Поэзия

ДАЛТАЕВ Вахит

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 04.05.2016 09:13

 

 Сирла хенаш

                1

Хенан шалха юьхь ю, аьлла,

Ширчу къаьмнаша аьлла даьлла.

Цкъа цу хIумнах со ца кхетта.

Хан дIаяхча кхета атта.

 

Ши чкъург хилла-кх вайн цу хенан,

Цкъа а йоцуш юьйцу хезна.

Цхьаъ ю, даим, хьийзаш юхахьа,

Важа ю, цуьнца керчаш бакъахьа.

 

ЗУЦАЕВА Хадишт

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 04.05.2016 09:11

 

БIаьстенан мукъамаш

                    ***

 

Некъаш уьду генна, генна –

Гучуйолу лар.

БIаьстено шен долийна туьйра

Юкъал дели тIех.

 

ХIора шарахь гоне хьийзарх

Куьце, керла го,

Цу баьццарчу шен духарах

Марзо Iенайо.

 
 

ХАЛИКОВА Асет

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 04.05.2016 09:10

 

Хаьа  хир-кха заманна йиш йоций ян сан…

 

ДIайоьду со…

Сан некъ дIа беха бу –

                          дайн кхерча боьдуш.

Кхузахь вай къаьста.

Со хIокху заманан турпалхо хиларх,

Хаьа  хир-кха заманна

                             йиш йоций ян сан…

 
 

ДЖАБРАИЛОВА Руми

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 04.05.2016 09:09

 

         Ненан мотт

 

Хьо бийца хуучо ма хаза буьйцу хьо,

Хьан сий дан хуучо ма чIогIа лору хьо,

Хьан мах ца хуучо

                              ма сийсаз боккху хьо,

Хьо бицбан луучо

                              чот йоцуш бицбо хьо.

 
 

ГАЙСУЛТАНОВА Малика

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 04.05.2016 09:08

 

  ТIехьа-Марта

 

ТIаьхь-тIаьхьа хазлуш ю

Сан ТIехьа-Марта, хьо,

Йист йоцу аренаш

Цхьа хаза сенъелла.

 

Ирсе го адамаш,

Схьаеш ю гIишлош а,

Шу дагна хьоме ду,

Со кхиъна урамаш.

 
 

Страница 10 из 40

Яндекс.Метрика