Наши публикации

Нохчийн меттан Денна. Стихаш

PDFПечатьE-mail

Обновлено 20.05.2017 17:54 Автор: Administrator 04.04.2017 10:29

 

САИДОВ Билал

 

  Ненан мотт

 

Хьох лаьцна яздина,

Дийца а дийцина.

«Хьайна безахь», бохуш,

Хьеха а хьо бина.

Хьехорах пайда буй,

Хьо хууш ца хилча?

Хьо бийца хуур дуй,

Хьо безаш ца хилча?

 

БЕКСУЛТАНОВ Муса

PDFПечатьE-mail

Обновлено 20.05.2017 17:56 Автор: Administrator 04.04.2017 10:23

 

 

Ас собар дийр ду

 

 

– Зудабераш!– тIох-тIох-тIох! – со неI туоха ца кхуьура:

– Дац бепиг! – комната чуьра шийла мохь сан лере кхочуш.

Массехазза хуьлура иштта оцу цхьана буса:

– Маса сахьт даьлла хаьий хьуна!? Сахьт  доллуш доллу хьуна буьйсана! – барт бича санна, массара а, буьйсана даьлла сахьт а дуьйцуш.

ЧIагIонаш мел йинера хIоразза а, хIора буса еш, кхана-м, Дала мукълахь, Iуьйрре эца а эцна, булка бепиг дIа-м юьллур ю хьуна ас занятешка вахале, олуш, суо сайна оьгIаз а оьхуш.

 
 

ДАКАЕВ СаьIидбек

PDFПечатьE-mail

Обновлено 20.05.2017 17:57 Автор: Administrator 23.12.2016 13:13

 

Сан Даймохк!..

 

Сан Даймохк! –

Хьан ву со,

Хьан дегIан

Дагах схьаваьлла.

Цхьа цIий ду,

КIежтуьйсуш,

Вайшиннан

Пхенашкахь кхехкаш.

 
 

АБОЛХАНОВ Хьаьким

PDFПечатьE-mail

Обновлено 20.05.2017 18:10 Автор: Administrator 23.12.2016 13:12

 

БIаьрла лар 

 

Къоман культурехь, литературехь, Iилманехь бIаьрла лар йитина нохчийн зударий

 

Исаева Асет, актриса, Россин Федерацин хьакъйолу артистка, йина 1915-чу шеран сентябрь беттан 5-чу дийнахь Лаха-Неврехь. Нохчийн театран юьхь йолийначарех а, цуьнан юьхь хилла чекхъяьллачарех а цхьаъ ю А. Исаева. I928-чу шарахь дуьйна цо дакъалоцу Яндаров Мохьмада вовшахтоьхначу драмкружкехь. I93I-чу шеран I-чу майхь драмкружокехь Нохчийн пачхьалкхан драмтеатр йича, цигахь болх бан кхайкхинчу I9 артистана юккъехь яра Асет. ХIетахь дуьйна цуьнан дахар, хада йиш йоцуш, Нохчийн театраца дозаделла дара. Дукха ю цо театран сцени тIехь ловзийна ролаш. Цхьатеррачу кхиамца дакъалоцура Кавказерчу авторийн, оьрсийн а, дуьненан а классикийн  пьесаш тIехь хIиттийначу спектаклашкахь. Хьовсархошна дагахь дисинчех ду «Мекхаш-Мирза», «Марнана», «Аршин-Мал-Алан», «КIентий лечу хенахь», «Лийрбоцурш» спектаклашкара ЦIахьпатун, Жанатин, Джанаханан, ненан, Бикатун васташ. Амма актрисин кхоллараллин дахарехь уггаре боккха кхиам лара догIу I.Хамидовн «Бож-Iела» спектаклехь Исаева Асета ловзийна Маймин роль. ХIетахь дуьйна хьовсархойн иэсехь Майма хилла яха йисира Исаева Асет.

Исаева Асет дIакхелхина I97I-чу шеран март беттан 5-чу дийнахь.

 
 

БЕКСУЛТАНОВ Муса

PDFПечатьE-mail

Обновлено 20.05.2017 18:25 Автор: Administrator 23.12.2016 13:11

 

 

Дийцахьа, Яхьйа , дийцахьа суна…

 

Ламанца дахар хала хуьлу-кхи, лахенца санна, хьелаш а доцуш, дерриг а шен куьйга даккха дезаш: марс а, мангал а, гуота а, я шо кхаба гуьйре гуьйренна дуьхьал а ца хIуттуш – ялтин цинц ца тоьара, Йоккхачу Нохчийчу чIана вахана ца веъча, цхьацца шира мохь а, дума а эцна, кIина цинцах я мекхан пунтах хийца.

Ялта дерриг а ца охьура, дуо беттанашца бекъний бен, тIаьхьадисина беттанаш а лоьруш.

Хинхьера шеран коьртехь,  сецна йоцуш, хьийзаш хуьлура, бутт батте хьежорца наха кхоьхьучу цу цинцашца.

 Цхьанна хала дара – хьархочунна – дей-буьйсий шенна дIакхехьа.

Хьархо шиъ хуьлура, хийца-хийцалуш, рогI-рогIана: маьркIажехь а кхочура стаг, буьйса юкъал тIехъяьлча а, шайн варрийн кожмаш тIехь кенаI бохьуш, мекхан цинц я хьаьжкIийн тIоьрмиг.

Ялта шен-шенна ахьа дезара, хIоразза а хьера цIан а еш, жIаьло гуй ма-цIандарра, тIаьхьара мотт хьокхуш санна.

 Яхьйас де дайича, буьйса Висхас йоккхура – Яхьйа кхул воккхох вара.

 
 

Страница 3 из 103

Яндекс.Метрика