Поэзия

Iа, хьо шийла Iа…

PDFПечатьE-mail

Обновлено 23.01.2013 09:48 Автор: Administrator 23.01.2013 09:34

1аламо цецдохуш меттиг нисло вайн дахарехь, «гурахь б1аьсте а йолу», аьхкенан малхо 1овжинчу дийнахь, дагна 1аьнан шело а хаайолуьйту, даг чу ша а буьллуш. Дерриг адаман даге, цуьнан синх1оттаме хьаьжжина хуьлу. 

Арахь 1аьнан бутт бу, т1екхочуш керла шо а ду, амма 1аьнан сибтех цхьа х1ума а дац хаалуш. 1аьржаниг к1айдеш, дуьне ц1индеш к1айн диллина луо ца го, шелоно ц1евзина 1уьйренаш а, суьйренаш а яц, берийн ц1оз а дац, самукъне маьхьаршца шайн дахар санна к1айн лайн мижаргах ловзуш. Х1умма а дац 1а дагадоуьйтуш.

 

СУЛЕЙМАНОВ Ахьмад

PDFПечатьE-mail

Обновлено 18.01.2013 09:53 Автор: Administrator 18.01.2013 09:48


Календаран тIаьххьара лист

 

Гуттара а санна, керлачу шарца

Аса даггара хьо декъалайо!

Хеназа къеналло кийра ца морцуш,

БIе шовзткъе итт шарахь ехийла хьо!

 
 

ДАКАЕВ СаIидбек

PDFПечатьE-mail

Обновлено 27.07.2012 08:37 Автор: Administrator 27.07.2012 08:33

             Нене

«Къанъяллалц яьхна кхерч
ДIатаса атта дац», – бохуш,
Хьо еха лаьмнашкахь
Уьйрех га тесначу юьртахь.
Генара, гергара
Некъ эцна хьаша-да вогIуш,
Комаьрша, догцIена
Хьаша тIеэцначу кертахь.

 
 

6-г1а июнь - Оьрсийн Меттан Де

PDFПечатьE-mail

Обновлено 02.07.2012 10:47 Автор: Administrator 02.07.2012 10:25


6-г1а июнь, оьрсийн сийлахь поэт А.С. Пушкин вина де,  стохка дуьйна  билгалдоккхуш ду Оьрсийн меттан Де, аьлла.

Оьрсийн мотт – иза оьрсийн къоман мотт бу, дуьненахь шуьйра баьржина а, шех шуьйра пайдаоьцуш а болу. Россехь пачхьалкхан мотт бу иза, ткъа цуьнан субъекташкахь  меттигерчу меттанашца цхьаьна  лелош бу. Иза пачхьалкхан я официальни мотт бу Белоруссехь, Казахстанехь, Киргизехь, Таджикистанехь, ткъа иштта кхечу пачхьалкхашкахь а. ООН, ЮНЕСКО, СНГ, ОБСЕ, ВОЗ, МАГАТЭ, кхечу  дуккха а цхьаьнакхетаршкахь пайдаоьцучех цхьаъ бу оьрсийн мотт.

 
 

ЕСАУЛОВА Асет

PDFПечатьE-mail

Обновлено 02.04.2012 07:25 Автор: Administrator 30.03.2012 11:29

                   Ма гIохьа

Ма гIохьа, хьомениг, ма гIохьа, къастий,
Тешахьа, хьоьх яла сан амал дац-кха.
Хьоьца ирс лехнера сайна ас Деле,
Хьомениг, сан безам кхойкхуш бу хьоьга.

 
 

Страница 44 из 46

Яндекс.Метрика