БЕЧУРКАЕВ Iаьрби

Печать

Нравится

 

                                                Хьан ца бина тIом?

Советски Союз йолчу хенахь, бIаьсте яьлча, кегийрхой а, иштта гIеметта хIоьттинарш а «деха сом» даккха оьхура российски регионашка белхаш бан. Совхозашкахула, колхозашкахула, иштта гIишлошъяран организацешкахула а лелара, белхаш лоьхуш. Болх карийча, нагахь санна балханий, лун долчу ахчанний шаьш резахилча, куьйгалхочуьнца барт хIоттабора.
Iалсолтин шен бригада яра 5-6 стагах лаьтташ. Иштта тIееара рогIера гена балха воьду бIаьсте. Гурахь цIа богIура уьш, дуккха а ахча а, дакъийна жижиг а, моз а дохьуш. Со хIетахь школехь доьшуш вара. Ша цIа мосазза вогIу, тхуна массарна а тIеюху хIуманаш йохьура цо (тхо 7 доьзалхо вара цуьнан, со воккханиг а волуш), цундела тхо массо а чIогIа сатуьйсуш хуьлура иза цIаваре. Суна дагадогIуш, иза, дукхахьолахь, бригадица хуьлура Саратовн, Пензин, Ростовн областашкахь.


Цара дора цIенош, бежнаш кхобу божалш, кхийолу гIишлош. Цигахь Iачара 2-3 шарахь бен болх нохчаша цхьана муьрехь бина карабойтура. Иштта цхьана бIаьстенан юьххьехь хIорш кхечира шаьш цкъа а хилазчу Тамбовн областе.
Йоккхачу юьртахь бежнаш кхобу божал деш бара хIорш. Цунна бух а боьттина, кибарчигаш юттуш хилла хIорш.
Иштта тIетаьIIина болхбеш бохкуш, цхьа ког а боцуш, Iасанашца лелаш, 60 шо сов хир долуш цу юьртара цхьа муьжги веана кхарна тIе.
Къаьркъа а молий, кIоршаме къамел деш хилла цо кхаьрга. ХIокхара, и тергал а ца веш, шайн гIуллакхдеш хилла. Иштта масех де даьлла цо, схьа а оьхуш, оьзда доцу къамел а деш, кхеран догъэтIадо. Хьех а, мерах а чекхваьлла хилла иза. Цхьана дийнахь иштта волавелла иза: «Вы, чеченцы, бандиты. Во время войны всячески уклонялись от службы, уходили в леса. Одним словом – не защищали Родину». Кхарах Ваха цIе йолчо дуьхьалойина: «У нас 4 Героя Советского Союза: Ханпаша Нурадилов, уничтоживший 920 фашистов, снайпер Абухаджи Идрисов, Ирбайхан Бейбулатов, Хаважи Мирзоев. Полковник Мовлид Висаитов со своим кавалерийским полком, воюя, дошел до Эльбы. Там его американцы наградили своим самым высоким орденом», – Вахас кхин а дуккха а масалш далийра, нохчаша тIом бинийла хоуьйтуш, амма муьжги ша бохучунна тIера волуш вацара: «Аш, нохчаша, Гитлерна совгIатна кIайн говр кечйина хиллера», – бохуш, доцург кхуллура цо. Цо и тIаьххьара оллушехь, Iалсолтас шен мастерок охьа а кхоьссина, цуьнан мера кIел а вахна, хаьнтIе ши куьг а диллина элира: «Кто не воевал? Я воевал!». Муьжгичо хаттар дина: «А какой у тебя был фронт?» – аьлла. Кхо жоп делла: «Маржанский фронт!» Кхуьнан хIусамненан цIе Маржан хилла. «А какой был округ?» – аьлла юха а хаттар дина хилла «тIеман ветеране». «Варандинский округ!» – аьлла, аз стамдеш, тIечевхина Iалсолта (цу муьрехь шен ненавежарий болчохь Лаха Варандахь хилла кхуьнан Iар дукхахьолахь!). ТIаккха гIуллакхдоцуш кочавеанчо, кхо аьллачух чIогIа цецваьлла: «Слушай, я от начала и до конца находился на войне, дошел с боями до Берлина, но такого фронта и округа, что Вы мне сейчас назвали, не слыхал». И аьлла валале, хIокхо жоп делла: «Это были совершенно секретный фронт и округ», – аьлла.
Шен ши Iаса охьа а кхоьссина, къевллина маравоьллина муьжгичо Iалсолта.
Маравоьллинчуьра дIа ца хоьцуш, къамел деш хилла цо: «Дорогой, извини меня за грубость, ты действительно воевал, в этом ты меня убедил, а теперь строишь нам коровник».
Шена къинтIера валар доьхуш, кхунна баркаллаш баьхна, дIавахна иза.
Цул тIаьхьа а хIора денна вогIуш хилла шеца Iежийн, я хIоийн ведар дохьуш. Цкъа а карахь цхьаъ йоцуш вогIуш ца хилла. Иштта доттагIалла тасаделла хилла белхалойн бригадиран Iалсолтин, Дуьненъюкъарчу тIеман декъашхочуьнца Андрей цIе йолчу оьрсичунца.

