Гадаев Мохьмад-Салахьан прозин лингвокультурни феномен

Печать

Нравится

1 8

АЛЬБЕКОВ Нурвади

 

Гадаев Мохьмад-Салахьан прозин лингвокультурни феномен

 

Вайзаманан филологехь муьлхха а произведенин текстийн талламбар кхочушдо антропоцентрични терзанехула, цуьнан дуьнене хьежамашкахула, адаман а, и схьадаьллачу къоман а амалшкахула, дуьненан суртхIотторца, дашца кхоьллинчу говзаршкахула, и муха хIоттийна хьажарехула а. Исбаьхьаллин кепехь язийна йолу муьлхха а литературин произведени авторан шен дуьнене хьежар, цо цуьнан сурт шена ма-гарра хIоттор хилла ца Iа, авторо цуьнца цхьаьна шен къоман башхалла, культурин шатайпаналла, заманан коьрта лехамаш, юкъараллин психологин хьал, иштта кхин а дуккха дерш, билггалчу муьрехь юьйцучу культурин шен башхаллаш гайтарца. Н.Ф. Алифиренкос билгалдаккхарехь, адаман культура гуш хуьлу цуьнан гIиллакхийн башхаллашкахь, цуьнан кхетамехь, дар-лелор муха ду хьаьжжина, цо пайдаоьцучу хIуманашкахь, гIирсашкахь, искусствон произведенешкахь, цо буьйцучу меттан кепашкахь, символашкахь (билгалонаш), хьаьркашкахь.

 

Оцу маьIнехь литературин произведени, цхьана билггалчу муьрехь юкъараллин Iер-дахар а, дахарехь дар-лелор а гойтуш ерг, Iаьмаркин антрополога М. Херековица «культурин цхьа дакъа» аьлла цӀе тиллинчу терминна юкъаяхийта мегар ду. Цу Iилманчина хетарехь, тайп-тайпанчу заманашкахь культураша кхуллу баккъал а долуш долчу хьолан шатайпа кхетаран кепаш, и кепаш кхоллало шатайпанчу, мехаллийн – маьIнийн дакъойх.

Халкъан культура оцу халкъан исбаьхьа мехаллийн-маьIнийн тоьллачех дакъош ду, уьш цхьаьнакхетта бIеннаш шерашкахь, таханлерчу заманахь дуьненан суртхIотторехь мехаллийн кодекс билгалъяккхарехь, цунах шен къилба дарехь оьздангаллин гIиллакхаш а, амалш а вовшахтоьхна йолу. Цу декъехь адамийн гIиллакхийн тIегIа а хилла, цуьнан уггаре мехалниг   «къоман мотт» бу. Э. Сепира а, Б. Уорфа а хьалхатеттинчу гипотезица тайп-тайпана меттанашкахь къамелдечу наха ойла а йо тайп-тайпана, церан меттанийн башхаллех доьзна а ду и. Тайп-тайпана культуран йолчу адамаша къамел а до тайп-тайпанчу маттахь. Сепиран-Уорфан гипотеза къаьсттана мехала ю культурин шатайпаналлаш ойлаярехь а, гIиллакхашкахь а, маттаца а кхеталуш ю бохург цара тIечIагIдарна. Оцу гипотезин бух тIехь жамӀ дан мегар ду: къоман матто, куьзганахь санна, схьагойту муьлхха а къоман шатайпана агIонаш билгалонаш, синмехаллаш, дуьненан сурт а шен кепара кхуллу лингвистикин гIирсийн гIоьнца. Билггал, кхаа кхетамо кхуллу «лингвокультура» боху кхетам: мотт – кхетам – култура. Лингвокультура – иза дешакхетамийн васташ ду, цаьргахула гуш хуьлу халкъо дуьненан сурт муха кхетадо, синмехаллаш, къамелан культура, мотт бийцаран башхалла, юьхь – суьртан бIаьцаш, ишарш, иштта кхидолу а билггалчу цхьана къоман шатайпаналлин билгалонаш а. Лингвокультурин шатайпаналла къаьсттана къегина гуш хуьлу фразеологизмашкахь, кицанашкахь, дустаршкахь, метафорашкахь (тардарш), къаьсттана къамелдаран кепехь а, башхаллехь а. Къамелан культура дика евзашволчунна оцу билгалонийн гIоьнца къастало къамеле ладоьгIуш а, оцу маттахь язйина исбаьхьаллин произведени йоьшуш а къамелдаран говзаллин уггаре маьIне йолу агIонаш.

