АЛИЕВ Мохьмад

Печать

Нравится

                                                                           

Ягийна юрт

                  

ЦIеххьана даьллачу татано, Iадийна, араиккхира Зугу. «Вай, ас хIун до, со ма воьхна?!» – аьлла, юха чуиккхина: «Же, зуда, ма Iелахь, бераш кIелхьардахалахь!» – аьлла, шен барзакъаш тIеузуш воллучу цунна, юха а хезира, шайн корера шело чу ца яийта боьллина гIайба чу а кхуссуш, иккхинчу, йоккхачу тоьпан гIовгIа.

«Вай Дела, орцахвалалахь!», – аьлла, мохь белира луларчу Забун. «Керта тIехула вер ву со, кетIахула вахча хан ер ю, цхьаъ лазийначух тера ду церан!», – аьлла, дIахьаьдда воьдучу Зугина, ЗабугIарна шайна юккъара керт йоцуш карийра. Цкъачунна соцунгIа хилира иза. «Ванах, хIара керт стенга яхана?!» – ша-шега хоттуш санна, элира цо. Керт лаьттинчохь шиъ ор дара. Иза кхийтира, яккхийн тоьпийн хIоьънаша шайн болх бинера. Юха а Забун мохь хезна, цу агIор дIахьаьдира Зугу.

Цунна хьалха хIоьттинарг ирча сурт дара. Велла уьйтIахь Iуьллуш Забун цIийнада Хьумайд, дехьа елла Iуьллуш церан йоI Сепият, охьахиъна узарш деш Iаш Забу, тIекхетта хIусам а. Шена наха бехк билларна кхоьруш, ца йоьлхуш, сецара Забу. ЦIеношна кIелхьара схьаваьккхина, кхетамчохь воцуш Забун марда Iаьлбиг а вара. Накъосташца вахна цIахь вацара Забун цхьаъ бен воцу кIант Iимран. Иза вара хIинца цуьнан тIехь са лаьттарг. «Пхийтта шо кхачале дIавели да а, йиша а, гIийла денда а, ма цхьа виси-кх хьо», – бохуш, ойланашкахь Забу а йолуш: «Нана, вайна хIун хилла, хIара хIун ду?» – аьлла, шега вистхуьлуш хезира Забуна шен кIант. СапаргIатделира ненан, кIант гича.

ЗабугIеран керта деанарг доккха хIума дара. Нах Хьумайд, Сепият дIадерзош бохккушехь, дIавелира Iаьлбиг. Адам иштта доьхна хьийзаш а долуш, паччахьан эскаро юьртана голецира. Цхьадериг юьрта деара. Лекхачу, кIайчу динахь хьалха ваьлла эпсар а волуш, тезет  долчу керта баьхкира салтий.

– ХIун ду кхузахь? – аьлла, хаьттира хьалхаваьллачу эпсаро. Цо буьйцучу маттах ца кхетара тезетахь лаьттарш.

– Цуьнга вистхилахьа, Далда, хьуна жимма церан мотт ма хаара, – элира, юьртарчех цхьамма. ТIевахна хьалха дIахIоьттира Далда.

– Госпожа генрал, – аьлла, вистхила воьлча, «И хIун къамел ду ахь дийриг?» – аьлла, эпсаро ластийна шед туьйхира Далдина. Юьхьа тIехIула охьахьаьдира цIий.

– Моя, твоя говоришь хотел, почему твоя бьешь моя? – аьлла, оьгIазвахана, шен гIодаюккъе куьг даьхьира Далдас, шаьлта тоха дагахь.

– Далда, ас пурба ца ло хьуна, цIий Iенар ду, – элира юьртакъедас Вахас. Далда вухавелира, хIуттурдолчу суьртан ойла а йина, ца велира кхеравелла-м.  Юххехь лаьттачу кхечу эпсаро Далдега къамел дечуьнга элира:

– Андрей Николаевич, и стаг цхьаъ ала гIерта моьтту суна, хIун боху хьовса вай цо?

– ХIун дуьйцур дара вай оцу акха хIумнашка, Виктор Сергеевич, хьо вицца-м ца велла,  даханчу кIирнах хIокхара тIелатар а дина, хилла зулам?