«…Вий-кха со цо…»

Къонахалла, доьналла, нохчалла шеца йолуш, дуккха а шерашкахь ваха а ваьхна, вайна юккъера дIавахна Дубин-Эвлара Ацин Халид. Цо лелийначех- аьллачех лаьцна дуккха а ду дуьйцуш. Вай Нохчийчу цIа дахкале а, Казахстанехь а гIараваьлла таллархо вара Халид. Толлуш долу жIаьлеш а леладора цо. I956-чу шарахь вайнахана цIа дахка бакъо елира. Разбек, Казбек цIе йолуш Iамош доккха ши кIеза дара цуьнан. Цкъа и шиъ Iамош хилла хIара. «Казбек, дай лапу!» – аьлла хилла Халида масийттаза.
Ког схьалуш ца хилла кIезо. Эххар а, аз стамдеш, тIечевхина таллархо: «Дай лапу, я тебе говорю!» – олуш. ЦIеххьана жIаьло куьйгах катоьхна, цIий а доуьйтуш. ТIаккха Халида аьлла хилла: «Казбек, зуба не надо, лапу давай!». И ши кIеза Казахстанера ша Нохчийчу вогIуш цIа далийна хилла цо.
Зазархана цIе йолчу меттехь хьуьнхочун болх беш вара Халид. И меттиг яра МахкатIе, Улус-Керт олучу ярташна юккъехь лаьтташ. Халид ша Iара оцу меттехь шен доьзалца, акхарошна толлуш лелара дукхахьолахь. Ша дезткъа шарал тIехваьлла дукха хан елахь а, хьаннашкахула дика лелалора иза.
ХIора кIирнах цкъа Зазархнара охьавогIура иза говрахь. Говрана дехьий, сехьий кхозуш таьлсаш хуьлура, юхавогIуш шена чу юург юьллуш леладора цо уьш. Цхьана буса, чIогIа мох а баьлла, Улус-Кертахойн цIенойн тхевнаш тIерадохуш, керташкара хьаьжкIаш охьайиттина, лаьттаца уьш нисъеш чIогIа зенаш дина хилла. Биъ некъ къаьстачохь, эвла юккъехь, пхьоьханахь лаьтташ нах хилла, шайна хиллачу бохамах лаьцна къамелаш деш.
Цу ирчачу суьртана тIеIоттавелла хилла говрахь вогIуш волу Халид. Пхьоьхана тIекхоччушехь говр саца а йина, стигала хьала а хьаьжна, вистхилла хIара: «Везан Дела, со хьайн меттана хилча, ас дендерг дина-кх Ахь хIокху улускертахошна», – аьлла.
Халида аьллачунна шаьш реза ца хиллехь а, пхьоьханахь лаьттачарех цхьа а кхунна дуьхьал вист ца хилла, кхуьнан воккхалла бахьана долуш. И хабар цхьамма дIатоьхна юьртарчу БичIа цIе йолчу воккхачу стаге. БичIас аьлла хилла: «ХIокху эвла юккъехула охьавогIуш сайна Халид тосалахь, цунна топ тохарал совнаха хIума дийр дац ас», – аьлла.
БичIас аьлларг Халидах дIакхетта хилла. Цул тIаьхьа цхьа кIира хан яьлла хилла. Ша хIинццалц вогIуш ма-хиллара, говрахь эвла юккъехула охьавогIуш хилла Халид. Гуттар а лаьттачу пхьоьхана тIекхоччушехь, говрара охьа а воьссина, лаьттахула дIасакерчаш хилла Халид: «Туьйхи-кх цо суна, чов йи-кх цо суна», – бохуш, БичIас аьллачух ца вешаш.

