Машаре Машар

Печать

Нравится

Abuzar-Mashar.jpg

ЭЛЬДАРХАНОВА Зайнап

Машаре Машар

БIаьста, бекарг (март) беттан 8-чохь хуьлучу Зударийн Дуьненаюкъарчу дийнахь Мескитахь Айдамиров Абузаран а, МухIажаран доьзалехь дуьненчу яьллачу йоIанна, Нохчийчохь цулла хьалха цхьаннан а хилла йоцу хаза, доккха маьIна долу цIе тиллира Машар аьлла. Луларчу берашца «хIарий-мурий» лечкъаргах ловзуш, шена цатайнарг даьлча, кIенташца  дов лело кадолуш йолчу йоIана-м, цхьа хан яьлча бен ца хиира шен  цIеран маьIна. Машаран 10-г1а шо дара, цхьана дийнахь шен дас, школан директора Абузара, шен кабинет чу кхайкхина, бехк баьккхича: «ХIокху дуьненахь адамаш  бертахь даха лаарна,    тIамо, девнаша, цатемаша адам  делхор совдаьллачу заманахь, сайна маслаIат, машар дукхабезарна, хьуна Машар аьлла цIе тиллинера оха.  Амма цкъачунна  хьо дIакхаьчначохь «тIом» боцург хIума дац».

 

Цу дийнахь кхийтира Машар,  шен цIарах тешийна дуккха диканаш,  сатийсамаш хиллийла шен ден а,  ненан а.

Цу дийнахь дуьйна кIентех летар дитинчу йоIа  зудаберийн гIуллакхаш схьаийцира. Нохчийн къоман кхачанех чIепалгаш дара Машара дуьххьара динарш.

«Суна цхьаммо а ма хьехалаш, сайна хаьий хьажа йоллу со», – аьлла,  нанас дин-динарг дагалоьцуш, дечиг туьллу  пеш латорна тIера чIепалгашна даьтта хьакхаран бист кхаччалц – дерриг а ша деш, дина  елира. Чохь берш шуьне кхайкхира. ЧIепалгаш дууш Iачеран  гIара яйнера.  Тийналла  яхъелча, «Ша йина яахIума яа а ца  лойца», – элира Машара, шен болх хасторе дог дохуш.  «Цадевллачу денна лелаш  ду-кх тхо а» – элира Абузара.  Иза новкъадеана Машар, къайлаха елха дагахь, дехьа чу  яхара.

«Ша-м  вуочу агIор ца бохурий.  МухIажарна а ца хаьа,  иштта чIепалгаш дан» – аьлла, хьаставелира да.

Машар, кхин хуьлийла доцуш, ирсе бералла, къоналла хилла яра. И ирс,  токхо цуьнан дахарехь латтийнарг нехачул сов хьал-бахам хилар а дацара, ткъа ден-ненан вовшашка болчу ларамехь, марзонехь хьалакхиар дара. «Ден-ненан уьйр-марзоно кхуллуш хета суна доьзалан ирс» – дагалоьцу Машара яхана зама.  Ша йоккха хилча кхийтира иза, нанас шен йоI  туьйранашца кхио езаш йоцийла, дуьне, дахар къиза а, къаьхьа а хуьлий хоуьйтуш, кхио езийла. Машарна ша туьйранехь кхиийна хиларна ду, аьлла  хетара, шен дог ямартлоно, мекарлоно делхадар.  «Духовни» иммунитет а кхио еза, аьлла хетта, Машарна.

Машар кегийчу а, баккхийчу а цатемаша елхор йолчу зударех ю  аьлла ца хетта суна цкъа  а. И саннарг, ямартлоно а, синан  кIезгалло а бен йожа ца йо.

Машар – боккха,   кIорга хIорд буй, хаьа суна.  И хIорд бIаьрхих,  кегийчу а, даккхийчу а шовданех,  ирсах, иэшамах, кхиамех, тешамех, сатийсамех  лаьтташ  бу.

Йозанехь а,  дахарехь а цхьаъ хилла,  цIена, хьанал ваьхна,  Далла  дуьхьалваханчу шен ден лорах йогIу йоI ю  Машар.

Зуда, нана,  яздархо – и дерриг даржаш товш ду цуьнгахь.

Зуда бохучохь, иза  яхь йолуш,  амална чIогIа елахь а, дагна-дашна кIеда а йолуш, Даллий, дений бен хьесталур йоцучарех ю.

Нана аьллачохь,  иза нана ю, шен доьзал нехачарел я эшна а,  я  тоьлла а боцуш, бахийта лаам болчу нанойх.   Ткъа яздархо – Машар, иза – яздархо-психолог, яздархо-философ ю.  Иза вуно дика гуш ду цуьнан «Алахьа,  нана, аганан илли» книга ешча.   Цо шен дех  язйина «Абузаран дахар а,  кхолларалла а» аьлла биографин  роман масех романан мехха ю.

Цхьана дийнахь  дагадеана, бина болх а,  язйина книга а яц иза. Машар шен ден мах  даима а хууш йоI хилар ду.

«Лаьмнийн   хIайкал» – роман, нохчийн меттан исбаьхьалла  йовзуьйтуш, методика ю аьлла, хета суна. Мел хаза йолало цу тIехь Машаран Iуьйре, а бIаьсте а.

Машара хазйо вайн  махкахь хуьлу муьлхха а кхоллараллин суьйре, цхьаьнакхетар. Мескитарчу Айдамиров Абузаран цIарахчу музей чу богIу вайн республикера а, кхечу махкашкара хьеший: дешархой, студенташ, хьехархой, Ӏилманчаш, яздархой…

Цаьрга  ала дош а, царна хIотто шун а ду цуьнан, мехкан юьхь а ларъеш.

Ша тахана ма-ярра дукхаеза суна Машар, шен аьхначу, мерзачу дашца, кIедачу дагца.  Машар бовза хьакъболу «хIорд» бу.

Машар Машаре ю.

 

http://www.orga-journal.ru/