– Массо а  цхьатера бехке ван мегар ма дац, царна юкъахь ма бу дика нах. Муьлххачу къомана юкъахь а хуьлу вуонаш, диканаш а!

– Дитахьа, Виктор Сергеевич, иза тIаьхьа дуьйцур ду вай, – аьлла, ша нийса воций хиъна, вухавелира воккханиг. Шина эпсаро, резавоцуш, вовшашка дечу къамеле ладоьгIуш Iара юьртахой.

– Дийцал, хIун ала лууш дара шу? – хаьттира эпсаро Далдега.

Далдас, шен оьгIазло гIеххьа юха а яьккхина, ша хьалха аьлларг нийса доций а хиъна, шен хаттар хийцира.

– Инарла, аш яккхий тоьпаш йиттина, адамаш дайина! – аьлла, сецира. Логехь оьгIазе шад хиларна, кхин дош ца аладелира цуьнга.

– Со кхийти аша лелочух. Шун хIоккхехь тезет ду?

– Ду, – аьлла, Далдас корта таIийра.

– Хьан цIе муха ю? – хаьттира полковнико (массарах нохчаша инарла олудела, шех инарла аьлча, магийтира цо).

– Сан цIе Далда ю.

– ЛадогIал соьга, Далда! Цхьа сахьт даьлча маьждиган хьалха нахе дIагулло ала, со вистхила лууш ву!

Ша кхеттий хоуьйтуш, Далдас корта таIийра.

– ХIун боху цо? –   хаьттира юьртакъедас.

– Дера боху, цхьа сахьт даьлча маьждиг хьалха  дIагулло, ша вайга вистхила воллу.

– ХIун ала воллу-те, ша динарг кIезиг хеташ ву-те хIара?! – элира, Далдега хоттуш санна, цуьнан лулахочо, Салмана.

– Дера хаац, хIун ала гIерта-м,  амма диканиг дохьуш ца веаний-м хаьа суна иза, – аьлла, доккха садаьккхира Далдас.

– Хьажахьа, Ваха, хьо дешна стаг ву, хIунда  хьийзадойту-те вай Дала, хIара хьал гуш-хууш ма ву Иза?

– Гора  Далда-яI,  гуш-хууш ма ву, шадерриг Цуьнгара а ма ду, сиха вац-кха, собаре ву-кха, вайшиъ санна сиха хилча, гIуллакх хир ма дац, – аьлла, велакъежира Ваха. Юха нахе кхайкхам бан вуьйлира иза:

– ХIай нах, вай дIакхойкху оцу эпсаро маьждиг хьалха. Цо хIун боху хьовса деза вай. Цхьа  хIума ду: сихдала мегар дац,  ца оьшу гIовгIанаш ма е. Вайгахь толам хинболу агIо яц тахана ерг. Массо а маьждиг хьалха дIадуьйла. Муха доьрзу хьовсур ду вай хIара гIуллакх!

    Генна урамновкъа бIаьрг тоьхча, маьждиге дIагуллуш адамаш гора. Массо а гIийла вара. Оьрсийн эпсар пайтона тIе а хIоьттина, къамел дан кечлуш вара. ЧIогIа оьгIазе юьхь яра цуьнан. Жимма хан а ялийтина, адам тIе а гулдалийтина, вистхилира иза:

– ЛадогIал соьга, дIадаханчу кIирнах тхан салташна тIелатар дина. Цхьаъ вийна, шиъ лазийна, уггара тоьлуш йолу говраш дIа а йигна,. Церан лараш шун юьрта йогIуш ю. Бехкенаш аша схьа ца лахь, ас луьра таIзар дийр ду шуна! Оьрсийн эпсар сецира, Далде а хьаьжна. Далдас гочдира. Нехан гIовгIанаш евлира, резабоцуш: «Наха динчунна тхан хIун бехк бу, бехкечаьрца листа деза», – бохуш. Обаргаша йигний массарна а хаьара, амма эпсар тешар вацара. Говраш дIаюьгуш гинарш а бара.

