Поэзия

АЙСУЛТАНОВА Разет

PDFПечатьE-mail

Обновлено 04.05.2016 10:05 Автор: Administrator 04.05.2016 09:34

 

 

            

        Нене

Хьайн бала совбаьлча,

                         дог даста йиша йоцуш,

Тхуна хьайн лазаран

                                  барам ца гойтуш,

Хьо йилхича, Нана,

                          тхо делхарна кхоьруш,

Тхан бIаьрхи ца дожо,

                          хьайн кийра къуьйлуш,

 

ЧИРАЕВ Сайд-Селим

PDFПечатьE-mail

Обновлено 04.05.2016 10:10 Автор: Administrator 04.05.2016 09:32

 

Ялалахь къинтIера, нана!

 

Даггара хьостуш хьо ала дош, нана,

Ца кардо диснариг аланза хьуна!

Со хьоьца ирсе веш, дIайоьду зама!

Яхалахь, нана, хьо яхалахь суна!

 

Iуьйренаш, суьйренаш ца оьшу, нана,

Хьо яцахь дуьне а оьшуш дац хьуна.

ХIора де ирсе деш, массо а ханна,              

Яхалахь, нана, хьо яхалахь суна!    

 
 

БОРХАДЖИЕВ Хожбауди

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 04.05.2016 09:29

 

 

   Адамаш, зезагаш

 

Йохаеш, кег а еш силаман чIагIалла,

Хьалкхуьуш зезаг ду кIай.

Дуьхьало ян ца ло жимачу маргIална...

Гонаха кхуьуш бу бай...

 

Силаман стоммаллех

                            ца везарх чекхвала,

Адамо хала бо некъ:

Ца туьгу, ларалац халонна тIехвала,

Петоьхна валалац чекх.    

 
 

БУРЧАЕВ Хьалим

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 04.05.2016 09:26

 

«Маьлха-Аьзни» гуларна тIера

                                              

1. Ас ойланехь хьоьсту…

 

Ас ойланехь хьоьсту

       Генара хьан бIаьргаш.

       Сайн дог хьуна досту,

       Олуш:"Со хьох хьаьгна..."

 

 Суьрта т1ера йоI, хьо

Соьга, йоьлуш, хьоьжу.

       Ахь дог-ойла дIахьо.

       Самукъане хьоьсту.

 
 

САЙДУЛЛАЕВ Хьасан

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 04.05.2016 09:25

 

«Дайн оьзда ламасташ хилла сан къилба...»

***

Сийначу стиглано лила Iенош лаьтта,

Седарчий уьдуш го цхьаццанхьа дIа.

Тийналла ятийна буьйса а лаьтта,

Яьсси-хин тогIе а тап-аьлла Iа.

 

ХIай буьйса, хьуна гахь

                                  кханенан кхоллам,

Хьайн оьмар хадале алахьа соь! –

Муха дIашерши те кхолламан къолам,

Кагбели техьа и ирс довзале?

 
 

Страница 9 из 41

Яндекс.Метрика