«Тешнабехк хуьлу-кх суна…»

ЦIе яьлча санна, шолгIа дуьнена юкъара тIом хилла дIабоьдуш. СССР-н гIаланаш, ярташ йохош, ягош, схьайохуш, чувогIуш Адольф Гитлер а хилла.
ТIемаш беш Моздоке схьакхаьчна хилла немцой. Фашисташна дуьхьалонна окопаш йохуш хилла нохчий.
Массо а ваьллачул тIаьхьа а, цхьа ГIачIа цIе йолуш къонах хилла окоп охкуш, кIоргга лаьттах чувахана воллуш. ТIаьххьара а цу чуьра хьала а ца валалуш висина хилла и. Хьалаваьллачул тIаьхьа, доккха са а даьккхина, аьлла, бохура, ГIачIас: «Деллахь, Гитлер, ма тешнабехк а хуьлу-кх суна, валлал вогIуш, хьо кхузахула ца вагIахь».

«Юха а вогIуш хила – сакъоьрур ду вай»

Йоккха АтагIа цIе йолчу юьртахь вехаш-Iаш хилла, ахча юкъадуьллуш, чIогIа дика кехатех ловзуш Махьмуд цIе йолуш цхьа къонах.
Дукха нах хилла Нохчийчуьрчу ярташкара, кехатех ловза иза волчу оьхуш, амма царах цхьа а толам баьккхина дIавахана ца хилла.
ГIойтIа цIе йолчу юьртахь Iаш хилла ИбрахIим цIе йолу цхьа вахархо. Цунна хезна Махьмудах лаьцна шен юьртахоша деш долу къамелаш. ИбрахIима сацамбина, Махьмудца кехатах ловза Йоккхачу АтагIа ваха. «Со», «ас», бохучу къонахех цхьаъ хилла иза.
«Со хьожур ву цуьнга эша ца вайта», – аьлла хилла цо цкъа ша пхьоьханахь лаьтташ.
Хаза вайнехан духар а дуьйхина, кеч а велла, шеца схьаэцна шортта ахча а долуш, дикачу говра а хиъна, Йоккхачу АтагIа Махьмудан кевнан берте кхаьчна ИбрахIим. «Ассалам Iалайкум! Хьаша оьций аш?» – аьлла, Махьмудан уьйтIа велира ИбрахIим.
«Ва Iалайкум салам! Делера салам-маршала хуьлда хьуна, беркат шорта хуьлда хьоьца», – аьлла, дуьхьалвелира хьешана хIусамда Махьмуд. Пхийтта шо хан хир ю аьлла хетачу хIусамден кIанта хьешан говр, дуьрста а лаьцна, йигина, кхалу кIелхьарчу гоьзанах дIатесира, цул тIаьхьа цунна хьалха йол а йиллира. Хьаша а эцна, чувахара Махьмуд. Чувеана дукха хан ялале хьешо хаийтира ша беана некъ, шен Iалашо а. «Бакъахьа хир ду, нийса веана, хьо санна болу хьеший сайн хIусаме кхаьчча, тхан денда БIовтIа кошара схьа а ваьлла, цIа веъча санна, хазахета суна», – элира хIусамдас.