Наха бохучунна талмажалла дира Далдас.

– Акха хIуманаш! Шун юьртах хIумма а дуьтур дац аса! Со шуьца хаза дийца гIертара, цуьнах гIуллакх хила доллу моьттуш вац со! ХIета, дуьйцур ду ас шуна, хIун дан деза а, айса дийр дерг а. Тхан вийначу цхьана салтичунна дуьхьал – кхоъ, лазийначу шинна дуьхьал – шиъ, говр яла дезар ду шун, цу тIе тоьлларш а.

Полковник, шен къамел саца а дина, Далдега хьаьжира. Ткъа Далда цо дуьйцучух цецваьлла, бага а гIаттийна, лаьттара. Меллаша лере а таьIна, Далдега: «Гочде!» – элира Виктор Сергеевич цIе йолчу эпсаро. Далдас цо бохург гочдира. Нах вовшашка хьоьжуш лаьттара. Уьш боьхна бара. Церан яцара цу эпсара юьйцу говраш, я уьш эца хьал а дацара. Юха а вистхилира полковник:

– Оцу гIуллакхна аса шуна кхо де ло, – аьлла, сецира эпсар. Далдас эпсаро аьлларг гочдинчул тIаьхьа, нах ойлане кортош а охкийна, дIасаэха буьйлира.

– ТIаккха, талмаж, схьагарехь,  уьш реза бац. ХIун олу ахь?

– ХIун эр ду, оцу тайпана говраш яц тхан. Ерриге гIийла, декъаза ю, эца ахча дац, деши дац, делла дIадовлар гIолехьа дуй-те тхуна?!

– Ца хаьа, шуна уьш мичара евр ю, амма кхо де далале аш говраш ца лахь, шун юрт-м хир яц! Кхийтин хьо? – элира полковнико.

– ХIаъ, кхетта, – гIийла элира Далдас.

– Далда, оьрсийн мотт мичахь Iамийна ахь? – хаьттира Виктор Сергеевича.

– Соьлжа-ГIалахь мехкадаьтта доккхучохь къахьегна ас. Цигахь дуккха оьрсий бара. Цара Iамийна со.

– Далда, кхо де даьлча жоп хила деза, – аьлла, дIавахара эпсар.

Тап-аьлла дара майданахь. Тийналла йохийра юьртакъедас:

– ХIай нах, вай кортош охкийна Iерах гIуллакх хир дац! И говраш йигарна вайн юрт бехке йоций хаьа суна, амма и бехк вайна тIехь бисина, цундела вай цхьаъ дан деза!

– ХIун де вай, хьаьнга орца олу вай, шена хетарг алал массара а, совнаха гIовгIанаш ма е?!

Цхьамма цхьаъ олура, кхечо кхиниг олура, амма цхьа а новкъадолуш хIума дацара.

– Нах, со вистхила мегар дацара-те, жима велахь а? – аьлла, сехьавелира Салманан кIант Леча.

   Хаза кхиъна вогIуш жимха вара Леча. Оьзда гIодаюкъ, шуьйра белшаш йолуш, лекхачу дегIахь кIант вара иза.

– Леча, сехьавалал, жима хиларх шена хетарг ала мегар ду, вайн массеран бала ма бу хIара! – аьлла, Лечина меттиг луш, дIахилира молла.

– Со шуна хьалхалелхаш товш-м дацара, шул хьекъал долуш а вацара, аша де аьлларг а деш, дехьо лаьттичхьана волура, делахь а сайна хетарг ала лаарна, эхь-бехк а дайина, сехьаваьлла со..! – аьлла, сецира кIант.

– Алал, ала пурба ду хьуна! – бохуш, маьхьарий девлира нехан.

– Нах, цу эпсаро вайна тIедиллинарг вайга кхочушдалур долуш хIума дац!

– Ткъа хIун дан деза вай, хьо цхьаъ ала гIерташ ма вара?!

Сецна ойла а йина, Лечас элира:

– Вай, тIом бан беза!