Нохчийн маттахь прозин жанрехь нохчийн лингвокультурин масал хилла, нохчийн къамел-гӀиллакхан васт ма-дарра гойтуш ю Гадаев Мохьмад-Салахьан йоца говзарш. Къаьсттана оцу говзаршна юкъахь нохчийн лингвокультурин масал хилла хӀуттуш ю «Вер-витар» цIе йолчу пхеа новеллах лаьтта жима «гулар». Авторо тIечIагIдарехь, башха гена дIаяхана йоцчу заманахь билггал хилла хIуманаш ду оцу дийцаршка диллинарг.

Муьлхха а исбаьхьаллин произведени шайн «хӀоттам» тIера йолало, цо билгалйоккху буьйцучу хиламийн меттиг, зама, хан а. Вай толлуш йолчу новеллийн хиламаш дIабоьлху дIадаханчу бIешеран юьххьехь нохчийн эвлахь, цигахь, гуттар санна, суьйре тIейогIу, дехачу дийнахь къахьегна нах эвла юккъехь гулло пхьоьханахь, цигахь хIора стеган шен-шен меттиг ю, шен хене хьаьжжина охьаховшу уьш, нохчийн къоман ламасташ, гIиллакхаш, Iадаташ лардеш, церан тIедахкарша ма-боххура, хIоранна а шен декхарш а хууш.

 

 

«Суьйренашца шовданийн кортошкахь (мехкарша хиш оьцучу меттигашка) гуллуш хуьлура хьалха ярташкара нах. Берриш а бохург санна. Баккхийнаш генахьо ховшура. Мехкаршца шайн бала а боцучу суьртехь. Ткъа кегийнаш хина гергахьа хIуьттура, мехкаршка бист а хуьлуш.

Иштта гулбеллачохь дов даьллера Аласханан а, Ирсханан а берийн. ГIеметтахIиттина, тайна кIентий хиллера Аласханан кхоъ а, Ирсханан шиъ а. Кертах баккъаш а товжийна, вовшах агIош а тоьхна, хевшина Iаш дай а хиллера. Генахь а боцуш. Шайн кIентий а гуш.

Аласханан воккхахволчу кIанта, ластийна тур тоьхна, Ирсханан воккхахверг охьавиллинера. Хоттала. ХIетта догIа а тийна, къеггина малх а хьаьжна, луларчу баса стелаIад а хIоьттина, наггахь бен ца нисло тайпа исбаьхьа-хаза суьйре хиллера и царна ирча еанарг. ТIаккха, шаьлта баттара схьа а йоккхуш, шен ваша вийначунна чукхоссавелира Ирсханан шолгIаниг. Вукхарех цхьамма схьалатийначу шаьлтанна дуьхьал шен аьрру куьг а лоцуш. Ткъа и куьг, цу шаьлтано буткъачу пхьаьрсехула хада а дина, хаттала охьадоьжнера. Чхьап-аьлла. Шаьлтанца хьалакховдийначу вукху куьйга баьккхина шен куй чу доьжначу куьйга тIе а тесна, шолгIа чукхоссавелла, шаьлта тоьхна охьавиллинера цо шен ваша вийнарг.

– ЭхI!.. Иштта-м хир дац! – аьлла, шаьлтанна тIе ка а дуьллуш, хьалаайвелира Аласха.

– Веги хьо, Аласха! Веги хьо! Бераш дита! Охьахаа! – аьллера Ирсхана, чоин юх лаьцна, Аласха охьа а озош.

– ЭхI!.. Ваьгна а хилла, – аьлла, шен метта охьахиънера Аласха».

 

 

Исбаьхьаллин произведенин шатайпаналла, уггар хьалха, гуш хуьлу стилистикехь, текстан синтаксисан дIахIоттамехь, ма-дарра аьлча, хилам мича кепехь бийцаре бо бохучу тIехь. Вай толлучу текстехь уггар къаьсташ ерг перцелляци олу стилистикин кеп ю. Синтаксисан тIегIанехь текст кигийрачу дакъошкахь екъар, ша-ша долчу маьIнийн дакъойх предложенеш хIиттор ю цуьнан Ӏалашо. Шех перцелляци олучу цу кепо шатайпа мукъам ло дийцарна, хIунда аьлча авторо тидам тIебохуьйту хиламашна юкъахь ешархочун тидамза диса тарлуш долчу кегийрачу хиламашна. Масала:

 

«Кертах баккъаш а товжийна, вовшах агIош а тоьхна хевшина Iаш, дай а хиллера. Генахь а боцуш. Шайн кIентий а гуш. Аласханан воккхахволчу кIанта, ластийна тур тоьхна, Ирсханан воккхахверг охьавиллинера. Хотталах», «Ткъа и куьг, а цу шаьлтано буткъачу пхьаьрсехула хада а дина, хаттала охьадоьжнера. Чхьап-аьлла».