«Хьо юьртахоша чIогIа вуьйцуш, кIорда а дина, хьох доллург хIун ду хаа лууш веана со кхуза. Соьгахь шортта ахча а ду, дика, тоьлла дин а бу. Хьуна ма-гарра, тIехь бIаьрг соцуш долу хIара башха духар а ду», – бохуш, сонта къамелдеш, дозаллаш дина хьешо. «Хьан Дала аьтто бойла, ахь мел дуьйцург бакъ хила мега. Амма цхьа хIума эр дара ас: «Воьдуш йинарг чот яц, вогIуш йинарг бен», – олуш вайн дайн цхьа кица ду. Левзина хьаьжча бен, хуур дац вайх доллург», – дерзийна шен къамел Махьмуда.
Хьаша паргIат а ваьккхина, цуьнан гIуллакхе хьаьжначул тIаьхьа, дIаболийра цу шимма кехатех ловзаран болх.
Цкъа юьхьанца шегара жимма ахча дIадаккхийтина хIусамдас, цул тIаьхьа, цхьа а бал схьа ца боккхуьйтуш, ИбрахIимера дерриг ахча а, говр а, чухула дуьйхина кIайн коччий, хечий доцург, тIехь мел хилла йолу хIуманаш а, пезагаш тIехула юьйхина хилла йолу ши кало а тIехь схьаяьккхина Махьмуда кхайкхаза веанчу хьешера.
Арахь гуьйренан муьста де хилла, новкъахь хатт а болуш, тIедогIуш дерз а долуш. Iаржъелла хилла. Ишттачу суьйренца цIа ваха аравелира ИбрахIим, чухула духу коч-хечий бен, тIехь хIума а йоцуш, когашIуьйра.
Юьртана дехьо, ГIойтIа боьдучу новкъахь, Моллин барз олуш цхьа гу бу. Юьртана цхьа километр генахь хир бу и гу.
Доьхначу дагца, йоьхначу ойланца, когашIуьйра, цу барза юххе кхаьчна, гIаш вогIуш хилла ИбрахIим. Иштта хIара схьаоьхуш, чехкачу боларца шена тIаьхьайогIучу говран тата хезна кхунна. Дукха хан ялале, хьешана дуьхьал а ерзийна, говр сацийна беречо. ИбрахIимна шегара схьаяьккхина говр а, иштта шена бохам баьккхина ша тIевоьссина хIусамда Махьмуд а вевзина.
Кхунна моьттина: «Шех къа а хетта, шена говр ялош веана хила тарлора хIара», – аьлла. Амма иза аьттехьа а ца хилла. «ИбрахIим, хьо вон а ловзуш-м дацара иза, дика кехат ца догIур-кх хьоьга, юха а вогIуш хила, сакъоьрур ду вай» – и дешнаш а аьлла, говр хаьхккина юьрта чу тилира толамхо. Вайн мостагIчуьнгахь а ма хуьлда цул тIаьхьа ИбрахIиме хIоьттина хьал.


Кхиэлъяр
(хилларг)

