Наши публикации

САРАЛИЕВА Табарк

PDFПечатьE-mail

Обновлено 30.03.2012 11:39 Автор: Administrator 30.03.2012 11:37

                                         «Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча ...»

Хих дуьзначу бIаьргашц, лерина ладоьгIуш Iара тхан нана эшаре: «Нохчийчоь, хьо ца хилча, со мича гIур вара? Мича?» Хиэдачу озаца, бIаьргех йовлакхан тIемаш а хьоькхуш, нанас хоьтту: «Ва йоI, «Нохчийчоь, хьо ца хилча, со мича гIур вара?»- ца боху цо?».
Со цуьрриг цец ца йолу: «Баьхча хIун ду? И аьлла а, кхин аьлла а ахча ца даьккхича ма ца волу иза. Мича гIур вара? Эцца Турце я Европе гIур вара-кх, нах санна»,– сан жоп кIоршаме дийкира. Ас кIезиг ойла йира цу хенахь сан нана йилхинчу дешнийн, сан а йиш яцара, со а яра ахча даккха дезаш.

 

АХМАДОВ Муса

PDFПечатьE-mail

Обновлено 30.03.2012 11:37 Автор: Administrator 30.03.2012 11:31

                                               Да а, цуьнан кIентий а

Дакъалоцурш:
Да
Анас
Идрис
Иэса
Зовр-хьаьжа

                                                           I сурт

АНАС. Де дика дойла хьан, Дада! Ахь кхойкху аьлла ма даьхкина тхо!
ДА. Кхойкхура! Охьаховша, сехьа а довлий.
АНАС. Дала хьо тхуна, дуккха а вахавойла, хьомсара Дада. Ма ала тхоьга хьуо волчохь охьалахло…
ИДРИС. Дукха кегий долуш дуьйна, тахханалц хьо волчохь тхох цхьа а охьахиъна ма вац, хьан ларамбеш, хьан сий деш…
ДА. Хаьа суна… И хаза гIиллакх тахна цкъа дохадар сан дехар ду. Iожалла гергахь ю, и суна хаало… Цундела ас олург аш, охьа а ховший, ойлаеш дIа эца…

 
 

ЕСАУЛОВА Асет

PDFПечатьE-mail

Обновлено 02.04.2012 07:25 Автор: Administrator 30.03.2012 11:29

                   Ма гIохьа

Ма гIохьа, хьомениг, ма гIохьа, къастий,
Тешахьа, хьоьх яла сан амал дац-кха.
Хьоьца ирс лехнера сайна ас Деле,
Хьомениг, сан безам кхойкхуш бу хьоьга.

 
 

МАЛИКОВА Хеда

PDFПечатьE-mail

Обновлено 30.03.2012 11:29 Автор: Administrator 30.03.2012 11:27

          Сан хьоме юрт

Лаар-кха, даггара хастамбеш хьуна,
Махкана йовзуьйтуш, хIотто хьан сурт.
Карор яц, мел лехарх, хьан меха суна
Ялсаманин цхьа дакъа – со еха юрт.

 
 

САКАЕВА Мадина

PDFПечатьE-mail

Обновлено 30.03.2012 11:27 Автор: Administrator 30.03.2012 11:22

Сан Даймохк – беркате латта...

 

         ***
Алахьа, сан чилла,
Хьо хIунда цIийза
Шелбеллачу сан кхерча
Хьо хIунда хьийза?


БIаьстено чехаеш,
Хьо суна Iийжа,
Хьайн гIайгIа елхаеш,
Сан корехь тийжа.
 
 

Страница 112 из 114

Яндекс.Метрика