 

ХIокху масалехь вайна го текст ша-ша лаьттачу юьззина йоцчу предложененшкахь екъар, уьш цкъацкъа цхьана дашах лаьтташ а ю. Ешархочун кхетамна чIогIа тIеIаткъам а бо иштта предложенеш екъаро.

ТIаьххьарчу предложенехь вайна парцелляцин кеп гина ца Iа, кхузахь пайдаэцна синкхетамна тIеIаткъам беш долчу айдардашах. Иза ю «Чхьап» боху лексема. Цо гойту цхьа хIума охьойожар, и охьайожар цинцаш дIаса а даржош хилар. Кхузахь авторо синхаамашна тIеIаткъам бина ца Iа. Къамел чолхаллаш йоцуш хиларна, ша дуьйцучух атта кхетаво цо, цунах тешаво, шех «халкъан мотт» олучу кепехь до шен къамел а.

Летачийн дайх цхьамма вукхуьнга аьллачу доццачу дешнашкахь метафорах пайдаэцар, кхузахь собарх вохарна бехкбиллар го вайна, нохчийн юкъараллехь сихаллехь динарг къонахчуьнгахь товш лоруш цахилар хоуьйтуш. «Веги хьо, Аласха! Веги хьо!»

Вай толлучу новеллашкахь шена боккха тидам тIебахуьйта безарг   авторски модальность ю, аьлча а,  авторна шена ша дуьйцучух лаьцна хеташ дерг. Ярташкахь типични хуьлуш болу хиламаш ша гойтуш санна, «цхьана а кепара эмоциональни синӀаткъам ца го цуьнан йозанехь, буьйцурш бохаме хиламаш белахь а. Иза доккха маьӀна долуш ду, хIунда аьлча нохчийн лингвокультурехь къамел «паргӀат» дийцарца вайн куьлтурин шатайпаналла билгалйолу. Эмоциональни Ӏаткъамаш къамелдечу хенахь тIехгайтар товш ца лору нохчашлахь. Цуьнан дийцар-къамел хила деза паргIата, цхьатеррачу мукъамехь, хIунда аьлча тIехъайаме, тIеххаздеш, тӀехдаздина, я хаздина дуьйцург башха тешам болуш а ца лору вайн къомо. Цундела, Гадаевс шен новеллашкахь пайдаоьцург нохчийн меттан культурин агIо а ю.

Къаьсттана тидам тIебохуьйтуш ду и дуьйцург хийрачун цIарах дуьйцуш хилар, иза цу хиламийн теш волуш санна. Автор ша цу къамелехь «дакъалоцуш» волуш санна, хӀоттийна цо шен дийцар. Хандешан  хӀинцца яханчу хенан кепах цо уьш язарна, и хиламаш башха генара цахиларан суртхIоттало ешархочунна: шовданийн кортошкахь «гуллуш хуьлура хьалха ярташкара нах», «Ткъа кегийнаш хина гергахьа хIуьттура, мехкаршка бист а хуьлуш», «Иштта гулбеллачохь дов даьллера Аласханан а, Ирсханан а берийн».

Говзарийн мотт тайп-тайпанчу стилистически кепашца тIехцабузор а ю авторан шатайпалла, хӀунда, стилистикин басаршца къамел хаздаро тIехйоккхур яра говзаран исбаьхьалла, цу кеппара дийцар ша-шегара кхоьллинчунна гергадалош, тIаккха буьйцуш болчу хиламийн бохаме хилар мелла а лахлур дара. Шех антитеза олуш йолу кеп, беана бала а, ламанан Iаламан исбаьхьа сурт а дуьхь-дуьхьалхIоттор а кхочушдо авторо, мерза дош кхоош:

 

«ХIетта догIа а тийна, къеггина малх а хьаьжна, луларчу баса стелаIад а хIоьттина, наггахь бен ца нисло тайпа исбаьхьа-хаза суьйре хиллера и царна ирча еанарг».

 

Стилистикин ресурсех пайдаоьцучу меттигашкахь шайна тIе тидам бохуьйтуш ду ДУСТАРШ, уьш нохчийн прозехь кхоллало САННА бохучу  дустаран дашца (наб кхетча санна, велча санна). Вай толлучу новеллехь дустаран дешнийн шатайпаналла гучудолу САННА боху дош халкъан къамелехь пайдаоьцучу дешнашца хийцар. Масала, «Баккхийнаш генахьо ховшура. Мехкаршца шайн бала а боцучу СУЬРТЕХЬ».