ХIара ас яздийриг, хьоме ешархо, баккъал а хилла ду ЧIишка цIе йолчу юьртахь. Нохчий Казахстанерий, Юккъерчу Азерий цIа баьхкина 5-6 шо кхаьчна хан яра иза. Ярташкарчу нехан хьал-дахар ледаро дара. Массо а юьртахь вацара бажа бажош наха шайна лаьцна бежIу. БежIуй дукхахьолахь суьйлий хуьлура. Ткъа ЧIишка-юьртахь шайна юккъехь хIоттийна бежнийн рагI яра.
Иштта цхьа чIишкахо, шен рагI тIекхаьчча, вахана хилла шайн бажа бажо. Бежнаш хьуьна юккъе ца дохуьйтуш, юьртана тIехула Iуьллучу йоккхочу басахь дажадора цо.
Хьуьна юккъе дахана бежана, цIа ца догIуш, довш, берзалоша дайина меттигаш дукха нислора.
Аьхкенан зама яра. ТIекхечира делкъе. Бежанаш дажориг цхьана боккхачу кхура кIел охьахиира, ша цIера еана юург яа. ХIума йиинчул тIаьхьа, дIа а таьIна, цхьажимма садаIа лиира цунна. Иштта вехха Iиллира иза ойланаш еш, стигла а хьоьжуш. Цул тIаьхьа цунна чIогIа набкхийтира. Малх дIабуьзира. ХIара эххар а самавелира. ДIасахьаьжча, гуш цхьа а бежана дацара, шаьш цIа дахнера уьш, тIаьхьа бежIу а воцуш. Шен тIоьрмиг схьа а эцна, цIа веара хIара а.
Дукха хан ялале кхаьрга веара кхеран юьртахо Iарби. Цуьнан гомаш цIа ца еънера. ХIокхо элира: «ХIинца ара а ваьлла, лохур ю ас, цхьанхьа керта гIоьртина хир ю», – аьлла.
Шиммо а лийхира гомаш, амма юьртахь и гина стаг ца тосавелира кху шинна. Шина-кхаа дийнахь лийхира гомаш: ирзошкахулий, хьаннашкахулий, Органан йистошкахулий.
Цхьа кIира даьлча кхеран юьртара таллархочунна Салавдина карийра иза, чано ен а йийна, цхьана Iин чохь Iуьллуш.
Чано гомашна тIекхийсина гаьннашший, лаьттара ийзош схьаяьхна якъаелла яккхий юьхкашший яра. Юьртара пхи-ялх стаг вахара тоьпаш а эцна хьуьнха, ча ен Iалашо йолуш, цунна кIелоян. Царна хаара, иза гомашна тIейогIур юйла. Ша йийна хIума дикка хан яьлчий бен ца юу, боху, чано.
КIело а йина, ча йийра юьртахоша. Цул тIаьхьа, гомашан да вахара рогIе ваханчун цIа: «Я суна гомашах богIу мах схьало, я и санна йолу гомаш сан божала чу дIахIоттае», – аьлла. «Чано йийна гомаш ас токхур яц!» – элира беже ваханчо. Мел дийцича а, барт хуьлуш бацара.
Юьртарчу баккхийчара элира кхаьрга: «Нагахь санна шуна нийсо къасто лаахь, молла Изноврна тIегIо», – аьлла.
ХIокху шиммо сацам бира цунна тIеваха. ХIоранна а моьттура, ша-ша бакъ ву, ша-ша нийса лоь. Иштта, цхьа де билгал а даьккхина, бакъо-харцо къасторхьама, хIара шиъ молла Изновр вехачу хIусаме Соьлжа-ГIала вахара.
Изноврна дуьхьал хиъна Iара хIара шиъ. Могаш-паргIат хаьттинчул тIаьхьа, моллас элира: «ХIинца схьадийцал шаьш суна тIедеанарг», – аьлла.
РогI-роггIана шиммо а дийцира хиллачух лаьцна. Эххар цу шиннан къамел лахделира, луьйчура сецира и шиъ. Цара къамел дечу хенахь, корта охьа а таIийна, царна дашца а новкъарло ца еш Iийра Изновр.
Чохь тийналла хIоьттира. Цул тIаьхьа, кхин корта хьала а ца таIош, Изновра элира: «Шен рогIехь юьртан бажа бажо вахнарг гомаш дIатакха декхарийлахь ву!»
Иштта цхьана аларца нийса кхел йина хилла шена тIебаьхкинчарна молла Изновра. И дIаваьллачул тIаьхьа цуьнга кхочуш Iеламстаг хилла вац Нохчийчохь.

