Наши публикации

АЛИЕВА Зарина

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 29.08.2016 10:52

 

 

Цу шерашка, цкъа дайначу…
(цхьана дийцарх ойланаш)

 


 Литературех долчу къамелашкахь сих-сиха хеза: «Нохчийн проза кхуьуш яц, прозехь язъеш кIезиг нах бу», – боху халахетарш. ХIинццалц и къамелаш бакъ хеттехь а, Бексултанов Мусан «Юрт, урам, бералла» цIе йолу дийцар дешча, цIеххьана сан ойла хийцаелира. Мусас тIаьххьара язйинчарех уггар жима дийцар ду иза, цундела дара сан и харжар а,  жимчу дийцаро кхолла йиш йолу яккхий ойланаш йовзийта. 
Литература цхьана, шина стага ца йо, олу Мусас, амма тIетовжа, масал эца, прозехь шаьш зиэн луучунна, муха язъян хьажа и тайпа дийцарш чIогIа оьшу цхьа литературни процесс кхолла. Нохчийн литературина башха дац оцу дийцаран автор Бексултанов Муса хилар я цахилар, коьрта и дийцар хилар ду вайн литературехь, шен керлачу кепаца, яздархочунна карийначу исбаьхьаллин гIирсашца, оццул жимчу дийцарехь цуьнга лацаелла кIорга а, йоккха ойла, цо кхоьллина сирла синхаамаш.
 

УСМАНОВ Iарби

PDFПечатьE-mail

Обновлено 20.05.2017 18:29 Автор: Administrator 29.08.2016 10:51

 
 

 Рицкъанаш къасто Iин

 
  Бекара пондар. Боьлхура кехат-пондар. Зевне-сингаттамечу цуьнан озо, цкъа бертаза дIавуьгура гена пана махка, тIаккха, айвой, хьалавоккхура лаьмнийн баххьашка, карзахдаьлла са, йийсаре лоций, даржадой, дIахьора шерачу аренашкахула. Цуьнга ладугIуш, тап-аьлла, дIатийнера БелгIатой - эвларчу Эламирзин хIусамехь болчу синкъерамехь мел верг, жима а, воккха а. Ла ца дугIийла а дацара, пондар локхуш ерг говза пондарча Марем хилча, иза хьена-мила ю массарна а хууш хилча, муххале а. Детица кхелина исбаьхьа кехат-пондар, шен озах боккхабеш санна, ловзуш, бекара Мареман хазачу куьйгашкахь. ДIатийнера нах, хелхаран бал сацийна, тхьамдано: «ЛадугIу йиш лакхахьа вайна, Марем»,– аьлла, цуьнан цIе яьккхичхьанна. Амма, цхьа а ца кхетара оцу эшарх, Гада санна. Цхьаьнна а дагах ца кхетара иза, кхунна санна. Оцу эшаран мукъамехь шера схьахезара кхунна шен кийра сийна алу йиллина дешнаш.  «Алаза делара уьш, хазаза велара со, байттамал, - ойла йора хIокхуо хIинца а, – цхьа догдохийла-ха ярий хIетталц!»
     «... Доккха Iин ду вайшинна юккъехь,
    Цкъа а вайшиъ вовшашна
 
 

МИНКАИЛОВ Эльбрус

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 29.08.2016 10:51

Цу шарахь, августехь…


Хьалхара тIом чекхбаьлла лоруш бара…
Нохчийчохь машаре дахар дIахIоьттина бохура, амма и иштта цахилар гуш дара, ши бIаьрг болчунна. Ельцин кхуза варо а ца хийцира бахархойн ойла: Теркайистерчу масех юьртахь а, Соьлжа-гIаларчу аэропортехь а цхьацца къамелаш а дина, сихха, оцу дийннахь,  цуьнан дIавахаро а дора цунна тоьшалла… 
Амма иза юха а Россин президент хаьржинера, «машар» лоьхуш ву, аьлла. ХIинца хIуъа дан йиш яра цуьнан а, цуьнан «доьзалан» а…
 
 

САРАЛИЕВА Табарак

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 29.08.2016 10:50

                                                                                     

Лайса


Декабрь беттан хьалхарчу деношкахь ло деана, гонахара хIаваъ цIанделла, садаIарна цхьа атта долуш, гIеххьа айъаелча, тIома а ялалур ма яра аьлла  хетачу Iуьйрана, балха схьакхечира Лайса. 
Иштта де наггахь бен ца догIура гIалин йоккхачу больницехь медбелхахо йолчу кхунна. Дала ма-лоьхху, операци йинчул тIаьхьа чIагIвелларг а вацара, я са ца тохалуш лазарш долу дархо а вацара. Иштта деанчу дийно хIун дохьу ца хуъушехь, деган айъамца, шен цомгашчийн Iуьйре дика еш, цара буьйса муха яьккхина хьожуш, палаташ чухула чекхъяьлла, шен белхан кабинета чоьхьа а яьлла, дуьхьала долчу куьзгана а хьаьжна, ша-шена реза а хилла, охьахаа дагахь хиллачу кхуьнга, коьртачу лоьро Iуьйренан кхеташоне кхойкху аьлла, хаам хилира. 
 
 

ЦОККУЕВ Iилмади

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 29.08.2016 10:47

Аьлла даьлларш 
(ойланаш)

         
Iилманна, муьлххачу а, дIатардала ша чухоьудолу пхьегIа оьшу: цIена йолуш йоцу, чам а, дIахIоттам а талхор боцу. Амма… тутмакх ма войла-кх цунах! ГIуллакх долчу а, доцчу а дIасалелха сагал а ма бойла! Муьлх-муьлххачу хьаштийн ворданна дIадужу сту-говр а ма дойла!

Ала дашна...


ХIуманах  хIума дича, хIума хуьлу. Ткъа ца дича, хIума долу хIума а хIумма доцу хIума а хуьлий, дуьсу. ХIума долу хIума хIумма доцчу даккха а, хIума доцу хIума хIуманан дарже даккха а Дала пурба ма лойла вайна!
 
 

Страница 7 из 103

Яндекс.Метрика