Синтаксисан а, лексикин а стилистикан шатайпаналла Гадаев Мохьмад-Салахьан хIора а предложенехь гуш ю. Амма къаьсттана мехала ю хIокху новеллийн этнологин Iилманан агIо, хIунда аьлча баккъал а болчу хиламийн бух тIехь уьш хиларна, цара гойту оцу заманахь баьхначу могIарерчу нехан дахаран а, дар-лелоран а ма-дарра долу суьрташ.

Гадаев Мохьмад-Салахьан новеллаш гIарабевллачу турпалхойх, церан доьналлех, къонахаллех, оьздангаллех яц, я уьш лаккхарчу тIегIане хьалабаха а. Кхузахь гайтинарш могӀарера нохчий бу, шайна уггаре а хала, чолхе деанчу хьолехь, ма-дарра аьлча уггаре а луьрачу мостагӀаллехь. Ишттачу хьелашкахь гучуволу муьлхха, цуьнан адамаллин, доьналлин тIегIа, цуьнан чоьхьара дуьне ма-дарра гучудолу.

Зуламхо а, зулам дар а дац къоман я расин билгалонашца къасталуш. Зуламаш мульлххачу а цивилизацин юккъараллехь а хуьлуш ду. Зуламхочун, я зуламан мах хадор – и ду юккъараллин оьздангаллин а, синкхетаман а тIегIа гойтуш дерг.

Цунна тIедоьгIна, Гадаев Мохьмад-Салахьан кхин цхьана новеллах ала лаьара.

Дийцаран сюжетехь ду наб кхетта волу жима стаг цуьнан нийсархочо вер. Иза вийна а ца Iаш, цуьнан ерриге юьхь шаьлтанца ерина цо. Юха, цул тIаьхьа кхо шо дIадаьлча, шаьш лоьхуш волчу чIирхочун лорах тIаьхьакхуьу цо вийначун да а, ваша а.

 

 

«…генарчу юьртахь Iаш хиллера иза, шена кхин цIе а тиллина, ваьлла меттиг харц а йийцина. И дIасаволуш долу некъаш а хааделлера. Цкъа кIело йича, карахь герз а доцуш нисвеллера. Эвла йистерчу варшахь. КIант а хиллера Себарца – Асхьаб. Шен вешин эрчаяьккхина юьхь цкъа а бIаьргашна дуьхьалара дIа ца йолуш верг. Амма Себара тохийтина яцара, герз а доцуш волу стаг вийча, наха бехк буьллур бу аьлла.

ШолгIа кочахь топ а, юкъах шаьлта а йолуш нисвеллера, амма цуьнца кхин стаг хиллера. Нехан стагана юххехь вер а ца тарделла, тIаккха а витинера.

Оццу варшахь кхозлагIа кIело йина хIорш болуш, вогIуш хиллера Саьлмирза. Ша. Юкъах шаьлта а йолуш.

- Цуьнгахь топ яц. Тапча а яц. Цуьнгахь ерриг тухур ю вай а…».

«Амма чIогIа тоьхна хиллера: гIабакхах санна, чуяхна иза, аьтту агIорчу тIа тIе хIоьттинера. Саьлмирза охьавоьжнера.

  ТIаккха варшара схьаваьлла Асхьаб хьаьвзинера, Саьлмирзин юьхь ата лиъна.

  Мегар дац! – аьллера Себара буьрса. – Охьавоьжначул тIаьхьа тоха мегаш дац стагана. Дийна и хилча а. ЖIаьло жIаьла а дуьту, охьадоьжча. ОьгIазвахарх, йицъян мегар дац адамалла».

 

 

Гадаевн дийцарийн мотт шатайпа хиларх вай лакхахь дийцина делахь а, амма шена тидам тӀебохуьйтуш шатайпаналла ю цо причастин карчамийн гIоьнца дийцаран кепех пайдаэцар, и карчамаш дийнна предложенеш хилар, масала:

 

«Шен вешин эрчаяьккхина юьхь цкъа а бIаьргашна дуьхьалара дIа ца йолуш верг»

 

ТIаккха юха а, парциляци, «…вогIуш хиллера Саьлмирза. ША. ЮКЪАХ ШАЬЛТА А ЙОЛУШ».

