Наши публикации

СУЛЕЙМАНОВА Зайнап

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 23.12.2016 12:42

 

  Пхьармат                    

 

                1

Ма сихделла шерша

            шийлачу Iинан кIоргехь

Даточу тулгIешца

            тIулгаш тIехула Орга,

Заманах чекхдуьйлуш,

            гIайгIане мотт лебеш,

Шен бехачу новкъахь

            къайленийн мохь дебош.

 

МУРТАЗОВ Iадлан

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 23.12.2016 12:41

 

Нохчийчоь ю-кх хьо

 

Нохчийчоь ю-кх хьо, дайн

                         латта ду-кх хьо,

Нохчийчоь ю-кх хьо,

Хьайн хазаллехь а,

Хьайн эрчаллехь а,

Нохчийчоь ю-кх хьо.

Тхан толам бу-кх хьо,

                  тхан лакхе ю-кх хьо,

Тхан орам бу-кх хьо,

Хьуо ягийнехь а,

Хьуо денъеллехь а,

Нохчийчоь ю-кх хьо.

 
 

ЛЕРМОНТОВ Юрий Михайлович

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 23.12.2016 12:36

 

 

     Мцыри

Вкушая, вкусих мало меда,

                   и се аз умираю.

 

              1-я Книга Царств

 

                    1

 

Цхьажимма хьалха шерашкахь,

Ши йиша санна мар-марахь,

Куран, Арагван уьйчохь хиш

Гу-лаккхахь лаьтташ яра килс.

Цу агӀор-м хӀинца а го-кхий

ГӀаш вогӀу-воьдучунна, ков

Чудоьжна, харцаза ши ког,

Ва момсарш, килсан тхевнан дукъ;

Кхин цунна кӀел – цу хьарми чу –

Ца хьийза хьожа-аьхна кӀур,

Я буьйса-кӀоргехь мозгӀарийн

Мукъам, вай Деле кхуьйлуш, – кхин.

 
 

Яричев Iумаран - 75 шо

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 23.12.2016 12:26

 

Кусаев Iадизана

 

Иза дагахь волу ду шовзткъе пхи шо…

Iаьржа юькъа месаш,

                        бIаьргийн суйнаш.

Цуьнан амалехь  синан йовхо

Хааелира-кха сиха  суна.

 

Дагахь волу иза шераш ду

Дукха, суо къанвалар ца галла…

Ткъа Iадиз ша сица къона ву,

Шо-шаре совйолуш комаьршалла.

 
 

КУСАЕВ Iадиз

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 23.12.2016 12:25

Поэзин говзаллин лакхенаш

 

Вевзашволчу нохчийн поэтан Дакаев СаIидбекан дахаран а, кхоллараллин а некъах долу хIара йозанаш дIадоло лаьа суна цуьнан поэзин башхаллех лаьцна башхачу нохчийн яздархочо, Нохчийн Республикин халкъан яздархочо Бексултанов Мусас яздинчу хIокху дешнашца: «Цхьа могIа я цхьа васт, цхьа суртхIоттор тоьа поэт вовза я иза художник ву-вац ала... Цхьа бIе я эзар агIо йолчу книгехь поэзин ши-кхо жовхIар карийча а, тохало дог синкъерамна. Ткъа Дакаев СаIидбекан поэзехь дог хаддаза хелхадуьйлу, цу зовкхана доккхадерца... Кхузахь и ший а (хазалла а, синкъерам а – I.К.) цхьаьна ду: кхузахь поэзи а ю, хаддаза бека деган мукъам а, къестарш а. (Бексултанов М. «Шен могIа...»: –  Дакаев С. «Сан дезнарш, сан лезнарш» Стихаш, поэмаш. Соьлжа-ГIала, 20I6-гIа шо).

Ша аьлларг чIагIдеш, Бексултанов Мусас далийна С.Дакаевн байташ тIера къеггина долу бIаьрла масалш – исбаьхьчу вастийн масалш:

... Ас, мукъамца

Ломан белшах туьйсуш,

Маьрша аьрзу

Кхузахь хелхадаьхна...

 
 

Страница 6 из 103

Яндекс.Метрика