ХIХ-чу бӀешеран хьалхарчу эхан оьрсийн литературехь Кавказ шина кепара гайтар

Печать

Нравится

Гайтукаев Казбек

 

ГАЙТУКАЕВ Казбек

 

ХIХ-чу бӀешеран хьалхарчу эхан

оьрсийн литературехь Кавказ

шина кепара гайтар

 

 

ХӀинца, оьрсийн къоманий, Кавказан къаьмнашний юккъерчу доттагӀаллин ламастех къамел доладелча, гуттара а йоху А. Пушкинан, М. Лермонтовн Л.Толстойн, кхиболчийн а цӀеpaш. И кхеташ а ду. Цара оьрсийн яздархойх массарачул а хьалха белира оьрсийн юкъараллина Кавказан лаьмнашца дехачу къаьмнех болу нийса поэтически хаам.

 

Амма XIX-чу бӀешеран хьалхарчу эхехь Кавказах а, цуьнан бахархойх а яздийраш А. Пушкин, М.Лермонтов, Л. Толстой хилла ца Ӏара, хӀинца бицбелла я халлий бен ца бевзаш болчу поэтел, сов вуно дукхачу xӀeтахьлерчу газетийн, журналийн корреспонденташа а яздора царах. Исбаьхьаллин литературан Кавказан тематикина тӀе болу тидам кхин а хьалабелира 30-чу шерашкахь, Россин Кавказера гӀуллакхаш гуттар а марсадевллачу хенахь. Оцу хенарчу оьрсийн литературехь уггаре а гӀараяьлла хуьлий дӀахӀутту Кавказан тема. Тайп-тайпанчу авторша язйо Кавказан темех произведенеш.

Оьрсийн литературина Кавказ «карийна» волчу А. Пушкинан «Кавказан йийсархочун» («Кавказский пленник») тӀеӀаткъам гуш бара царех дукхахйолчарна тӀехь.

Полежаев Кавказехь волчу хенахь цигахь хиллачу А. Бестужев-Марлинскийс а язйира Кавказан къаьмнийн дахарх дуьйцуш йолу цхьамогӀа произведенеш. Цуьнан Кавказан повестех уггаре а хьалхарчех йолу «Амалат-Бек» повесть чӀогӀа езаш тӀеийцира дешархоша. Атта даьккхина тӀеман дозалла а, байн толамаш а безаш волу романтически дог-ойла йолу хийла жима стаг вахийтиpa цо Кавказе. Марлинскийн «Амалат-Бек» а, «Мулла-Нур» а, «Ламаройн йийсарехь хиллачу эпсаран дийцар» а («Рассказ офицера, бывшего в плену у горцев»), кхийолчу а кавказски произведенеша довзуьйтура цуьнан даймахкахошна Кавказан исбаьхьа Ӏалам а, ламанхойн Ӏер-дахар а, амалш а, цигарчу тӀеман гӀуллакхаш а.

Оцу замане нислуш ду Ӏ825-гӀa шо кхачале кхузза цигахь хила кхиъначу къоначу Лермонтовна Кавказ езаялар а. Цуьнан «Чергазий» («Черкесы»), «Кавказан йийсархо» («Кавказский пленник») Ӏ828-чу шарахь язйина йолу, лачкъор доцуш, таръеш язйина ю. Амма царна тӀехь а гуш ду Лермонтовн Кавказе шатайпана ойланаш хилар. Берахь шена гинарш а, девзинарш а цо гайтина Ӏ830-чу шарахь ша язйинчу цхьамогӀа произведенешкахь («Кавказ», «Кавказе», «Кавказан Ӏуьйре», кхиерш а). Ӏ830-чуй – Ӏ833-чуй шерийн муьрехь цо язйина «Каллы», «Измаил-Бей», «Аул Бастунджи», «Хаджи-Абрек» поэмаш.

Цул тӀаьхьа йолчу хенахь а, шен мах тӀеххадабойла доцуш, доккхачу маьӀнехь хилира Кавказ Лермонтовн кхоллараллехь. Оццу шерашкахь язйина ю ламанхойн ярташка йинчу тӀеман «экспедицешкахь» шена гинарг автора дуьйцу А. И. Полежаевн «Эрпели», «Чир-Юрт» поэмаш а, «Гермачигара кешнаш» («Герменчугское кладбище»), «Ӏаьржа чӀаба» («Черная коса»), «Баьккхина корта». («Мертвая голова»), «Ламанхойн дуьхьалчу бӀаьн илли» («Песнь горского ополчения»), «А. П. Лозовскега дахьийтинчу кехатан дакъа» («Отрывок из послания А. П. Лозовскому» – Ӏ833), «Ахалук» а, кхийолу стихотворенеш а. ЦхьамогӀа произведенеш язйира поэташа А. Шишковс, И. Радожицкийс, А. Шидловскийс, дуккха а кхиболчара а. Кхето догӀуш ма-хиллара, оьрсийн юкъараллина тӀекхочушболу поэтически а, кхиболу а Кавказера гӀуллакхаш дуьйцу хаамаш цхьатера бацара.

Кавказерчу тӀамах а, Кавказан бахархойх а болу оьрсийн юкъараллин кхетам кхолларехь ши тенденци, ши некъ хилар юьхьанца дуьйна гучуделира. Хьалхара тенденци яра официальни патриотически (я «ура-патриотически»). Цо дӀакхоьхьура ламанхойх, цаьрца болчу тӀеман хьокъехь йолу паччахьан, цуьнан правительствон политика. ШолгӀачу тенденцин чулацам бара Кавказан ламанхойх а, уьш паччахьан Ӏедална кӀел балоран методийн а хьокъехь йолу Россин прогрессивни адамийн дог-ойла гайтар.

Официозны идеологи хуьйдинчу, паччахьна муьтӀахьчу литературо, паччахьан Ӏедалан колониальни политикица нийса а далош, ламанхой дерачу эргӀадаллах юьзна «акхарой» еш, гойтура. «Ламанхошна мелла а къиза таӀзар дан догӀу», – бохучух тешо гӀертара уьш оьрсийн а, дуьненан а юкъаралла.

«Новейшие географические и исторические известия о Кавказе» (М., Ӏ823) цӀе йолчу, чӀогӀа евзаш хиллачу шен книги тӀехь С. Броневскийс Ӏаламан халачу хьелашкахь деха адамаш «акхаройн» амалш йолуш хилар тӀечӀагӀдеш долу «Ӏилма» даладора.

Оццу «Ӏилманан» ойланехь кхоьллина яра А. Шишковн «Лонской» цӀе йолу поэма а. Масала, нохчех цо яздора цу тӀехь кху кепара:        

«Нохчо дера ву; цуьнан куьг

Къайлах нах байъа Ӏамийна ду,

Безам дагна гена бу

…………………………………………………………..

Къахетар хӀун ду ца хаьа нохчочунна,

Ца вешаш, аьшнаш до цо

Къахьегар, кӀадвалар»[1]

 

Оццу кепара гойту цо шен поэмехь черказий, хӀирий, – хӀетахь оьрсаша ламанхой, татараш олуш хилла болу берриге а Казказан бахархой.  