Гамас делла жоп

Тхан ненан нана Ану чIогIа доьналла долуш, къахьоьгуш стаг яра. Сох цо Дадар олура. Ширачу заманахь хилла, лелийна хIумнаш дуьйцура цо суна дуккха а. ХIетахь, со жима хилларе терра, башха тидам тIебохуьйтуш, ладогIар а ца хуьлура цуьнга. Цо кест-кестта олура: «Дера, Дадар, Гамин Ану яккха олий бен, ловзар дIа ма ца доьрзура».
Цо дийцина цхьа хIума диц ца ло суна. Шен да Гама чIогIа доьналла долуш, нахана къонах хеташ стаг вара, олура цо. ЧIишка Гамина тIе нах оьхуьйтуш хилла имам Шемала, шен наиб хилахьара хьо бохуш. «Нийсо ца ларйо цо. Реза вац со цунна», – олий, дIахьовсош хилла цо уьш.
Кест-кестта Теркайисте хIонс ян воьдуш хилла Гама. Вуно хаза зуда а, йоI-кIант а цIахь дуьсуш хилла. Иштта, цкъа Теркал дехьа вахна Гама цIа ца вогIуш, масех бутт а баьлла. Гергарчара дукха лехна хилла иза, амма карош ца хилла. Цхьа шо хан яьлча, Гамех дог а диллина, каш доцу тезет а хIоттийна, сагIа а даьккхина цIахь болчара. Шен ши бер а лелош, Iаш Гамех йисна Зазу а хилла.
ЧIогIа куц долуш, хаза, нехан бIаьрг тIехь соцуш, исбаьхьа стаг хилла Зазу. Дукха кегий нах хилла цуьнга безам болуш, иза шен-шен хIусамнана хиларе сатуьйсуш.
Йоккхачу АтагIара Джабраил цIе йолуш цхьа къонах, хIора денна аьлча санна, ЧIишка оьхуш хилла, Зазу ган а, цуьнга вистхила а Iалашо йолуш. Зазус дуьхьало ешшехь, гергарчара ма эха боххушехь, цхьана шарахь гергга ихна иза ЧIишка.
Гама цIераваьлла ши шо а даьлла. Шен кхин гIуллакх хир доций хиъча, Джабраила махкахь бевзаш а, лоруш а болу нах бахийтина Зазун дена тIе. Дас шен йоI цуьнан лаамаза дIаелла цуьнга, оцу баьхкинчу нахе «хIан-хIа» ала а ца тайна.
Делкъан хенахь дIайигна зуда, ткъа оццу суьйрана шина шарахь цIахь хилаза волу Гама цIа кхаьчна. ШолгIачу дийнахь Гама цIакхачар хиъна атагIошна. ЧIогIа холчахIиттина Гамин зуда йигнарш, и «кхаъ» шайга кхаьчча.
Джабраил марчо юкъа а хьарчийна, иза барми тIе а виллина, тIаьхьадаьккхина даьхни а долуш, йоккха тоба яхана ЧIишка Гамина тIе, цунна гергахь шаьш чIогIа юьхьIаьржа хетарна. Баьхкина нах Гамин цIийна юххехь севцца, айинчу барми тIехь Iуьллуш Джабраил а хилла.
Баьхкинчарах кхо стаг вахана Гама волчу хIусаме. Цара дийцина, шаьш кхунна хьалха юьхьIаьржачу хIиттина а, и бехк шайна тIелацар чIагIдеш дуккха а даьхни далийна а хиларх лаьцна. Кхин дуккха а къамелаш дина кхаа стага. Гама, юкъа а ца гIерташ, тапъаьлла ладугIуш хилла. Эххар а, шаьш дийцина девлча, цара шайн къамел сацийна. Царна моьттуш хилла, Гамас хIара гIуллакх аттачу балхах дIадоьрзуьйтур дац.
Уьш бевллачул тIаьхьа къаношка вистхилла Гама.
– Со аш дийцинчух Iаламат дика кхийти, шу юьхьIаьржахIитта оьшуш доккха хIума дац хIара. Суна шуьгара хIумма а ца оьшу. Со цIа ца вогIуш хьевалар а, ас мел лелош дерг а мискачу нехан дуьхьа дуйла шуна хаа декхар ду. Цундела берийн нана Зазу аш схьаелчахьана, вайн машар хилла бу, – аьлла, дерзийна Гамас.
Иза иштта хьекъале, оьзда вистхилча, сапаргIатдаьлла, дегнашна там хилла, Гамина баркалла а аьлла, юьхькIайчу а хIиттина, бухабирзина баккхий нах, Гамин лаам кхочушбан тIе а лаьцна.


