Критика

Минкаилов Эльбрус. Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш» романо халкъан синкхетамна, иэсана бина тIеIаткъам

PDFПечатьE-mail

Обновлено 20.05.2017 18:59 Автор: Administrator 24.05.2012 10:17

Нохчийн литературехь ша-тайпана кхоллам болуш ю Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш» цIе йолу исторически роман. Кху шарахь 30 шо кхочу  и зорбанехь араяьлла.  Шеко йоццуш  ала мегар ду, и роман санна йийцина-хестийна а, емалйина  а – вайн  ерриге литературехь кхин произведени ян яц аьлла. Х1ун бахьана долуш дара-техьа и?

 

Минкаилов Эльбрус. "Стаг стогаллех цаваларх"

PDFПечатьE-mail

Обновлено 24.05.2012 10:09 Автор: Administrator 24.05.2012 10:05

(Мамакаев Мохьмадан цхьана стихотворених)

 

Поэташ х1инца дукха бу, инзаре дукха: т1ек1ел-т1етт1а гуллуш ю араевлла книгаш, оьшу я ца оьшу х1умнаш, турпалхой буьйцуш, тайп-тайпана дахаран хаттарех, рифма йолуш а, йоцуш а долчу мог1анех юьзна. Хаттар х1утту: «поэт» бохучу дешан маь1на пайдабоцчу-м ца даьккхина-техьа вайн заманахь? – аьлла? Деккъа цхьа дешнех ловзар ду-те, поэт вийриг? И хаттар жоп ца луш дуьтур вай, билггалйолу цхьа поэзин жовх1ар талла а теллина, цуьнан чулацаме а, кепе а хьаьвсина, х1оранга а шега ойлаяйтархьама…

 
 

Минкаилов Эльбрус.Къонахчун дахар

PDFПечатьE-mail

Обновлено 20.05.2017 18:59 Автор: Administrator 25.04.2012 10:46

Мамакаев Мохьмадан  95 шо кхачарна лерина
Нохчийн Республикан халкъан яздархочо Бексултанов Мусас шен Мамакаев Мохьмадах йолчу эссехь яздора: « Муьлхха а художник: поэт, яздархо, композитор я суртдуьллург – кхаа тIегIан тIехь нисло.
Хьалхара меттиг шен ойланийл лакхарчун ю, шолгIачу меттехь – цаьрца (ойланашца) нийсса верг, кхозлагIчохь – цу ойланийл лахарверг.
Вайн махкахь тIаьххьарниш дуккха а бу.
 
 

Минкаилов Эльбрус. Иза даима а вуьсур ву халкъан иэсехь…

PDFПечатьE-mail

Обновлено 24.05.2012 10:33 Автор: Administrator 16.04.2012 07:58

(Ошаев Халидан 110 шо кхачарна)

 

 

…Ошаев Халид вайн халкъан исторехь, литературехь, Iилманехь, культурехь, юкъараллин дахарехь дIадаханчу бIешарахь уггаре а сирла лар йитинчарех цхьаъ ву. Цуьнан дахаран а, кхоллараллин а некъ хала хилла, хIетте а баккъал а ирс долуш стаг а, яздархо а хилла иза, и ший а цIе шен дехачу дахарехула чекхъяккха доьналла хиларна.

 
 

Минкаилов Эльбрус. Арсанов СаьIид-Бейх дош

PDFПечатьE-mail

Обновлено 20.05.2017 19:00 Автор: Administrator 16.04.2012 07:46

Нохчийи литературан исторехь шатайпана меттиг дIалоцуш ву Арсанов СаьIид-Бей. Кхолламо ша дуьне ма-дду дIаскхийсинехь а, дахар даима Нохчийчоьнца доьзна хилла цуьнан. Оьрсийн маттахь язъеш хиллехь а, нохчийн литература кхоьллинчех цхьаъ, нохчий  вайн пачхьалкхера кхечу къаьмнашна дуьххьара шуьйрра бовзийтинарг иза ву, «Маца девза доттагIалла» цIе йолчу шен романаца. I956-чу шарахь Алма-Атахь 60 эзар тираж а йолуш, оьрсийн маттахь араяьккхина и роман I944-чу шарахь дуьйна хьахош а ца хиллачу къоман кхолламах дуьйцуш яра. Ма-дарра аьлча, вайн литературехь дуьххьарлера роман а яра иза.
 
 

Страница 4 из 4

Яндекс.Метрика