Цуьнан «Гуьржехарчу кехаташкахь» деккъа цӀена къоланах беха талорхой болчуха гайтина бу ламанхой. Царна тӀехь а А. Шишковс, бакъ долуш санна, дуьйцу: «ламанхойн мехкарех цхьаммо а боьршачу стаге куьг ца ло, ша тӀахъаьлла хиларний, майраллиний тоьшаллина кхечу динах волчу стеган цхьа меже я цуьнан герзех цхьа хӀума цо ца яхьахь»[2].

Паччахьан Ӏедало ламанхойх баржочу реакционни кхетамийн Ӏаткъам къайлабаккха ца гӀертачу шовинистически формехь гучубелира А. Шидловскийн стихашкахь язйинчу «Гребенский казак» (Спб, 1831) повестехь а, П. Родожицкийн «Али-Кара-Мирза» поэмехь а.

Булгаринан «Северная пчела» газетехь жигара дакъалоцуш хиллачу И. Радожицкийс, шен поэмин коьрта турпалхо ша винчу ламанхочунна традиционни – къоланашний, талоpаш дарний тӀера и хиларан – амалш ло. Садала ша кхетам чуьра ваьллачу киртикехь а ца дитало цуьнан Али-Кара-Мирзега цӀий Ӏанорей, къоланаш дарей «сатийсар»:

 

Багабе, тилабе, цеста, байъа!

Тоха, цаста, декха, декха!

ЦӀий малий, хьогалла яйа»;[3]

 

боху цо, ша леш.

Царал чолхе а, галморзахаллаш дукха йолуш а ву Полежаев. Реакционни тенденцех вуьззина ша дӀатоха тарлуш и вацахь а, амма цуьнан коьрта кавказски произведенеш-м ю оццу официозни пропагандин мутт хуьйдина. Цу маьӀнехь Полежаевн кавказски произведенеш Шишковн, Радожицкийн, Шидловскийн хьакъ ма-дарра шайн цӀераш йицъелла болчу уьш санначу кхечу яздархойн произведенешна герга ю.

Лакхахь вийцинчу Шишковс санна, ламарой акхаройн амалш йолуш ларарна тӀера схьадуьйцу кхуо а. Дустал Шишковс нохчочух бохучуьнца Полежаевс берриге а Кавказан ламаройх бохург:

 

«Цуьнан амалехь – цӀий а, тӀом а,

Ницкъбар,  къола а, экхалла  а,

Ткъа бохь-бух боцу маршо а»[4].

 

Бакъду, къиза йийначу ламаройн йоьӀан дакъа гаро чӀогӀа цатам боккху цунна («Ӏаьржа чӀаба»), иштта чӀогӀа Ӏаьткъина цунна тӀеман къизалла а («Эрпели», «Чир-Юрт», «Гермачигара кешнаш» поэмашкахь). ХӀетте а, и тӀом къобал а бо цо, и болорна бехке ламарой а беш, паччахьан эскар Кавказе даран Ӏалашо «законний, нийсой ларъяр а лоруш». «Хьанна ца хаьа, оьрсийн правительствос оцу гӀаттамхойн сонталла лагӀъярхьама ден уггаре а машаре гӀуллакхаш даима а буьззина кхиам ца хуьлуш доьрзуш хилар; зуламаш лелорехь мазакъбоьлла болу уьш гуттар а цхьабосса бу»[5] – яздора Полежаевс.

Иштта зуламе Кавказан ламанхой хиларна хьокъалла долуш лору цо царна ден къиза таӀзар а. «Гермачигара кешнаш» поэмехь оцу юьртан бахархой къиза хӀаллакбар гойту сурт хӀоттийначул тӀаьхьа, эскаран гӀуллакхан маххадош, авторо боху: «Сийлахьчу гӀуллакхийн безам бисна!»

Ламаройн юкъараллин дахар анархий, «низам цахиларрий» долуш а, доьзалан юкъаметтиг цӀена йоцуш долчуха а сурт хӀиттадора цо шен произведенешкахь. Цо дийцарехь, Кавказехь:

 

«Шаверг нахаца лелаш ву.

Туьманах хила тарло

Зуда-йиша, майра-ваша»[6].

 

Полежаевн Кавказски лирикий, Кавказан темех йоьзна йолу поэмашший йоьшуш чӀогӀа тидам тӀехь соцу ламанхойн вон маххадош а, уьш бехбеш а эпитеташ цо вуно луьста ялош хиларна. ГӀевттинчу ламанхойн ярташ «акхаройн бенаш», «талорхойн паргӀатонан гӀаьпнаш» лору цо, шайн дозуш ца хиларехьа цара латто къийсам «декъазчу халкъан сонталла» хета цунна. Уьш тӀамехь са ца кхоош летарх – «бӀаьрзе къизалла», ламанхойх шайх «акхачу талорехь кхиънарш», «экханийн арданг» олу цо, цара къуьйсуш йолу паргӀато, поэтна хетарехь, «зуламаш лелоран паргӀато» ю.

Ламанхой Полежаевс иштта бехбаран бахьанаш дара: хьалхара, паччахьан эскаран салти волчу цуьнан тӀеман мостагӀий уьш хилар; шолгӀа, Кавказан тӀеман бакъдолу бахьанаш ма-дарра кӀорггера цунна девзаш цахилар; паччахьан правительствос Кавказехь лело гӀуллакхаш кхузара къаьмнаш серладахархьама лелош ду бохучух и тешар; кхоллагӀа, паччахьан правительствон Кавказера политика къобал а йина, шен кочарчу салтичун чоьэх хьалхаваларе цо сатийсар а.

Кавказ, ламанхой, цаьрца болу тӀом гайтар кхечу кепара дара оьрсийн юкъараллин хьалхелелочу декъан гуманистически ойланехь йолчу прогрессивни литературехь. Тенденциозни политически кхетамел къийсамехь тул-тулуш толара иза.

Кавказан къаьмнех, церан къийсамах болчу официально-пропагандистски кхетамех юхабевллачарех хьалхарниг, шеко йоццуш, Пушкин ву. Цуьнан «Кавказ» стихотворенехь дуьххьара дика гучуделира иза Кавказан къаьмнех баккъалла а дог лозуш хилар а, церан ойланех, халачу хьелех иза дика кхеташ хилар а:

 

«Так буйную вольность законы теснят,

Так дикое племя под властью тоскует.

Так ныне безмолвный Кавказ негодует,

Так чуждые силы его тяготят…»

 

1829-чу шарахь Кавказехула лелаш, Пушкина чӀогӀа тидамбора кхузарчу къаьмнийн дахаран, культурин, гӀиллакх-оьздангаллин, амалийн; уьш цунна дика довзаре терра, цаьрга йолу цуьнан ойла кхин а дикачу aгӀop хийцалора.