Тийналла хIоьттира майданахь. Iадийна лаьттара нах. Лечас аьллачу дешнийн ойла йора цара. Дага-м и хIоранна а деана хила тарлора, амма церан ницкъ бацара паччахьан эскарна дуьхьало ян. Моллас тийналла йохийра.

– Леча, айхьа дуьйцург хIун ду мукъне а хаьий хьуна?! ТIом бан тIемалой мичахь бу? Къена нах, зударий, бераш. Шу цхьа иттех жимха-м ву.Ткъа кхидIа хIун до вай?!

– Тхо иттех ву. Шовзткъе иттангабовлаза шортта нах бу. Воккха а, жима а летар ву-кха, чекхдовллалц тIом бийр бу вай, ишта а цара хIаллакдеш ма ду вай. Жимма а сийдолуш дала ца мега вай?!

– ДIавала, Леча, хьо юрт хIаллакьяйта воллу, ахь дуьйцург тIелаца йиш яц, – элира, моллас.

– Цалуург шен чохь Iийр ву. ТIамо шена хIун дохьу хьожур и.Ткъа биснарш летар бу. Дийна висинчо и цIенойн лаппагIанаш муьлххачу хенахь а вовшахтухур ю!

– Ахь хIун дуьйцу, хIай кIант, со а вац кху юьртара, шуна дерг дац суна а, со сайн оцу тоьланех тамаш беш вац хьуна!

– Ас хьуна бохуш хIума дац, юкъара сурт ду ас дуьйцург, Ваха, – аьлла, юха шен къамел дIадолийра Лечас.

– ХIун до вай? Кхо де даьлча, царна яла говраш яц, уьш эца аьтто а бац – аьлла, ладоьгIна, сецира кIант. Цхьаболчара Леча чехавора, вукхара оьрсашна тIедахна, барт хуьлу агIо лаха езара бохура. Иштта хIорш къийсалуш бохкуш, хьалхаваьлла полковник а волуш, юхабаьхкира салтий. Пайтона чуьра хьала а ца гIоттуш, Лечина тIе пIелг а хьажийна: «Схьалаца и дIо-о лаьттарг!» – аьлла, омра дира полковнико. Шина салтичо, тIехьаьдда, тоьпан хенаш тоьхна вожийра Леча. Нехан гIовгIанаш евлира. Юххехь лаьттачу ворданна тIе кхоьссира кIант. Кхетамчохь вацара.

– ХIокху шун юьртахочо шен гIуллакх доцург а дийцина, кхин а цхьа говр тIекхийти шуна, ас шуна тIейожийнарг пхи говр яра, ткъа хIинца ялх говр лур ю аша, – аьлла, дIавахара эпсар.

Онда бала хьаьрчира юьртахойх. Ялх говр ялар, уьш ца лахь, йохор ю аьлла юрт, говраш эца доцу хIума, дIавигна Леча а. Цхьамма оцу сохьта тIе мотт баьхьнера.

Лечица шаьш туптоьхначу схьакхечира салтий. Ворданан чкъургах, буржалш а тоьхна, дIатесира. Кхуза схьа а кхачале, меттавеанера иза. Хилларш, лелларш а дагаоьхура кIантана. Къаьсттана дагаоьхура шена еза йоI Хеда. Цо йогIур ю аьлла дош а луш, караделла йовлакх дара Лечин даима кисанахь лелош. Йовлакхе хьоьжуш, дагадеара шена и йовзар, цуьнга безам бахар а.

Дечиг дохьуш вогIучу Лечина, ченан кIур эккхийтина, цхьана хIумано къахкийна, нисса тIехьаьлхина йогIуш говраш гира. ТIаьхьара ворда а яра пиллиг санна ловзош.

«Йо сан Дела, цу вордан тIехь цхьа адам ма ду, и цара вон лазо там бар-кха, я цхьаъ цара хьашахь вуьйр ма ву!» – аьлла, дуьхьал а иккхина, говраш совцийра Лечас. Амма дикка текхош дIа-м ваьхьира цара и. Говраш паргIатъевлча, Лечина гира, ворданан тIегIанах а тасаелла, багара дош а ца долуш,Iаш йоI.

