Проза

БЕКСУЛТАНОВ Муса

PDFПечатьE-mail

Обновлено 20.05.2017 18:25 Автор: Administrator 23.12.2016 13:11

 

 

Дийцахьа, Яхьйа , дийцахьа суна…

 

Ламанца дахар хала хуьлу-кхи, лахенца санна, хьелаш а доцуш, дерриг а шен куьйга даккха дезаш: марс а, мангал а, гуота а, я шо кхаба гуьйре гуьйренна дуьхьал а ца хIуттуш – ялтин цинц ца тоьара, Йоккхачу Нохчийчу чIана вахана ца веъча, цхьацца шира мохь а, дума а эцна, кIина цинцах я мекхан пунтах хийца.

Ялта дерриг а ца охьура, дуо беттанашца бекъний бен, тIаьхьадисина беттанаш а лоьруш.

Хинхьера шеран коьртехь,  сецна йоцуш, хьийзаш хуьлура, бутт батте хьежорца наха кхоьхьучу цу цинцашца.

 Цхьанна хала дара – хьархочунна – дей-буьйсий шенна дIакхехьа.

Хьархо шиъ хуьлура, хийца-хийцалуш, рогI-рогIана: маьркIажехь а кхочура стаг, буьйса юкъал тIехъяьлча а, шайн варрийн кожмаш тIехь кенаI бохьуш, мекхан цинц я хьаьжкIийн тIоьрмиг.

Ялта шен-шенна ахьа дезара, хIоразза а хьера цIан а еш, жIаьло гуй ма-цIандарра, тIаьхьара мотт хьокхуш санна.

 Яхьйас де дайича, буьйса Висхас йоккхура – Яхьйа кхул воккхох вара.

 

ЭЛЬДИЕВА Марет

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 23.12.2016 13:08

 

Я  суна дага ца догIу-техьа?

 

— Нана, суна  дагадогIу,  со  жима йолуш бердах  яхана.  Со чIогIа  лазийна карийча, хьан йоьхна  хьовзар.   Буьйсана со, кагбина пхьаьрс  лозуш йилхича, ахь  суна юххе агIор а яьлла, сан лерехь цхьа гIийла-гIийла узам бира.  Со йоьлхучуьра сецира хIетахь. Цецъяьлла. ХIетахь ца кхетара  стенах цецъяьлла, хIинца хаьа; сан пхьаьрс  хьан даг чохь сайчул а чIогIа лазарх  цецъяьлла хиллера.

 Хьо тхоьгара диканиг даьлча а йоьлхура.  ДагадогIу суна, нана.  Со деша дIахIоьттина, чIогIа самукъадаьлла цIаеъча хьо йилхина.  Цул тIаьхьа ваша деша вахча а.  ТIом болуш  массо а хIуманах девлла дисича, хьайна ас лергах ухку  дашо чIагарш эцча, хьо цкъа йилхира, тIаккха дов дира. Хьайнаш яйна , хьо чIогIа  халахетта хиларна ийцира ас хьуна уьш.  Уьш-м  яккхий а яцара, дукха ахча а ца деллера царах…

 
 

АХМАДОВ Муса

PDFПечатьE-mail

Обновлено 20.05.2017 18:20 Автор: Administrator 23.12.2016 13:05

 

Нохчийн маттахь, нохчийн махкахь (3-г1а дакъа)

АБУЗАР АЙДАМИРОВ

 

                                       ДАКЬАЛОЦУРШ:

Абузар Айдамиров

МухIажар

Машар

Хадишт

А. В. Власов

          Харсаев  Леча

 
 

АХМАДОВ Муса

PDFПечатьE-mail

Обновлено 20.05.2017 18:21 Автор: Administrator 23.12.2016 13:01

 

Нохчийн маттахь, нохчийн махкахь (2-г1а дакъа)

3 сурт

 

Зайнаъ . Кхин  дIа цунна тIехь латтийна къизаллаш ма йийцалахь, соьга лалур дац хьуна иза.

АСПИРАНТ. Мухха а делахь а, вайна хаа дезаш ду-кх иза…Иштта таIзар латтош, цхьана набахти чуьра кхечу воккхуш, цкъа Москох дIавуьгуш, юха цигара цIа валош, (цкъа тоьпаш тоха дIа а хIоттийра  Авторханов Iабдурохьман), боцу бехк тIелаца бохуш, ницкъ бира дехачу пхеа шарахь. ТIаккха къизачу Iазапхойн тхьамда Ежов лаьцна  чувоьллича,  шолгIа суд йира цунна.

ХIинцалц цунна тIетеIийна бехкаш: контрреволюцин Союзехь дакъалацар, тешам цаларбар, кхиберш дIа а баьхна , цунна тIехь битира цхьа бехк: Авторхановс язбина белхаш Советан Iедална дуьхьал, цунна зен деш бу, аьлла.

 
 

Даймохк «даго лоькху зурма» яра поэтан

PDFПечатьE-mail

Обновлено 20.05.2017 18:28 Автор: Administrator 23.12.2016 12:23

 

Дикаев Мохьмадан – 75 шо

 

Дикаев Мохьмад 1941-чу шеран I-чу сентябрехь Соьлжа-гIалахь вина. БердкIелара цIеяххана вевза пондарча Джунайд ву цуьнан да. Бераллехь дуьйна нохчийн мукъамаша лерса хьистинчу Мохьмада шен «Бекалахь, сан мерз-пондар» стихотворенехь хIара дешнаш алар цундела ларамза дацара:

 

Ас хьоьга къайленаш юьйцу:

Тешаме хьан мерзаш,

Генарчу бераллехь дуьйна

Ойланаш ю хьоьца ийна;

Бекалахь, сан мерз-пондар,

Вайшиннан безаман сийнна.

 
 

Страница 2 из 39

Яндекс.Метрика