Нускало аьлларг

Хьалхалерчу заманахь генарчу лам чуьра нускал далош богIуш хилла кегийрхой. ЙогIушъерг а, ялошберш а ламарой хилла. Лаьхьа санна, сетташ, чIуг етташ болчу некъа тIехула, маьхьарий детташ, тоьпаш кхуьйсуш, гIовгIанца охьабогIуш хилла замой. Сеттачу поштанахь, кIайн духар а дуьйхина, невцан доттагIчунна юххе а хиъна, догIуш нускал а хилла. Буьйса Iаьржа хилла. Бан беза некъ беха хилла. Поштана тIаьхьа а хIоьттина, говрахь вогIучу «вайн невцо» хаьттина шен накъосте:
– Деллахь, Махьмуд, вай бан беза некъ дикка гена ма бу, юьрта кхаччалц, со оцу нускална юххе хаор хир дацара те вайн? – аьлла.
Оцу сохьта невцан накъосто, говр хьалха а тесна, пошта сацийна. Юххехь Iийриг невцан говра а хаийна, «куьг бехкениг» шен нускална улло нисвина цо. Пошта юха а замошна тIаьхьа охьайолаелла. Дикка хан яьлла, нускале дош ала ца хIуттуш, «вайн нуц» ийзалуш.
Эххар а, майра а ваьлла: «Дай-й куьг хьакхийтахьа соьга хьайн месех», – дехна цо.
Цу дешнашна реза ца хиллачу нускало жоп делла:
«Хьокхуьйтур ду, хьо ваха, хьакхийта йогIуш а ма ю. Амма цхьабакъду, и «махьар-шахьар» а доцуш, хабар дуьйцуьйтур дуй аьлча, и дуьйцуьйтур долуш яц со», – аьлла.


ТIутIега казахо аьлларг

ТIутIа а эцна, генарчу Казахстане «деха сом» даккха балха яхна хилла кхеран юьртара цхьа тоба. ДIакхаьчча, цхьана шерачу метте, казахаш Iачу юьрта кхаьчна хIорш. УьстагIий чу дохка жоьла а, колхозан дохнна гIишло а еш хилла кхара. Болх дика дIабоьдуш, куьйгалхой реза болуш дIахIоьттина гIуллакх.
Эххар а цхьана казахо хIумаяа чукхайкхина хIокхеран тоба. Куьйгаш а дилина, цIенкъа юккъе охьахевшина хIорш. Казахийн къоман даар – бешбармакх – йиллина хьалха. Казахех тера хилла ТIутIин юьхь-сибат: дуткъа бIаьргаш, чутаьIна мара, ша Iаьржачу аматехь. Болхбина кIадбелла, мацбелла, бешбармакхна «тIетаьIна» хилла нохчий. ХIусамдас-казахо, ТIутIина тIе пIелг а хьажийна, оьрсийн маттахь аьлла:
– Вот единственный красавец среди вас!
И аьлча, цунах чIогIа цецваьллачу кхарах цхьамма аьлла:
– Хаза муха ца хуьлу, хIара хаза хуьлучу кхаччалц вай схьадаьхкича.

 

http://www.orga-journal.ru/