Поэзия

ХАЛИКОВА Асет

PDFПечатьE-mail

Обновлено 30.03.2012 12:03 Автор: Administrator 30.03.2012 11:16


 «Сайн тIемех IиндагIа ас цунна дира...»

                 ***
Сайн тIемех IиндагIа ас цунна дира,
Сайн дог а дагийра, и йохъеш ас.
Тоьшшуьйтуш, тIемаш цо сан хедадира,
Тешамна малийра яхь яго вас.

 

ЗУЦАЕВА Хадишт

PDFПечатьE-mail

Обновлено 30.03.2012 11:13 Автор: Administrator 30.03.2012 11:00

                             
Дерриге керла ду, дерриге керла... 

         ***
Дерриге керла ду, дерриге керла,
ТIаьхь-тIаьхьа хийцалуш.
Цхьа бIаьрзе илланча…
шедаг а цуьнан
Дуьненнал шира.

 
 

Эльдиева Марет

PDFПечатьE-mail

Обновлено 30.03.2012 11:12 Автор: Administrator 30.03.2012 09:58

                                   

 ГIаргIулийн тобанца хир дац сан гIойла…

                          ***

1уьйре  ма  г1ийла ю, – йочане 1уьйре.     

Кхузахь  а  хилла-кха  йочано  г1елвеш…

Нохчийчохь  хир ткъа мажъелла гуьйре,

Меллаша  дог  дассош, ойла а г1елъеш.

 
 

Анасова Малика

PDFПечатьE-mail

Обновлено 30.03.2012 10:09 Автор: Administrator 28.03.2012 11:42

 

 

             Дог1а дог1уш

 

Дог1анах хьаьгначу латтана тамбан,

Мархаша го бича, вовшашца хьерчаш,

Стигла а къевкъина орцанна царна,

1аламехь кхоллало хаза сурт керла.

 

Исбаьхьа хуьлу и декхначу дийнахь:

Дитташ т1ехь гаьннаша доладо хелхарш.

Сирлачу дог1ано аренаш лийчош,

Ка хьоькхуш, барташ цо дохучух хета.

 
 

Страница 40 из 40

Яндекс.Метрика