муха ду вайшиннан гIуллакх? УьстагIашка дика хьаьжирий хьо?.. Хаьа суна, хьо ледара хирдоцийла. Дера, вайшиннан ледара хила йиш ма яц, яц-те.

  ЖIаьлина кхалла хIума а лой, уьстагIий долчу жоьле воьду къано. Иза кхузткъе итт шарал тӀехваьлла ву. Лекхочу дегӀахь, лелар сиха дацахь а, хIора боккхачу когаца, гIуллакх дечу куьйгаца гIора хаало цуьнгахь. Шуьйро юьхь а йолуш, пIелгашна юкъахь саццал къоьжа маж-мекх а долуш, таьIна ал ши бIаьрг а болуш ву воккха стаг. Цуьнан сибатехь цхьа шатайпа синтем а, доьналла а, къинхетаме хилар а хаало.

 
 

ЗУЦАЕВА Хадижат

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 30.12.2015 09:54


Цхьа Iуьйре


Шадерриг тишделлера, лачдаьллера латта а. Адамийн некъаша шайн боларца тишдинера дуьне, дакъийнера. Хьалха санна ца доьлхура догIа а, я совдолий дIайийначу соьналлина Iаьткъара. Я малхо тIех дагадора латта. Iаламна ницкъбора, Iаламе харц лоьра. ТIекIелтухура латта, кIаргдора оьрнаш, даьIнаш, туьйранахь дийцинчу лаьтта бухларчу дуьнене кхача гIерташ санна. Цхьа а ца волура, лаьттан даI дерзош, ор дIадукъушверг – ша даьккхинчохь дуьтура ор. Цхьана а хIумнах ца кхоьрура, вовшийн бехк ца лоьрура. Барз, рагI, лам, хIоллам – бIешерашкахь шен цхьа цIе а йолуш лаьттина, хьо юхахьаьжна валале, цкъа а ца хилча санна, лар йовра.
Адамийн куьйгаша лаьтта бухлара доккхура, Iаьржа деши шех олуш долу лаьттан сурсат. Цо хIаваъ бехдора, садаIар даздора. Адамо кечдора герзаш, уггаре нуьцкъала, дIаьвше, уьш лаьтта тIехь даржа а дора, дуьне дIатоьттуш тIаьххьарчу зиле… Вон а, дика а декъаделира, вон а, дика а къовсаделира.
 
 

Страница 10 из 39

Яндекс.Метрика