Нагахь ша дуьххьара язйинчу кавказски произведенехь («Кавказан йийсархо») ламарошца болчу тӀамах традиционно а кхеташ, «къоьжачу Терка тӀехь дуьххьара тӀеман тата далар» къобалдахь а, «Арзруме вахаран» («Путешествие в Арзрум») дешхьалхенехь цо боху, оьрсийн эскаран Кавказехь «хинболу толам аш хестор шена чӀогӀa товш дац». Кавказски тӀамах Пушкин кхетар оццул чӀогӀа хийцадаларан бахьана, дуьйцийла йоццуш, цунна герга болчу нахана «Кавказан йийсархочунна» тӀера Котляровский, Ермолов хесточу меттигах хетарг Ӏаткъар дара. И хетарг муха дара хаа тарлур дара П. А. Вяземскийс Ӏ83Ӏ-чу шеран Ӏ7-чу сентябрехь А. И. Тургеневга яздинчу кехатах. «Новкъа хета суна, – яздора цо, – шен повестан тӀаьххьара стихаш Пушкина цӀела керчийна. ХӀун турпалхой бу Котляровский, Ермолов? Цо, «Ӏаьржачу уьно санна, тайпанаш хӀаллакдарехь» хӀун ду дика? Цу тайпанчу сийх пхенаш чуьра цӀий шелло, чоьш ирахӀуьтту. Цо тайпанаш серладохуш делхьара-м, хасто хӀума хир дара. Поэзи чалтачийн гӀоьнча яц; политикина уьш оьшуш хила тарло, тӀаккха истори ю иза бехказъяккха тарло я ца тарло къасто дезарг, амма поэтан гимнаш адамаш хӀаллакдарна хастам хила хьакъ яц. Новкъа ду суна Пушкина иза дар: и тайпа воккхавер – бакъйолу анахронизм ю»...[7] Вай билгал ма- даккхара, Пушкин тӀаьхьо ша а дика кхийтира цунах. Цуьнан кхетаман эволюцина тоьшалла ду, масала, Бийболатца цуьнан йолу юкъаметтиг. 20 – 30-чуй шерашкахь гӀараваьлла «динбере» хилла волчу Бийболата Ӏ825-чу шерашкахь дуьххьара вовшахтуьйхира ермоловски эскарна дикка дуьхьало. Кура Ермолов а иза ца лерича ца велира, ткъа Паскевича хӀиллане дипломатически ловзарш леладора цуьнца. Оцу дерригенца цхьаьна Бийболатан цӀе «талорхо», «экха» боху дешнаш тӀедетташ бен ца йоккхура. Цу кепара эпитеташ а ялош, хьахийна ву иза Полежаевн цхьайолчу произведенешкахь а («Чир-Юрт», кхиерш а).

Оьрсийн официальни гонашкахь хӀумма а дикачу цӀарла воцчу цуьнца Пушкин буьззина тешам а, безам а цуьнга болуш хилира. Иза гарна чӀогӀа воккхавеш, иза «сийлахь» лоруш вара поэт. Цо иштта цуьнан маххадор нийсса дуьхьал дара меттигерчу къаьмнийн гӀаттаман баьчча хилла волчу цунах болчу официальни кхетамна. «Эрзеруме вахар» тӀехь Бийболатца шен хиллачу цхьаьнакхетарх Пушкина кху кепара яздо: «Сийлахь Бийболат, Кавказан буьрсалла, Арзруме веанера тӀаьххьарчу тӀемийн хенахь гӀевттинчу черказийн яртийн шина тхьамдица. Уьш граф Паскевич волчохь хӀума юуш бара. Бийболат 35 шо хир долуш стаг ву, дегӀана лоха а, шуьйра белшаш йолуш а волу. Цунна оьрснйн мотт ца хаьа я ца хаьа моттийта гӀepтa. Иза Арзруме веана суна чӀoгӀa хазахийтира: лаьмнашкахула а, ГӀебартахула а со кхерам боцуш дӀагӀуриг хиларан тоьшалла дара иза»*[8] Таймин Бийболат а, Ногмов Шора а, кхиберш а санна болу Кавхазан къаьмнийн векалш бовзаро дикка аьтто бира поэтан Тазитан сурт-сибат изза цӀе йолчу позмехь кхолла.

1820 — 1830-гӀий шерийн ламанхойх йолчу литературехь Тазит чӀoгӀa керла тип яра. Гуттара а акхаройн шовкъ еъна: я талораш дан Ӏемина, я бекхаман ойла йолуш, я кхин цхьана Ӏаьржачу амало вагош волчу традиционни ламарочунна-талорхочунна нийсса дуьхьалваьккхина ву иза. Тазит иштта вац. Иза дика а, догцӀена а, оьзда къонахалла йолуш а ву. Ур-аттала шен ваша вийначу мостагӀчунна а тӀе куьг ца дахьало цуьнга, иза «чевнаш хилла а, карахь герз доцуш а, цхьа а хиларна». «Ведда лай а» дӀахоьцу цо. Кхечо къахьегна хьакъ шен доладерзоран ойла а иза кхеташ яц.

ХӀумма а ца деш вуьту цо совдегархо-эрмало а, къоланах, «цӀийнан экономикан цхьа дакъа» дан гӀерташ ша воцу дела (Бестужев-Марлинскийн дешнаш).

Пушкина къестайо шен турпалхочун кхин – адамаллин-амалш. KӀopгa а, йоккха а дог-ойла йолуш ву цуьнан Тазит. Цхьа шатайпа доккха, исбаьхьа дуьне ду цуьнан кийрахь:

 

«Он любит по крутым скалам

Скользить, ползти тропой кремнистой,

Внимая буре голосистой

И в бездне воющим волнам.

Он иногда до поздней ночи ...

Сидит, печален, над горой.

Недвижно вдаль уставя очи,

Опершись на руку главой!»

 

Баккъалла а, кӀоргга а болчу безаман бала а бевза Тазитна. Иза кийча ву цуьнгахьа къийса, хьуьнаре ву шен са ца кхоо а. Хьанал къахьегарца бен лохур дац цо шен ирс. Шена езачун дега цо боху:

 

Благослави любовь мою,

Я беден, но могуч и молод.

Мне легок труд. Я удалю

От нашей сакли голод.

 

Ламанхойх болуш болчу кхетамна нийсса дуьхьал амалш йолуш Тазит кхолларца Пушкина, и кхетам шор ца беш, Кавказан къаьмнех кхечу кепара кхетар, цаьрца керла юкъаметтиг хилар чӀагӀдора. Поэмин коьрта турпалхо, экзотически Кавказехь «ахъакхачу» ламарошца долчу буьрсачу тийсадаларшкахь самукъадаккхар я романтически «ламаройн йоьӀан» безам лоьхуш, хехкалу аристократ воцуш, ламанхо хилар ша дара ХIХ-чу бӀешеран хьалхарчу кхоалгӀачу декъан литературе майра закъалт дар.

Пушкинна тӀаьххье ламанхой гуманистически кхетаран хорша вогӀypa Кавказан кхин а цхьа илланча – Лермонтов. Вуно йоккха мегтиг дӀалоцу цуьнан кхоллараллехь Кавказо; поэтан произведенех тоьлашха ерш оцу махке а, цуьнан бахархошка а даггарий, кӀорггий болчу безамах юьзна ю.

Шен даймохк бозуш цахиларехьа а, цуьнан паргӀатонехьа а къонахчу къийсархочун, ламанхочун, сурт-сибат кхолларан хьалхе а Лермонтовн ю («Измаил-Бей» поэми тӀера Измаил-Бей).

Лермонтовн кхоллараллехь цхьамогӀа мотиваш Полежаевн поэзица чӀогӀа зӀе йолуш а, цунах йозуш а ю аьлла, вайн литературоведенехь хеташ дерш тидам тӀе ца бохуьйтуш дуьтийла яц. Цхьаболу литературоведаш, къаьсттина Полежаевн кхолларалла толлурш, чӀогӀа тӀера бу Лермонтовн поэтически кхоллараллина, къаьсттина Кавказски тематика караерзорехь, Полежаевн тӀеӀаткъаман мах тӀех сов хадо.