– ЙоI, говраш паргIатъевлла, кхера а ца кхоьруш охьайосса! – элира Лечас. Амма, ца хезаш санна, Iара важа.

– ЙоI, со-м хьоьга луьйш вай. Охьайосса! – элира Лечас юха а. ТIегуллуш нах а бара. ЦIеххьана меттаеана, елха йолаелира йоI.

– Хьо елхарх хила хIума дац. Охьайосса!

Меттаеана йоI, шен коьртахь йовлакх доций а хиъна, коьрта тIе куьг а диллина, йовлакх лаха хIоьттира.

Шена йовлакх ца карийча, кхин дан хIума а ца хилла, вордан цIа чуьра схьаэцна коьрта тIе йол йиллира цо, куьйгаца саца а еш. И сурт гина, гIадвахана, велавелира Леча. Бийлабелира гонаха лаьттарш а. БIаьргех хиш а оьхуш, цIийзаш йолу йоI, дIаса а хьаьжна, юха Лечига а хьаьжна, ша а елаелира. Цу дийнахь, йоIана тIехь бIаьрг сецира кIентан. Ойланаш йора Лечас:

   «Ванах, хIинццалц и ган а гуш, и юй а хууш, лелла-кх со. БIаьргаш хилла а дац-кха сан!» – бохуш. Цу дийнахь хIоьттина сурт дага а деъна, велар а иккхира Лечин.

ЦIеххьана коьрте вада ойла иккхира.    

Iуьйрана сатосу хан яра. Шеллуш, хьаьвзина Iара кIант. Дехьо, топ а марахь, наб ийзош хиъна Iачу солтичуьнга мохь туьйхира кIанта, кхечарна хазарна а кхоьруш.

– ХIун хилла хьуна? – аьлла, вистхилира гIарол.

– Со сайн гIуллакхна дехьаваккхахьа! Салтичо, Лечас бохучух кхетта, куьйгийн буржалш схьа а даьстина, хьуьн чу вигира.

– Дехьо валахьара, со вадалур волуш ма вац, – дийхира кIанта. Юха а, салти ца кхетча, куьйгаэшарца хьаьжира кIант иза кхето. ГIам-гIим а деш, резавоцуш, дIахилира важа. Тап-аьлла тийналла хIоьттира хьуьн чохь. Шекваьлла салти кхайкхира Лечига:

 – ХIей, мичахь ву хьо?

Цхьа а вист ца хилча, хьалхалаьцна топ а йолуш, Леча тIехьаваьллачу коьллашна юкъагIоьртира иза. Кулла тIехьа дIатаьIначу Лечас, тоьпан цхьамза а лаьцна, шена тIе а озош, шен гIора ма-дду буй тоьхна кхетамчуьра ваьккхира иза. И меттавале, кисанашкахь карийначу догIанашца когашна тоьхначу буржалех ша мукъа а ваьлла, цаьрца салти дечках дIатесна, къайлавелира.

  Дикка некъ бира Лечас. КIад а велла, ша сецча, лаккха хьалабаьлла малх гира цунна. Ша вадар, шена оьрсаша еттар, дерриг диц а делла, хазачу Iаламан хIоно токх а вина, хьуьн чохь лоькхучу олхазарийн эшаршка ла а доьгIуш, садоIуш Iара Леча. Дехьо охьадогIуш шовда а карийна, цу чуьра Iаббалц хи мелира цо. ТIаккха, охьахиъна, ойла йира: «Вада-м ведира со, ткъа кхидIа хIун дан деза-те ас. Юьрта ваха ваьхьар вац. Юха а лоцур ву, тIаккха Сибрех хьажор ву, я вуьйр ву. Соьлжа-гIала гIорта веза со, цигахь цхьанне вевзар вац. Сан маьхча, Лоьма ву цигахь. Наха лоруш стаг ву иза. Ткъа топ а, патармаш а, гIала кхачале лаьттах юхкур ю. Оьшуш меттиг хан йогIуш ю. Жимма хIара гIулкх мал а далийтина, хьала а веъна, Хеда а дIаюьгур ю» – аьлла, оцу Iалашонца дIаволавелира кIант.      

