Наши публикации

МАТАГОВ Исхан

PDFПечатьE-mail

Обновлено 21.02.2013 10:44 Автор: Administrator 21.02.2013 10:40

               Даймохк

 

Сагатлуш, тийналлехь висча суо цхьалха,

Даймохк, хьан сурт хIуьтту бIаьргашна хьалха.

Ойлане волу со, суьрте а хьоьжуш,

Маьршачу хазаллех воккхавеш, воьлуш.

 

ШАМСАДОВ Муса. Стихаш

PDFПечатьE-mail

Обновлено 21.02.2013 10:39 Автор: Administrator 21.02.2013 10:27

 

             ***

Серладаьхна Нохчийн лаьмнаш,

Дашо цинцаш Iена маьлхан.

Деган мерзаш

Хьедеш мерза,

Зарзар ека зевне.

 
 

ЦУРУЕВ Шарип. Стихаш

PDFПечатьE-mail

Обновлено 21.02.2013 10:26 Автор: Administrator 21.02.2013 10:21

         Поэте

 

Сатийсамийн марзо юьсур ю,

Къахьо хилла, хьуна дуьхьал ерза.

ТIаккха хьо ца хууш вуьсур ву,

ХIун ду билггал къаьхьа,  хIун ду мерза.

 
 

ЦУРУЕВ Шарип. Стихаш

PDFПечатьE-mail

Обновлено 21.02.2013 10:21 Автор: Administrator 21.02.2013 09:52

     

    Нохчийн мотт


Акха яр санна, и ца баьлла бацалахь,

Боьжна бац стиглара, эцна бац базарахь,

Цхьаьнггера юхалург баьккхина бацара –

Кхоьллина хилла и вай дайша азаллехь.

 
 

ЦУРУЕВ Шарип

PDFПечатьE-mail

Обновлено 22.02.2013 10:38 Автор: Administrator 21.02.2013 09:39

Цуруев Шарип Мовладович вина I963-чу шеран 20-чу январехь Гуьмсен кIоштара Лаха Гезлой-эвлахь. I980-чу шарахь юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Советски Эскарехь бIаьхаллин гIуллакх кхочушдина. I988-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университитетан филологин факультет. Белхаш бина юкъарадешаран школехь, хьехархойн институтехь, Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин, социологин, экономикин, философин а Iилманийн-талламан институтехь. Иштта Цуруев Шарип хилла хьехархойн училищан директор, коьрта редакторан даржехь хилла «Васт» а, «Даймохк» а газеташкахь, белхаш бина «Орга» журналехь а, Нохчийн Республикин къоман политикин, зорбанан, хаамийн Министерствехь а. Карарчу хенахь коьрта редактор ву «Хьехархо» газетехь, цуьнца цхьаьна жоьпаллин редактор а ву Нохчийн Республикин Iилманийн Академис арахоьцучу «Таллам» журналан. Россин яздархойн Союзан а, журналистийн Союзан а декъашхо ву. Цуруев Шарипа дукхазза дакъалаьцна ерригсоюзан, ерриге Россин, республикин а тIегIанашкахь дIаяьхьначу кхоллараллин, Iилманан, политически а конференцешкахь, цо жигара дакъалоцу республикехь дIа мел хьочу вовшахтохаршкахь. Нохчийн Республикин интеллигенцин клубан Президент а ву, Нр-н харжамийн комиссин, Нр-н культурин Министерствон экспертни кхеташонан декъашхо а...

 
 

Страница 114 из 125

Яндекс.Метрика