Поэтически хьуьнаран барамна а, исбаьхьаллин говзаллина а оццул вовшехкъаьсташ волчу шина поэтана юккъехь цхьа билггал гергарло хилар бакъду, я ларамаза а хеталац иза. Оцу гергарлонан бахьанаш объективни а, субъективни а хьелаш ду.

Хууш ма-хиллара, литературехь гӀуллакхдар шина а поэтан дӀадоладелла декабристаш эшначул тӀаьхьа хӀоьттинчу правительственни реакцин шерашкахь,         мичча кепара а либерализм а, паргӀат ойла хиларна дихкина, и ойланаш ерш къиза хьийзош а хиллачу хенахь. Массо а охьатаӀийна хиларан хьелаша кхоьллина йолу сингаттаман, гӀелаллин, цхьа-а хиларан, сатуьйсийла цахиларан ойланаш Полежаевн, Лермонтовн юкъара хилла ца Ӏаш, уьш 1820 – 1830-чуй шерийн кхечу яздархойн поэзин амалехь а ю.

Билгалдаккха деза, шина а поэтан шаьшшинан дахар а мелла а цхьатера хилар. Беран хенахь Полежаевс а, Лермонтовс а лайна доьзалехь барт цахиларан баланаш, шиммо а пансион чекхъяьккхинчул тӀаьхьа дешна Московски университетехь, дакъалаьцна Кавказерчу тӀамехь, шиммо а язйина Кавказах дуккха а произведенеш.

Сов хир дац аьлла хета, цаьршиннан кхоллараллин гергарло толлуш, цаьршиннах хӀора а Пушкинан поэзин цхьана амалшна тӀекхийдаш хилла хиларна тӀе тидам бахийтар а.

Лермонтовн, Полежаевн кхоллараллехь нисло цхьатера суртхӀоттош аьлла дешнаш а, фразеологически параллелаш а, цаьршиннан амалш цхьатера хилар лерича, цхьана кепарчу дог-ойлано а, гойту объект цхьаъ хиларо а кхоьллина уьш. Масала, Лермонтовн «Кавказан йийсархочунна» (1828) тӀера шаьлтанан сурт дикка тера ду Полежаевн «Морни а, Кормалан ӀиндагӀ а» – («Морни и тень Кормала» 1825) тӀерачу туьрах:

Полежаев:                                                

… меча!

Меча твой длани,

От молний луча!

Как бурю во брани,

Узришь меня с ним;

Он страшно заблещет

Ha пагубу злым;

Сын гор запрещает,

Сраженный падет...

 

Лермонтов:

Ни конь оживленный

Военной трубой,

Ни варвар смятенный

Внезапной борьбой,

Страшней не трепещет,

Когда вдруг заблещет

Кинжал роковой.

 

Полежаевн «ЗӀенаш» («Цепи» 1831) стихотворенин хӀокху могӀанаша:

 

И замирает сталь отмщения

В холодных трепетных руках –

дагадохкуьйту Лермонтовн «Черкесы» (1823) поэмера могӀанаш:

 

Несчастный раны зажимает

Холодной трепетной рукой.

 

Шиннахьа а цхьана дешнашца гойту турпалхойн психологически хьелаш. Кхузахь цхьатера хиларх кхетийла яц вовшашкара тӀеэцарх санна а, я вовшашна тӀе Ӏаткъам хиларх санна а. Бакьду, Лермонтовн поэма Полежаевн стихотворенел хьалха язйина ю, амма зорбатоьхна ара иза Ӏ860-чу шарахь бен ца яьлла; хӀетале шина поэтах цхьа а вацара дийна.

Дагалоцур вай лермонтовски «Мцыри» поэмера лирически турпалхочун дакъазаллин чӀогӀа дакъалоцуш волчу «вешин» сурт-сибат:

 

И стану думать я, что друг

Иль брат, склонившись надо мной,

Отер внимательной рукой

С лица кончины хладный пот

И что вполголоса поет

Он мне про милую страну...

 

Оцу сурт-сибато дагавоуьйту Полежаевн «Кубанерчу буьйсанашкара» («Ночи на Кубани») оццу хьелашкахь гайтина волу «ваша»:

 

 

Как брат к потерянному брату

С улыбкой нежной подойдет,

Слезу страдальную прольет

И разделит мою утрату!..

 

Полежаевн, Лермонтовн произведенешкахь цхьатера дерг кест-кестта нисло шина поэтан дог-ойланийн карзахалла цхьатера хиларна а, дахарххий, цуьнан бакъдолчеххий, тайп-тайпанчу хьелеххий кхетаран кеп цхьатера хилар бахьана долуш а. Масала, Кавказан ерриге историно а, кавказски лаьмнаша а, церан сийлахь-дезчу, курра лаьттачу кортоша а дагайоуьйту поэташна мокхазан бердах вихкинчу Прометейн хьокъехь йолу легенда. «А. П. Л.» декъа тӀехь Полежаевс дагалоьцу ширачу заманан сурт:

Таков сей край от древних лет,

Свидетель казни Прометея...

 

Амма Лермонтовна оцу суьртан бахьана хилла дӀахӀоьттинарг, грекийн шира миф йоцуш, Делаца мостагӀалла латторна, Прометей а санна, мокхазан бердах дӀадихкинчу «оьгӀазечу гӀоман» хьокъехь йолчу легендин кавказски вариантех цхьаъ яра:

 

Ужасна ты, гора Шайтан,

Пустыни старый великан,

Тебя  злой дух, гласит преданье,

Построил дерзостной рукой,

Чтоб, хоть на миг свое изгнанье

Забыть меж небом, и землей.

Здесь три столетья очарован

Он тяжкой цепью был прикован,

Когда надменный с новых скал

Стрелой пророку угрожал.

(«Измаил-Бей», ч. II, строфа Ӏ6).

 

Амма цхьатера сурт-сибаташ а, мотиваш а йолчохь къеггина гучуюьйлу Полежаевн, Лермонтовн кхоллараллехь и шиъ вовшехкъастош йолу башхаллаш. Цаьршиннах хӀораннан а дуьнене хьежамех, похӀмин хьуьнарх дозуш ду иза. И башхалла чӀогӀа къегина гучуйолу ши поэт Кавказерчу тӀамах а, Кавказан къаьмнашца паччахьан инарлийн, церан гӀоьнчийн йолчу юкъаметтигах а кхетарна тӀехь. Лермонтовн Кавказца а, цуьнан бахархошца а йолу юкъаметтиг и къаьмнаш «акхарой» лоручу официальничунна тӀера чӀогӀа царах дог лазаре а, адамаллин ойла цаьрга хиларе а йогӀуш хийцаелира. Полежаевн ламанхошка йолчу ойланех а, церан къийсамах болчу цуьнан кхетамах а вай лакхахь элира. Ша ламанхой гойтуш, Полежаевс, царалахь нислуш долу уггар вонаш лехьа а деш, деста а деш, уьш дерриге а халкъан амал ю бохучу кепара схьагайтахь, Лермонтовн къона волуш язйинчу «Измаил-Бей» поэмехь а гойтуш ю традиционни йолчу вочу амалшца цхьаьна дика амалш а:

 

Там поразить врага не преступленье.

