Наши публикации

Нохчийн йозанан мотт школашкахь

PDFПечатьE-mail

Обновлено 29.08.2016 10:29 Автор: Administrator 29.08.2016 10:27

 

Нохчийн маттах къахета ца деза,
Нохчийн маттах эхь хета деза.
Хь.ТАЛХАДОВ

Дахаро тайп-тайпана хаттарш хьалха ца хIиттош а, царна дахарера жоьпаш ца лоьхуш а, наггахь а стаг хир вац. Массо а хаттарна жоп а карийна, массо а хIуманна резахилла, бохург а, лиънарг а кхочушхилла, «хIинца-м тоьар дара хIокху дуьненахь вахар а», - аьлла, дIавахнарг а хир вац наггахь а. КIезиг ваьхначуьнан, шен дахаре хьаьжжина, кIезиг кхоллало хаттарш, ткъа дахаран оьмар яхъеллачуьнан хаттарш дуккха а хуьлу. Оцу дуккха а долчу хаттарех дуккха а хаттарш, халахеташ делахь а, жоьпаза дуьсу. Царех цхьадерш вешан бехкенна, ткъа цхьадерш царна жоьпаш карош а, луш а гIо-накъосталла дан декхар болчийн бехкенна дуьсу. ХIора адаман санна, халкъийн а хуьлу дахар-Iеро кхолладалийтина, жоьпаш каро дезаш хаттарш. Иштта хIокху дуьненахь дехачу эзарнаш халкъех цхьа халкъ ду нохчийн халкъ а: шен мохк, мотт, гIиллакхаш, ламасташ долуш даьхна а, даха дезаш а. Бакъду, маттаца, гIиллакхашца, ламасташца доьзнарг ледаро-м ду вайн. «Вайн дайн хилла…», - боху къамелаш дукха а деш, уьш лардар, леладар ледара хиларна, дицдина дуккха а хаза гIиллакхаш, ламасташ. Цхьа бIе шо хьалха баьхначу нохчашна хийра хетар дара таханлера вайн «гIиллакхаш», «ламасташ». 
 

АХМАДОВ Муса

PDFПечатьE-mail

Обновлено 20.05.2017 18:30 Автор: Administrator 29.06.2016 12:18

 

(Ирина Озеровас йоьшу стихотаворени.)

 

Пусть славится вовеки доброта…

Не доброта бездумного терпенья,

Не доброта слепого всепрощенья,

А доброта зеленого листа,

Дороги дальней, позднего костра,

Глотка воды, куска ржаного хлеба..!

Но пусть темнеет доброта, как небо,

 
 

АХМАДОВ Муса

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 29.06.2016 12:17

 

III дакъа

 

Арсанукаев Шайхи. Нохчийн маттах къамел деш вай хилча, дош ца ала йиш яц, нохчийн керлачу поэзин бухбиллина волчу Мамакаев Мохьмадах.

Дукха жима волуш дуьйна, махкахь хуьлучу хийцамашна юьстах ца лаьтташ, царна юкъавахара иза, нийсонан, бакъонан гIо лоцуш, цу тIехь шегара майралла а, доьналла а гойтуш. Цхьана шарахь гергга республикин прокурор болх а бина цо. ХIетахь дуккха а бехк боцуш чубоьхкина нах арахецнера цо, набахтешкахула вола а велла. Цкъа Теркайистерчу цхьана гIалгIазкхичо дийцира соьга, велха а воьлхуш, Мохьмад бахьанехь висна ша дийна, хIетахь чувоьллина волуш, шаьш бурам тIе а ховшийна, Каспин хIордах дехьадохучу хенахь бохуш.

(Бурам тIехь дIабуьгуш бу тутмакхаш. Царна юкъахь ву Мамакаев Мохьмад а. Гобина, ха деш салтий бу.)

Николай. Дера, Мохьмад, вай кху бурам тIе, кху хIурдах дехьадаха ховшийна ма дац.

 
 

АХМАДОВ Муса

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 29.06.2016 12:15

 

II дакъа

 

Арсанукаев Шайхи. Поэзин лакхенашка кхаьчна Гадаев Гадаев Мохьмад-Салахь хьахор а тIехь ду вайна, нохчийн маттах дийца вай гулделлехь. Нохчийн меттан йистйоцу таронаш гучуйохуш, къахьоьгуш вара иза. Башха байташ, дийцарш яздина ца Iаш, цо нохчийн матте йохура оьрсийн классикийн произведенеш а. Амма литературехь ойла тIеяхийттина къахьега аьтто ца хуьлуш, дIадахара цуьнан дахар. Цунах ткъа шо гергга маршо йихкина, набахтехь даккха а дийзира цуьнан.

(Мохьмад-Салахь ву ша, цхьацца йозанаш деш.)

Гадаев Мохьмад-Салахь. (Блокнота тIе йозанаш деш.)

Ламанан дарта ю хьегIарехь тийна…

РегIа тIе лахъелла… охьахиъна Iаш…

 
 

АХМАДОВ Муса

PDFПечатьE-mail

Автор: Administrator 29.06.2016 12:13

 

Нохчийн махкахь, нохчийн маттахь

 

Дакъалоцурш:

Арсанукаев Шайхи

Цуьнан х1усамнана

Корреспондент

Бадуев СаIид

ХIусамнана

ГIеранан тхьамда

Гадаев Мохьмад-Салахь

ГIойбетар

ГIеза-Махьма

Отарсолта

Мамакаев Мохьмад

Николай

I хехо

II хехо

III хехо

Дикаев Мохьмад

Гацаев СаIид

Кибиев Мусбек

Хасбулатов Ямлихан

Ахматова Раиса

Ошаев Халид

Къона Бексултанов Муса

Гаджиев

Студенташ

Падам

 
 

Страница 10 из 103

Яндекс.Метрика