Леча веддачул тIаьхьа дикка хан елира. Томка оза араваьллачу цхьана эпсарна тутмакх воций хиира. Цо орца даьккхина, дIасахьаьлхича, вихкина салти а карийна, тоьпаш кхуьссуш, чIогIа гIовгIа яьккхира цара. Цхьаберш Леча лаца бахара, иза кара а ца вина буха баьхкира.

Сагатлуш, маьI-маьIIехь цхьацца дуьйцуш лаьттачу нахана гира, геннахь чан эккхийтина йогIу полковникан пайтон. Иза лаа ца вогIий хаара царна. Нах тIегулбелира. Дуьйцург гочдан схьавалийра Далда а.

Лечин да Салман нахана тIехьа соьцура. Ша а, кIант санна, лацарна кхоьрура иза. ТIаккха, кертахь боьрша стаг ца вуьсура. ЦIахь хьусамнене а, йоIе а, хIуманаш кечъяй Iе, хьуьн чу дахна къайладовла дезахь а, аьлла, веънера Салман. Полковнико мохь тоьхнна элира:

«Оха йигна и шун юьртара боьха хIума едда, амма оха лоцур ю иза», – аьлла. И дешнаш шена ма-хеззанехь, ведда цIа а иккхина:

 «Вайн кIант дийна ву, иза церан карара ваьлла. Ма Iелаш, и салтий хIинцца вайга богIур бу», – аьлла, Салман шен доьзал а эцна, хьаннашкахь къайлавелира. Ткъа салташа уьш цIахь ца карийча, церан керт-ков ягийра.     

   Кха-деа дийнахь тилавелла лийлира Леча. ЦIазамаш, хьуьнан стоьмаш а бууш, мацалла юхаеттара цо, амма чIогIа гIора эшна, гIаддайнера цуьнан, делахь а, кIелвиса, гIаддайна вацара иза

Цхьана попа кIел, садоIуш, хиъна Iаш, цунна хезира, лахо чохь говрийн бергийн татанаш, терсаш говр а.

   «Ванах, уьш хIун татанаш ду-те»? – аьлла, лахо чу воьссича, цунна уьш оьрсий буй хиира. Лечина вевзира хьалха вогIург. Кура аркъал а сетташ, наггахь томкин кIур а боккхуш, тийна узам а беш, вогIура кхуьнан довхо, оьрсийн полковник. Топ дика тухуш вара Леча. Жима волуш дуьйна шен деца талла лелла вара кIант. Ша гунвоцчу а ваьлла, дIатийра кIант. Полковникан, хье юкъ Iалашо а лаьцна, тоьпан лаг озийра Лечас. Тоьпан гIовгIано лаьмнийн тийналла йохийра. Хье юккъе дIаьндарг кхетта, говра тIе Iункар вахара эпсар. Лечица барт бича санна, цуьнан топ ма-еллинехь, тоьпаш йийла юьйлаелира хьуьн чохь. Охьаэгара салтий. Боьхна, маьхьарий хьоькхура цара. Тоьпийн гIовгIа сецира. ТIом чекхбелира. Тийналла хIоьттира. Нохчийн маттахь кхайкхира цхьаъ:

– ХIей, стаг, хьо мила ву? – аьлла.         

– Со нохчо ву, топ ма тохалаш! – аьлла, ша волчуьра араваьлла тIевахара Леча. Мохь тоьхнарш а тIебаьхкира. Лечина хиира, уьш обаргаш буй. ТIевеара обаргийн баьчча.

– ХIокху хьакхийна со тебаш волу бутт хан яра, хьан кадели-кх!

– Суна шу дуй ца хаара. Со а, дагахь а доцуш, нисвелира кхуза, сан а яра кхуьнца чIир! – аьлла, полковнико шайн юьртахь динарг, ша лаьцна вигар, дIадийцира Лечас обаргийн баьччина.

– Хьан цIе хIун ю?

– Сан цIе Леча ю.

Сан цIе Ахьмад ю.

– Леча, хьо ма мокха ву, чов-м ца йина хьуна?