Верна там дружба, но вернее мщенье;

Там за добро – добро, и кровь – за кровь,

И ненависть безмерна, как любовь.

(«Измаил-Бей»)

 

 

Кавказ Россех схьатохарехьа болчу тӀеман маьӀна Полежаевначул а, кхиболчу шен заманхошначул а дуккха а кӀорга девза Лермонтовна. ТӀом беш йолу агӀонаш гайтар а, церан маххадор а, кхечеран санна, озабезамаш боцуш, ма-дарра ду цуьнан. Цул сов, берахь дуьйна Кавказ езаелла а, дог-ойла гӀеттина цуьнан илланча а ша волчу Лермонтовн ламанхойх дог а лозура, церан гӀуллакх къобал а дора цо. Ишттаниг аллане а олийла яц Полежаевх.

«Кавказ» стихотворенехь Лермонтовс яздора:

Кавказ. Далекая страна!

Жилище вольности простой!

И ты несчастьями полна,

И окровавлена войной!..

 

Бакъверг, харцверг мила ву, бохучунна тӀехь шеко яц цуьнан цхьана а кепара. Цунна шера хаьа паччахьан Ӏедалца болчу къийсамашкахь бакъберш шайн дахаран а, дозуш цахиларан а бакъонаш ларъеш болу «черказий» хилар. Ма-дарра, схьа а боху цо иза:

 

Черкес удалый в битве правой

Умеет умереть со         славой...

(«Измаил-Бей»).

 

Измаил-Бейн бартахула поэто хоьтту паччахьан эпсаре:

 

За что завистливой рукой.

Вы возмутили нашу долю?

………………………………………........

...Зачем ты нас возненавидел,

Какою грубостью своей

Простой народ тебя обидел?

(«Измаил-Бей»),

 

Хууш ма-хиллара, «йоза-дешар ца хуучу сурца» болчу тӀамехь ша дакъалацар эпсаро шен хьаштийн бахьана дой дуьйцу. Ша бакъван цул деза бахьанаш цунна карадац.

Билгалдаккха деза, шайл нуьцкъала волчу мостагӀчуьнца болчу къийсамехь шайн паргӀато ларъеш хиллачу ламанхойх шен заманхойл массарел а дика Лермонтов кхетта хилар а, цуьнан ойла ламаройн хьашташкахьа хилла хилар а.

Кавказ – «паргӀатонна хьалха хьоме хилла мохк», иштта кхета а кхетара иза цунах, иштта гайта а гойтура цо иза, шен дуьххьарлерчу произведенешкахь, иза мел веха иштта йиса а йисира иза цунна. Эрна дацара цуьнан «йилазчу Россех», «сийначу мундирех», «пашех», «массо хӀума гучу церан бӀаьргех а, массо а хӀума хезачу церан лергех а», «паргӀатонан луьрачу махкахь» – «Кавказан дукъал тӀехьа» лачкъа салаттар.

Амма нийса хир дацара Кавказан тӀеман маххадорехь Лермонтов вуьззина а, дуьйцийла йоццуш а нийсачу некъа тӀехь («Измаил-Бей», «Къовсам», «Валарг») а, цаваьлла лелийначу гӀуллакхаш тӀехь а хааелира, цкъа-долчунна, ламанхой оцу тӀамехь бакъ а, церан гӀуллакх нийса а ларарний, шолгӀа-долчунна, ша хестош йолу паргӀато хьоьшучу ницкъаца ша хиларний, декхарх, сий лардарх цунах схьабовлучу кхетамашца ша эпсар хиларний юккъехь йолу галморзахаллаш.

Цхьана агӀор, Лермонтовна, шеко йоццуш, хаьара Россис Кавказ караерзор ца хуьлийла доцуш хилар; вукху агӀор, «цӀийх эцна дозалла» дезаш а вацара иза. Ца аьлча ца долу, цуьнан шен патриотизм, даймахке болу чӀогӀа безам изза ойланаш кхечу къаьмнех болчу нехан а ларарца цхьаьнадогӀуш хилар. Мел боккхачу тидамца а, сийдарца а ладугӀу поэто «ширачу заманах» «воккхачу стага-нохчочо дуьйцучуьнга:

 

И над столетней мшистою скалой

Сидел чечен однажды предо мною;

Как старая скала седой старик,

Задумавшись главой своей поник…

Быть может он о родине молился!

И, странник чуждый, я прервать страшился

Его молчанье и молчанье скал:

Я их в тот час почти не различал!

 

ДагавогӀу «садукъочу шен хӀусамашкара» паргӀатоне вада вуно чӀогӀа лууш волу Мцыри:

 

В тот чудный мир тревог и битв,

Где в тучах прячутся скалы,

Где люди вольны, как орлы.

 

Воккхачу художникан семачу кхетамо аьтто бира цунна 1812-чу шеран Даймехкан тӀамний, кавказски къаьмнаш лолле эгорехьа паччахьан правительствос латточу тӀамний юккъера башхалла ган (юстал цуьнан «Бородиной», «Валарггий»). Амма колониальни, мехкаш дӀалецарехьа болчу тӀемашний, бакъйолчу бакъонашкахьа болчу тӀемашний юккъерчу башхаллех поэтан буьззина кӀорга кхетам бацара. Анархизм хир яра цуьнгара иза лехар. Бакъонгахьай, харцонгахьай болу тӀемаш кхачамболлуш вовшехкъестор юкъараллин кхетам кхиаран тӀаьхьо беанчу муьрехь бен ца хилира.

Амма, шеко йоццуш а, боккха а Лермонтовн кхиам бара цо Кавказски тӀеман къизачу кепашна дуьхьал а, ламанхошкахьа а, «бехкбоцчу мехкаршкахьай, къоначу наношкахьай» а шен произведенешкахь гуманистан аз айар:

 

Как хищный зверь, в смиренную обитель

Врывается штыками победитель;

Он убивает старцев и детей,

Невинных дев и юных матерей

Ласкает он кровавою рукою…

(«Измаил-Бей», агӀо 2.)

 

Литературехь аьлла ду, паччахьан салташа маьршачу нахана динчу оцу ирчачу таӀзаран сурт Лермонтовна Полежаевн «Чир-Юрта» тӀерачу и санна долчу суьртан Ӏаткъам хиларан жамӀ ду бохурш:

 

Неумолимая рука

He знает строгого разбора.