 

Нохчийн юкъараллехь адаман синъоьздангаллина, гIиллакх-амалийн башхаллаш билгалъяхарехь доккхачу маьIнехь ду вай таллам беш йолу новеллаш. Тахана, КЪОНАХ бохучу кхетамна хийра йолу башхаллаш тIеязъечу заманахь, цу хаттарна тIе тидам бахийтар къаьсттана мехала ду. Вайзаманахь, дукха хьолахь къонах ша-шех тоам бина, муьлхха а гIиллакхийн дозанаш а хедийна, шен Iалашо кхочушъеш верг хиэта. Къинхетам а, деган кIедалла а йоцуш верг ву тахана къонах ву аьлла хеташ верг. Цундела ду-кха тахана турпаллин даржехь, «ларош болу» кIентий вайн юкъараллехь а, кхечу халкъашлахь а къонахий ларар, бӀаьрнегӀар а ца тухуш, адаман корта дIабаккха кийча белахь – мухалле а.

Цу кеппара, «турпалаллин» харц дар-лелор къонахалла лоруш йолу говзарш, халахеташ делахь а, нохчийн таханлерчу прозехь а ю. Масала, цхьана дийцарехь авторо шен турпалхочун къонахалла лору, цо, шен мостагI вен а воьй, шен чIирхочун корта юьртарчу берашна ловзо дӀабалар. 

И тайпа амалш къонахчун лоруш хиллий-те нохчаша? Цу хаттарна жоп далархьама, Гадаев Мохьмад-Салахьан дийцар тIера цхьа дакъа схьаоьцур вай.

 

«Амма Себара тохийтина яцара, ГЕРЗ А ДОЦУШ ВОЛУ СТАГ ВИЙЧА, наха бехк буьллур бу аьлла».

«ШолгIа кочахь топ а, юкъах шаьлта а йолуш нисвеллера, АММА ЦУЬНЦА КХИН СТАГ ХИЛЛЕРА. НЕХАН СТАГАНА ЮХХЕХЬ ВЕР А ЦА ТАРДЕЛЛА, ТIАККХА А ВИТИНЕРА».

«Охьавоьжначул тIаьхьа тоха мегаш дац стагана. Дийна и хилча а. ЖIаьло жIаьла а дуьту, охьадоьжча. ОЬГIАЗВАХАРХ, ЙИЦЪЯН МЕГАР ДАЦ  АДАМАЛЛА».

 

Кхин цкъа а билгалдаккха догIу, хIокху новеллашкахь гайтина гIиллакхаш баккъала а хилла болу хиламаш хилар. Цу хиламийн турпалхой а, тIехдоьналла, майралла йолу нах а боцуш, юьртахь бехаш болу могIарера нах хилар а.

Гадаев Мохьмад-Салахьан дийцарийн доккха маьIна ду оцу муьрехь нохчийн юкъараллин гIиллакх-оьздангаллин тIегIа гайтар, новеллийн турпалхошна дерригенал а мехала, лераме а ду шен дар-лелоран мах оцу наха хадор, нахана шех лаьцна хетта дерг, шен лаамел а гӀиллакх лакхара лору цара. Халкъан юкъараллин оьздангаллин гураш, бехкамаш хадийнарг хьаъа а шен мостагI, чIирхо, зуламхо вуьйш я кхечу кепара бекхам беш, нагахь иза гIиллакх-оьздангаллах воьхнехь, цIе южу цуьнан нахана юкъахь. Къизалла гайтар къонахаллин гIиллакх ца лерина нохчаша, мелхо а, и осалалла лоруш хилла вайн юкъаралло.

Гадаев Мохьмад-Салахь ша а чекхваьлла набахтийн халачу, бехачу, луьрачу дахарехула. Амма уггар дезачу тохарша а шен къонахаллах ца вохийна иза, къизалла ца толийтина цо шен даг чохь, исбаьхьа-сийлахь мел долчуьнга безам а, диканиг кхолла доза доцу лаам а толийтина цо шен сица а, дагца а.  Цуьнан ойла йича, башха вай цецдийллал хIума а дац Гадаевс шен говзаршкахь гIиллакх-оьздангаллин тIегIанаш сел къегина а, бух болуш а гайтар, хIунда аьлча цуьнан заманан юкъараллехь уьш ма дара массара а лардан, лело дезаш хилла. Цуьнца цхьаьна вай тидам бан беза Гадаев Мохьмад-Салахьа нохчийн лингвокультурин шатайпаналла, къамелдаран башхалла а шен произведенешкахь ларъеш хиларан. Баккъала а, Гадаев Мохьмад-Салахьан предложенеш хIитторан, стилистикин кепаш, текстан шатайпаналла, къамелан башхаллаш лингвисташна, литература таллархошна, культурологашна нохчийн культура толлушIилманехь болх бечарна а   шайна пайдаэца бух болуш хирг хиларан цхьа а шеко яц.

 

Оьрсийн маттера гочйинарг – Бурчаев Хьалим

http://www.orga-journal.ru/