– Вац, чIогIа меца ву со, Ахьмад. Аша жимма кхалла хIума елча, дегIе ницкъ богIур бара сан! Обаргийн баьччас пIаьлдиг чуьра схьаэцна дакъийна жижиг а, сискал а елира. Лечас хIума кхоллушехь, цо шен накъосташка элира:

– КIентий, акхароша дIаса а ийзош, лаьттар бу хIорш, герз схьалахьаде, говраш дIаюьгу вай, цхьа таьIано меттиг а лахий, тIе латта хьакха царна. Ткъа полковникан чоа цхьана дитта тIе хьалаолла, шайчарна хIорш мичхьа бу хаийта. ХIума кхаьллина ваьлча, Лечига элира:

– Хьо тхоьца дIава веза!

– ХIан-хIа, со гIала ваха хьожур ву.

– ГIалахь лоцур ма ву хьо!

– ХIунда лоцу со?

– Хьо хIинцале Iедало лохуш хир ву. Цара лаьцначуьра ведда ма ву хьо, ткъа ишта хIума цара чIогIа луьра лору. Караводахь, Сибрех а хьажор ву хьо! Жимма ойла а йина:               

 – Ишта хьал хилча, сан шуьца дIава деза, моьтту суна, – аьлла, мел шена дегаза делахь а, цкъа а обарг боху дош, обарг лелар дезна воцу кIант цаьрца дIавахара. 

Полковник вийначул тIаьхьа дарбеллачу салташа ягийна дIаяьккхира Лечин юрт. Адам, дедда, кIелхьара даьлла, хьаннаш чохь къайладелира.

   Леча обаргаша лелочу некъана резавацара, уьш шаьш лелочу, вуочу новкъара баха гIертара иза. Цо цаьрга сих-сиха олура:

 «Вай нахана зенаш дича, адамо букъ тухур бу вайна, ткъа адам дIадирзича, вайга, вешан некъ дIакхехьалур бац. Вай Iедална дуьхьал нах ду, вайн чIир цуьнца ю, нахаца яц», – олий. Сиха ца баьхкинехь а, Лечас бохучунна тIебаьхкира уьш.

   Онда стаг хиллера Лечех. Накъосташа чIогIа лорура иза. Леча цецвоккхуш дерг цхьаъ дара: даима цунна жимхалла лелош, цунна накъосталла деш, хьийзара, дукха хан йоцуш кхарех схьакхетта Iимран цIе йолу цхьа жима стаг. Цкъа шаьш садоIуш Iаш, Лечас хаьттира цуьнга:

– Iимран, суна накъосталла деш, жимхалла лелош ву хьо, чIогIа гIиллакх долуш, аьллачунна каде, майра кIант а ву хьо. Мичара ву хьо?

– Леча, со хьуна ца вевзий хаьара сунна. Со жимо вара, хьо юьртах волучу хенахь. Хьумайдан кIант, Iимран ву со. Цхьана юьртара ву вайшиъ!

– Iимран, суна дагавогIу хьо, ма воккха а хилла, ткъа хьо тхох схьакхетаран бахьна дийцахьа суна, и белш а ма ю хьан чов йина? Ма хала некъ бу-кха оха дIакхоьхьург, стаг воккхавен хьал дац-кха хIара!

 – Дера, Леча, ишта-м дара иза, делахь а ца ваьлла ваьлла со кху новкъа. Цкъа вайн юьртарчу хи юххехула волуш, гIовгIанаш евлира цигахь. ХIун ду хьаьжча, когаш тIе лах а елла, йоьлхуш Iара цхьа йоI. Ткъа дехьо воьжна, коьртах оьхуш цIий а долуш, оьрсийн салти вара. Говрана хи мало веанчух тера дара иза. Цаоьшург аьлла хилла цо йоIе, ткъа йоIа, юххехь Iуьллуш болу тIулг тоьхначух тера дара. Суна и салти велла ву, моьттура. Амма и дийна хиллера, кхетамехь ца хиллера. Со цунна букъ тоьхна вара. Цхьана хенахь топ елира, сан аьрру белшана ов туьйхира, кхин ойла а ца еш, ас цунна шаьлта туьйхира. Иштта юьртах вала дийзира сан. Цу салтичо топ тоьхна йина чов ю сан белшана ерг.