Она разит без приговора      

С невинной девой старика   

И беззащитного младенца:

Ей ненавистна кровь чеченца, –

Христовой веры-палача, –

И блещет лезвие меча…      

(«Чир-Юрт», 305)

Хала ду ала, и лакхахь далийна могӀанаш яздеш Лермонтовс ешна хилла я ца хилла Ӏ832-чу шеран аьхке чекхйоллуш зорбанера араевлла хилла Полежаевн поэмаш. «Измаил-Бей» поэма цо Ӏ832-чу шеран Ӏ0-чу майхь йола а йира, и шо чекхдолуш язйина а велира.[9]

Мухха делахь а, салташа ламанхошна тӀехь къиза хьал хӀотторан суьрташ шина а поэтан чӀогӀа вовшех тера ду. Амма и тера хилар формальни ду. Цуьнан бухахь дерг шашаха долу хилларг ду, гойтуш йолу «предмет» ю. Ткъа оцу «предметца» xӀop поэтан а йолу юкъаметтиг нийсса вовшашна дуьхь-дуьхьал нислуш го. Лермонтовн сурто шена чулоцу «тоьллачо», «экхано санна», маьршачу хӀусамаш чу а иккхина, «баккхий нах, бераш дойуш», сийсазбеш, лелочу къизаллашна дуьхьал йолу чӀогӀа протест. Лермонтов нийсса дӀа ву: цо, ца лечкъош, ма-ярра схьагойту шен ойланаш, нийсоно лоьхху цӀераш хӀуманашна а тохкуш. Оцу могӀанашкахь дуьйна гуш ю кхиъначу, харцонца бертавахар доцуш ойла еш волчу «Поэт кхалхарна», («На смерть поэта») бохучу стихотворенин автор хинволчу поэтан амалш.

Полежаевн резавацар, оьгӀазлой вукху агӀор, ламанхошна дуьхьал, хьовсийна ду. Оццул боьха зуламаш (баккхий нах, «гӀийла бераш» дайар) деш волчуьнан билггал цӀе ца йоккхуш, цхьаннен а, я цхьана а заманан а йоцу метоними ялайой («къинхетам боцу куьг»), цунах цхьа а воцург во цо. Цуьнан бахьана дара диккачу барамехь солдатчино кхоьллина а, шен дахаран халачу хьелаша чӀагӀйина а йолу казенни патриотизман ойла:

 

Картины гибели и зла –

Дарят минуты утешенья

Тому, кто умер для добра…

Так уничтоженный для жизни

Последней кровью для отчизны,

Я жажду смыть мое пятно!..

О, если б некогда оно

Исчезло с следом укоризны!..

Военный гул гремит в горах:

Клятвопреступный дагестанец,

Лезгин, чеченец, закубанец

Со мною встретятся в боях!

Не изменю царю и долгу,

Лечу за честию везде,

И проложу себе дорогу

К моей потерянной звезде…

(«Чир-Юрт», 283)

 

Полежаевн патриотизман готта кхетам «Паччахьний, декхарний тешаме» хиларе берзийна кхузахь. Цу кеппара, дика гуш ю даймахке болчу безамах «Чир-Юьртан» авторрий, Лермонтоввий кхетаран башхалла. Добролюбовс ма-баххара, «Даймохк» («Родина») стихотворенехь иза «сацам боллуш лакхавелира патриотизмах йолчу ерриге а предрассудкел, даймахке болчу безамах иза кхетар бакъ а, деза а, кхетаме а ду…»[10] Кавказан Ӏалам а, шайн амалшций, гӀиллакхашций ламанхой а гайтарехь Полежаев ванне а Лермонтовна герга воцуш, А.П. Катенинна герга ву. Катенинна гарехь, Кавказ ю «беркате доцчу тӀулгийн ирча оьла… цхьана а хӀуманах тера доцчу, кегдинчу, аьхкинчу, паначу, ирча даьссачу пенийн моха…»:

 

Цепь пресловутая воспетого Кавказа

Непроходимая безлюдная страна.

Притон разбойников, поэзия зараза!..[11]

 

Оцу стихашца цхьаьнайогӀу Полежаевнаш:

 

Вот эти дивные картины

Каскады, горы и стремнины...

С окаменелою душой.

Убитый горестною долей,

На них смотрю я поневоле

И верь мне: вижу из всего

Уродство – больше ничего!

(«Эрпели», 234).

Ламанхойх болу кхетам Катенинан, Полежаевн, дуьйцийла йоццуш, цхьатераниг долуш бу.

Хьалхарчуьнан уьш – «къуй», шоллагӀчуьнан – «талорхой», «тӀеман, цӀий дезачу паргӀатонан кӀентий» бу («Акташ-Аух», Ӏ09; кхиерш а).

Батальни сценаш гайтарехь Лермонтов Полежаевх возуш ву бохург бух болуш хилийта гӀерташ, В. И. Безъязычныйс «Кавказ А. И. Полежаевн дахарехь а, кхоллараллехь а» (Ӏ829 – Ӏ933 шераш) цӀе йолчу шен статьяхь яздора: «Лермонтовс пайдаоьцу Полежаевн приемах – хилларш-лелларш къамелехь гайтар: Лермонтовс «Валарга» тӀехь гайтинчу тӀеман жамӀаш гучудовлу маьршачу нохчочуьнца дечу къамелехь»; «Лермонтовс... кхиайо Полежаевн прием йоцца хедош йолчу предложенешца тӀеман динамически сурташ гайтарца»[12].

 

Лакхахь гайтина ма-хиллара, Лермонтовс янне а кхиа ца йо «Полежаевн приемаш», Полежаевс ша пайдаоьцу батальни сценаш гайтарехь Пушкина дечух. Цхьана а кепара шеко йоцуш ду Полежаевн тийсабалар гойтуш долу суьрташ Пушкинан «Полтавех» дозуш хилар.

Нийса хир дацара ткъа, Кавказан тӀеман хилларш гайтар оьшуш хааделлачу Лермонтовс а пайдаийцира хуьлуш долчуьнан сихалла а, цӀеххьана и хилар а гойтучу йоццaчу, нийсачу предложенешща тӀеман сурташ гайтаран Пушкинан приемах, аьлча. Амма Лермонтовн сурт хӀотторан система юьззина оригинальни ю. Цунах атта тешалур ву «Валарга» тӀера цхьайолу меттигаш ешча.

ТӀеман хилларш «къамелдарца» гайтарх дерг аьлча, и дуьненан литературехь чӀогӀа яьржина йолу «прием» маццах дуьйна евзаш яра Лермонтовна-драматургна а, Лермонтовна-эпикна а.

«Измаил-Бей» поэмехь Селимна гӀалагӀазкхийн, ламаройн вовшехтасабаларх дерг хаьа черказичуьнца хиллачу къамелехула:

 

Беда! – сказал он, – князя не видать!

Куда он скрылся?» – «Если хочешь знать,

Взгляни туда, где бранный дым краснее,

Где гуще пыль и смерти крик сильнее,

Где кровью облит мертвый и живой,

Где в бегстве нет надежды никакой.

Он там! – смотри: летит как с неба пламя;

Его шишак и конь — вот наше знамя!

Он там! – как дух, разит и невредим,

И все бежит иль падает пред ним!» –

Так отвечал Селиму сын природы –

А лесть была чужда степей свободы!..

         («Измаил-Бей»).

 

Кавказехь тӀом бечу эскарехь ша дакъалоцуш хилла тийсадаларш нийсса схьагайта гӀерта Лермонтов. Авторaн исбаьхьаллин тоьшалла объективни а, догцӀена а хиларан масалш шорта ду. Къеггина ду цу агӀонгахьара «Валарга» тӀера гӀалагӀазакхи мурд тасаваларан сурт:

 

А вот в чалме один мюрид

В черкесске красной ездит важно,

Конь светло-серый весь кипит,

Он машет, кличет – где отважный?

Кто выйдет с ним на смертный бой!

Сейчас, смотрите; в шапке черной

Казак пустился гребенской:

Винтовку выхватил проворно

Уж близко... выстрел... легкий дым...

Эй вы, станичники, за ним...

