Поэзия

ЦУРУЕВ Шарип

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 04.05.2016 09:44

 

        Нохчийн мотт

 

Акха яр санна, и ца баьлла бацалахь,

Боьжна бац стиглара, эцна а базарахь,

Цхьаьнггара юхалург

                                    баьккхина бацара –

Кхоьллина хилла и

                                 вайн дайша азаллехь.

 

АХМАДОВ Муса

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 04.05.2016 09:44

 

    Нохчийн мотт

 

Кхераме дац суна мехаш,

Къизачу зуламан ор а. –

Нохчийн мотт соьца мел беха,

Онда бу сан лаьттахь орам.

 

Генарчу шахьаршкахь шелло,

Ца хезаш вайн меттан аьзнаш.

Даймахках хьоьгуш, са гIелло,

Хийрачу мохо веш аьшнаш.

 
 

АБДУЛАЕВ Леча

PDFПечатьE-mail

Обновлено 04.05.2016 09:59 Автор: Administrator 04.05.2016 09:43

 

         *** 

Да ваьлла ца волуш,

Да вала ца вуьтуш,

Ког хецна ца болуш,

ТIам баржо ца кхуьуш,

ГIамарлахь хIу санна,

Овкъарлахь суй санна,

Бихкина Iилманна,

Бихкина Iиллина,

Iиллина биллина,

Биллина Iиллина.

 
 

КУСАЕВ Iадиз

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 04.05.2016 09:41

 

 Нохчийн мотт

 

Сайн ялх бен шо доцуш,

Ваьккхина хьомечу махках,

Сибреха дIавигча,

Дерриг а халкъаца со.

Тянь-Шанан лаьмнашкахь,

Мел стешха адамаш сайх къехкарх,

Къайлах а, къулах а

Бийцира, нохчийн мотт, хьо.

 
 

САЙДУЛЛАЕВ Хьасан

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 04.05.2016 09:40

 

     Нохчийн маттахь…

 

Даймохк, ханна хьох

                              къаьстинчу хенахь,

Буобер санна хебаш дара дог.

Ойла хьегIаш сингаттаман хьаьрмахь,

Нохчий лоьхуш, бийца нохчийн мотт.

 
 

Страница 7 из 41

Яндекс.Метрика