Критика

Минкаилов Эльбрус. Нохчийн иллийн поэтикехь дустарш: тайпанаш а, пайдаэцаран башхаллаш а

PDFПечатьE-mail

Обновлено 25.05.2012 08:29 Автор: Administrator 25.05.2012 08:26

Иллеш – шайн сюжет а йолуш, турпалаллин гIуллакхех  дуьйцуш йолу барта кхоллараллин жанр ю.   Цуьнан ехха истори ю, масех бIешо юкъалоцуш .   Хьалха-тIаьхьа кхолладаларе хьаьжжина , церан чулацам а, турпалхойн амалш а тайп-тайпана ю, халкъо лору мехаллаш   замане хьаьжжина хуьлу дела. Масала, «Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан,  Адин Сурхон  илли»  вайн халкъо кхечу къаьмнех болчу  элашца  латтийначу къийсамах ду, цуьнан  турпалхо халкъана гIуллакх деш ву  - тIехь йоцу ясакх, элан латта массарна а нийсонца декъар. Дуккха  а иллешкахь  I9-чу бIешарахь хиллачу Кавказан  тIеман хиламаш а, царна юкъахь дакъалаьцна турпалхой а гойту, масала, Таймин Бийболат. I9 –гIа бIешо чекхдолуш – 20 –гIа бIешо долалуш кхоллало обаргех лаьцна долчу иллийн цикл.

 

Минкаилов Эльбрус. Нохчийн сонет а, сонетан кочар а

PDFПечатьE-mail

Обновлено 20.05.2017 18:54 Автор: Administrator 24.05.2012 10:36

ХIинцалерчу поэзехь жанраш, классически поэзехь санна, шайн чулацамций, кепаций вовшех къаьсташ яц. ХIетте а, хьалха дуьйна кхоллаелла жанраш хIинца а йолуш ю, шайн коьртачу билгалонашца. Царах ю сонет а.

 

Сонет – поэзин «чIогIа» кеп ю, I4 могIанах лаьтташ йолу. Иза I3-чу бIешарахь Италехь кхоллаелла, Петраркас Лаурех язйина 3I7 сонет бахьнехь чIогIа яьржина Европехь – Испанехь, Францехь, Англехь, Германехь… Росси сонет кхочу I8-чу  бIешарахь, классицизман муьрехь (В. Тредиаковский, А. Сумароков), цу хенахь дуьйна тайп-тайпанчу оьрсийн поэташа кхоьллина оцу жанрехь произведенеш. Нохчийн поэзе сонет оьрсийн литературехула еана.

 
 

Минкаилов Эльбрус. Нохчийн стихъхIотторан цхьадолчу башхаллех

PDFПечатьE-mail

Обновлено 20.05.2017 18:55 Автор: Administrator 24.05.2012 10:29

Вайн къоман литература кхоллаеллачу  хенахь дуьйна нохчийн поэзи керла жанраш, тайп-тайпана  строфаш, рифмаш, меттан суртхIотторан гIирсаш юкъабалорца кхуьуш схьайогIуш ю. Поэташа, халкъан стихах, Малхбален  а, Малхбузен а поэзехь зедаллачух пайда а оьцуш, керл-керла кепаш кхуллу. Цхьаболу поэташ халкъан барта кхоллараллин ламасташна тIетевжаш схьабогIу, кхечара керла кепаш лоьху. И ший хIума а оьшуш а, мехала а ду поэзи кхиарехь.

 
 

Минкаилов Эльбрус. «Иштта, цу новкъа вогIуш, ца туьлуш...»

PDFПечатьE-mail

Обновлено 20.05.2017 18:56 Автор: Administrator 24.05.2012 10:26

ДIадаханчу бIешеран 70–чу шерашкахь нохчийн литературина юкъабаьхкинчу яздархойх цхьаъ ву Ахмадов Муса. Ткъеитт сов шо ду цо эвсараллица прозехь а, драматургехь а, поэзехь а болх бен. Цул сов, цо дуккха а литературно–критически белхаш а язбина.  

 
 

Минкаилов Эльбрус. Драматург, яздархо, поэт

PDFПечатьE-mail

Обновлено 20.05.2017 18:58 Автор: Administrator 24.05.2012 10:22

Нохчийн литературан а, искусствон а исторехь цкъа а йовр йоцу лар йитина бу Бадуев СаьIид, Мамакаев Мохьмад, Мамакаев Iаьрби, Ошаев Халид, Айдамиров Абузар, иштта дIа кхиберш а. Оцу сийлахьчу могIарехь ву, шеко йоццуш, Хамидов Iабдул-Хьамид а – драматург, прозаик, поэт, гочдархо, театральни режиссер, актер… Иза вина 1920-чу шеран 15-чу октябрехь, ткъа 1969-чу шарахь, некъабохам а хилла, кхелхина, шен шовзткъе исс шо а кхачале. Кхоллараллин болх бан елларг чIогIа кIезиг хан хилла цунна – и къаьсттина гуш ду, и болх юкъахбаьккхина долу вайн халкъо махкаха даьккхина текхна кхойтта шо а оцу юкъахь хилар тидаме эцча…

 

 
 

Страница 3 из 4

Яндекс.Метрика