Что? Ранен!.. – Ничего, безделка…

И завязалась перестрелка...

 

Кхузахь цхьаъ цхьаннах латар гайтарехь Лермонтов Пушкинна тӀаьххье вогӀу, шен «Делибаш» стихотворенехь шина агӀонах цхьаьнггехьа узуш воцчу. Хууш ма-хиллара, и цхьаъ цхьаннах тасавалар чекхдолу делибаш гӀоьмукъна буьххье волларций, гӀалагӀазкхичун корта баккхарций.

Полежаевн, Лермонтовн позин юкъарчу меттигийн вай йинчу анализо тоьшалла до цаьршиннан произведенешкарчу цхьамогӀа темийн, суьртийн, кхийолчийн цхьатера хилар дуккха а социальни хьелех дозуш хилар. Цкъацкъа и дозуш ду поэтийн дог-ойлий, xӀуманех, хуьлучех кхетар цхьатера хиларх; цуьнан бахьана ду ший а поэт кест-кестта Пушкинан, Жуковскийн, кхиболчийн поэзин мотивашкий, приемашкий кхийдаш хилар.

«Амма ши поэт цхьаьнавогӀуш нислучунна тӀехь а, вовшех тера хиларан шеко йоццуш болу битамаш боллушехь а, и шиъ тайп-тайпана хуьлий вуьсура. В.В. Нейманан оцу жамӀаца берта ца вахча ца тору, аьлла хета.

Милла а шех хьаггал майралла а, къонахалла а йолуш хиллачу Лермонтовс еза лорура, шегара оьздангаллий, къонахаллий гайтарца сийдора мостагӀчун оццу амалийн. Цо, Полежаевс санна, аьшнаш ца бо уьш, вочу цӀарла гайта а ца гӀерта.

Девзаш ду Белинскийс «Бэлин» хьокъехь аьлларг: «XӀapa санна долу, Кавказах а, акхачу ламанхойх а, цаьрца вайн эскаран йолчу юкъаметтигех а долу дийцарш деша вай кийча ду, хӀунда аьлча, цара предмет йовзуьйту, цунах лаьцна эладитнаш ца лелош»[13] Юьззина бакъо а йолуш ала мегар дара изза «Валаргах» а. «Предметца» йолу Лермонтовн юкъаметтиг, вай лакхахь ма-гайттара, ламанхошна дуьхьал эладитнаш лелочерачух дуккха а чӀогӀа къаьсташ ю. Поэт хила ма-торру бакъ а, объективни а ву оьрсийн ламанхошца хуьлу тӀемаш гайтарехь. Лермонтовн «Валарган» пафос, янне а цхьа aгӀo бехке а йина, важа агӀо бакъйарехь йоцуш, адамашна вуно доккха зулам а лоруш, тӀом бехкебарехь ю. Цундела бакъ ца хета С. Дурылина шен книгехь яздинарг. «ТӀеман гӀуллакхийн журнала» («Журнал военных действий») тӀехь «Иза тӀом бацара», акхарой къиза хьийзорах тера хӀума дара бохуш, яздинарг Лермонтовн «Лийтира къиза, акхарой санна», бохург юхаалар санна лору цо.[14] «ТӀеман гӀуллакхийн журнала» тӀера С. Дурылина далочу могӀанашний, Лермонтовн стихашний юккъехь йоккха башхалла ю.

 

Резались жестоко,

Как звери, молча грудью в грудь,

Ручей телами запрудили, –

бохуш, яздо Лермонтовс. Церан юкъарниг «акхарой» боху цхьа дош бен дац, иза а тайп-тaйпана маьӀна долуш далийна ду. «...Журнала» тӀехь иза аьлла ламанхойх, «Валарга» тӀехь – шина а агӀонах. Цул сов, « ...Журнало» лечкъош йоцчу тенденциозни ойланехь дуьйцу ламанхой къиза хьийзабарх, уьш хӀаллакбарх, тоьлларш баккхийберах. Лермонтовн стихотворенехь воккхаверан цхьа а нота яц. «Валарган» автор тӀеман акхараллица ванне а вац бенвоцуш, цо чӀогӀa бехкедо цхьа а Ӏалашо йоцуш адамаш хӀаллакдар, «соцуш доцу, эрна» мостагӀалла, адамаш акхаройх тардеш долу. «Цестара вовшийн», и кхин а чӀагӀдарца «акхароша санна», – бахарца цо тӀамна дуьхьал ойу шен оьгӀазе гуманистан аз. ТӀом бечу шина а агӀорхьарчара, бист ца хуьлуш, тӀетаьӀӀина вовшийн хӀаллакбаро чӀогӀа кӀоргачу философски ойланашка ваьккхина поэт:

 

Я думал: жалкий человек.    

Чего он хочет!.. небо ясно,

Под небом места много всем.

Но беспрестанно и напрасно

Один враждует он – зачем?

 

Цхьа иттех шо сов хан яьлча, и санна долчуьнан хьокъехь Л.Н. Толстойс а йора и тайпана ойланаш: «ХӀокху йистйоцчу седарчийн стигал кӀел, хӀокху исбаьхьчу дуьненахь баха гатте ю-те адамашна?»[15] – яздора цо шен дуьххьарлерчу цхьана дийцарехь Л Н. Толстойн боккха, сийлахь кхиам бу Кавказан тӀом а, Кавказан халкъаш а цхьана агӀонгахьа ийзар а, субъективизм а йоцуш гайтар.

Шен кавказски произведенешкахь воккхачу яздархочо-реалиста оьрсийн прозехь дуьххьара гайтира ламанхочун амалехь, оьрсийчун а, французан а, кхиболчийн а амалехь а санна, йоккха къонахалла гайтар, я шегара акха хӀума далийтар наггахь нислуш хилар. Шен гуттара а долчу маьршачу дахарехь ламанхо, кхиберш а санна волу стаг ву, лаьтта тӀерачу массо а адамийн санна йолу дог-ойла а, хьашташ а долуш. ТӀом банне а бац ламанхочун амалехь, муххале а – иза цунна оьшуш а бац, цо цатам а, бохам а бохьу дела, иза шен хӀусамах а, бахамах а воккхий, беза бала хуьлий, кочабужу дела. Масала, официальни пропагандо тӀамна чӀогӀа тӀepa буьйцучу ламанхойх болчу нохчашлахь машар безар маршалла хаттар хилла дӀадахана. ТӀевеанчу стаге, вевзаш велахь а-вацахь а, гергара велахь, хийра велахь, цхьаьнца девнехь иза хилар боккха бохам лоруш, могашаллий, хьал-дей а хаттале: «Марша вогӀийла хьо»! Олу вайнаха. И тайпа маршалла хаттар тахана а я селхана а кхолладелла дац. Масех шарахь а ца кхоллало адамашна юккъехь иштаниг. БӀешераш хан ю цуьнан. Цо гойту, цабевлла тасадалар хилча, осала ца леллехь а, ламанхо ша машар вуно доккха беркат а лоруш, ларбеш хилла хилар а, девнех уьш мелла а къехкаш хилла хилар а. Массо а адамийн йоллу ойланаш ю уьш, царах Кавказан ламанхой къесто бух а, бахьана а дац!

