Поэзия

ЗУБАЙРАЕВ Iела

PDFПечатьE-mail

Обновлено 28.06.2016 10:54 Автор: Administrator 28.06.2016 10:49

 

 

 Ахьмад-Хьаьжех илли

 

Балано хьовзийна,

Iазапо гатдина,

БIарзделла нохчийн къам

Ка йоьхна хьийзачохь,

Синметта топ кхетта,

Дера лом ва санна,

Ша хьалха велира тов,

И Ахьмад ва Хьаьжа.

Собаре лам хилла,

Шен дашца дош дузуш,

Къамеле велира тов:

«ЛадогIал цхьанделхьа,

ХIай оьрсийн инарлаш,

Кху къоман да ву со,

Да воцуш хIара дисчахь,

Жимха ву кху къоман,

Вала кIант оьшучохь,

МаслаIатан охIла ву,

Бакъ-харцо къасточохь,

Вай муьлха некъ хоьржу?!» –

Олуш и вистхилча,

Ойлане бевлира тов,

Цу даржийн инарлаш:

«Нийса некъ беца тов,

Къонахчо кхийдошберг,

Хьекъале деца тов

Баьччанан и дешнаш…»

Машарна лестира

Дов доьрзу байракхаш,

Хьошаллаш тесира,

Собаран сий айдеш.

Къонахчун дош тоьлла,

Зуламаш дирзира,

Цу Ахьмад ва Хьаьжин

Сий халкъо айдира!

 

ДЖАБРАИЛОВА Руми

PDFПечатьE-mail

Обновлено 28.06.2016 11:00 Автор: Administrator 28.06.2016 10:48

 

 

Хьо масал дара

 Тешаме, машаре

Хьан хилар дезна,

Къобалвеш, хьо паччахь

Хаьржира халкъо.

Хьекъалца, кхетамца

Хьайн терза оьзна,

ХьагI йоцуш хьайн даг чохь

Къевсира ахь бакъо.

ХIора а адаман

Сингаттам бешна,

Ерзийра хьайга ахь

Ерриге хало.

Масане стаг вара

Шен гIорах эшна,

Бехк боцуш лан езаш

Гуш йолу харцо.

 

Доьналла, майралла

Хиларна хьайца,

Хьайна тIелецира ахь

Дахаран дукъ.

Хьайгарчу ницкъана

Тешна хьо хиларна,

Ахь буйна берзийра

Даймехкан мукъ.

 

Хьайн Iилма ва девзаш,

Iилманча вара хьо.

ХIоранна терго еш,

Тхан баьчча вара хьо.

Къоман хьашташ ва хууш,

Куьйгалхо вара хьо,

Даймехкан сий ойбуш,

Къонаха вара хьо.

 

Ахьмад-Хьаьжа, хийланна

Хьо масал дара,

Цу тIеман къизалла,

Ахь хьаьшна яра.

Махкана хьалхара

Хьан кхалхар хили,

Хьан хилла Iалашо

Хьан кIанте йирзи.

 
 

КУСАЕВ Iадиз

PDFПечатьE-mail

Обновлено 21.05.2017 08:24 Автор: Administrator 28.06.2016 10:45

 

Сан дахар – Нохчийчоь

 

Нохчийчоь, исбаьхьчу

Хан юьртахь со кхиъна,

Нанас шен бер санна, ахь мара

                                              къуьйлуш.

Нохчийчоь, хьан дуьхьа

Ваха ниййат дина,

ВогIу со, хьан аьхна, ницкъе хIуо

                                                   муьйлуш

          

Нохчийчоь, бIешершкахь

Баланаш лайна ахь,

 
 

АХМАТУКАЕВ Адам

PDFПечатьE-mail

Обновлено 21.05.2017 08:24 Автор: Administrator 04.05.2016 09:48

 

      Нохчийн маттахь

 

...Ас юха а сайн къамел дIадийр ду,

Къайлакхоьхьуш логах

                                дуьйлу къурдаш.

Ас доIа а ненан маттахь дийр ду,

ТIегулбина нохчийн меттан мурдаш.

 
 

ДАКАЕВ СаIидбек

PDFПечатьE-mail

Обновлено 21.05.2017 08:25 Автор: Administrator 04.05.2016 09:47

 

     Нохчийн мотт

 

Азаллин кийрара гIаттийна,

Дуьйцина, дош дашах хоьттина,

Кхолламо шегарчу ойлана

Нохчашна мотт белла доладан.

 

Шелонан ткъевнечу къахкаре,

Йовхонан тевнечу кхехкаре,

ТIехь боцчу бехкамех тийсина,

Нохчийн мотт садаккха кхийсина.

 
 

Страница 5 из 40

Яндекс.Метрика