– Дера, Iимран, цкъачунна харцо ю лелаш! – аьлла, вевза-везарг хаьттина ваьлча, ойлане Iара Леча. Цуьнан цхьана хIумано садуий хууш, вист а ца хуьлуш, ладоьгIуш Iара Iимран а. Цхьа хан яьлча, Лечас хаьттира:

– Iимран, тхан дех-ненах, йишех хилларг хаьий хьуна? – аьлла, Хедех хилларг хаттар товш ца хийтира цунна.

– Уьш Iаьндахь бу. И цхьа ялх говр яра цара луо бохуш. Ткъа уьш эца хIума ца хилира вайн юьртахойн, тIаккха юьрта яккхий тоьпаш етта йолийра цара. Дерриг а адам дедда, хьаннашкахула, ломара ярташкахь дIасадаьржира. СалманагIар а, тхо а Iаьнда нисделира. Салманан хьеший хиллера цигахь. ЧIогIа дика, оьзда, гIиллакх долуш къам хиллера и Iаьнди. ХедагIар а цигахь бу, – элира Iимрана, Лечин а, Хедин а юкъаметтиг хууш волу.

– Ма дика ду-кх, Iимран, уьш дийна болуш, чIогIа саготта вара со, царна хилларг ца хууш.

– Вайн юрт ян а яц, ма боху. Бакъ дуй иза?

– Дера яц, Леча. Цхьа гунаш ду-кха. Яьгна дIаяьлла юрт.

– Хаза-м хезнера суна, даго тIе ца дуьтура, ткъа хIинца бакъдерг хии суна.  ХIумма дац, цхьа хан йогIур ю вайна маршо йохьуш, цкъа тахана лелаш харцо ю, паргIат дехар ду вай! – аьлла, юха а ойланаша йийсаре ваьхьна, дIатийра Леча.

                                                                                                                                                                            

***

 

Iимранца шен къамел хиллачул тIаьхьа, чогIа ойлане вара Леча. Цунна кIордийнера акха стаг санна, юуш а йоцуш, молуш а йоцуш, бовхачу, кIедачу метта вижар а доцуш, ша йоккху хан. Да-нана ган а лаьара, йиша-ваша ган а лаьара, латта а охуш, ялта а дуьйш, паргIат ваха лаьара цунна. ЦIа верза ойла сецира цуьнан. Амма, хIинццалц шеца мацалла, гIело, бала Iийшинчу накъосташка, и муха эр ду ца хууш, холчохь вара иза. ХIоранна а гуш дара, Леча цхьана хIумано тоьдуш хилар.

  Цхьана Iуьйрана, цуьнан уггар тешамечу накъосто Ислама, хаттар дира цу хьокъехь. Цуьнан цецвалар лур дацара шена цуьнан жоп хезча. Леча шен ойланех вохо а гIоьртира иза, хиндолчух и кхето а, Сибрех хьажориг хиларх, амма и шадериг а дIатоьттура цо. И дерриг а хиъча, Ислама а цуьнан накъосташа а  шен лаамехь витира Леча.

   Обаргийн некъ а битина, Iаьнда, шен нах болчу схьа а веана, Хеда долаяьккхина иттех де а далале, лаьцна, пхийтта шо хан а тоьхна, Сибрех хьажийра Леча. И чувоьллина итт шо кхочуш, цамгаро а лаьцна, дIакхелхира Хеда. Да лаьцначул тIаьхьа дуьнен тIе ваьлла Адам, дендеций, дененаций нах юьрт меттахIотто бохкуш бу аьлла хезча, юьрта схьавеана, наха гIо а деш, шайн ков-керт юхаметтахIоттийра.

  Пхийтта шо Сибрехахь а даьккхина, цIа вирзира Леча. Дахарх а, шен цхьаъ бен воцчу, шен дегIа ваханчу кIантах а воккхавера иза. Амма и хазахетар диэкъа юххехь яцара  Хеда...

                                                                                        

 

                                                                                 Гуьмсе, 1985 шо

http://www.orga-journal.ru/