Царах чӀогӀа дог лозуш а, нийса а ламанхой, церан дахарехь болу къийсам гайтаран тоьшалла ду дийцаран тӀаьххьарчу текста юкъаяхаза йисинчу «ТӀелатаран» («Набеган») вариантех цхьаъ. Цензурин само яйа гӀерташ делахь а, вай дуьйцучу декъан юьххьехь «Оьрсийн ламанхошца болчу тӀамехь вешан дахар лардан гӀерташ вай хиларна, нийсо вайгахьа го», – бохуш, яздора Л.Н. Толстойс. Цул тӀаьхьа автора ма-ярра а, кӀоргга а гойту оцу тӀамехь ламанхочун позици. «Амма схьалоцур вай ша-ша волу ши стаг, – яздо цо. – Хьаьнгахьа ю ша ларваран ойла а, делахь-хӀета нийсо а: оьрсий юххехьа гӀортар хезча, неӀалт а кхайкхош, пенах кхозу шира топ а, бустамаш чохь, кхузза-доьазза топ юззал, ша эрна ца дойу долу хӀоъ-молха а оьций, гауршна дуьхьалволу волчу, оьрсий, и хьешна дӀадаккхархьама, ша дийначу кха тӀе а, дагорхьама, шен цӀен тӀе а, кхоьруш эга а беш, шен наний, зудий, бераш дӀалевчкъинчу боьри тӀе а гӀоьртича, шен ирс хила тарлун хӀума дерриге а шегара дӀадаккха тарлуш хиларан ойла а йина, – дан хӀума доцчу оьгӀазаллица, волийла цахиларан мохь а хьаькхна, шен тишъелла кетар, топ охьа а тесна, бӀаьргаш тӀе куй а таӀийна, валаран илли а олуш, еккъа цхьа шаьлта а буйнахь, дерриге а дицдина, оьрсийн цамзанашна тӀе кхоссалун волчу цхьана Джемигахьа юй-те иза? Цуьнан агӀонгахьа а ю-те нийсо, я хӀокху… эпсаран агӀонгахьа ю-те иза? Цуьнан Россехь доьзал а, гергарнаш а, доттагӀий а, ахархой[16] а бу, царна хьалха декхарш а ду цуьнан, цхьа а бахьана а, лаам а бац цуьнан ламанхошца мостагӀалла лело, Кавказе иза веана… иштта дӀа шегара майралла гайтархьама… Я сихха капитанан чине валар а, йовха меттиг шена нисъялар а бен, кхин хӀумма а лууш а воцчу, цуьнан дуьхьа ламанхойн мостагӀ а хиллачу суна вевзаш волчу адъютантан агӀонгахьа ю-те нийсо?..»[17] Жоп ша-шаха а кхеташ ду: «шен бухехь ша ларваран ойла йолуш йолу нийсо», дуьйцийла йоццуш, вахарехьа а, ирсехьа а йолу шен бакъо ларъеш волчу Джемин агӀонгахьа ю.

Кавказан къаьмнех а, церан кхиэлах а бакъболу, реалистически кхетам чӀагӀбеш, кхиош йолу Л.Н. Толстойн ерриге а кавказски произведенеш оьрсийн литературин тӀаьхь-тӀаьхьа чӀагӀлуш, прогрессивни некъа тӀехь дӀадаханчу декъана юкъайогӀуш ю. Оцу прогрессивни литетаруро нийса гойтура паччахьан империна чудогӀучу дерриге а къаьмнийн оьрсийн халкъаца йолу чолхе юкъаметтигаш, церан мехала хилар билгал а доккхуш.

Оьрсийн къоманий, Кавказан къаьмнашний юккъера доттагӀалла чӀагӀдарна аьтто беш хиллачу яздархойн могӀанехь хьахоза вита ца тарло Полежаевсчул а чӀогӀа салтичун Ӏазап хьегна волу Т.Г. Шевченко а.

Кавказан тӀом уггаре а марсабаьллачу хенахь язйина йолу цуьнан «Кавказ» (Ӏ845) цӀе йолу поэма, паччахьан Ӏедал Ӏорадаккхаран ницкъе а, ламарошка йолу вежараллин ойла чӀогӀа хиларе а диллича, ша саннарг кхин йоцуш ю. ПаргӀатонехьа болу церан къийсам цхьаммо а ца бинчу кепара чӀогӀа къобал а беш, цо яздора:

 

За горами горы тучами повиты,

Засеяны горем, кровию политы.

Вот там-то милостивы мы

Отняли у голодной голи

Все, что осталось – вплоть до воли, –

И травим… И легло костьми

Людей муштрованных немало.

А слез? А крови? Напоить

Всех императоров бы стало.

……………………………………………..

Слава синим горным кручам,

Подо льдами скрытым.

Слава витязям великим,

Богом не забытым.

Вы боритесь – поборете,

Бог вам помогает!

С вами правда, с вами слава

И воля святая!..

 

Т.Г. Шевченкон «Кавказ» оьрсийн литературин прогрессивни декъехь боккхачу мехаллехь меттиг дӀалоцуш ю.

Цу кеппара, оьрсийн литературехь Пушкинан, Полежаевн заманахь дуьйна вовшех къаьсташ гучуелира Кавказан тӀамах а, Кавказан къаьмнийн культурах а, бакъонех а, уьш шен Ӏедална кӀел балорехь паччахьан Ӏедалан политикех а болу юкъараллин кхетам шаьшшимма гайтина йолу ши тенденци. Хьалхара – казенно-патриотически – тенденциозни официальни кхетамца морзахъюьйлуш яцара; шолгӀачо, хьалхарчунна нийсса дуьхьал а йолуш, гойтура оьрсийн юкъараллин хьалхелелочу векалийн: А.С. Пушкинан, М.Ю. Лермонтовн, Т.Г. Шевченкон, Л.Н. Толстойн, кхиболчийн а кхетам.

 

***

Дерзош ала деза, ХIХ-чу бӀешеран хьалхарчу эхан оьрсийн юкъараллин Кавказан къаьмнех а, цаьрца болчу тӀамах а шина кепара болу кхетам уггаре а къеггина шайн кхолламаллехь гуш болчу яздархойн, поэтийн произведенешка бен вай хьаьвсина цахилар.

Вайна гучуделира, массо кепарчу литературехь официальни пропаганда ламанхошна тӀехь уьш аьшнаш бийриг кхуллуш хиллачу халачу хьелашкахь оьрсийн литературерчу прогрессивни тенденцин векалша, шайна Кавказан ламанхой а, церан дахаран хьелаш а, амалш-гӀиллакхаш а дика мел девзи, официальни кхетамна тӀера дӀа а буьйлуш, шайн произведенешкахь объективно цунна дуьхьал а буьйлуш, Кавказан ламанхойх а, цаьрца оьрсийн халкъан йолчу юкъаметтигах а прогрессивни ойланаш чӀагӀъяр.

Цундела ю тахана а чӀогӀа мехала А. Пушкинан, М. Лермонтовн, Бестужев-Марлинскийн а, Шевченкон а, Лев Толстойн а Кавказ а, кавказан къаьмнаш а гойтуш йолу произведенеш. Оцу произведенеша вайн мехкан халкъашна цхьаьна сирлачу, исбаьхьачу дахарехьа беш болчу некъахь доккха гӀо до, церан доттагӀалла чӀагӀдарца.



 

http://www.orga-journal.ru/